ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн эскархой байъина бохуш Оьрсийчоьно дина дIахьедарш харцдина Шейх Мансуран цIархчу батальонехь


Шейх Мансуран цIарх йолчу батальонан куьйгалхо ЧIебарлойн Муслим
Шейх Мансуран цIарх йолчу батальонан куьйгалхо ЧIебарлойн Муслим

Шайн масийтта эскархой Донбассехь байъина бохуш Оьрсийчоьнан тIеман министралло дина дIахьедарш харц ду аьлла Украинан гIаролехь йолчу Шейх Мансуран цIарахчу батальонан векало.

"И аьшпаш хилар дIахаийта лаьа суна. Тхан эскархой дика Iаш бу, могуш а бу. Кегийра чевнаш массо хенахь йолуш йу, амма цара новкъарло ца йо оккупанташна дуьхьал къийсам латто. И хьал ду техникица дерг а", - дIахьедина Шейх Мансуран цIарх йолчу батальонан пресс-секретара Белокиев Ислама.

"Тхан дерриг дика ду", - аьлла дIахьедира Кавказ.Реалиис деллачу хаттарна дуьхьал батальонан кхечу векало Чеченский Богдана, зIе ледара хиларна дехха дийца аьтто бац аьлла тIе а тухуш.

Оьрсийчоьнан тIеман министралло дечкен-беттан 5-хь дIахьедира, Донецкан кIоштан Константиновка эвлахь "тохар диначул тIахьа" нохчийн лаамхойн батальонан 55 сов эскархо вийна аьлла. Оцу дIахьедарна цхьа а тоьшаллаш ца далийра цара.

Оьрсийчоьнан тIеман министралло дуьххьара хьахош ду Шейх Мансуран цIарх йолчу батальонах лаьцна шен Украинерчу тIамах лаьцначу чоьташкахь.

  • Украинан агIор тIемаш беш ю Дудаев Джохаран цIарах батальон (командир ву Осмаев Адам), ВСУ-н структурин декъах йолу "Акха арданг", иштта, ЧIебарлойн Муслима куьйгалла ден Шейх Мансуран цIарах батальон а – лаамхойн тобанан бакъонашца. Кадыровс 500 эзар америкахойн долларшкахь кхаъ кхайкхийра хьалхо оцу батальонийн буьйранчийн болу меттиг йийцинчунна.
  • Украинан Днепропетровскан кIоштарчу Карнауховка эвлахь урам гучубаьлла Оьрсийчоьнан чугIортарна дуьхьал тIемаш бечу Шейх Мансуран цIарахчу нохчийн лаамхойн батальонан цIарах. Объектийн цIершна "дерусификаци" йаран гурашкахь хийцина ураман цIе.
  • Оьрсийн пачхьалкхо ахча латтош йолчу "Россия 1" каналан "60 минут" олучу программехь Украинан гIаролехь йолчу Шейх Мансуран цIарх йолчу батальонан буьйранча тIехь волу видео гайтира, уьш "кадыровхой" болуш санна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG