Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хIора шарахь хIотточу пресс-конференцехь 2022-чу шеран гIуран –беттан 29-чохь дIахьедира, да-нана цхьаьна а доцуш, кхуьу бераш кхачам боллу кхетам белла ца хуьлу, шаьш доьзалш хьалакхиочу наношка кхиалур вац "бакъволу къонах" хIунда аьлча, "яхь, доьналла дегахула дIакхачош ю" аьла.
Цунна хетарехь, зудчо-нанас кIантана "ненан безам" бен лур бац. ХIора беран шен-шен амал ю, боху Кадыровс, цуьнан амале верза, дас дуккха а къахьега деза, нана ларор йац цигахь".
Оцу дешнаша йоккха гIовгIа эккхийтира интернетан нохчийн сегментехь: цхьаболчу бахархоша хьийхира Кадыровна, Нохчийчуьра божарий Украине хьийсочуьра саца аьлла, шайн бераш бай ца хилийта а, зударий – байлахь ца бисийта а.
Стереотипашца къийсам
2022-чу шарахь Укрианехь вийра Веданан кIоштара яхархочун Луизин, кхоьруш хиларна шен цIе цайаккхар дийхира цо, хIусамда. Цо дийцарехь, цIийнда ваха ца луъушехь хьажийна хиллера Украинерчу тIаме. Кхо бер дисина цу шиннан.
"15, 13, 10 шераш ду сан кIентийн. Оцу доллу шерашкахь ден марзонах, тергонах хьегна бу уьш, хIунда аьлча, дийнахь а, буса а балха тIехь хуьлура иза, сатасале дIавоьдура, цIа вогIура буьйсанна бераш дуьйшинчул тIаьхьа. Тахана кхуьй а дика доьшуш ву, суна цIентIехь гIо до, хIуъа а царна тIедилла мегар ду, суна хета-кх, и ас хьегна къа ду аьлла", - дуьйцу Луизас.
Нене шега цхьаьнга бераш кхиалур дац бохург стереотип ю
Нене шега цхьаьнга бераш кхиалур дац алар - стереотип ю, чIагIдо Нохчийчуьра йахархочо Т.Элимас, шен юьззина цIе ма йаккха элира цо а.
"Иштта долуш ду вайн: беро вониг динехь, хIусамдас а, цуьнан наха нана бехкейо, амма цхьа диканиг цуьнгара долий- да хеставо", - дуьйцу Кавказ.Реалиица къамелдинчо.
Массо а вонийн орам
ТIехь цIийнда воцуш доьзал кхиочу зударех лаьцна оцу кепара дIахьедарш дуьххьара ца до Кадыровс. 2017-чу шарахь цо юкъа а даьккхина, боьхна доьзалш юха вовшахбетташ кампани йолийра. ХIетахь Кадыровс чIагIдора, буьззина боцчу доьзалехь кхуьу бераш экстремизме дерзо атта хуьлу. Цунна хетарехь, "тIехь цIийнда воцуш" бисинчу-битинчу зударшка бераш кхиалур дац, царах "юкъараллина кхерам" бала тарло.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун дешнашца, ПДН-н чоьтехь долчу берех 80 процент кхиазхой да-нана къаьстинчул тIаьхьа ша нанас хьалакхион бераш ду. "ХIусамдайшкара дIабахана зударий юхабалабе" аьлла тIедиллира Кадыровс, кхана-лама уьш баккхий хилча цаьргара "проблемаш цахилийтархьама".
"Хьакъболу къонахий" шаьш зударша хьалакхиийна а, иштта дай тIехь болчу доьзалашкахь тIаьхьало йоцу доьзал кхиъна а меттигаш дуккха а бу нохчашлахь, аьлла хета Бельгихь йехачу Нохчийчуьра бакъонашларйархочунна Газиева Фатимина.
"Нохчийчохь ши тIом болуш дуккха а зударий бисира кегийчу берашца карахь, амма уьш ца буьйхира, уьш дIа а ца тийсира цара, дукха оьзда хьалакхиийра. Тахана нохчийн зударий, шайлахь дукхахберш тIехь цIийндай боцуш болуш, доллу дуьне мел ду дIасабаьржина, шайн доьзалш кхион а, цаьрга дешийта а, уьш нийсачу новкъабаха а доьналла а, ницкъ а тоьъна церан", дуьйцу Газиевас.
Ша шеца бIостане хилар
Оцу юкъанна Кадыровс дина кхиндолу дIахьедарш бIостане нисло таханалерачу шаьш доьзалш кхиочу нанойх лаьцна олучуьнца. 2018-чу шарахь Кадыровс бохура, нана ю "кIантана тIехь декхарш, жоьпалла хиларх иза кхеториг, цунна лараме хилар дикаллин, къинхетамаллин гIуллакхаш Iамориг, жимчохь дуьйна шен культуре, дине, даймахке безам, ларам марзбийриг".
2017-чу шарахь, "ялсамане ненан когаш кIел ю" аьллачу Мохьмад Пайхамаран дешнаш далийра Кадыровс. Ткъа 2022-чу шеран лахьан-баттахь билгалдаьккхира, "юкъарчу зуламна дуьхьал къийсам латтош болу" тIемалой кхиорехь ненан декхарх.
Исламан динехь доьзал деначул акхиорехь доккха жоьпалла нанна тIехь ду
Исламан динехь доьзал кхиорехь доккха жоьпалла нанна тIехь ду, деначул а, кхетадо шен цIе къайлайаьхьначу Нохчийчуьра Iеламчас.
"Цхьана дийнахь Мохьмад Пайхамаре хаьттина хилла, къаьсттина дика хьаьнца хила веза аьлла. Пайхамара жоп деллера: "Ненаца". – "Цул тIаьхьа?"- хаьттина цуьнга юха а. – "Хьайн ненаца",- жоп делла Мохьаммада. КхозлагIа цо хаьттича: "Деца а", - жоп деллера, масал далийра Iеламчас.
"Цо виннарг хир ву цунах"
Исламан историхь кIезиг дац, шаьш зударша оьзда, нийса шайн доьзалш хьалакхиийна масалш, чIагIдо Ниццерчу маьждиган имамо Магамадов Басхана.
"Доьзалехь да велахь а, ворхI шаре и бер даллалц нанас кхиош ду. Цунах доьзна Iаламат дуккха а хIума ду. Цо виннарг хир ву вунах: кIилло йа къонах", - боху Магамадовс.
Иштта цо билгалдаьккхира, дуккхаъ Iилманчаш– имам аш Шафии, Ахьмад ибн Хьанбаль, Мухьаммад аль-Бухари – цхьацца бахьанашца шайн наноша кхиийна хилар.
***
Гезгамашин-беттан 21-чохь Соьлжа-ГIалахь масех иттаннашкахь зударий митинг хIоттон гIоьртира мобилизацина дуьхьал протест йеш. Цул тIаьхьа нохчийн бакъоларйархочо, оппозиционеро Янглубаев ИбрахIима дIахьедира, шегарчу хаамашца, оцу зударийн воIарий, хIусамдай, кхинболу гергарнаш а "лаамхой" санна тIамтIе баха декхаре бинера аьлла.
Кавказ.Реалиина хууш ю тахана Украинехь вийначу Нохчийчуьра 162 вахархочун цIераш. Нохчийн юакъоларйаран "Вайфонд" ассоциацино чIагIдо, "лаамхой" бу бохучарлахь заьIапалла йолу нах, иштта кхелан таIзарш кIел хIиттийна а нах бу бохуш. Иштта, организацин хаамашца, республикехь лечкъабо божарий, бертаза контракташна куьйгаш йаздойту цаьрга, йа паргIат шаьш дуьтург ахча дала дезаш хуьлу уьш.
Нохчийн зорбанан министро Дудаев Ахьмада дIахьедира, махкахь "зударийн бакъонаш а, маршо а чIогIа экама ларйеш ю" аьлла. Делахь а, Кавказ.Реалиин сайто масийттазза дийцина божарша зударшна тIе зударий кхийларх, гергарчара шайн доьзалхой лечъорах, зудий-майрий къаьстинчул тIаьхьа бераш ненера схьадахарх, бертаза хIусамдега юхайахийтарх зуда, дресс-код тIейожорах, зударшна электрошокер йеттарх.