Хьалхо шен гергарчара йиттина, лачкъийна Дагестане дӀайигинчу Москварчу медицинан колледжехь доьшуш йолчу Магомадова Ӏайшатан аьтто баьлла Москва йухайаха, хӀинца маьрша йу иза, хаам бо "Марем" кризисан тобано.
Кху деношкахь Дагестанехь Магомадова Iайшате хеттарш динчул тIаьхьа гергарчийн хIусаме иза дIайигинчу талламхочо тӀедожийра, цунна телефон лело бакъо ло аьлла. Цуьнан кехаташ дIалучу дас аьлла "шена луъучохь йаха бакъо йу цуьнан", дуьйцу бакъоларйархоша. Шена кеманан билет а эцна, такси кхайкхиначу доттагIашца зIене йелира Магомедова, цул тIаьхьа Москва дIайахана иза.
"Ӏайшат йухайерзар тхуна массарна а толам бу. Ткъа иза хир дацара, нагахь санна, цуьнан доттагIаша гӀортор ца йинехьара. Майра, доьналле зудабераша гIо дира, уьш кхера ца белира, баланехь Ӏайшат ша цхьаъ ца йитира цара. Iайшатах лаьцна нахала ца даьккхинехь цунах лаьцна хуур а дацара", - чӀагӀдо "Марем" тобанехь.
Кхаарийдийнахь хаам баьржира Дагестанехь кхелан медицинан экспертиза а йина, Магомадова Ӏайшатца къамел а хилла аьлла. Цул тӀаьхьа лоьраша цунна йиттина хиларх тоьшаллаш диннашехь, доьзало дIайигира иза.
Де хьалха Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра тӀедожийра йоI-студент лачкъорца доьзначу хьолах шега рапорт дӀакхачор, "ткъа, нагахь санна бух белахь, сихха таллам вовшахтохар" а. Магомедова Дагестане дӀайигинехь а, омра деллера цу урхаллан Москварчу штабан куьйгалхочуьнга.
• Магомадова Москвахь шен дейижаршца Iаш хиллера, цуьнан да-нана Дагестанехь дисинера. Цара хаддаза Ӏуналла дар а, церан кочаэхар а бахьана долуш цаьргара дIа а йахна, Люблинехь коммуналан петарчохь йолу шен доттагIца Iен дIайаха дийзира цуьнан. Цул тӀаьхьа шен сим-карта а хийцинера цо, наггахь нене телефон тухуш хиллера, цуьнга са ца гатдайта. Амма гергарчарна дукха хан йалале иза мичахь йу а хиъна, цунна тIаьхьа а бевлла, кхерамаш тийса буьйлабелира. Iайшатан доттагӀчо дийцарехь, цуьнан девешо а, дас а йаздора цуьнга цо доьзалан сий дайъина бохуш.
• Товбецан-беттан 31-чу дийнахь Ӏуьйранна Ӏайшатан да а, деваша а оцу петаре чу иккхина: йоӀана йиттина, подъездера ара а йаьккхина, шайца дӀайигинера,
• Москох лачкъийначул тӀаьхьа, Ӏайшатан доттагӀ, цуьнан адвокатца цхьаьна Люблино кӀоштарчу чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллин полицин декъе йаьллера. Цара инспекторна гайтира йоьӀан куьйгаш тӀехь а, юьхь тӀехь а йиттина йиссина лараш дика гуш йолу видео. Цунна цара жоп делира: "ХӀорш шун ламасташ ду, хӀара цуьнан да-нана ду, йоӀ ловза йаьллера, цундела цӀа юхайерзийна. Таллам бина, йиттина лараш йелахь, хьекъал метта далон дина хIума ду. Вон доьшуш хилла хир йу иза".
• Магомадова Ӏайшат лачкъорх лаьцна дина дӀахьедар тӀеэца реза ца хилира талламчаш. Талламан комитетца зӀене йаьллачу Магомедован доттагӀчо дӀахьединера, зуламах лаьцна хаам рогӀера латкъам санна дӀаязбина бу, иза бохург ду, цунна сихонца жоп дала ца оьшу, амма 30 дийнахь жоп дала йиш ю бохург.