ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен лаамца йа Кремлан омраца? Шемара керла Ӏедалца йукъаметтиг тойан хьийза Кадыров


Кадыров Рамзан, архиван сурт
Кадыров Рамзан, архиван сурт

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан гIура-беттан йуьххьехь Шемахь президент Асад Башар вохийначул тӀаьхьа керлачу куьйгаллица йукъаметтиг "тойа" хьийзаш ву. Кадыровс дош делира Шемана йалта латтор ду, эшахь нохчийн ницкъаллин структурийн белхахой хьовсор бу аьлла. Кавказ.Реалиин эксперташна хетарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочун аьтто хила тарло Кремлан лаам кхочуш бан, амма Шемахь шен интересаш а йу цуьнан.

ГIура-беттан 15-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана оьрсийн а, Ӏаьрбийн а, ингалсан а меттанашкахь официалан дӀахьедар дира, ша Шеман халкъана гӀортор йийра йу аьлла. Нагахь санна, Оьрсийчуьра йалта кхачор дIахадахь, иза латто ша кийча ву бохуш. Масех де хьалха Reuters агенталло хаам бира, кеманашца йалта дӀакхачор сацийна, Оьрсийчоьнан хIордан шиъ кема Шема дIакхаьчна дац аьлла, амма Кадыровс харцбира и хаам.

Цо дийцарехь, информаци харц йу, йохк-эцаран компанийн йалта дӀасалелочу хIордан кеманаш дӀалацарх, иза пачхьалкхашна йукъахь йинчу контракташца цхьа а зIе йолуш йац. Йалт дIакхачор сацадахь а, Шемана оьшучу барамехь "йалта латто кийча ву" Нохчийчоьнан куьйгалхо, шен Кадыров Ахматан цӀарахчу йукъараллин фондан гӀоьнца.

Оцу фондах Нохчийчоьнан куьйгалхочун "альтернативан хазна" аьлла цIе тиллина, цу чуьра ахча Кадыровн доьзалан хьашташна хьажийна хилла ца Ӏаш, Оьрсийчоьно Украинехь бечу тIаме а хьаждо. ГIура-бутт йуккъе баьлча хаам бора, цу фондо тӀамна 36 миллиард гергга ахча хьажийна аьлла – официалехь и тайпа ахча дац цу организацин. Фондан йерриг а активаш, хаамашца, стохка 5,3 миллиард сом бен дацара.

Кавказ.Реалии агенталло къамел динчу эксперташа билгалдоккху, цу фонде республикерчу пачхьалкхан секторан белхахошкара а, Москвара “къайлаха лела” ахча кхоча аьлла.

Волгоградехь фермер хилла, хӀинца Францехь эмигрант волчу Прошаков Андрейс редакторшка дийцира, карарчу хенахь Оьрсийчохь хьалхара шерашкара дисина йалта хиларх лаьцна. Цул совнаха, чоьхьарчу рынкехь йалта лелор лахдалар а, дуьненайукъарчу рынкехь иза дохка хала хилар а – оцу дерригено а Шема Оьрсийчоьнна чIогIа мехала йалта оьцу пачхьалкх йо.

"Кадыровс дуьйцург бакъ ду. Нохчийчохь, дуккха а йалта лелош аренаш йацахь а, амма уггаре а мехалла а, лакхара дикалла йолу а бепиг ду. Кадыровс шен Ӏуналлехь латтош йу дуккха а Оьрсийчохь йалта эцаран офисаш, хӀордан порташкахь логистика а. Цул совнаха цара [нохчийн Ӏедало] Ӏуналла деш йу дукхахйолу дӀалаьцна Украинин территореш. Кадыровн хала хир дац "керла" Шемаца йукъеметтиг каро, кхечу пачхьалкхара йукъе лела нехан гIоьнца", - аьлла хета Прошаковна.

Цо бахарехь, Кадыровн карор ву Шема дIахьучу йалтах ахча луш стаг.

"Хьалха йалтах ахча дIалуш Асад вар аьлла моьтта хьуна, йа Оьрсийчоьнан ясакх луш болу бахархой? -хаттар до Прошаковс. Нохчийн куьйгалхочун дIахьедаре хьажча, хаъа мегра ду, цо цхьанца барт бина хилар."

РБК агенталло бинчу хаамца, Оьрсийчоьнан йалта оьцучарна йукъахь 24-чу меттехь йу Шема. Юьртабахаман рынок толлучу институтан куьйгалхочо Рылько Дмитрийс дийцарехь, 2024-чу шарахь Шема кхачийна мел лахара а 300 эзар тонн йалта.

Къилбаседа Кавказан аналисто Гарольд Чемберса Шема йалта дIакхачо ша кийча хиларх лаьцна Кадыров Рамзана дина дӀахьедар "интригующи" ду аьлла.

"Нохчийчохь дIадохка йалта дац, цундела, хетарехь [политико] дуьйцуш дерг лачкъийна Украинин йалта хира ду. И бохург ду, Кадыров йалта лачкъорехь а, дӀасалелорехь а дакъалоцуш хилар. Иза иштта дацахь, цо муха кхочуш дийра дара и тайпа дош", - боху Чемберсас.

"Керла" Шема а, Нохчийчоь а

Дагадоуьйтур вай, Шеман керла куьйгалла, бакъдерг аьлча, Оьрсийчохь а, Туркойчохь а, Америкехь а террорхойн санна лоруш йолу "Хаят Тахрир аш-Шам" (ХТШ) йу. Шемахь официалан Iедална дуьхьал лаьтташ хилла уггаре а йоккха тӀеман тоба йу. Оппозицин доккха тӀелатар дӀадоладелира 2024-чу шеран лахьан-бутт чекхболуш, ткъа гIура-беттан 8-чохь коьрта шахьар Дамаск церан кера а йахана, Асад Башар Оьрсийчу ведира.

Йалта кхачо аьтто хилар дӀакхайкхийначу шолгӀачу дийнахь Кадыров Рамзана кхин цхьаъ дӀахьедар дира – Шеман керлачу Ӏедалца цхьаьна болхбан ша кийча хилар.

"Тахана вайна гуш ду, Шемахь Ӏедал оппозицийн ницкъашна кера дахна хилар. Коллективан Малхбузе Оьрсийчоьнна а, Шеман керлачу Ӏедална а йукъахь хьал талхо гӀерташ йу, амма оха могуьйтур йац и тайпа сценари", - аьлла, хаам бира Кадыров Рамзанан телеграм-каналехь.

"Позитивни процессаш йолайархьама" - аьлла, кховдийра цо "ХӀаят Тахрир аш-Шам" а, цуьнан векалш а Оьрсийчоьнан террорхойн вовшахтохараллашна йукъара дӀабахаран процедура йолор. Цул сов, Кадыровс кховдийра шина пачхьалкхан контактийн тоба кхоллар. Ткъа "кхерамазалла латторхьама", цо оьшуш лору Оьрсийчоьнан спецназ университетера нохчийн эскархой а, инструкторш а Шема бахийтар – Нохчийчоьнан куьйгалхочо дийцарехь, иза оьшуш ду "зеделларг а, хаарш а Шеман полисхошна Ӏамо".

Кадыров Рамзанан коьрта ши Iалашо йу ХТШ террорхойн организацин тептарера дӀайаккха лаарна, билгалдоккху аналисто Гарольд Чемберса.

"Цкъа делахь, Кадыров шен роль чӀагӀъйан гӀерта [президент Владимиран] Путинан Гергарчу Малхбалехь а, бусулба дуьненахь а коьрта векал санна. Нагахь санна ХТШ цу тептарера дӀайаккхахь, Кадыровн аьтто хир бу иза шен хакъ долуш санна кеп хIотто, цунах пайда эца а хӀинцалерачу аль-Джулани Ӏедалеца (Абу Мухьаммад аль-Джулани "ХӀайат ТахӀрир аш-Шам" тобанан куьйгалхо — Билгалдаккхар). Иштта оцу хIумано тоьшалла дийр ду, Путинна иза (Кадыров) мехалла хилар", - аьлла хета экспертна.

Абу Мухьаммад аль-Джулани
Абу Мухьаммад аль-Джулани

Политологана Айсин Русланна хетарехь, Шеман керлачу Ӏедалца хила тарлучу цхьаьнаболхбарх лаьцна Кадыровс дина дӀахьедарш, цуьнан шен лаам бац, иза Кремлера тӀедиллар ду.

"Арахьарчу политикехь бо сацамаш, къаьсттина цу тайпа сацамаш, Кремло тӀеоьцу, аьлча а - Путин Владимира. Цундела Кадыровна кхузахь аьтто бу, цу темина тIехь пайда эца. Кремлан хетарг хIун ду, Кадыров Рамзан бусулба хиларе терра, Шеман керлачу Ӏедалца йукъаметтигаш дӀанисъйан аьтто хир бу“, - боху Айсина.

Иштта, цо дагадоуьйту, Шемахь кавказхойн, къаьстина нохчийн тобанаш хилар. Шеман керлачу Iедална Оьрсийчоьнца йолчу йукъаметтигашкахь хьехам бан йиш хакъ долуш. Амма, Кремль йукъара меттиг лаха гӀерта: "Москван хьолан вуно чӀогӀа зе хилира, цхьана кӀиранах Ӏедал а доьхна, Оьрсийчоь сихха Шемара дӀайаха дезна", - аьлла, дерзийра шен къамел политолого.

Шемахь 2015-чу шарахь дуьйна Оьрсийчоь дакъалоцуш йара террорхойн а, Асад Башарна оппозицехь йолу тобанашна дуьхьал бинчу тIамехь. Оппозицийн агӀор тӀом беш бара Къилбаседа Кавказера бахархой, царех дуккхахберш -Нохчийчуьра бара.

2016-гӀа шо чекхдолуш хиира, тӀеман министраллан лерринчу ницкъийн ши батальон – "Восток" а, "Запад" а – Шемарчу Оьрсийчоьнан "Хмеймим" кеман база ларъйан хьажийна хилар. Цу кепара, Ӏедало тӀечӀагӀйира хьалхо Кавказ.Реалии сайтана йевзина информаци: къаьсттина, редакцино сайтан агIоне хIоттийра Ханкаларчу Оьрсийчоьнан тӀеман базера ницкъаллин структурийн белхахой дӀахьажор гойтуш йолу видео.

Хетарехь, Нохчийчуьрчу бахархоша хьалха а Шемахь тӀом бина хилла - 2015-чу шарахь цхьа видео йаржийра, ша шен орамашца Нохчийчура ФСБ-н белхахо ву бохуш волу стаг вуьйш. И видео Шемахь йаьккхина йара. ТӀаьхьо, Кадыровс тӀечӀагӀдира оцу видеох хилла стаг -нохчи хилар.

Аналитико Гарольд Чемберса дийцарехь, Кадыров сатуьйсуш хила мега, ал-Джулани Ӏедалца дика йукъаметтигаш хиларо Шема маьршайаккха гӀо дина нохчийн гӀаттамхой Джуланин дуьхьал берзор, цу бахьанца Кадыровна царна тIехь вала бакъо лур йу аьлла.

"Кадыровн нах, Шемахь хиларо а аьтто бийр бу цуьнна Шемахь нохчийн тӀемалой хьийзо, къаьсттина хьалха Нохчийчоь маьрша йаккха къийсам латтийначарна. "Латта тӀехь эскарш" бен дац цу тайпачу операцехь кхиам хиларан гарант. И нохчийн тIемалой хӀаллакбан, Кадыровн Ӏедална хьалха лаьтташ долу коьрта декхар ду, хӀунда аьлча, кхечу метте Оьрсийчоьнца тӀом бан дӀабаха тарло уьш“, - аьлла хета Чемберсан.

Асад Башарна дуьхьал хиллачу чоьхьарчу бахархойн тӀамехь дакъалаьцна Къилбаседа Кавказерчу республикашкара дуккха а бахархоша, царна йукъахь вевзаш волу нохчийн буьйранча Шишани Муслим: цуьнан тIамехь дакъалацарехь - Кавказ.Реалии сайтан материалехь.

2024-чу шеран гIура-беттан 19-чу дийнахь дуьххалдIа эфирехь Путин Владимира дӀахьедира, Оьрсийчоьно "Шемахь Ӏалашонаш кхочуш йина, цигахь террорхойн пачхьалкх кхолла новкъарло а йина." Цул совнах, цо дӀахьедира, Шеман керла Ӏедал Оьрсийчоьнан тӀеман базаш цигахь йисарна лаам болуш ду. Вай йуьйцург йу Хмеймимехь а Тартусехь а йолу база.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG