Мехкан муфтийна Межиев Салахьна а, вице-премьеран даржера шен невцана Мацуев Висханна а, цхьа могIа нохчийн даржхошна а Нохчийчоьнан "турпалхой" аьлла цIераш йелла Кадыров Рамзана.
СовгIаташ декъна цо республикерчу шуьйрачу кхеташонехь, цунах лаьцна шен телеграм-каналехь дIа а хьедеш. Стенна йелла царна "турпалхойн" цIераш, билгалдаьккхина дац, амма Кадыровс йаздо, совгIаташ динчарна баркалла элира ша "СВО-н Iалашонаш кхочушйарехь доккха дакъалацарна ("СВО" леррина тIеман операци – Украинерчу тIамах иштта олу Оьрсийчоьнан Iедалхоша. – Редакцин билгалдаккхар).
Иштта совгIаташ декъна Кадыровн гIоьнчана Хататаев Ахьмадна а, Пенсхойн фондан куьйгалхчоунна Ахмадов Мохьмад-Эмина а, Устрада-ГIалин мэрана Масаев Илесна а, къинхьегаман а, социалан кхиоран а министрана Баширов Iусманна а, республикера Iилманан Академин президентана Умаров Джамбулатана а.
Хьалхо Кавказ.Реалиин сайтана йеллачу комментарихь эксперташа билгалдаьккхира, Нохчийчуьра имамаша, йерриг Оьрсийчохь а санна, бакъбо Iедалхоша тIеоьцу сацамаш, ишта Украинера тIом а, адамийн бакъонаш шога хьешар а могIарерчу бусалбанашна хьалха.
Масала, Межиев Салахьа масийттаза шен хьехамашкахь олура Украинера тIом- гIазотан тIом бу, цигахь кхелхинарш "декъал хир бу", АллахIан некъа тIехь хиларна, дIахьедира цо тIом болийначу йуьххьехь а. Нохчийн ницкъахоша лачкъийна, тIаьхьо, хетарехь, вийначу 1АДАТ телеграм-каналан хилла администраторна Тепсуркаев Салманна тIехь лелийна сийсазалла а бакъ йира цо.
- Нохчийчоьнан урхалхочун йоккхайолчу йоьIан Кадырова Iайшатан хIусамда ву Мацуев Висхан. ГIадужу-баттахь мехкан лаккхара совгIат дира цунна – Кадыровн цIарах орден. Кху шеран товбеца-баттахь республикин вице-премьер а, йуьртбахаман министр а хIоттийра Мацуев, цул а хьалха бахаман а, латтанийн а йукъаметтигин министр вара иза, кхин а хьалха Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин миграцин урхаллин куьйгаллехь вара. Цуьнан да Мацуев Зеламха уллора доттагI а, хадархо а вара Кадыров Рамзанан.
- Нохчийчуьура Iеламчаша кхайкхамаш бора Къилбаседа Кавказан а, Оьрсийчоьнан боллу бусалбашка тIамтIе гIо бохуш. Стохка мангал-баттахь бакъоларйаран "СК SOS" тобано дийцира, Нохчийчуьра хьаькамаш а, командираш а санна, имамаш а декхаре хиларх Украинерчу тIаме бахийта йолахой вовшатоха
- Кадыров Рамзан "сийлахь КъорIан лардийриг", "исламан турпалхо", "Мохьаммад пайхамаран суннаташ Iалашдийриг" ву бохуш Нохчийчохь шуьйра пропаганда йаржийна. Оцу йукъанна Кадыровс тергамза дуьту Оьрсийчуьра колонишкахь бусалба нехан бакъонаш эшор, Подмосковьера маьждигашкахь рейдаш йар, динан духар бахьана долу гIуьтту девнаш а.
- Кху чиллан-баттахь махкарчу 309 имамана Оьрсийчохь йина LADA Granta машенаш йийкъира Нохчийчохь. Царех ахча охьадиллина Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо, регионан урхалхочун "бохча" олу цунах. Машенийн догIанашца цхьаьна Кадыровс декъна царна хIоранна а I00 эзар соьмаш а.
- Оршотан дийнахь дийца даьккхира Нохчийчоьнан урхалхочун воккхаха волу кIант Кадыров Ахьмад республикера кегийрхойн гIуллакхийн министр хIоттийна, иштта цунна регионан лаккхара совгIат делла – Кадыровн орден аьлла.
- Кху деношкахь керла совгIаташ делира Нохчийчоьнан урхалхочун зудаберашна. Вице-премьер йолчу Iайшатана "ДНР-н" лаккхара орден йелира, дукха хан йоццуш мехкан урхалхочун а, министрийн кабинетан а администрацин куьйгалхочун хьалхара гIовс хIоттийначу Хадижатна – Кадыров Ахьмадан цIарах орден.
- Пачхьалкхан кеп-кепарчу тIегIанера даржашкахь Нохчийчохь ву КадыровгIеран 100 гергга гергара стаг – бераш, йижарий, невцарий, йишин-вешин бераш, шичой, маьхчой. Кавказ.Реалиин редакцино вовшахтуьйхира КадыровгIеран цIийнах мел волчу, республикин пачхьалкхан структурашкахь белхаш бечех дуьззина тептар.