ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

24 шаре кхачалц хенаш йиттина Дагестанерчу "набахтин джамаIатан" гIуллакхехула бехкевинчу веа стагана


Набахтехь латтон тутмакхаш. Гайтаман сурт
Набахтехь латтон тутмакхаш. Гайтаман сурт

Ростоверчу кхело виъ дагестанхо бехкевина террорхойн цхьанакхетараллехь дакъа лацарна – цара хан токхуш хиллачу Ново-Тюбин набахтехь дина боху кхело и зуламаш. 18 тIера 24 шаре кхачалц хенаш йиттина царна. Цунах лаьцна дийцина Кавказ.Реалиин сайте кхелана уллорчу хьасто.

ХIинжа-ГIалин вахархочунна Магомедов Расулна 24 шо тоьхна, террорхойн цхьанакхетараллин хьалханча вара аьлла, дийцина хьасто. Декъашхой хилла бохучу Б. Кукуевна, А.Мириевна и М.Исрапиловна 18 тIера 19 кхачалц хенаш кхайкхийна.

Тайп-тайпанчу хенашкахь Дагестанерчу Ново-Тюбе олучу меттерчу набахтехь хенаш текхна бу и нах, тIаккха ФСБ-н белхахоша лецира уьш 2021 шарахь. Талламхоша чIагIдо, "джамаIат" 2013 шарахь кхоьллина Касумов Мохьмад бохучу цхьана стага.

Цхьанатохараллин куьйгалхой терроризм кхайкхош лелла боху, масала, Iедалан белхахошна тIелатар хьоьхуш, йа Шемарчу Асадан ражна дуьхьал болчу тIаме кхойкхуш, дийцина къамелахочо. "Набахтин джамаIатан" гIуллакхехула 40 стаге кховдийна бехкаш.

ФБС-н белхахоша и нах Iазапехь латторца йаьхна цаьрга къера хуьлуш кийтарлонаш, тIаккха оцу бух тIехь долийна "террорхойн" джамаIат кхоьллина боху гIуллакх, дийцина Кавказ.Реалиин сайте оцу набахтехь валлийна волчух цхьамма.

Ново-Тюбера № 7 йолу набахте – иза дуьххьара хенаш йиттинчу нехан колони йу. Экстремизман, терроризман артиклашца хенаш йиттина тутмакхаш латтабо цигахь.

  • Дагестанерчу № 7 йолчу колонехь "набахтин джамаIат" кхоьллина боху гIуллакх Ростов-на-Дону гIаларчу Къилбан гонан тIеман кхелехь луьстуш ду. Набахти чохь терроран йукъараллехь дакъа лацарна бехкебо иттанашкахь нах – итт шаре кхачалц хенаш йетта тарло царна. ГIуллакхехула кийтарлонаш Iаткъам барца, Iехорца йаьхна йу бохура адвокаташа, бакъоларйархоша а, тIаккха и бехктакхаман гIуллакхаш "лартIахь дац" аьлла цара.
  • Оцу кепара "ДжамаIат" кхолларна аьлла гIуллакх долийра ГIалмакхойчохь йолчу ИК-2 набахтерчу тутмакхашна дуьхьал. Талламна хетарехь, 2013 шарахь цхьа хьенехан Гасанов Шахбан бохучу стага кхоьллина и тоба – цигахь хан текхна боху оцу стага, низамехь доцуш герз дохкарна. 2015 шарахь Гасанов Хасавйуьртахь вийра. ГIуллакхехула 100 гергга стаг ву бехкевеш, шайлахь оцу набахтин куьйгалхо, цуьнан гIовс волуш – терроран тобанна Iуналла дарна бехкево и шиъ.
  • 2022-чу шеран Марсхьокху-баттахь украинхойн экспертийн "Сова" тобанан а, иштта адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориалан" а бакъонашларйархоша дийцира Кавказ.Реалиига, дуккхаъчу "террорхойн" гIуллакхашна шаьш тIе дуьтуш дац, цундела дохку бехкаш бух болуш дуй хьовса таро ца хуьлу шайн аьлла. Ткъа информаци шайн каракхаьчча, гучудолу дуккха а низамаш талхийна а, харцонаш лелийна а меттигаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG