ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь тасаяла мега оьрсийн арми а, нохчийн тIемалойн тобанаш а


Оьрсийн салттий бу Шемахь.
Оьрсийн салттий бу Шемахь.

Москох цкъачунна дагахь яц Шемахь тIеман опреацеш дIахьош шен эскархойх пайда эца. Цунах лаьцна дIахьедар дина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира CBS (Си-би-эс) телеканалана ша еллачу интервьюхь.

Хууш ма-хиллара, цIеххьана Шемахь жигаралла гайта волавелла, дерриг дуьнено а ала мегар долуш, дIатесна волу Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир. Шемахь Латакия олучу провинцехь йолчу шайн тIеман базе эскарш а, герзаш а, тIеман техника а дIаузуш бу оьрсий. ХIинццал цу меттехь масийтта стаг а бен вацара цу базан керт ларйеш. ХIинца, цхьаболчу хаамашца, лаххара а 2-3 эзар Оьрсийчоьнан эскархо ву цигахь

Кху деношкахь Iамеркин тIеман министраллан векалша бинчу хаамца, Оьрсийчоьнан бомбанаш туху а, тIелета а кеманаш охьахевшина Шемарчу оьрсийн тIеман базехь. Путин харц ца до шаьш цу махкахь ду бохург.

Шема -- Оьрсийчоьнан тIеман техника д1асалело кема АН-124 ду Латакия базехь охьахиина. Космосера саттелито даьккхина сурт.09, 15, 2015
Шема -- Оьрсийчоьнан тIеман техника д1асалело кема АН-124 ду Латакия базехь охьахиина. Космосера саттелито даьккхина сурт.09, 15, 2015

Амма шаьш Асадан эскаршна герзаца а, говзанчашца а гIо деш ду бохуш вара иза дукха ан йоцуш. Ткъа хIинца Iамеркерчу CBS (Си-би-эс) телеканалан 60 минот программина интервью луш Оьрсийчоьнан лидеро дIахьедар дира шайн эскарца Шемахь а, я кхечу пачхаьлкхашкахь тIемаш бан дагахь дац шаьш аьлла. Таханлерчу денна цу тайпа планаш яц шайн бохуш вара Путин.

Делахь а, Оьрсийчоьнан президенто тIечIагIдира шаьш кийча хилар президентан Асад Башаран Iедална гIо дан. Путинна хетарехь, Шемахь цхьаъ бен яц низамца йогIуш йолу арми. Питина чIагIдарехь, Вашингтоно гIортор еш йолу оппозицин тIеман тобанаш терроран организацеш ю. Ткъа бакъонца ерг ю, цунна гергахь, Асадана муьтIахь йолу арми.

Оьрсийчоь шен эскарш Шемахь алсамдохуш хиларо сагаттадойта Iамеркин. Амма Путина шен интервьюхь элира Москохо лелош дерг вуно низамца догIуш а ду, Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин Уставаца догIуш а ду аьлла. Кхузахь дерг хIун ду аьлча, шаьш жоп луш ду Шеман Iедало тIеман гIирсашца гIо дахьара аьлла шайга динчу дехарна элира Путина. И болх жигара баккха дагахь ду шьаш а элира цо.

Путин Владимира дийцарехь, Шеман дукхах йолу кIошташ дIалаьцна йолу «Исламан пачхьалкх» тоба кхераме ю Оьрсийчоьнна. Цу тобанан тIемалой Оьрсийчоьнна тIелата мегаш хиларна ю Оьрсийчоь Асад Башаран режимана гIо деш.

Советан пачхьалкхана юкъахь хиллачу пачхьалкхашкара 2 эзар сов стаг ву офицалан долчу терахьашца Шемахь тIом беш. Кхерам бу и нах шайна тIелатарна, элира Путин Владимира.

Цу кхераман бух а бу. Масала, Шемахь болчу нохчаша, хьул а ца деш, кхерамаш туьйсу Путинна а, цуьнан а Iедалшна а шаьш Нохчийчохь тIемашкахь адамаш дайарна бекхам бийр бу бохуш.

Цхьаболчу хаамашца, дукхах йолу нохчийн тIемалойн тобанаш гена йоццуш позицеш дIалоцуш ю Латакия гIалана. Ткъа цу гIалахь ю Оьрсийчоьнан тIеман база. Цундела, нагахь Оьрсийчоьнан армино баккъалла а Шемахь тIом болабахь, иза уггаре а хаьлха тIеIотталур ю нохчашна.

ТIаьхьарчу хенахь ерриг а аьлча санна Къилдбаседа Кавказехь хилла тIеман тобанаш дIаяхана «Шемарчу джихаде». Цигахь наха тIамах уьдуш йитинчу хIусамашкахь даьхна сурташ интернетехь дIа а хIиттош кхайкхамаш беш бу уьш бисинчу нохчашка, Шема дIадуьйла бохуш.

Шема тIаме баханчерна юкъахь бу тайп-тайпана нах. Царна юкъахь бу Лабазановс байинчу нехан тIаьхьенех а, Ичкерин байракхашна къеллахь тIемаш беш кхелхинчу нехан даккхий хилла бераш а, тIеман бохам дIоггара гина боцу, амма тIеман романтика коьртачохь йолу кегийрхой а, иштта дIа кхиберш а.

Цара массара а, дуьйцург ду эххаре а шаьш тIамца цIадоьрзур хилар. Билггала хууш ду царах иттаннаша иза дийр доций: уьш эгна Шеман тIеман аренашкахь. Масалш дукха ду, хIорра а цхьаъ вукхулла а цецвоккхуш истори а йолуш.

Амма бухубисинарш цIаберззалц Iан дагахь волчух тера дац Путин Владмимир. «Цаьрца тIом бан Асадана гIо дар гIоле ду Шеман территори тIехь» элира цо ша CBS (Си-би-эс) телеканалана еллачу интервьюхь.

Путин Владимира Iамеркин телекомпанина интервью ялар ларамаза хилла дац. Шемара хьал коьртчу теманашна юкъахь ду кху деношкахь Нью-Йоркехь йолаеллачу Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Инарлан ассамблеян. Цигахь вист хила дагахь ву Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а.

XS
SM
MD
LG