Шемарчу гIаланашкахь, уггаре а хьалха кIиранашкахь дуьйна Асадан эскарша го бина, бомбеш еттачу Алеппохь эзарнашкахь маьрша адамаш дайъарна бехке коьртачу декъехь Оьрсийчоь лору Малхбузено. Цхьаьнатоьхначу Штатийн куьйгалхоша масех де хьалха дIахьедар дина, Шемин хьокъехь Оьрсийчоьнца долчу массо а дагадовларшкара шаьш арадовлу, аьлла.
Ткъа Евробертана юккъе йогIучу пачхьалкхийн куьйгалхоша адамаллин дуьхьал зуламаш Шемахь Асадан режимо дарна жоьпалла цу режиман тIехь хилла ца Iаш, цунна белшаш гIорточу Кремлана тIехь а ду бохучу хьесапехь дIахьедарш до.
Цу дIахьедаршкахь уггаре а шога дерг немцойн канцлеро Меркел Ангелас кху деношкахь дира. „Оьрсийн, Асадан эскарша Шемахь лелориг варварийн къизалла ю“, - элира цо, ткъа Германин арахьарчу гIуллакхийн министро Штайнмайер Франк-Вальтера, ала дашна, Оьрсийчоьнан урхаллица озабезам болуш ларалуш волчу, „террорхоша тIом бан арабевллачара лоьрийн цIеношна тIелатарш деш ца хуьлу“, - элира.
Европера хаамийн гIирсаш а бу кху деношкахь Оьрсийчоьнан а, Асадан а кеманаша шемахошка латтош болу баланаш а, цара маьршачу нахана тIехь йо къизалла а дийцаре беш. Немцойн уггаре а тIеIаткъамечех Шпигел журнало шен тIаьхьарчу лоьмарех яьржинчу артиклехь цхьа могIа гIулчаш ягар йира, Кремлан Шемарчу леламашна дуьхьал Европерчу могIарерчу наха яха йиш йолу.
Иштта журналан авторо кхайкхам бира юкъаралле хIора дийнахь меттигерчу Оьрсийчоьнан векалташна хьалха дуьхьалонан акцеш дIаяхьаре. Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир воьд-воьдучу меттигашкахь цуьнан новкъа а буьйлуш, маьхьарш деттаре, артиклехь ма-яздара, „Алеппорчу нанойн маьхьарий Путин шен кеманчуьра охьа мел вусучохь хезаш хилийта“.
Немцойн уггаре а йоккхах тираж йолчу Билд газетано а кхайкхамаш бо шен хIора лоьмарехь Путин Владимире, Шемахь нах байъар сацаде, бохуш. Шинари дийнахь шен рогIерчу цу темина леринчу артиклехь газетано яздира, Москохана дуьхьал цунна лазаме хин йолу экономикан гIулчаш яхарой бен Путин шен леламех юкха ваккхалур вац, аьлла.
Немцойн Баьццарчу партин декъашхочо Хабек Роберта цу хьокъехь Балтикан хIурда кIехула Оьрсийчуьра газан биргIа Германи йилларан „Къилбаседа хьадам“ цIе йолу проект сацон еза алар а хьахийра артиклехь.
Цу юкъана, хетарехь, Оьрсийчоьнан эскархоша Шемахь маьршачу нахана тIехь шаьш лелон къизалла алсам яккхар Малхбузехь бехачу нохчийн кегирхойх а хьакхало, тамашийначу кепар.
Даханчу шарахь дуьйна мелла а лахделлера Европерчу пачхьалкхашкара нохчийн кегийра нах Шемарчу тIаме эхар, амма тIаьхьарчу шина-кхаа баттахь церан терахь юха а лакхдаьлла. Иштта, Австрерчу кхелашкахь дела денна аьлча санна дов хотту, Шема баха новкъа бевллачех лийцинчу вайнеха кхиазхойн а, кегирхой а.
Цу кегирхой цхьаъ ву масех де хьалха Венерчу кхело кхо шо хан тоьхна чувоьллина волу Сагамирзаев Тимур. Террорхойн цхьаьнакхетараллехь дакъалаьцна хиларна бехке вина иза ДаIиш тобан вербала белшашгIорторна а, шеца кхин а ши накъост а ваьккхина, Шема дIаваха кечамаш беш хиларна.
Маршо радиоца шен хиллачу къамелехь халла бен нохчийн мотт ца хуучу 16 шо долчу джихадхочо иштта дийцира, ша ДаIишаца бала кхача маца муха волавелла бохчух.
Сагамирзаев Тимур: „И цхьа кIант вевзира суна, Шемахь хилла цIавеана вара иза. Цуьнца динах лаьцна дукхаъ къамелаш дира ас. Динца бала кхача волавелира со. Ламаз дан а, марха кхаба а долийра ас. Суна и дерриге а хьалха ца хаьара. Цкъа хьалха цо соьга могIарера хIумнаш дуьйцуш, масала, ламаз деш муьлханиш суранаш деша деза бохучух лаьцна.
Иштта и санна дерг дуьйцур-кх. ТIаккха жим-жима ДаIишах лаьцна хIумнаш дийца долийра цо. Цо цигахь дахар муха ду дуьйцура. Цигахь хьайн дин маьрша лелон бакъо хир ю бохура цо. Хаза дуьйцура цо массо а хIума.
Ас кортош дахар сайна дика ца хета, суна иза харцахь хета, и Iожалхоша маьрша нах лелхийтар а харцахь хета аьлча, цо элира иза иштта де аьлла КъурIан чохь яздина ду, аьлла. Со цкъа хьалха ца тийшира. Цул тIаьхьа жим-жима со суо а цу хIумнех теша волавелира“.
Цу юкъана кху деношкахь Венина йистехь Iуьллучу Винер Нойщтадт гIалахь рогIера нохчийн жима стаг лаьцна, шен петарахь бомбанаш еш гучу а ваьлла.
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832