ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ша Кремлехь йуха магавайтархьама ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочун агIо лаьцна Кадыровс - ISW


Кадыров Рамза, архивера сурт
Кадыров Рамза, архивера сурт

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочун тIеман министраллица хиллачу девнехь Пригожин Евгенийн агIо лецира. Кремлехь шен йоьжна цIе хьалайаккхархьама дина дара цо иза. Иштта хета америкахойн (ISW) тIом талларан институтехь болучарна.

Хилларг тIеман министраллина йина шантаж йу, элира стигалкъекъа-беттан 7-хь шаьш динчу къамелехь эксперташа - цара дийцарехь, Кадыровс президенте Бахмутера ЧВК йолахой нохчийн батальонашца хийца олуш Путин Владимире йаздина кехат Оьрсийчоьнан тIеман куьйгаллина эшаме хила тарлора.

"ISW хьалхо тергойеш йара "Ахьмат" батальон Святово-Кременная агIорчу Белогоровкехь а, Запорожан махкахь а латтаран. Кадыровхой Бахмуте дехьабахар Оьрсийчоьнан куьйгалло магор дац. Украинин тIеман ницкъаш тIегIорта тарло бохуш лаьтташехь иза дар царгахьа ца нисло, аьлла ду документехь.

Кадыровс и дерриге шен йоьжна цIе Кремлехь меттахIотторхьама лелош ду, олий билгалдоккху цара. Хьалхо аналитикаша бехира, Нохчийчоьнан куьйгалхо шен тIемалоша Украинерчу тIамехь толамаш цабахарна Путинца долу гергарло дохарах кхоьруш ву. Амма тIаккхахула а Кадыровс, Пригожинс тIеман министраллица дов латтадахь, Путинца йолу церан йукъаметтиг ца телхаш йуьсург хилар шеконе дуьллу ISW тIом талларан институтехь болучара.

Стигалкъекъа-беттан 5-хь Пригожин Евгенийс йолахойн декъешна хьалха хIоьттина видео дIайазйира. Уьш кхалхарна цо бехке бира Оьрсийчоьнан тIеман министраллин куьйгалхо Шойгу Сергей, Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн Коьртачу штабан куьйгалхо Герасимов Валерий а. Уьш кхалхаран бахьана 70% тIеман гIирс цатоар ду элира цо. Цул тIаьхьа Пригожинс стигалкъекъа-беттан 10-хь йолахой йухабаха дагахь ву, шаьш лаьттина меттигаш тIеман министраллин куьйгаллерчу официал эскаршна дIало шаьш аьлла дIахьедира.

Ши де даьлча Кадыров Рамзана Бахмуте шен "Ахьмат" батальон йахийта лаьа шена аьлла хаам бира. ЧВК "Вагнеран"куьйгалхо резахилира цо аьллачунна. Амма цу дийннахь хиира, тIеман министралло Пригожинина оьшу тIеман гIирс лур бу аьллийла.

  • Украинера "дикка чIагIйина шайн лоттийлеш" дIатосур йац Оьрсийчоьнан эскархоша, аьлла дIахьедира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Украинин тIеман ницкъаша тIелатарна бечу кечамна нисйина "йораха пропаганда" йу иза элира цо. ТIеман гIирс цатоарна Бахмут йита бохку "Вагнеран" йолахой аьлла Пригожин Евгенийс къамел дича, иштта пост йира Кадыровс шен телеграм-каналехь. Шега Пригожине Кадыровс хIумма а аьлла, йа ца аьлла хууш дац - шен постехь, "Ахмат" спецназан буьйранчин Алаудинов Аптин къамелна тIетевжаш, Украинин тIелатарца аьтто хирг хилар шеконе диллира цо.
  • Зазадоккху-баттахь эксперташа дийцира, Нохчийчоьнан куьйгалхочун, ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочунна дов даларах. Пригожина тIеман министралла йемалйарна тIехула дара иза. Цул хьалха Кадыровс ша а йира Украинерчу конфликтехь тIеман министраллина критика. Донбасс ларйан ца хиъна шуна бохуш. Оьрсийчоьнан тIеман куьйгаллера хьаькамаш хийца беза бохуш, дIахьедарш дира цо. Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочо цIаьххьана шен ойла хийцира. Цу дийннахь шен телеграм-каналехь цо хастийра тIеман министр Шойгу Сергей а, Коьрта штаб а. Оьрсийчоьнан тIеман хьаькамаша Украинин латта тIехь "хьекъалечу тактикица" бо тIом олуш.
  • ЧВК "Вагнер"- Оьрсийчоьнан официалехь доцу тIеман цхьаьнакхетаралла. Иза вовшахтоьхнарг Петербургера бизнесхо, президент Путин Владимиран накъост Пригожин Евгений ву. ЧВК йолахошлахь набахтешкара схьабалийна тутмакхаш бу. Украинерчу тIамехь жигара бу уьш, Шемахь а, Африкехь а дIахьочу операцешкахь дакъалаца боьлху. Компанин тIемалой бехке лоруш бу дуккхачу зуламашкахь, кхел ца йеш, адамаш дайъарехь цхьаьна. Пригожина иза бакъ дац ца олу, амма даредина тIелоцуш дац. Цхьа могIа пачхьалкхаша ЧВК "Вагнер" зуламхойн цхьаьнакхетаралла лерина ду.
  • Оьрсийчоьнан низамиехь официалехь ЧВК "Вагнер" йоцуш йу. Цу йолахойн структурех тIеман министралло тIамехь "лаамечеран тIелатаран батальонаш"олу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG