Зазадокху-беттан 10-чохь Шеман керла Ӏедало дӀахьедира, алавиташ а, керстанаш а бехачу Латакия а, Тартус а провинцешкахь "диктаторан Асад Башаран агӀончашна дуьхьал дӀахьош йолу операци" чекхайаьлла аьлла. Оццу хенахь Димаьшкъахь, керла Iедало Шеман Къилбаседан кIошташкахь болу курдойн тӀеман тобанашца барт бира, дIахьедора, пачхьалкх цхьаьнатохарехь иза боккха толам бу бохуш. Амма хIинца а Шемахь хьал сингаттаме ду – нахана тIехь Iазап латтош ду. Керла Ӏедало сунниташ боцчу бахархошна тIехь геноцид йарна бехкаш дахар алсам долуш ду, йаздо Маршо Радион оьрсийн сервисо.
Шеман керлачу Ӏедална дуьхьал тIедахкарг доху Малхбузера а, цхьа могӀа бусулба пачхьалкхашкара а, алавиташ байарна, дукха хан йоццуш Асад Башаран агIончий -алавиташ а иштта кхин долу кегийра динан тобанан декхашхой хIаллак барна, бехке нах жоьпе озор. ТӀечӀагӀбина боцучу хаамашца, таханлерчу дийне кхаччалц Шеман къилбаседехь вийна лаххара а 1300 маьрша вахархо а, Асадан герзахойн тобанашкара 250 сов эскархо а, керлачу Ӏедалан 250 сов кхерамазаллин белхахо а. ТӀеман меттигашкара, маьрша нах бойуш, царна гӀело йеш дуккха а видеош йаьржаш йу интернетехь.
ГӀажарийн а, Иракъан а, иштта Израилан а Ӏедалша бехке бо Шеман керлачу Ӏедалан ницкъхой геноцид йарна. Амма Туркойчоьно а, Iарбойн Цхьаьнатоьхна Эмираташ а, Катаро а, мелхо а, гӀортор йо "Латакехь низам меттахӀоттош а, Асадна гӀортор йеш йолу тобанаш хӀаллакйеш а дӀахьочу операцина". Евроберто официалехь йемал дира Асад Башарна муьтӀахь болчу ницкъаша гӀаттам бар а, амма, иштта йемал дира маьршачу нахана тӀехь ницкъ бар а.
Америкехь а, Евробертахь а, Оьрсийчохь а, цхьа могӀа кхечу пачхьалкхашкахь а террорхой санна къобалйинчу Ӏедале йеанчу "ХӀаят Тахрир аш-Шам" тобан куьйгалхочо, хIинцалера Шеман куьйгалхочо Ахьмада Хьусейн ал-ШараIа дош делира, бехке мел верг жоьпе озор ву шаьш аьлла. Царех цо "керлачу Ӏедалшна бӀаьрзе гӀортор йеш, йа тӀамах бахьана а дина зуламаш дан цхьанатоьхна герзан тобанаш йу" элира. Аш-Шараа массо а динехь болчу маьршачу нахе кхайкхамаш бо, шайн хӀусамашка йухаберзар, хьал нислуш хилар чӀагӀдеш.
ХӀинца Аш-ШараIан наха Ӏуналла дечу Шеман пачхьалкхан SANA агенталло хаам бо, Латакия кIоштахь маьршачу нахана тӀехь Iазап латтош дакъалаьцна цхьаболу суннитийн эскархой лецарх лаьцна. Масала, Шеман Ӏедалхоша видео йаьржийра, хӀордан йистехь, хIинцалера Iедалан ши эскархо лаьцна гойтуш, хьалхо цара маьрша воккха стаг вийна хиллера.
Амма, аш-ШараIа дуккха хьолахь, нах байарна бехкебо Асадан гӀаттамхой – алавиташ а, керстанаш а, шиӀаташ а, кхин кегий тобанан векалхой а. Цо дийцарехь, зазадоккху-беттан 6-чохь махкахь доладелла Ӏедалан ницкъашна а, Ӏалавитийн кегийчу тобанашна йукъахь тасадаларш, кхечу пачхьалкхо гIортор йаш долийна. Шеман куьйгалхочо цу пачхьалкхан цӀе ца йаьккхира, амма тIечӀагӀдира, уьш "Шемахь нийсо толар бахьана эшийна нах бу" аьлла, хетарехь, буьйцурш, Асадан дукха хенахь дуьйна хилла гIончи – уггаре а хьалха ГӀажарийчоь, хетарехь Оьрсийчоь а.
Асад Башар веддачул тӀаьхьа, Ахьмада аш-ШараIас дӀахьедира, керлачу Ӏедало массо а алавиташкара бехк ца къастош чӀир оьцур йац аьлла, амма хIинца а, лехамаш дIахьош бу тӀеман зуламаш дарна бехке бечу эскархошна а, дӀадаьккхинчу Ӏедалан хьаькамашна.
ХӀинцалера конфликт йолайелира зазадоккху-беттан 5-чохь, Дамаско Латаки кIошта хьажийна кхерамазаллин ницкъаш, Джабла-ГӀалина уллера йуьртана, алавитийн дIалачкъийна герз латто меттигаш йу аьлла чубахча. Цигахь царна тIелатар дира, 13 эскархо а вуьйш. Цунна жоп луш санна, Дамаскан ницкъаша, дуккха хьолахь "ХӀаят Тахрир аш-Шам" эскархоша йуьртана голаьцна, йаккхи тоьпаш йиттира.
Цул тӀаьхьа йерриг а Шеман хIордан йистера кIошташкахь протесташ дӀайолаелира, уьш йуха а гӀаттам хилла дӀахӀоьттира. Алавитийн ницкъаша дӀахьедар дира, "Шема маьршайаккхаран тӀеман кхеташо" кхолларх лаьцна, коьртехь Асадан хилла инарла ГӀайас ад-Дала а волуш, шайн Ӏалашо "Шема суннитийн джихадхойх цӀанъйар" йу аьлла дIакхайкхийра цара. Амма, цуьнца цхьаьна цара шаьш а долийра маьрша нах хIаллакбар, суннитийн доьзалш а, шайн могӀаршкахь болу "йамартхой" а. Йуьхьанца гӀаттамхойн аьтто белира цхьайолу кӀошташ схьайагIа, амма масех дийнахь гӀаттам Iедало бохийра.
Ахьмада аш-Шараас оцу гIаттамна бехкечеран цӀераш йехира – цо дийцарехь, уггаре а хьалха, уьш хьалхо бевда, къайла боьвла Асадан 4-чу танкан дивизин эскархой хилла, "йукъараллехь хьал дохо а, кегий тобанашна йукъахь питан таса а" Iалашо йолуш. Иштта Аш-ШараIас мукӀарло дира, и тIематасадаларш бахьана "низамехь йоцу тобанаш йаьржина Шемахь, цара дуккха а зуламаш дина" аьлла.
Элитан 4-чу танкан дивизин хьалхо куйгалла деш вара, Шемах наркотикан пачхьалкх йина, махках "психопат" цIе йахна Асад Махер - дIаваьkкхина Шеман диктаторан жимаха волу ваша. Асадан хенахь, дуьнентӀехь уггаре а дуккха фенитиллин арахоьцу пачхьалкх хилла дӀахӀоьттира Шема.
Фенитиллинан къайлаха экспорт йар (дуьненчохь- 80 процент сов), цуьнах кхин а "джихадхойн наркотик" олу (цо агрессиван эйфори кхуллу, дегӀан лазамна а, кхачамбацаршна а резистенталла лахйо), Асадан Ӏедална- 90 процент кхаччалц ахчан пайда лора. Массо а хаамашца, тахана а, и синтетик арахецар а дӀадоьдуш ду, кегийчу барамашкахь йелахь а. Цул совнаха, цхьана хенахь, иза 4-чу танкан дивизин базашкахь арахоьцаш йара. Цигахь йара и наркотик арахоьцу лаборатореш а, упаковкаш йеш йолу заводаш а, дозанал арахьа наркотикаш дӀасалелоран логистикан центраш а.
Стохка, шо чекхдолуш шен воккхахволчу вешица цхьаьна Оьрсийчу веддачу Асад Махера чоьхьара тӀом боьдуш, куйгалла даьш вара, суннитийн маьршачу бахархошна къизалца йевзаш йолу алавитийн "Шабиха" тобанан операцешна. Дамаскера керлачу Ӏедало дийцарехь, карарчу хенахь мехкан малхбузехь иккхинчу гIаттамехь дакъалоцуш бу шабихахойн бисина нах. Гарехь, хIара керла конфликт, тӀаьхьарчу хенахь дуккха баланаш лайна суннитийн тобано, селханалерчу алавитийн элитера чӀир эцар санна кхоллайелла хилар.
Политолог а, малхбален Iилманчанна а волу Семенов Василийна хетарехь, Латаки а, Тартус а кIошташкахь гIаттам дӀаболийна цигахь Ӏаткъам латтош болчу Асад Башаран агӀончаша:
"Асадан алавитийн агIончаша гӀаттам болийра, шайна дагахь "Хьаят Тахрир аш-Шам" тобано кхоьллина Дамаскан керла Ӏедалан "ондалла талла". Ткъа Дамаско жоп делира, эзарнашкахь суннитийн эскархой а хьажийна, царна йукъахь керла кхоьллина эскаран дакъош, а кхечу махкара къоман йолахой болуш. Цара дуккха сихха гӀаттам бохийра, алавитийн йарташка а, гӀаланашка а чубахара. Дика историн масала ду: дагодогIий шуна XIII бӀешарахь Къилбаседа Францехь жӀаархой, цара альбигойн йарташна дина тӀелатар. Цара, кху заманан маттахь аьлча, адамаллина дуьхьал, тӀеман дуккха зуламаш дира цигахь, нах хIаллак бира, талораш, зудри хьийзор а. ХӀинца а из-за ду кхузахь а".
Кремльна гӀортор йечу тӀеман Telegram-каналаша йаздо, Шеман хIордан уллера меттигашкара, кхерам латтар бахьана уьдуш болчу алавитийн а, керстанийн а, шиӀайн а, кхин а кегийчу къаьмнийн доьзалш, Оьрсийчоьнан шина тӀеман базина уллехь гулбелла хилар – Тартусехь йолу Оьрсийчоьнан хӀордан эскаран базана а, Латаки-ГӀалина уллехь Хмеймиман авиабазана гонаха а. Дийцарехь, Оьрсийчоьнан эскархоша четарийн гӀала а, кхача кечбеш меттигаш кечъйина цигахь, кӀелхьара боьвла нах ханна дӀатарбан а. И хаамаш тӀечӀагӀбо спутникан суьрташа а.
Шемахь, мел Оьрсийчоьнан эскар дуьсуш ду, хӀун хир ду оцу шина базах (кӀезиг оьрсийн эскарш, Асадан куьйга кӀелахь йолчу кхечу меттигашкахь лаьтташ дара, масала, къилбаседа-малхбалерчу курдойн территорешкахь Евфрат-хина уллохь, амма уьш хӀинца цигахь дац) хӀинца а хууш дац. Тартусехь оьрсийн хIордан-флот йисина йац ала мегар ду, цхьа-шиъ жима хIордан-кема бен, ткъа Хмеймимехь хӀинца а лаьтташ ду масех оьрсийн тӀеман кема а, бронетехника а. Оьрсийчоьнан шина а базехь йерриг а белхахошан терахь 300–500 адамал сов ца долу. Оццу хенахь зазадоккху-беттан 10-чохь Аш-ШараIа Ахьмада тӀечӀагӀдира, ша карарчу хенахь Москваца дийцарш дӀахьош ву Шемахь Оьрсийчоьнан Тартус хӀордан база а, Латакехь Хмеймим кеман базан хьокъехь – амма, дийцаршан хьелаш къайлаха латтош ду.
Зазадоккху-беттан 9-чохь алавитан гIаттамана дуьхьала велира Асад Башаран щича- Рами Махлуфа а (Башарца 2020-чу шарахь дуьйна бизнес тIехула дов даьлла вара). Цхьана хенахь Асадан тукхаман коьрта "бохча" лоруш вара иза. ХӀинца Австрехь вехачу Рами Махлуфа Фейсбукехь Ӏаьрбийн маттахь пост йазйира, Оьрсийчохь волчу шен щиче а, иштта алавитийн гӀаттамхойн инарле ГӀайас ад-Далега а:
"Халкъан цӀий Iенош ву хьо. Ахь мел динчунна, хьогар жоп доьхур дац моьттара хьуна? Декъаза, маьрша бахархой хӀунда ийзош бу ахь цу йукъе? Вайн халкъан цӀий тIехь, и сийсаз деш, цуьнан мацалла тIехь ахча доккхуш ву хьо. "Господин президент", ахь хIара мохк бекъна, экономика хӀаллак йина, нах мацаллехь латтийна. Хьо дерриге а ахча а схьаэцна ведда, ахь и ахча нахана деллехь, йа мацалла, йа къен нах а хира бацара. Тахана шуна гонаха берш оцу сонтачу гӀаттамца алавиташ хӀаллакбан гӀерта".
ТӀаьххьарчу шина дийнахь зуламаш дӀадоладелира Асад Башаран Ӏедал доьхначул тӀаьхьа, тийна хиллачу Дамаскехь а. ХӀинца цу гӀалахь кест-кеста, ахчан доьха нах лечкъош бу. Керла Ӏедал деъча, цара дӀасахийцира Асадан йерриг а къайлаха сервисаш, криминалан полици, кхерамазаллан боккха эшам а беш. ТӀаьхьарчу кӀиранашкахь, дукхаха болу Дамаскан бахархоша дӀахьедо, арахь Iаржа йелча арадовла кхоьру шаьш бохуш.
Зазадоккху-беттан 10-чохь 2011-чу шарахь дуьйна махкахь тӀом тергонехь латточу "Шеман адамийн бакъонашкахула йолчу обсерваторино" хаам бира, муьлш бу ца хуучу наха гранаташ кхуьссуш, герз детташ тIелатар дина Дамаскан йуккъехь чӀогӀа чӀагӀйинчу Ӏедалан кхерамазаллин гӀишлонна. Кхин цхьа а детальш хууш йац цу тӀелатарх лаьцна.
Оцу хьолехь Дамаскерчу керлачу Ӏедало кхиаме барт бира, Шеман Демократин Ницкъашца (СДС), курдхоша куьйгалла дечу тӀеман альянсца а (цу йукъахь йу Ассирин а, Туркоманан а кегий тобанаш). СДС Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн гӀорторца кхоьллина йара. Вашингтонан тӀеман гӀоьнца (лахара а Трамп Доналд президент хIотталца,) СДС-но хӀинца а шен Ӏуналлехь латтош йу пачхьалкхан къилбаседехь а, къилба-малхбалехь а йолу дуккха а кӀошташ. Ахьмад аш-ШараIа а, СДC-н лидеро Мазлум Ӏабдис а куьг йаздинчу керлачу барто билгалдоккху курдойн а, кхин йолчу альянсан тобанаш а "керла Шеман" тӀеман а, маьршачу а институташка интеграци йар а. Иштта, керлачу Ӏедална, Асадан дисина эскархошна дуьхьал, цхьана къийсам латтор а.
Амма уггаре а коьртаниг, цу кехат тӀехь чӀагӀдо "массо а шемахойн бакъо йу векал хила а, политикан процессехь дакъалаца а" –иза цхьана догӀуш ду, керла Iедало, шаьш нийсонехь Ӏедал кхуллур ду "Асадара шерашкахь динац латтийна къийсаман" зуламан тӀаьхьалонаш дӀайохаш, аьлла дина дIахедаршца.
ТIейогIучу хенахь Американ ролех регионехь шеконаш алсам йовлуш, гарехь, СДС кхетта шен хьал сиха гӀеллуш хилар. Америко Шемарчу курдашна гӀортор йар хьалха а мехала дара, амма Трамп Доналда цкъачунна дӀахьедар дина дац (2024-чу шарахь Вашингтоно 186 миллион гергга доллар ахча дайинчу) “Шеман Демократин ницкъашна” кхиндӀа а гӀортор йан ша дагахь ву йа вац аьлла.
Оццу хенахь, луларчу Туркойчоьно СДС кхераме террорхойн тоба лору, 40 шарахь сов, шайна дуьхьал герзаца къийсам латтош хилла курдойн сепаратистийн дакъа. ТӀаьхьарчу хенахь Шемахь хиллачу хийцамашца, меттигера дукхаха болу курдаш, шаьш кхин а вончу хьоле довларна кхоьру – хӀинца Дамаскехь долу Ӏедал, дукха хенахь дуьйна, курдойн мостагӀ хилла Анкарас гӀортор йеш хилча.
Стохка, шо чекхдолуш шаьш толам баьккхинчул тӀаьхьа Шеман керла Ӏедало омра дира махкахь герзаца мел йолчу тобанашка герз охьа а диллина, дӀасадовла аьлла. ТӀаьхьарчу кӀиранашкахь тайп-тайпана массех тоба (хьалхо Асадна а дуьхьал хилла йолу), Дамаскаца барт хилла, цхьаьна болх бан йолайелла. ХӀинца изза сацам СДС-но а бина.