ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен кIант хастийна Кадыровс, КъурIан дагорна шеконашкахь волчунна йеттарна


Кадыров Адам
Кадыров Адам

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан телеграм-каналехь цуьнан кIанта Адама КъурIан дагорна шеконашкахь латточу волгоградхочунна Журавель Никитина йетташ видео арахецна. Шен кIант хастийна цо и дарна.

ВорхI секундехь йолчу видео тIехь Кадыров Адама Журавель Никитина куьйгашца, когашца йетта цуьнан коьрта тIе а, дегIа тIе а. "Чекхдаккханза диссина къамел ца деза суна", – ишта кхетийна хуьлург видеона буха политико.

"Йиттина, нийсса а йиттина", – йаздина Кадыровс, шен кIанта динчух "дозалла до" ша аьлла тIетоьхна цо.

Тутмакхна тIехь ницкъбарх лаьцна хиира марсхьокху-баттахь Журавель Никито Оьрсийчоьнан адамийн бакъонашкахула векалйинчу Москалькова Татьяне йаздинчу кехатера. Нохчийн омбудсменна Солтаев Мансурна тIедиллина цо, цигахь таллам бар, амма цуьнан жамIех лаьцна ца дийцира.

Хьалхо Журавельна йеттар нийса ду элира пачхьалкхан думан Нохчийчуьрчу депутата Делимханов Адама, нохчийн парламентан хьалханча волчу Даудов Мохьмада, хаамийн, зорбанан министро Дудаев Ахьмада.

Кадыров Рамзана шога критика йо дозанал арахьа бусулбачу динан хьокъехь харцо лелийча, амма гуттара а тидамза дуьту цо Оьрсийчохь бусулба нах хьийзор. Нохчийчохь Iедало магийна йоцу динан кеп лелочу наханна тIехьбевлла хьийза ницкъахой.

  • КъурIан дагорна шеконашкахь волу Волгоградан вахархо Журавель Никита лецира стигалкъекъа-беттан 21-хь. Талламан версица, СБУ-н тIедилларца дагийна хилла цо КъурIан, цара 10 эзар сом лур ду аьлча. Ницкъахоша дIахьедина, Журавеля мукIарло деш, дIахьедина, ша СБУ-на лерина тIеман гIишлойн суьрташ дохуш вара аьлла.
  • Талламан комитетан куьйгалхочун Бастрыктн Александран тIедилларца, гIуллакх билггал Нохчийчу дIаделира, шаьш "волайнарш ду аьлла, дуккхаъчу Нохчийчуьра бахархоша дехарш дарна" аьлла, кхетийра цо цунах. Сацамна тIетайра оьрсийн юстицин министр а, цо элира, оцу гIулчо "гIо дийр ду дуккха а кеп-кепара къаьмнаш дехачу пачхьалкхехь дин а, делах тешачийн дог-ойла а лара".
  • КъурIан дагор йемалдеш митинг хIоттийра Соьлжа-ГIалахь стигалкъекъа-беттан 27-чохь, - автозакчохь Нохчийчу схьавалийна 19 шо долу Журавель Никита тIеийцира цара. Кадыров Рамзанан суьрташ дара церан карахь, "Деза йозанаш ма хьеде!", "Ислам – дикаллин дин ду", "Вен веза" бохуш, тIейаздина плакаташ а.
  • Нохчийчоьнан урхалхочун кхоалгIа кIант – 15 шо долу Кадыров Адам – масийттазза нисвелла федералан масштабера скандалашна йукъахь: тIаьххьара Iедалхоша дIахьедира, КъорIан дагийна аьлла, Соьлжа-ГIала валийначу Журавель Никитина цо йеттарх. Ринга тIехь ницкъбора жимчохь Кадыровн кIанта, ткъа Украинехь тIом болийчхьана кест-кеста нахана йукъаволу иза герзаца, цо дакъалоцу тIамна йечу пропагандехь а. Кавказ.Реалиин сайто дуьйцу, махкахь цуьнан васт муха хьалхатоьтту.
  • ТIаьххьарчу шина кIирнахь зорбанаша, телеграм-каналаша дуьйцура, Кадыровн могушалла цIеххьана телхина, тIаккха иза ша Москварчу Централан клиническан дарбан цIийнахь ву бохуш. ХIетахь дуьйна Нохчийчоьнан куьйгалхочун телеграм-каналехь кхо видео гучуйелира цо дакъа лоцуш (Соьлжа-ГIалахь волавалар гойтуш, дарбан цIийнахь гергарчу стагана тIехIуттуш, чолхечу хьолан министраца цхьаьнакхеташ). Йерриг видеошка хеттарш кхоллало, уьш йаьхначу терахьан, меттиган хьокъехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG