ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Шен мехала дIагайтар коьрта ду Кадыровна". ХIунда веанера Нохчийчу Гвинея-Бисаун президент


Гвинея-Бисаун президент Эмбало Умару Сиссоку а, Кадыров Рамзан а. Нохчийчоьнан куьйгалхочун официалан телеграм-каналера видеон скриншот
Гвинея-Бисаун президент Эмбало Умару Сиссоку а, Кадыров Рамзан а. Нохчийчоьнан куьйгалхочун официалан телеграм-каналера видеон скриншот

Сийлахь Даймехкан тIом бирзина 79 шо кхачарна лерина хIоттийначу параде веана африкахойн Гвинея-Бисау пачхьалкхан президент Эмбало Умару Сисоку, барам бирзинчул тIаьхьа Москвара Нохчийчу вахара. ТIаьххьарчу дуккхаъчу шерашкхаь арахьара пачхьалкхан дуьххьарлера куьйгалхо ву иза республике веана.

Гвинейн делегацин векалш хьошалгIахь болчу заманчохь мехкан урхалхочун 16 шо долчу кIанте Кадыров Адаме дехар дира шайн эскархошна герз тоха Iамадахьара аьлла. Ткъа цхьахйолчу африкахойн проспектана Кадыров Ахьмадан цIе тилла лерина бу, Оьрсийчоьнехьа хилла, вийначу Нохчийчоьнан президентан.

Мехкан куьйгалхо волчунна стенна оьшуш хилла Гвинея-Бисаун президент Нохчийчу вар, къастийра Кавказ.Реалиин редакцино.

26 миллион долларех къарлур воцу партнер"

Эмбало кхечира Нохчийчу Кремлехь ша тIеэцна шолгIачу дийнахь, Путин Владимир "доттагI" ву бохура цо цигахь. Пачхьалкхан куьйгалхоша дийцарединчух тера ду Соьлжа-ГIала вахар а: Кадыров Рамзана дIахьедира, меттигерчу Iедалхоша бинчу белхан лаккхара мах хадорах Орсийчоьнан президентан кост схьатуьйхира африкахойн лидеро.

Республике йеана делегаци цкъа хьалха Кадыров Ахьмадан цIарахчу "Сийлаллин аллей" мемориале йигира, цул тIаьхьа "Оьрсийчоьнан спецназан университет" олучу базе – кхузахь хьешаша дехар дира 16 шо долчу Кадыров Адаме, шайна а, шайн эскархошна а герз тухуш хьехахьара аьлла. Ишта кхиазхо кхайкхира йукъахь Iамораш дIадахьа Гвинея-Бисау.

Ала дашна, президентан Эмбалон сайтехь йина публикаци йац Москва а, Соьлжа-ГIала а вахарх лаьцна. Ца хаийтира цунах социалан машанашкара цуьнан официалан аккаунташкахь а, цундела хьеший бахкарх Нохчийчоьнан урхалхочун посташкахь бен дуьйцуш дац.

Оьрсийчохь хилла ву Эмбало Умару Сисоку – 2022-чу шеран гIадужу-баттахь. Хаамийн гIирсаша хIетахь билгалдаьккхира, Гвинея-Бисаун президентан дуьххьара Москва вар ду и аьлла. Цигара дIа Киеве вахара африкахойн пачхьалкхан президент, цигахь Украинан куьйгалхочуьнца Зеленский Владимирца цхьанакхийтира иза, Кремлера "сигналаш" дIакхачийра цаьрга а.

РогIера Путинца цхьанакхетар хилира Эмбалон 2023-чу шеран аьхка Санкт-Петербургехь хIоттийначу "Россия-Африка" саммитехь.

Халкъашна йуккъера уьйрийн майданахь ша дош лелаш ловзархо волуш санна дIагайта хьийза Кадыров

Африкахойн лидеро дуьххьара ша веанчу хенахь дIахьедира, шен пачхьалкх – "Оьрсийчоьнан къарлурйоцу партнер йу" аьлла. Цул а ши кIира хьалха Цхьанакхеттачу къаьмнийн организацийн (ООН) 143 пачххьалкхашца-декъашхошца Гвинея-Бисаус Украинан дозанийн цхьаалла къобалйира, оккупаци йина цуьнан кIошташ Оьрсийчоьнан лара дуьхьал а хуьлуш.

Делахь а Гвинея-Бисаун политика халкъашна йукъарчу хеттаршкахь хийцайала тарло: кху зазадокху-баттахь жигара гергарло лелочу йуккъехула Кремло пачхьалкхана дитира декхаран доккхаха долу дакъа – 26,1 миллион долларш, ткъа диссина дакъа 940 эзар дара – цуьнан хьелаш хийцира.

Экономикан гайтамашкахула дуьненахь а тIаьххьара меттигаш дIалоцуш, тIаьххьарчу шерашкахь дуьненайуккъера наркотрафик лелочеран куп хилла дIахIоьттинчу цу пачхьалкхана оцу кепара гIо латтор чIогIа мехала ду. Кремльна гергарчу зорбанийн гIирсаша олура Гвинея-Бисау "дуьненахь хьалхара наркопачхьалкх" йу, полицино а, армино а кокаинан контрабандехь дакъалацарна.

Кхин дIоггара башха харжам ца хиллачух тера ду Нохчийчоьнан урхалхочун а: хIинццалц схьа пачхьалкхийн лидерех республике веанарг Палестинан къоман автонмин лидер Махьмуд Iаббас (2008 шо) а, Урдунера паччахь Iабдалла II-гIа (204) а вара.

Оьрсийчоьнан регионийн кхечу куьйгалхошка хьаьжча, Кадыров Рамзан къаьстина политикан статусехь ву, федералан Iаткъам болуш а. Цундела Гвинея-Бисаун президент вар, дукхахболу бахархоша бусалба дин лелон Нохчийчоь къастийнера, аьлла хета Прагера Карловн университетан политологин профессорна Аслан Эмильна.

"Халкъашна йукъарчу уьйрийн майданахь ша цхьа дош лела ловзархо волуш санна дIагайта хьийза Кадыров, уггар а хьалха исламан пачхьалкхашна гергахь. Харжам бойла ца хуьлу Кадыровн, цундела пиарана аьлла пайдаийцира Гвинея-Бисаун президентах, хIуммаъ йоккха, экономика лакхара йолу пачхьалкх ца къастийра", - кхетийра къамелдечо.

Кремлан политикан гIирс

ТIаьххьарчу заманчохь Оьрсийчоьно жигара йаьккхина шен Малхбузен Африкера политика, къаьстина тIеман агIор, бохура Глазгора (Шотландия) Стратклайдан дуьненан йукъаметтигийн университетера историн лекторо Телепнева Натальяс. Цуьнан дешнашца, оцу процессан бухахь – континента тIера позицеш къуьйсуш тIом бу, иштта дуккхаъ африкахойн пачхьалкхийн Iедалхойн шайна малхбалера партнераша тIебохку билламаш кхочушбан цалаар, йа гIо деш дуьненайукъара организацеша тIедохку декхарш.

Гвинея-Бисау – уггар а къоьллехь йеха пачхьалкх йу, Москваца йеххачу заманчохь йукъаметтигаш йара цуьнан, 1960-чу шерашкахь антиколониалан болам бахьана долуш массара а йуьйцуш йара и. 1974-чу шарахь, Португалих дIакъаьстинчул тIаьхьа, Советан пачхьалкхаца тIеман йукъарлонаш лелор чIагIделира, дуккхаболу эскархой Советан пачхьалкхехь Iаморашкахула чекхбуьйлура, билгалдоккху Телепневас. ХIара аспект чIогIа коьрта йу, хIунда аьлча, цо кхоьллина йу Гвинея-Бисаун Орсийчоьнна муьтIахь хилар.

Эмбало Умару Сисоку Нохчийчу варах кхетадо дин цхьаъ хиларца: "Со цец ца йолу, ах бахархой аьлча санна исламан дин лелош болу Гвинея-Бисау Кадыровн интересе хиларна. "ЭгIаза ницкъах" сана оцу аспектах пайдаэца тарло цо. Оцу тайпа йукъарло пайден хила тарло меттигерчу эскархошна, пачхьалкхехь кест-кеста карчамаш хиларна Iаткъаме тоба хиларна а.

Ша Путинна пайден хилар тIечIагIдар ду Кадыровна цуьнан вар

Эмбало Нохчийчу вахар тамашен дара, амма политикехь аьлча, иза чIогIа пайден ду Кадыровна, Кремло тIаьххьарчу шерашкахь Гвинея-Бисаун терго йеш хилар лерича, дIахьедира редакцица хиллачу шен къамелехь кхайкхина валийначу Вашингтон Джорджан университетан Iилманан белхахочо Ильясов Мурата.

"Африка Оьрсийчохь хиларан тоьшалла до делегаци цига йаро а, Кадыров Рамзан процессах кхета гIертаро а. Дуьйцург ду "спецназан университетан" базехь африкахойн эскархойн Iамораш долон кечамбар. Йохка-эцар лелон керла меттигаш, экономикан партнераш а лехар гIертар хила тарло хIара. Санкцеш бахьана долуш партнерийн могIарш лахделла. Йа хила тарло Кадыров шен активаш арайаха меттиг лоьхуш", - элира къамелдечо.

Хьалхо Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу аналитикаша билгалдаьккхира: Кадыровн коьрта активаш латточу Iарбойн пачхьалкхашца Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа принципиале позици лелайахь, акиваш дIакъовла тарло. Цундела шен ахча кIелхьарадаккха керла майданаш лоьхуш хила тарло иза.

"Стенна оьшура африкахойн президент Нохчийчу вар Кадыровна? И дуста тарло, стенна йелира Брежнев Леонидана иттаннаш сов орденаш бохучуьнца, йа туркменхойн лидерша шаьш дийна боллушехь шайна хIолламаш хIунда хIиттадо: культура а, кхиаран тIегIа а лахара хилар ду и, шаьш гIарадаха Iалашонца лелош. Кадыровс дозалла до, ООН-н декъашхо-пачхьалкхан президенто шеца цхьана тIегIане а ваьккхина шеца къамелдеш", - аьлла хета "Либеральная миссия" фондан кхеташонан декъашхочунна Жаворонков Сергейна.

Дахначу шерашкахь Кадыров Рамзана а, цуьнан гоно а тоьшалла дина президентана Путинна шаьш мехала хилар, республикера тIамехь толам боккхуш шаьш гIодарна тIеъула. ТIаьхьа, кхачам боцу ахча хиларна, регионан куьйгалхочо формалехь йоцу йукъаметтигаш туьйсура Iарбойн мехкашкара элашца а, шайхашца а, Гергарчу Малбалена а, Москвана а йукъара тIай хилла, боху Еврпехь куп тоьхначу "Цхьааллин ницкъ" боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата.

"ХIинца Кадыровна коьрта ду ша пайден хиларан тоьшалла дар, иштта африкахойн пачхьалкхашца йукъаметтигаш дIатийсарца а. Украинера тIом бахьана долуш санкцеш тоьхначу хьелашкахь царах дегайовхо йолуш йу Оьрсийчоь. Африкахойн континентехь ЧВК "Вагнеран" структураш ах хийца аьлла, тIедиллина хила а тарло Кремло Нохчийчоьнан урхалхочунна, Гуьмсера "спецназан университетах" церан эскархой кечбен центр а йеш. Мухха делахь а, Кадыровна и делегаци йар – таро йу ша Путинна пайден хилар дIагайта", - дерзийра къамелдечо.

  • Африкера таро йоцчу доьзалашна гIо латтор ду Нохчийчоьнан Iедалхоша, дIахьедира 2023-чу шарахь Санкт-Петербургехь йоьдучу форумехь мехкан урхалхочун йоIа Кадырова Хадижата (Карина). ХIетхь дуьйцург дара Гвинейра берашна гIо латтор. И хьал сийсаза ду элира аналитикаша: Iаьржа хIордехула украинхойн йалта Африке кхачон 2022—чу шеран аьхка бина барт Орсийчоьно бохорна.
  • Нохчийчохь хиллачу президентан Кадыров Ахьмадан цIарах бу 300 сов республикера урам, Соьлжа-гIаларчу коьртачу майданна цуьнан цIе тиллина, Нохчийн университетна, паркашна, школашна, гимназешна, аэропортана, берийн бошмашна, "Нохчийчоьнан Дог" маьждигна, Росгвардин полкана. ТIаьххьарчун лармешчохь адамаш дайъарах йаздира "Новая газета" гIирсо. Воккхахволчу Кадыровн сийдеш, "Ахмат-йурт" аьлла, хийцина ЦIоьнтаран цIе а. Цул совнах, республикехь йолчу футболан тобанна а, латархойн клубана а техкина цуьнан цIераш. Йу республикехь Кадыров Ахьмадан цIарах фонд а. Уьш 2020-чу шеран гIуран-баттахь дуьйна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министраллинсанкцийн тептарехь йу. Кадыровн суьрташ а ду Соьлжа-гIалин урамашкахь дIадиттина.
  • Оханан-бутт бовш Нохчийчоьнан куьйгалхочун 16 шо долчу Кадыров Адамна керла дарж делира – Гуьмсера Оьрсийчоьнан спецназан университетан куратор хилира иза. Цигахь кечбеш бу Украинана дуьхьал тIаме хьийсон лаамхой олурш. Кхиазхочо Iуналла латтош ду шина батальонанн тIехь. Цо куьйгалла до Кадыров Рамзанан кхерамзаллин сервисан.
  • Кест-кеста цуьнан дозана тIехь Росгвардин а, ОМОН-н а эскархоша Iамораш дIахьош доллушехь, "Оьрсийчоьнан спецназан университет" цхьана а ницкъаллин урхалин куьйгакIел йац. Кехаташ тIехь билгалдаккхарца, коммерцица йоьзна йоцу автономин профессионалан дешаран организаци йу иза – "РУС" спортан-кхийсархойн клуб. Нохчийчуьра дешаран министраллин лицензи йу оцу клубан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG