Федерацин Кхеташонан Куьйгалхочо Матвиенко Валентинаc дIахьедар дина Москварчу а, Санкт-Петербургерчу а, Казанерчу а йаккхийчу университеташкахь регионашкара абитуриентийн терахь лахдан Iалашо хилар. Цунна хетарехь, кегийрхой шайн даймахкахь дешар гIоле йу, шайн дай-наной йуххехь,шайн бераш кхиош, мегаполисашкахь "кхиаме ца хилла" менеджерш хуьлчулла а. Нохчийчуьрчу кегирхошна а, эксперташна хӀун аьлла хета, стенна олу и дIахьедар низамехь дац – Кавказ.Реалии материалехь.
И дIахьедар Матвиенко Валентинас заздоккху-беттан 12-чохь демографин а, доьзалан белхашна лерина кхеташонехь дира. Политикна хетарехь, Москвахь, Питебургехь а, Казанехь а университеташкахь белха-маркетехь оьшуш боцу специалисташ кечбо.
"Дай-наноша шайн бер Москва деша дӀахьажа до, царех цхьа говзанчаш хиллар сатуьйсуш, амма университеташкара уьш йохка-эцаран маркетехь, менеджарш болх бан боьлху. Иза цхьа а вон хӀума дац, амма уьш кхин шайн цIа йухаберза дагахь бац... Шай цIахь, кхиаме а пайде хира ду шу", - дIахьедира Матвиенкас.
Цо дийцарехь, регионашкара кегирхошна шайн махкахь атта хир ду, болх каро а, доьзал кхио а. Цо дIахьедира, гергарчу пхеа шарахь, белх- маркетехь оьшуш йоцу говзалла Iамош, университеташкахь бюджетан меттигаш лахъйан Iалашо хилар.
ТӀаьхьо, сенатор Клишас Андрейс кхетийра Федерацин Кхеташонан Куьйгалхочу дина дIахьедар. Клишас кхайкхам бира "сенсацеш йоцчохь сенсацеш ма кхолла" – Матвиенкос регионашкара абитуриентийн бакъонаш йохо аьлла хIума дац, амма дийцаре дира "университеташкахь студенташ дIаэцаран системан кхачамбацарш”.
Шен хетарг олуш мехкан куьйгалхочун пресс-секретарь Песков Дмитрий а вистхилира. "ТӀех совнаха говзанчаш Iамор? экономикана зене ду, цунах ойла йеза вай", аьлла.
Изза хаттар, кху шеран чиллин-баттахь айдира Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Минестерстван куйгалхошца хилла кхеташонехь, цо царна тӀедиллира, университеташка дешархой дIаэцаран система карлайаккхар а, мехкан экономикан оьшаш йоцу говзаллаш Iамор, дешаран программера дIайаккхар.
"Хьайн даймахкахь бу хьан меттиг?"
Регионашкара абитуриенташ, оьрсичоьнан йаккхи университашкахь дIаэцар доза тохаран агӀончаш дийцарехь, коьрта бахьан - меттигерчу студенташна "тIебаьхкинарш" бахьана бюджетан меттигаш ца тоьуш цахилар.
И дIахьедар талла, университеташкара билгалла статистика йац, амма, масала 2023-чу шарахь Питербургехь доьшуш 67% сов студенташ регионашкара бара. И терахь тIаьхьарчу ткъех шарахь кхин хийцаделла дац – дийцира "Санкт-Петербург" телевиденига, Питербурган а Ленинградан регионан, университетийн ректорийн кхеташонан куьйгалхочо Демидов Алексейс.
Москварчу университетера диплом делахь - дикачу балха хӀотта аьтто хира бу
Цуьнца цхьаьна, Оьрсийчоьнан дешаран а, Ӏилманан а министерствехь бинчу хаамца, 2025-2026-чу шерашкахь регионашна 619,1 эзар сов бюджетан меттигаш йелла. Царех 73% сов регионашкахь йу (Москва а, Москван область а, Санкт-Петербург а, Ленинградан кIошта йоцург).
Матвиенкас динчу дIахьедарна дуьхьал ала хIума хира дацара, нагахь санна цо "регионашкара дешархой шайн цIахь дешча гIоле ду" аьлла билгала ца даькхинехь, элира Нохчийчуьрчу университан хьехархочо, оьрсийчоьнан репрессиван низамаш бахьана, шен цӀе ца йовзуьйтуш.
"Бакъ ду, деша дӀабоьлхуш болу дуккхаха болу студенташ йуха цIа бахка лууш ца хуьла. Белхан меттигаш йац, тоъал алапа дац. Йа ахчанца йа балхаца, кхиаран перспективаш йоцчу регионехь, говзанча сацо - цхьана а кепара аьтто бац. Ур-аттала дика хьехархой бац, университеташкахь тоьаш", - билгалдоккху цо.
Тахана, Нохчийчохь болх беш йу йиъ университет; Росстатан хаамашца 2025 шарахь дешархойн терахь -35,5 эзар стаг вара (бахархошна йукъара - 2,4 %). Иштта, Москвахь а Питербургех кхечу Оьрсийчоьнан регионашкахь а доьшуш бу Нохчийчуьра кегий нах.
Оьрсийн йаккхи университеташкахь регионера нахана деша доза тохар - дуккха а кегийчу неха кханенга болу хьежам бохор ду, аьлла хета Нохчийн пачхьалкхан университетехь, финансийн а, экономикан а факультетехь доьшуш волчу Муслимна.
"Хьал долчу доьзалшкара кегийрхошна муьлхха а дехкарш проблема йац, царна некъ карор бу, ахчанна даима некъ карор бу. Со карарчу хенахь тхан университетехь бакалавриатехь доьшуш ву, амма Москвахь магистратуре деша ваха дагахь ву со, бюджетан декъах, ахча а луш деша таро йац сан. Москвахь университет чекхйаьккхина диплом хилча, дуккха а атта хира ду, дика болх каро", - боху Муслима.
Нохчийчуьрчу вахархочо, лоьран дешархочо Хьасана дийцира, шена а , шен факультетера накъосташна а Матвиенко Валентинас дина дӀахьедар нийсо йоцуш хета аьлла.
Суна хетарехь, Москвахь а бац шайн “неудачникаш” къезга
"Тхоьца доьшуш масех стаг ву Москвахь магистратура чекхъйаьккха дагахь. Со а вара, школера дешар чеккхдаьккхича Москва деша ваха дагаь, амма сан экзаменан баллаш ца тоьира. Суна хетарехь, университете деша ваха аьтто хилар, студентан хьуьнаршка хьаьжжина хила деза, иза вехаш меттиге хьаьжжина а доцуш. Тхуна хаддаза дуьйцуш ду, СВО (Оьрсийчохь Украинина дуьхьал бечу тIамах олу СВО -ред.билг.) вахар чIогIа мехал ду, Джихад ду бохуш. ТIом бан безаш хилахь, тхо хьалхарчу могIаршкахь хила дезаш ду (сан цигах массийта доттагI ву), амма хьуна Оьрсийчохь тоьлла университетех деша лаахь – хьо цхьанахьара схьавеана "неудачник" ву – оьгIазоьху Хьасан.
Разетас хьехархойн институтехь а дешна, хIинца хьехархо болх беш йу. Цо дийцарехь, нагахь санна дIахьагIийна дехкарш йукъадахахь, иза уггаре а хьалха хьакхалур ду рогIерчу доьзалшкара кегирхошах.
"Хьал долу нахана некъ карор бу, Оьрсийчохь йа дозанал арахьара университеташка шайн доьзалхой деша бахийта. Амма рогIера доьзалшкара, къаьсттина хьал доцчу неха, и аьттонаш хира бац. Дукхаха болчарна, дикачу университетехь дешар – социалан лифт йу. Ткъа регионашкара кегий нах дешар чекхадаьлча, кхиаме а ца хилла "туьканашкахь-менеджерш" болха беш хуьла бохург… соьга хаьттича, и тайпа кегий нах, церан а къезга бац – боху хьехархочо.
Регионашкара студенташ даима а коьртачу шахьаре деша богӀуш хилла, амма цунах экономика йохар ца хилла, йа "менеджерш" тIех совнаха ца хилла, кхин дIа а дуьйцу лакхахь хьахийначу университетан хьехархочо.
"Дешар чекхдаьккхича студенташна болх ца карор - цхьаболчу говзанчийн терахь совнаха далар проблема йац иза. Мелхо а, цо гойту махкахь экономикехь долу хьал. Советан заманахь студентан сагатдан ца оьшура дешна ваьллачул тӀаьхьа, болх карорна – Iедалн "распределенин" система йара. Шен кхачамбацарш болуш йара иза, делахь а кхаа шарахь, дуьхьарлера балхахь дуккха а хIума Iемара, тӀаккха стаг кийча хуьлура кхин дӀа "новкъавала". Ас ца боху хӀинца и тайпа система оьшу, амма пачхьалкхо шеко йоцуш гӀо дан деза студенташна", -дуьйцу редакцин хьостано.
Оьрсийчоьнан Ӏедалехь а кӀезиг нах бу, шайн орамашца Москвара йа Питербургера, йа Матвиенко ша а, йац Москвара
Регионерчу йукъараллин боламан юристо, шен цӀе ца йовзийтар а доьхуш, Кавказ.Реалиин корреспондентаца къамел деш, чӀагӀдора, Къилбаседа Кавказера хилла ца Ӏаш, йоллучу пачхьалкхера студенташна доза тохар Ӏедало кховдош хилар, ткъа иза низамехь цахилар а.
"Мел кӀезга а тамашийна ду, уггаре а хьалха низам лардан дезачу федералан хьаькамера и санна долу хIума хезча. Социалан сегрегаци йукъайаккхар санна ду иза. Юридикан агӀор хьаьжча, оцу дӀахьедаро цхьа могӀа хаттарш кхуллу бахархойн конституцин бакъонашца доьзна. Масала, иза бӀостане ду, хIора вахархочунна деша а, маьрша лела а, Ӏен меттиг харжа а бакъо луш йолу Конституцин й9-гIа артикална. Иштта, Конституцин 43-гӀа артикална- цуо гаранти ло "цIена къовсам бух тӀехь Iедалан чоьтах лакхара дешарна бакъо луш”, - дерзадо эксперто.
Матвиенко Валентинан тӀегӀанехь волчу политико муьлххачу а кхечу пачхьалкхехь и тайпа дӀахьедар дича, иза йоккха скандал хира йара, тешна ву Австрехь йолчу "Цхьаалийн ницкъ" организацин декъашхо Музаев Сайхан.
"Ас и дӀахьедар популизм лору, кхин хӀумма а дац. Иза "тIебаьхкинчарца" мостагӀалла долуш йукъаралера цхьа болу нахана дина хазахетар ду: хуьлийла уьш Кавказера, Сибрера, йа Азера. Ма-дарра дийцича, Оьрсийчоьнан Ӏедалехь а кӀезиг нах бу, шайн орамашца Москвара йа Питербургера, ша Матвиенко йу Украинерчу гӀалахь [Шепетовка] йина", - элира Музаевс.
Нохчийн университетан хьехархочунна хетарехь, искусственни дуьхьалонаш йукъа а йохуш, кегийрхошна новкъарло йар меттана, йерриг а пачхьалкхехь, лаккхара дешар кхиорна инвестицеш йан йеза Ӏедало. Регионашкара кегийрхошна тоьллачу университеташкахь дешар дехкар - тӀейогӀучу хенахь лаккхара говзалла йолчу специалисташах регионаш дӀахадор ду, дерзадо эксперто шен къамел.
- Ставрополерчу Къилбаседа Кавказан федералан университетехь дискриминаци йаш хиларх лаьцна хаам бина Туркменистанерчу массех студенто – Курскан а, Белгородски а кӀошташкарчу университеташка дехьа довла бохуш. Реза воцург цхьац-ца бахьанашца дIавоккху, кехаташ дӀа а дохуш, экзаменаш дӀа ца йолийту. ВорхӀ студент лаьцна.
- Краснодарехь ницкъхоша рейд йинера кегийрхойн латаран академехь "Молодые орлы". Кхиазхой лаьтта охьабихкира, царех цхьанна, нанас дийцарехь, йиттинера. Официалан тӀечӀагӀбина боцчу хаамашца, рейдан Ӏалашо- спортан школехь мигранта лехамаш беш операци хилла.