ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь йаьхна аьлла терроризмна бехке а йина 6 шо хан тоьхна Дагестанерчу йахархочунна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Дагестанерчу Хасав-Юьртан кӀоштан кхело бехке йина меттигера яхархо, шина беран нана йолу Аляхмаева Арапат Шемарчу дуьненаюкъарчу террорхойн организацехь дакъалацарна. Оьрсийчу юхаеанчул тӀаьхьа дукха хан ялале лаьцнера иза – шен ненаца динчу къамелехь цо мукӀарло дира, ша тӀемалойн ойланех дог даьлла йара аьлла.

Школехь исс класс чекхъяьккхинчул тӀаьхьа Аляхмаевас, шен 16 шо долуш, къайлах маре а йахана, кӀант вира. Цуьнан майра а ву "террорхойн" артиклашкахула бехке а вина, дуьненаюкъарчу лехамашка ваьккхина, боху вердиктехь.

2015-чу шеран гIадужу-баттахь доьзал Истамбуле дIабахара, цигахь дуьненчу ваьлла церан шолгӀа кӀант. Кхело а, талламчаша а дийцарехь, масех бутт баьлча, "Сабри" тобанах дӀакхеттера иза (хетарехь, юьйцург "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанна байӀат йина "Сабри ДжамаIат"). Цигахь тӀемалоша Ӏуналла дечу Шеман территори тӀехь бехаш хилла уьш. Цигахь Аляхмаевас кхача кечбора, бедарш тоьгура. 2024-чу шеран дечкен-баттахь Шемара ара а яьлла, Туркойчухула Москара Внуково аэропорте кхаьчнера иза, цигахь ницкъахоша лецира.

Цуьнан нанас кхелехь дийцира, телефонехула хиллачу къамелашкахь шен йоӀа мукӀарло динера, ша радикалан исламхоша Ӏуналла дечу территори тӀехь долчу дахарх дог даьлла хиларх, Шемара дӀаяха сацам барх а. ГӀалара арайолуш, иза а, цуьнан бераш а курдаша лаьцна хиллера, Аниса олучу куьпахь дӀатарйина. Туркойчоьнан эскаршца тасадалар хиллачул тӀаьхьа, курдойн ницкъаш бевддера, ткъа ха доцуш бисина зударий а, бераш а Туркойчоьнан дозане кхаьчнера, цигахь уьш лецна, Джераблусан депортацин куьпахь дӀатарбира.

Кхелехь бехке йечу зудчо къера а хилла, шена уггар лахара хан тохар дехна.

Оцу артиклаца ялх шарера пхийтта шаре кхаччалц набахтехь яккха хан тоха тарло. Кхело тидаме эцна цуьнан дохкойалар, тоба дар, бехк тӀелацар, ши бер хилар а. Йукъарчу режиман колонехь даккха 6 шо кхайкхийна цунна.

  • 2022-чу шеран лахьан-баттахь ХIинжа-ГIалин Советский кӀоштан кхело бехке йира меттигера яхархо Абсаидова Гогуш Шемарчу "Исламан пачхьалкх" тобанна юкъайогӀучу низамехь йоцчу герзашца хиллачу нехан тобанехь дакъалацарна. Бедарш йиттарна а, тӀемалошна юург кечъярна а 6 шо хан туьйхира цунна колонихь такха.
  • Терроризмана бехкейо 22 шо долу ГIалгIайчуьра йахархо Гатагажева Лайлаъ, жимачу шина беран нана. Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина хетарехь, шен лаамехь Шемахь даIишах дIа а кхетта, цигахь церан гIуллакхашка хьожуш, "шен ахчанах царна герз а латтийна" йу ГIалгIайчуьра Гатагажева Лайаъ. Цуьнан 13 шо долчу хенахь нанас дIайигинера иза "Исламан пачхьалкх" олучу тобано дIалаьцначу дозана тIе, цигахь маре а йеллера иза бертаза. ХIусамда а, кхинболу шен гергарнаш а Шемахь беллачул тIаьхьа шен шина бераца Иракъан Iедалхошна карайаханера иза. Меттигерчу Iедало пхеа шарна а эхашарна а чохь йаккха хан туьйхира цунна, и хан текхначул тIаьхьа ара ца хоьцуш латтийнера иза Оьрсийчоьнан Iедалхошкара иза чу йита бакъо луш кехат кхаччалц. Аэропорте кхаьчначул тIаьхьа лаьцна иза, Буьри-ГIаларчу СИЗО дIайигинера.
  • Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело дуьхьало йина 22 шо долчу Дагестанерчу яхархочунна Гаджимурадова Хьавана тоьхна хан юхаяккха – иза бехке йира дуьненаюкъарчу "Исламан пачхьалкх" олучу террорхойн вовшахтохараллица дакъалацарна. Цо чӀагӀдора, гӀуллакх харц дина, тоьшаллаш дайта а ницкъ бира шена аьлла.
  • Маршо Радионо хьалхо дийцира Иракъера зударийн "Русафа" набахтехь латтийначу тутмакхийн кхолламах лаьцна, йара царлахь Нохчийчуьра а, Дагестанера а, ГIалгIайчуьра а, ГIебарта-Балкхаройчуьра а 30 йахархо. Тхан аьтто хилира церан гергарчу нахаца а, таIзарш динчу зударшца а зIе таса.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG