ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ШайтIанан лай". Лебедев Артемий а, Бесланера теракт а


Бесланера "Маликийн гIала" кешнашкахь
Бесланера "Маликийн гIала" кешнашкахь

Оьрсийчоьнан дизайнеро, блогеро, бизнесхочо Лебедев Артемийс сийсазе къамел дина 2004-чу шарахь йинчу терактехь лазийначийн интересаш лелочу "Бесланан наной", "Бесланан аз" организацийн балхах лаьцна. Журналистана Дудь Юрийна йеллачу интервьюхь дина ду и къамел. Цуьнан дешнаша цхьана Къилбаседа ХIирийчохь эргIадалла гIаттийна ца Iа. Оцу девнах лаьцна къастон хьаьжира Кавказ.Реалии сайт.

Мангал-беттан 1-чу дийнахь зорбане йаьккхира Лебедевца йина интервью. Бесланера терактехь лазийначарна гIо деш лелачу комитетех деллачу хаттарна жоп луш, дизайнеро дIахьедира, мацах хиллачу хиламна тIаьхьа "бевдда" лелаш бу уьш, тахана а и коьрта долуш санна. Цул совнах, Лебедевс бехкаш дехкира "Бесланан наношна" а, "Бесланан озана" а чоьхьара галморзахаллаш церан хиларна.

Дудь Юрийн хаттар лерина дара дизайнеро 2019-чу шарахь дуьйна динчу дӀахьедаршна: хIетахь цо дIахьединера, Бесланан комитеташ "алсамйуьйлуш" йу, "шайна тӀе тидам бахийтархьама а, ма-хуьллу дукха политикан пирогаш кхачийта" а – "шайн бераш дӀа а доьхкина, кхин дIа баха ца хьовсуш". Иза хилира Дудь Юрийс Къилбаседа ХӀирийчохь теракт хилла 15 шо кхачарна лерина документалан фильм зорбане йаьккхина дукха хан йалале.

ХIетах Бесланехь лазийначарна гIо латточу комитеташна тIаьхьайелира админресурс а – иштта хетара, масала, 2004-чу шарахь хиллачу терактах лаьцна книга йазйинчу авторна, журналистана Алленова Ольгина. Forbes журналана леринчу колонкехь цо билгалдаьккхира, "Бесланан наношна" а, "Бесланан озана" а дуьхьал боташ бовларх, ткъа Лебедевс "гIуллакх дерзий" аьлла.

ТаIзар хаалур дуй?

РогIера Лебедевс сийсазе къамел динчул тIаьхьа "Бесланан наноша" кхайкхам баржийра, цу тIехь дIахьедора, скандалашца вевзаш волчу дизайнеран дешнех кхета шаьш "шен ма-хуьллу хайп гIаттон хьийзаш хиларца" аьлла. Шайн кхайкхам берзош комитетан векалша дош делира цуьнца кхелехь цхьанакхета.

ХӀирийчоьнан куьйгалхочо Меняйло Сергейс, Лебедевн фамили а ца йоккхуш, "дегаза" хета шена элира "коьртана дика боцчу наха адаман лазамах, бер деллачу ненан баланах лаьцна дийца гIертар". "Бесланехь бала лайначу берийн иэс сийсаздарна, и хьекъал доцу коьртеш схьадаха дезара. Тахана суна хезна ирча хабар кхин дIа ца хазийта", - аьлла тIетуьйхира мехкан куьйгалхочо.

Дизайнеран цIармат дешнех низамехь жоп далийта деза

"ХIирийн Лаккхара кхеташо" ("Стыр ныхас") юкъараллин организацино латкъам бина Талламан комитете а, Оьрсийчоьнан Коьрта прокуратуре а, терактехь зенаш хиллачу нехан синхаамаш бехбарна Лебедев пачхьалкхан совгӀатех ваккхар а, иза жоьпе озор а доьхуш. Организацин декъашхоша иштта доьхура дизайнере массарна а хезаш гечдар дехийтар а.

ХӀирийн муфтис Гацалов Хьаьжамурда зорбане йаьккхина видео, цу тӀехь цо и интервью "боьхалла" йу аьлла, ткъа ша Лебедев "шайтӀанан лай" ву, "хӀокху дахарехь Веза-Сийлахьчу АллахIан таӀзар хаалур долу", цунна хьехар дина, ша сийсазбинчу зударшна хьалха "тоба де" аьлла.

Дизайнеро динчу къамелан терго йина федералан тӀегӀанехь а. Къаьсттина, доьзалш ларбаран Пачхьалкхан Думан комитето цуьнан леларна а, дӀахьедаршна а "инзаре оьгӀазло" гайтина, цо низамаш дохийна хиларна таллам бар дехна Коьрта прокуратуре.

Хьалхо зударех куьйгаш детта гIертарна бехке веш хиллачу ЛДПР-н лидеро Слуцкий Леонида Лебедевн позици "адамалла йоцуш" йу элира; Думан къинхьегаман а, социалан политикехула а, ветеранийн гӀуллакхашкахула а йолчу комитетан куьйгалхочо Нилов Ярослава кхайкхам бина дизайнере, "катоххий къинтӀера а баха", "хьайн дикка долчу ахчанах цхьа дакъа Бесланехь хиллачу терактехь зенаш хиллачарна гӀо дан хьажаде" аьлла.

Шена реза боцуш, дуьхьал дуккха а нах бевллашехь Лебедевс кхин дIа а хьашт мел доцург дуьйцура Бесланера комитетех лаьцна. Цо карладаьккхира, 2008-чу шарахь "Бесланан аз" комитетан декъашхоша хIетахь президент хиллачу Медведев Дмитрийга дехар дар, ЮКОС-н хилла юрист Бахмина Светлана маьршайаккха бохуш. Политикан тутмакхехьа гIо дахар лерира дизайнеро, Ходорковский Михаила ахчанах лело "бахьана доцу политикан жигаралла йу" аьлла.

ХӀинца Лебедевна а, Бесланан комитеташна а гонаха йолчу скандало пхи шо хьалха хиллачул а алсам резонанс йира, амма иза бахархойн барт хиларца доьзна дац, Оьрсийчохь хӀинца "мотт бетта зама" хиларца доьзна ду, бохура хIирийн журналисто Тотров Руслана.

"Оцу дизайнеран сийдоцу дӀахьедарш низамехула жоьпе озон дезаш ду, уггаре а хьалха синкхетамехула а. Амма ларамаза и мах боцу васт сийсаздан буьйлабелла пачхьалкхан Iедалера нах иштта лела, хIунда аьлча, вайн заманахь "даймехкан мостагIий" бехбар магош хIума хиларна. Лебедев кхин мостагI вацахь а, кхеташ дац, муьлхачу терхи тIехь иза ву; оцо а дуьхьал баьхна цунна", -билгалдаьккхира къамелдечо.

Доллу халкъан ала

"Бесланан нанойн" векалшца зIене йелира редакци (церан цIераш йа йоху оха, Оьрсийчохь репрессин низам чIагIдина хиларна). Цхьана къамелдинчо ма-баххара, Лебедевна "хайп" оьшу балана тIехь, ткъа комитеан балхах а, цо лелочух а лаьцна цунна хууш кIад а дац.

"И теракт – бала а, бохам а бу доллу хIирийн халкъана. Хаза дац, адаман коьртехь цу тайпа ойланаш хилар а, массарна а хезаш и дийцар а. Цу тIе медийн стаг а ву иза, цуьнга хьовсу, цо йаздинарг доьшу. Амма хIара цуьнан къа ду. Цуьнца вехийла-кх иза", - дIахьедира жигархочо.

Цо билгалдаьккхира, 20 шарахь цу комитето гӀо деш хилар закъалтехь латтийначу нахана дарба дарца а, хӀусам йарца а, дешарца накъосталла дина ца Iаш, йуха уьш балха хIиттош а есна цабитар.

Дерриге а хеттарш дукха хьолахь куьйган рожехь дӀадерзадо, амма и хала ду, дуккха а ницкъ оьшу

2021-чу шарахь жигархоша дийцира, 100 сов терактехь лазийначу нахана даим а лоьрийн дарба оьшуш хилар. Йукъаралхочо дийцарехь, хIинца хьал кхин дIоггара чIогIа хийца а ца делла, амма чолхе даьлла адам дозанал арахьарчу клиникашка дарба дан хьийсор.

"Бесланан нанойн" кхечу векало дуьйцу, 2024-чу шарахь бохаман 20 шо кхачарна лерина тезетан барамаш кечбеш доккха дакъа лацарх оцу хенахь закъалтхой хиллачара: "Тхо чIогIа даккхийдоь уьш иштта кхиарна - доккхачу дагца, синтемца, классерчу накъостийн, гуттаренна а цу школехь бисинчу доттагӀийн иэс дӀакхехьа хаарца".

Къамелдинчо латкъам бора, шаьш хIинца а саццаза къахьоьгуш хиларх Оьрсийчохь "терактан волайнхо" аьлла статус йукъайаккхийта.

Оцу кепара низам оьшуш ду, хӀунда аьлча, дукха хьолахь, массо а хаттар куьйган рожехь дерзадо, ткъа и хӀума хала ду, цунна дуккха а ницкъ а, нерваш а оьшу. Нагахь санна низам хиллехь, кхечу теракташкахь зенаш хиллачу нехан а аьтто хир бара социалан гӀо кхача, оха даим а и хеттарш ийдийр дацара, дехарш дийр дацара, терго йе бохуш, тIаьхьа девлла а лелар дацара",- бохуш, кхетадо йукъараллин жигархочо.

• 2004-чу шеран гезгамашин- беттан 1-чу дийнахь Бесланерчу номер 1 йолчу школан гӀишло чохь террорхоша йийсаре лаьцнера 1100 сов стаг. ТӀемалоша доьхура Оьрсийчоьнан эскарш Нохчийчуьра арадахар. Гезгамашин-беттан 3-чу дийнахь йолийра школина штурм. И бахьана долуш велла 334 стаг, шайлахь 186 бер а долуш. Оьрсийчоьнан исторехь уггаре а доккха теракт хилира цунах, байъинчу нехан терахь лаккхара хиларца, иштта лаьтташ ду и таханлерчу дийне кхаччалц.

• Лебедев воцург, Ӏедалехьа волу блогер Кононенко Максим а ву гӀараваьлла Бесланерчу комитеташна луьра дӀахьедарш дарца. Цо дӀахьедира, "шайн бераш дайъарна бехке берш лоьхуш цхьа шо хан йойъучу метта, кхин бераш дуьненчу даьхнехь гӀоле хир дара" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG