Нохчийчоьнан куьйгалхочун 26 шо долчу вешин кIантана Кадыров Хьамзатана мехкан "турпалхо" цIе йелла. СовгIат цунна дIакхачийна регионан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. ХIун динчунна седа белла – хууш дац.
"Хьамзат Зелимханович хьакъ волу бIанакъост ву вайн Къоман Лидеран!... Цуьнан букъа тIехьа кеп-кепарчу белхашкахь къахьегна зеделларг ду, массо а меттехь цо ша бакъонца, нийсонца, лаккхара говзалла йолуш урхалхо хилар дIагайтина", - кхетийна совгIат дарх Нохчийчоьнан къоман политикан а, информацин а министро Дудаев Ахьмада.
Кадыров Хьамзат – мехкан урхалхочун ницкъалин блокехула гIоьнча а, бахаман, латтанийн меттигийн министр ву. 2018-чу шарахь Кадыров Ахьмадан цIарах орден йелира цунна, кху шарахь Росгвардин "ГIо дарна" мидал а, президентан Путин Владимиран омрица II-бараман орден йелира "Даймахкана хьалха гIуллакха дарна" аьлла.
Хьалхо, лахьан-беттан 9-чохь хааме даьккхира, Нохчийчоьнан куьйгалхочун воIаршна КадыровгIеран Ахьмадна а, Элина а, Адамна а керла совгIаташ дарх - республикерчу парламентан спикеро Даудов Мохьмада орденаш йелла царна "Даймехкан Сий" аьлла.
- Мангал-баттахь Кадыров Хьамзата шен социал-машанашкарчу агIонашкахь дIахьедарш дира, "нохчийн ламасташ цалардечарна" кхерамаш туьйсуш. Цо билгалдаьккхира, Iедалхоша гIарола дийр ду цу тайпачу агIонийн, "низамах боьхнарш" жоьпе узур бу аьлла. Дуьйцург билггал муьлха низам ду - хууш дац. Оьрсийчоьнан низамехь цу кепарчу жоьпаллин бух банне бац.
- Иттанашкахь болу республикин куьйгалхочун гергара нах Нохчийчоьнан Iедалерчу даккхийрачу даржашка дIахIиттош бу. Шен нахана карьера йеш ша гIо дар цунна хIумма доьхна ца хета. "Суо тешшарш дIахIиттабо-кх аса", – бехира Кадыровс.
- Iедалерчу даржашка хIиттийна цуьнан бераш, йижарий, невцарий, вешин, йижарийн бераш, шичой, маьхчой. Кавказ.Реалии редакцино беххачу могIанца охьабазбина Iедалан лаккхарчу даржашкахь болу Кадыровн гергарнаш.