ТIекхочийла долу линкаш

 
Шайн дов кхечу регионехь ца хаттарна мацалла кхайкхийна шина вашас
ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн дов кхечу регионехь ца хаттарна мацалла кхайкхийна шина вашас


ГIаттамхошна гIо дина ву аьлла, бехкевинчу шина вашас Магамадов Салехьа а, Исаев Исмаила а мацалла кхайкхийна, шаьшиннан дов хаттар Нохчийчуьра кхечу регионе дехьадаккха дуьхьалоярна протест еш. Нохчийчохь нийсонца кхел йийр ю аьлла, дегайовхо яц цу шиннан.

"Новая газето" хаамбарехь, бахьанаш далийна кхеле хIиттийначийн адвокаташа, республикан урхалхоша зорбан гIирсашкахь и шиъ бехкехиларх дIахьедина хилар; цул совнах, "сий лардеш" вуьйр ву бохуш, кхерамаш кхаьчнера цаьрга.

20 шо долу Магамадов Салехь а, Исаев Исмаил а ши ваша ву. Кху шеран Чиллан-баттахь Новгородера лачкъийна и шиъ Нохчийчу дIавигинера. Полицехь масийтта сахьтехь бакъ ца дора и шиъ дIалаьцна хилар. Адвокато кегийрхой лачкъийна хиларх лаьцна дIахьедар деш кехат чуделлачул тIаьхьа бен бакъ ца дира Нохчийчуьрчу Iедалхоша, уьш шайн карахь хиларх.

ЧIагIдарца, Соьлжа-ГIала дIакхачийначул тIаьхьа гIело латтийна, сийсазвина камера хьалха дIа а хIоттийна, гечдар дехийтинера цу шинга, мехкан Iедалхой емал бечу телеграм-каналан модераторш хиларна.

Бютукаев Асланан тобанехь дакъалаьцна ву, цунна юург латтийна цара бохуш, чIагIдо меттигерчу Iедалхоша.

Марсхьокху-беттахь вежарша дIахьедира, шаьшинна еттарх, бехк тIелаца бохуш. Амма Нохчийчуьрчу Талламан комитето дуьхьало йира, "шаьшшинна ницкъ бина, бохуш латкъамаш а беш, Магомадов а, Исаев а шайн гIуллакх Оьрсийчоьнан кхечу субъекте дехьадаккхийта гIерташ ву, Къилбаседа Кавказана юкъайогIуш йоцчу кхечу регионе дехьаваккхийта дагахь, шаьшшинан ламасте йоцу ориентаци бахьана долуш" аьлла.

Магамадов а, Исаев а дуьххьара лецира 2020-чу шеран бIаьста, Osal Nakh 95 цIе йолчу оппозицин телеграм-каналан модератораш хилла аьлла. Цул тIаьхьа видео арахийцира цара нах къинтIерабохуш – оцу чохь гуш ду царна йиттина хилар. Стохка аьхка "Российская ЛГБТ-сеть" цхьаьнакхетаралло гIодира шина кIантанна Нохчийчуьра Нижний Новгороде дIаваха.

Бакъонашларъяран "Мемориал" (Оьрсийчоьнан Iедало "Мемориал" яьккхина арахьарчу агентийн статусе, амма "Мемориал" къера ца хилла цунна – ред.билгалдаккхар) центро политикан тутмакхаш лерина вежарий Исаев Исмаил а, Магамадов Салехь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG