Бурятерчу вахархочунна 50 шо долчу Бердников Андрейн аьтто баьлла Нохчийчохь 13 шарахь ша вацош лоллехь латтош хиларх маьршавала. РегIа долахь йолчу наха алапа луш ца хилла цунна, цул сов, йетташ хилла. "Альтернатива" боламерчу волонтераша гIо дина Бердноковна маьршавала а, республикера вада а.
Бурятерчу вахархочо дийцина ма-хиллара, 2000-чу шерашкахь цуьнан СССР-н паспорт лачкъийра, хIетахь дуьйна кехаташ доцуш ву иза. 2011-чу шарахь Бердников вевзачо болх хьийхира цунна Къилбаселда Кавказехь, ишта нисвелира иза нохчийн Чернокозово эвлахь. Дуьххьара болх луш волчо шарахь 90 эзар сом хьийхира цунна, амма и ахча цунна бIаьрга ца гира. Аьлларг ца дарна Бердниковна йеттара, кара схьайелла телефон схьайоккхура, цуьнан дIасалеларна тIехь тидам бора.
13 – иза уггар дукха хан йац волонтерийн практикехь, дуьйцу "Альтернатива" боламан гIуллакххочо Никитин Алексейс. Бердниковн хьал кхин а чолхе хуьлура, цуьнагахь кехаташ ца хиларна а, полисхойн базашкахула иза ца карорна а – цунах пайда оьцура регIан долахочо.
"Кхузахь чувоьллина латтор дац дуьйцург, вала меттиг цахилар ду – стеган цхьа а кехат дац, бакъонан тIегIанехь дийцича, иза "бIарлагIа" ву. И вацош лелоран бахьана хилира цунах", – дуьйцу Никитино.
ХIинца Бердников Москвахь ву, шен гергарнаш лоьху цо, иштта гIерта, архивашкахь шен бух карон, Оьрсийчоьнан вахархо ша хилар тIечIагIдайта лууш.
- Дагестанерчу Кизлярна уллохь йолчу кибарчкийн заводехь белхашкахь масех шарахь вацийна 57 шо долу Бусыгин Сергей. Цигахь цунна йетташ хиллера, низам лардаран органашкахь зIенаш йу бохуш кхерамаш а тийсинера.
- 43 шо долчу Узбекистанан вахархочо Самарин Алексейс Нохчийчуьра белхан йийсараллехь кхо шо гергга хан йаьккхина - цу хеначохь цунна алапа ца делла, сих-сиха йетташ хилла.
- Алтайн махкара вахархо Рыжков Виктор маьршаваьккхира "Альтернативан" волонтераша Дагестанехь белхашкахь вацорах – Каспийскерчу кибарчкийн заводехь болх бина цо. Цигахь цуьнагара кехаташ дIадехира, вуьйр ву бохуш, йа низам ларадаран хьукматашкахь зIенаш йу бохуш кхерамаш тийсира. Рыжковн аьтто белира гергарчаьрца зIене вала, цара бакъоларйархошка орца дийхира.