ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Шен цIоки йукъахь, шен тобанца": кхо эзар вагнеровхочунна Нохчийчохь меттиг карийна


Алаудинов Апти а, Кузнецов Александр ("Ратибор")
Алаудинов Апти а, Кузнецов Александр ("Ратибор")

Кхо эзар вагнеровхой хилларш йукъахь болуш нохчийн "Ахмат" спецназехь керла дакъа кхуллуш ду - оцу сацамна тIетайна Оьрсийчоьнан тIеман министралла а. Цуьнан куьйгаллехь хир ву ЧВК-н хилла командир Кузнецов Александр, стохка массарна а гуш-хезаш конфликт хиллера цуьнан Нохчийчоьнан куьйгалхочун бIанакъосташца. Муьлхачу билламаш тIехь Кадыров Рамзанца барт хилла йолахойн, цунна стенна пайден ду и, къастийра Кавказ.Реалии сайто.

"Йоллу тхан кухня тхоьгахь йуьссуш йу"

Йолахой хилларш "Ахматах" схьатухуш хиларх дийца даьккхира охан-беттан 6-чохь нохчийн декъан куьйгалхочун Алаудинов Аптин а, ЧВК "Вагнеран" хиллачу штурман декъан куьйгалхочун, "Ратибор" цIарца дика вевзачу Кузнецов Александран а йукъахь бинчу видеохаамехь.

"Дийцарш дара дIахьош, уьш (вагнеровхой.-Билгалдаккхар) хьуьйсура, шайна гIоле стенгахь хир ду. Шайна гучу кепехь цара охьадийцича, со тIеман министралле велира, цара пурба делира тхуна кхо эзар стаг йукъахь а волуш къаьстина дакъа вовшахтоха", - элира Алаудиновс.

Кадыров Рамзан а, Алаудинов Апти а
Кадыров Рамзан а, Алаудинов Апти а

Кузнецов Александра кхетийра "Ахматах" дIакхета шайн сацам хиларх, нохчийн спецназ дика латторца а, "интернационалан дакъошкахь хIуттаренаш, озабезамаш лелош цахиларца" а.

Керла полк вовшахтохаран структурех цкъачунна кхеташ дац, амма Алаудиновс чIагIдо, "Ахмате" сехьабевлла йолахой "керлачу хIуманах Iитталур бац", Кузнецовн куьйгакIел хир бу уьш аьлла. Цо вербовка йийр йолуш йу "лаамхошна" а. "Ратибора" дош делла, керлачу полкехь "дерриг а ЧВК "Вагнерехь" санна хир долуш ду" аьлла.

"Йоллу кухня тхуна йуьссуш йу – хIуммаъ а хийцалуш дац. ХIинца Аптигахь йолу "Вагнерера" кхо батальонера нах гIад бахна а ца бовлу: боху, тхо тхешан цIоки йукъахь, тхайчаьрца а ду", - дIахьедина цо.

2023-чу шеран мангал-беттан 24-чохь герзашца бунт гIаттош, Къилбан тIеман гонийн штаб схьайаьккхинчул тIаьхьа ЧВК "Вагнер" йоцуш йара. Нийса ши бутт баьлча компанин куьйгалхо Пригожин Евгений а, цуьнан бIанакъост, "Вагнер" цIе лелийна Уткин Дмитрий а велира кема а духуш.

ГIадужу-баттахь набахтешкара тутмакхашна вербовка йар тIеман министралле делира, хIетахь Кадыров Рамзана дуьххьара дIахьедира, 170 йолахо "Ахмате" сехьаваларх лаьцна. Цуьнан дешнашца, вагнеровхой нохчийн декъах дIакхеттера хьалха а, амма хIинца санна алсам бацара уьш. "Ахматан" йукъарчу тобана цIе тиллира "Камертон" аьлла, цуьнан куьйгалле хIоттийра "Пресс" цIе йолу ЧВК-н хилла эскархо – лакхарчу командирех цхьанна а вербовка йар ца нисделира хIетахь.

ГIуран-беттан йуьххьехь "Камертон" Донецкан кIошта хьажийра Клещеевкана щтурм йан. ХIетахь дуьйна оцу тобанан билгалчу кхиамех хууш хIума дацара йа Кадыровгара а, йа Алаудиновгара а: Клещеевка схьайоккхуш тIемаш тахана а беш бу.

"Хьалхалерчу тобанца" Украинана дуьхьал тIам бан баха пурба ца делира вагнеровхой хиллачарна "цхьаболчу куьйгалхоша", кхетийра йолахойн командиро Кузнецов Александра.

"Цунна тIаьхьа цхьа а хIуттур вац?"

"Ахмат" керлачу нахах дIайузар билгале дуккха а нах схьакхетарна хилла ца Iа, командир Кузнецов Александр дехьаваларца а ду. "Вагнеран" хиллачу веа хьаькамах ву иза, президентаца Путин Владимирца даьккхинчу суьрта тIехь ву иза (аьрру агIор йистерниг). Важа кхоъ – велла Уткин Дмитрий ("Вагнер"), "Бродяга" цIе лолош хилла Богатов Андрей, Трошев Андрей "Седой" ву. ТIаьххьарниг Пригожин а, Уткин а веллачул тIаьхьа тIеман министраллин декъехь "лаамхойн вовшахтохараллаш гулйеш" вара.

Аьрру агӀорхьара аьтту aгӀop: Кузнецов Александр, Трошев Андрей, президент Путин Владимир, Богатов Андрей, Уткин Дмитрий. 2017-чу шарахь "ВКонтактера" WAR NEWS TODAY пабликехь дара хIара сурт
Аьрру агӀорхьара аьтту aгӀop: Кузнецов Александр, Трошев Андрей, президент Путин Владимир, Богатов Андрей, Уткин Дмитрий. 2017-чу шарахь "ВКонтактера" WAR NEWS TODAY пабликехь дара хIара сурт

Кузнецов Александр – Оьрсийчоьнан ТIеман ницкъийн майор ву, 2008-чу шарахь колони хьажийнера иза стаг лачкъорна а, къола дарна а. ЧВК-х дIакхеттера иза хенал хьалха ша араваьккхинчул тIаьхьа 2014-чу шарахь, шен талламан-штурман ротин куьйгалле хIоттийра иза. Донбассехь, Шемахь, Ливихь, Суданехь тIемашкахь дакъалаьцна ву иза. Украинана шуьйрачу тIамаца тIелатар дича Донецкан кIошта дехьаваьккхира "Ратибор".

2023-чу шеран мангал-баттахь Нохчийчуьра парламентан спикеро Даудов Мохьмада, Оьрсийчоьнан парламентан депутато Делимханов Адама а, "Ахмат" спецназан куьйгалхочо Алаудинов Аптис а массарна хьалха бехкевира Пригожин Евгений йолахошлахь эшамаш хиларна Бахмутана гергахь, тIеман гIирсан къоьлла йу бохуш, дарстийна дийцарна а. Кузнецовс Iоттар йира нохчийн дакъош тIамана гунахь цахиларна. Делимхановна жоп луш, командиро дIахьедира, "тиктокаш йаха хан йац" шен аьлла. Цо иштта къадийра, кадыровхоша хIиттош видеош йоху, шаьш тIом бо бохуш кепаш лелош аьллачу тIеман экспертийн хаамаш.

"Гергарчу хенахь" "Ахматан" декъехь Украине гIур йолуш йу "Ратиборан" полк, дIакхайкхийна Кадыров Рамзана. ТIеман министралло кхо эзар стаг магийна велахь а, хоуьйтуш дац маса стаг хIинцале а вовшахкхетта. ЧВК "Вагнеран" гергарчу телеграм-каналашна а, тIеман корреспонденташна а хетарехь, вуьйцург ву мел лахара а 300 эскархо.

Цунах лаьцна, масала, йаздира ДНР-н Халкъан милицин ополченец хиллачо – цо чIагIдо, Кузнецовн конфликт хиллера "Лотос" цIе лелочу кхечу командирца бохуш. Бахьана дара боху- ЧВК-н куьйгаллин бакъо кар-кара йаларна реза цахилар, билгалдоккху йолахошна гергарчу Grey Zone телеграм-канало. Кузнецов дIавахначул тIаьхьа 1-чу штурман полкан доккхаха долу дакъа Африкехь диссира, цигахь кху шеран чиллан-баттахь "йолахой" эца болийра.

Вагнеровхошна хIара финансийн хаттар ду, цунна ахча кхоор дац Кадыровс

"Лотос" цIе лелон Елизаров Антон Пригожин кхелхинчул тIаьхьа, "Ратибор" а санна, йоллу ЧВК-н куьйгалле хIоттор ву аьлла хетара. "Лотоса" дош деллера Росгвардин куьйгалхочунна Золотов Викторна говзачу йолахойн тоба вовшахтухур йу ша аьлла. Цунна аьлла леррина низам тIеийцира, Росгвардина лаамхойн вовшахтохараллаш хила бакъо луш, дийцира Conflict Intelligence Team кхоьллинчу Левиев Руслана Bild гIирсана йеллачу интервьюхь.

Чиллан-беттан йуьххьехь Елизаровс хаамбира, Ростовн кIоштахь гIалгIазакхийн куп тоьхна ша, цуьнан дешнашца, цигахь гулвала везара 45 эзар эскархо. Зазадокху-бутт йуккъе баьллачу хенахь куп вовшахйаьккхира – ницкъахошца йоьзначу ВЧК-ОГПУ телеграм-канало шайн хьасташна тIетевжина йаздира, "Лотосан" куьйгаллин бухахь масех бIе стаг бен вовшахкхетта вац, ткъа могIарш дузуш сатийса дезаро "эргIад оьхуьйтура" шаьш йолахой а, Росгварди а.

"Ратибор" дехьавелира "Ахмате", сленгехь аьлча, и лоруш ду "зашквар" – "Вагнеран" йолахой цунах шаьш кхеташ ма-хиллара. Церан даим а шога агрессица къийсамаш хуьлура Пригожинан вагнеровхошца а, Кадыровн ахматовцашца а, цундела хIинца дукхахболу Z-блогерш шекбовлар хIунда дуьйцура, цара дуьххьалдIа олу: "Ратиборна" тIаьхьа цхьа а хIуттур вац", - билгалдоккхура Левиевс.

"Вовшашна пайден симбиоз"

Кадыровн бIанакъосташца Кузнецов Александран хилла конфликт лерича, "Ахмате" цуьнан дехьавалар "карма" йолуш санна хета Къилбаседа Кавказехула аналитик волчу Чембрес ХIарольдана. Цо бахарехь, "Ратибор" дехьавалар – цо шайна критика йарна Делимхановн а, Алаудиновн а бекхамбар ду. Кузнецов Оьрсийчоьнан армих дIатоха дуккха а кхин тайпа некъаш ду, ткъа хIара харжам шаьш хIун до а хууш, бина бу, кхетадо эксперто.

Кадыровна а, ЧВК "Вагнеран" эскархошна а йукъахь шина а агIонна "пайден симбиоз" йу йолахой дехьабахар аьлла хета вайнехан блогерна, Украинехьа тIемаш бечу нохчийн лаамхойн шейх Мансуран цIарахчу батальонан хиллачу спикеро Белокиев Ислама. Цунна хетарехь, "Ахматан" декъе "Вагнеран" йолахой схьаэцар Кадыров Рамзанна – уггар а хьалха, престижах доьзна хаттар ду: "уггар а тIом бан доьналла долуш, гIарчI аьлла тIемалой" лорура уьш.

Шен салтех Кадыров кхоьруш волуш санна хета

"Вагнеровхошна хIара финансийн хаттар ду, цунна ахча кхоор дац Кадыровс. Шайна хьалхара хIаллакбан а туьйсур бац уьш, "цхьа ша йухабовлахь" а, царна бекхам а бийр бац Кадыровс. Царна шайна а дика хаьа, шаьш Кадыровна стенна оьшу. Амма "къаьстина" тIедахкарш тешор дац царах", - тешна ву Белокиев.

Цунна тIе ца тов америкахойн Iедалхошца йоьзна йоцчу Jamestown Foundation организацин аналитик Гобл Пол: "Кадыров шен салтех а цхьаьна кхоьру аьлла хета суна, Оьрсийчоь шена тIехIоттийта хьийза иза, нагахь санна, уьш шена дуьхьал бовлахь а. Цо кхетор дара, цо тIеоьцучу сацамех".

Оцу кепара формат хийцар Нохчийчоьнан кьуйгалхочун цIарах хуьлуш дац, лакхара тIедожорца нисло, тергалдо Европехь болх бечу "Цхьааллин ницкъ" боламан векало Музаев Сайхана. Оцу маьIнехь Кремлан цхьаболчу сацамашна Кадыров реза ца хила тарло, амма кхочушбан декхаре ву. Делахь а, цо новкъарло ца йо цунна керла хаам шена пайдабеш тIеэца.

"Украинехь тIом болийчхьана Кадыровна хьалха дилемма лаьтта: пиар йан а лаьа цунна, шен бIанакъостий ларбан а лаьа. Харц информаци йаржор а, цуьнан доьзал тыле турне бахийтар а ду дуьссург. Кузнецов санна стаг, ЧВК-н лидерш кхелхича, "Ахмате" дехьавалар – дезинформаци йар ду. ТIелатар хир ду, уггар а хьалха царах пайдаоьцур бу, суна хетарехь, цу тIехь доьрзур а ду", - аьлла тешна ву Музаев.

Вагнеровхой хиллачарна вербовка йаро билггал ойбу "Ахматан" престиж а, терахьалла а, тIетов Чемберс. Делахь а, йолахой "дIакхалларо" уггар а боккха кхерам латтабо Кадыровн декъан чоьхьарчу маршонна. Беккъа нохчийн бен йукъахь боцуш цкъа а и хилла йоццушехь.

"Хьалхо "Ахмато" де-факто аьлча, дIакхаьллира ЛНР-н 2-гIа армин корпус, шайна хьалха туьйсуш лелийра уьш, Кадыровн бакъдолу эскарш тIемаш боьлхучу меттигашна генахь латточу заманчохь. Украине Кузнецов хьажавахь, цунах а изза хила тарло. Реза боцчу могIарерчу эскархошлахь зеделларг долу, гоьваьлла командир Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахIотторца бу кхерам. И кхерам лахбархьама, вагнеровхой къаьстина латтон безаш бу", - дуьйцу Чемберса.

Кхо эзар вагнеровхо "Ахмат" спецназе дехьаваккхуш хиларх дIахьедаро билгалдоккху, Оьрсийчоьнан тIеман министралла катоьхна кхиамца контроль латтон хьийзаш хилар йолахойх биссинчу ницкъашна тIехь, аьлла хета америкахойн тIом зуьйчу Институтана(ISW). Оьрсийчоьнан армин куьйгакIел ЧВК "Вагнер" хилийта цалаар дара Пригожина 2023-чу шеран аьхка бунт гIатторан бахьана, лору аналитикаша.

  • "Ахмат" спецназан командир Алаудинов Апти – Кадыровн Нохчийчоьнан коьрта болчех векал ву Оьрсийчоьнан федералан каналашкахь, цунна дуьхьал йаьхна йу дуьненайукъара санкцеш. Украинехь "Ахмат" дакъа бехкедо маьрша бахархой байъарна.
  • 2023-чу шеран мангал-беттан йуьххьехь Кадыров а, Пригожин а шайн бIанакъостий йукъа а ийзош, къийсамашка буьйлура, муьлха дакъа пайден ду бохучу хаттарна гонах. Масех де даьлча нохчийн "Ахмато" хьалхарчу "лаамхойн дакъошлахь" контрактана куьйгаш йаздира тIеман министраллица- ЧВК "Вагнеран" куьйгахочунна дуьхьал.
  • Украинехь шуйра тIом болийначул тIаьхьа дуьйцура Кадыровн дакъойн эскаршна а, Оьрсийчоьнан армин кхечу салташна а йукъахь девнаш латтарх. Масала, кху шеран дечкен-баттахь дийца даьккхира оккупаци йинчу Мелитополь гIаларчу постехь хиллачу конфликтах. Стохка гурахь Алаудиновн адвокат Талламан комитете велира, ЧВК "Вагнеран" хилла йолахо жоьпалле озаве, кадыровхошна а, Оьрсийчоьнан кхечу эскархошна а цукъахь къаьмнийн башхаллашна тIехула девнаш хилла баьхна волу. Цо йаздинера, "Ахматехь" болу "боллу оьрсий хьалхатуьйсу, ткъа шаьш заградотрядаш санна, тIаьхьасоьцу" аьлла.
  • Товбеца-баттахь Бахмутана гергахь йийсаре вахначу "Ахматан" эскархочо дIахьединера, дукха хьолахь нохчех боцу, Оьрсийчоьнан регионашкара бахархой хьийсабо куьйгалло тIеман хьалхарчу меттигашка. Йийсархочо бахарехь, царна ледарниг латтабо тIеман гIирс а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG