ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Шен йахь а, са а дохкар": Чимаевн а, Кадыровн а доттагIаллина тIехьа хIун ду


Чимаев Хьамзат а, Кадыров Рамзан а. Чимаевн инстаграмера сурт
Чимаев Хьамзат а, Кадыров Рамзан а. Чимаевн инстаграмера сурт

Ийначу кепехь латарийн спортхочо Чимаев Хьамзата толам баьккхина Абу-Дабихь гIадужу-беттан 21-чохь дIайаьхьначу UFC 294 турнирехь. Кадыров Рамзана жигара доладо латархочун. Кавказ.Реалиин сайто къастийра, хIун ду цу доттагIаллина тIехьа диллина.

"Борз" цIе тиллина 29 шо долу Чимаев Хьамзат Нохчийчохь вина ву, 2014-гIа шо даллалц лата Iемаш хилла иза. Оцу хенахь цунах лаьцна интернетехь йаздинарг ду цхьа хIума – "Теркйисто дозалла до шен спортхойх" аьллачу артиклехь, цигахь Чимаев хьахийна борзан мидал йаьккхина республикин чемпионатан толамхо санна.

Спортхочун йоккха карьера йолайелира, Швеци шен ваша волчу иза дехьаваьлча. Цигахь тIаьхьало хинйолу латархо ММА-зал Allstars олучу меттиге Iаморашка эха волавелира, оцу спортан седарчий а бара цигахь Iемаш, билгалдоккху "Спорт-Экспресс" гIирсо.

Вовза волавелира Чимаев 2020-чу шеран товбеца-баттахь, хIетахь рекорд хIоттийра цо: итте дийнахь Катарехь шина латарехь туьйлира иза. Хенал а хьалха чекхдевлира цуьнан кхоалгIа латарш а. Шен карьерехь цкъа а эшна вац Чимаев.

Оцу хенахь, 2020-чу шарахь Кадыров Рамзанан спортхочуьнца доттагIалла доладелира. Катарехь толамаш баьхначул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочо Чимаев тоьллачу спортхойх дIатуьйхира, "дуьненан аренехь баккхий кхиамаш бохур бу" цо аьлла, билгалдваьккхира.

Паччахьо волий, соьца делкъе йе алахь, аса цо бохург дийр ду. Аса лорур ву паччахь

UFC-н президент Уайт Дан чIогIа дегайовхо йолуш вара Чимаевх, йаздора Forbes журнало, амма шен хьалхара кхиамаш гучу ма бовллара, спортхо дIавайра – 2021-чу шаран зазадокху-баттахь социалан машанашкахь цо дIахьедира шен карьера йерзорах, цIе ца йоккху лазар ду аьллера цуьнга. Кадыровс кхайкхамбира латархочуьнга, "воха а ма воха, куьйгаш охьа а ма дахийта" аьлла. Швецира Нохчийчу схьавалийра цо иза доларчу кеманахь "лазар талла а, реабилитаци йан а".

Диагноз нийса ца хиллера, тIаккха Чимаев йуха а тренировкаш йан волавелира. Эша ца валучу латархочун кхиамаша а, цуьнан васто а аьтто баьккхира цуьнан кхин а чIогIа гоьвала. ВорхI миллион гергга нах бу цуьнан инстаграмера агIонга йазбелла. Оцу аудиторих пайдаоьцу цо Кадыровна гIо латтош а, цуьнца цхьаьна даьхна суьрташ а, видеош а хIиттош.

Чимаевн шен чуьра дахар къайладаьхьна ду. Хууш ду, 2022-чу шарахь Кадыровс цо зуда йалош доккха той хIоттийна хилар. Украинана дуьхьал бечу тIемашкахь дуккха а кадыровхой леш хиларна республикехь дакккхий ловзарш хIиттор официалехь доцуш дихкинчу йуккъехула дIабаьхьна барам бара и. Ловзар хIоттор шена тIелаьцнера Кадыров Ахьмадан цIарахчу регионалан фондо. Социалан машанашкахь йаржийначу видеоца а догIуш, нускал далош йогIучу машенашлахь 20 автомобиль йара премиум-классан, ковра йалош догIура беракема а, ДПС-н экипаж а – оцу гIуллакхна гIаличуьра коьрта некъаш дIакъевлинера.

Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца доттагIалла лелош ву бохуш, масийттазза йемалвира латархо. "Нагахь санна, Чимаев Кадыров санна болчу нахана тIетовш велахь, цуьнан шен куьйгаш а хир ду цIийх дуьзна", - бехира, масала, UFC-н латархочо Блахович Яна Przeglad Sportowy газете.

Кадыровца шен йолчу йукъаметтигех Чимаевс ша а дуьйцура. "Швецихь паччахь ву, вуй? Паччахьо ша волчу делкъе йан вола алахь, со гIур ву. Аса лорур ву иза. Кадыров – сан президент ву, аса иза лору", - элира цо шведахойн Expressen гIирсана йеллачу интервьюхь.

Кест-кеста кхочу Нохчийчу Чимаев, цо тренировкаш йо мехкан урхалхочуьнца а, цуьнан воIаршца а. Доккхачу декъанна, 16 шо долу Кадыров Эли Iамош вара цо 2022-чу шеран гIуран-баттахь Кадыров Рамзанан контролехь йолчу Absolute Championship Akhmat АСА турнирехь лата иза кечлучу хенахь. ХIетахь кхиазхочо толам баьккхира, хьовсархойн шеконаш хилира цигахь нийсо лелийна хиларх билгалдаьккхира "Чемпионат" гIирсо.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун критик волчу жигархочунна, бакъоларйархочунна Янгулбаев Абубакарна хетарехь, Кадыров Элина меттиг кечбеш болчух тера ду профессионале латархошлахь. Цо бахарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхо шен кIантехула жимчохь шен спорте кхача кхочуш ца хилла лаамаш кхочушбан хьийза.

ТIаьххьарчу Чимаевн Абу-Дабира латарехь Кадыров Эли цуьнан секундант вара, зал чохь Нохчийчоьнан урхалхочун кхин цхьа кIант а вара – 15 шо долу Адам. Хьалхо КъорIан дагийна аьлла, лаьцна латточу Журавель Никитина йиттина волу. Цул тIаьхьа масех пачхьалкхан совгIат а дира цунна.

Санкцеш дуьхьало йац

2014-чу шарахь Нохчийчохь латархойн клуб вовшахтуьйхтира Нохчийчоьнан куьйгалхочо, бюджетера ахча а латтош. Оцу клубехь Iемаш болчу латархошна америкахойн визанаш ло хIинца а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкара турнирашка а буьту уьш, ша Кадыров Рамзан адамийн бакъонаш хьешарна а, Украинера тIамехь дакъалацарна а санкцеш тоьхна воллушехь.

2022-чу шарахь Кадыровца доттагIалла лелорна бехкбаьккхира нохчех волчу боксерера Бетербиев Артуре. Цунна дагатесира, Оьрсийчоьнан вахархо хилла ца Iаш, цуьнан Канадин паспорт а хилар, оцу пачхьалкхехь вехаш, тренировкаш йеш хилар, хIетте а Нохчийчоьанн урхалхо волчу леста аьлла. 2021-чу шеран гIуран-баттахь "Ахмат" клубан декъашхо волчу Бетербиевна машен йелира, иштта "Соьлжа-ГIалин лараме вахархо" цIе а йелира.

Дозанал арахьа турнирашкахь дакъалацархьама Канадин пачхьакхалла эцна ша аьлла, дIахьедира боксеро, амма карарчу хенахь Нохчийчохь долчу Iедална тIетуьйжучуьра ца сецира. The New York Times а, The Guardian а гIирсийн журналистана Зидан Каримна хетарехь, Канадин Iедало чIогIа кIезиг терго йо Кадыровн а, цуьнан зуламийн а, цундела Бетербиевн иштта лелар дуьту.

2022-чу шеран гезгамашин-баттахь США-н арахьарчу активашна тIехь терго латточу Урхалло Нохчийчоьнан куьйгалхо а, цуьнан доьзалхой а Iаьржачу тептаре йазбира. Американ пачхьалкхан бахархошна а, резиденташна а магош дац оцу нахаца бизнес лело.

Делахь а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцеша новкъарло ца йира UFC-н латархошна Нохчийчу бахка: хIетахь махка баьхкинера экс-чемпион Iусман Камару а, йайчу йозаллин хилла чемпион Гейджи Джастин а Сехудо Генри а. Гуьмсера "Оьрсийчоьнан спецназан Университете"экскурси бигира уьш, цигахь герз кхийсийтинера цаьрга.

Кадыров бахьана долуш Чимаев хьоле бахам бу Нохчийчохь, премиум-классан машенаш а йу, хIусамнана а, "командиран" воккхавер ду

Социалан машанашкара цхьаболчара йемалбира спортхой Нохчийчу бахарна, Нохчийчоьнан урхалхочуьнца шайн цхьанакхетар хилла а дац, шаьш Кадыровн кIентан винчу денна леринчу бараме кхайкхина дара бохуш, бехказабийла хьийзира уьш. Хетарехь, Кадыров Адаман де дара и. Оцу йукъанна Кадыров Элис суьрташ хIиттийра социалан машанехь шен ден резиденцихь Гейджица даьхна.

Журналист Зидан Карим тешна ву, латархоша оцу дезачу дийнехь дакъалацар маьхза дацара аьлла. Царна даккхий ахчанаш латтадо, уьш латтон дуккха а шераш ду, билгалдаьккхира цо: "Проблема стенца йу аьлча, цIена дац и дерриг а, вайн аьтто бац Американ финансийн министраллина хьалха ахчанашца зIе хилар тIечIагIдан".

Вашингтонехь терго йира америкахойн UFC латархой Нохчийчу бахарх. Пачхьалкхан департаментан пресс-гIуллакххоша MMA Junkie порталана йеллачу комментарихь дагадаийтира, Оьрсийчу эхар сацон деза "цхьа могIа бахьанашца, иштта Украинана тIелатарна а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн бахархошна Оьрсийчуьра кхъайлаха сервисаш тIаьхьайийларна а" аьлла.

"Аса масийттазза аьлла цунах лаьцна Американ Пачхьалкхан департаменте, цара соьга хаамбира, шайна хууш ду америкахойн UFC-н латархойн а, Кадыровн а саццаза лелочу йукъаметтигех. Цара цхьа а хIума дуьхьал даьккхина цахилар [2022-чу шарахь Нохчийчу бахначул тIаьхьа] доьзна ду, финансийн санкцеш йохийна хиларх тоьшалла дан хала хиларца, ахчана тIаьхьа терго латтон таро цахиларца", - билгалдоккху къамелдечо.

UFC-н куьйгалло а бIаьргаш хьаббо Кадыровн рожца шайн латархойн уьйраш хиларан - организацин церах бала кхочур бу, нагахь санна тIебогIучу пайдана цара Iаткъам беш хилахь, билгалдоккху Зидан Карима: "Цундела, нагахь санна США-н Iедало UFC –на дуьхьал цхьа барамаш ца лелабахь, тамаш бу-кх, чемпионато и зIенаш хедайахь"."

Карарчу хенахь санкцеш хаало Кадыровн гонерчу латархошна америкахойн виза оьцучу заманчохь: халонаш Iиттало цуьнца доьзна масех спортхочух, Чимаевс а цхьаьна, билгалдоккху журналисто.

Шо долалуш Чимаев Хьамзат Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмираташка дIавахара, ткъа UFC-но цуьнца йеххачу ханна контракт йина. Спортхочун вашас Чимаев Артура дийцарехь, Швецица доьзна кхин хIуммаъ дац "Борзан". Йа ша латархочо а йа цуьнан менеджеро а иза дIавахаран бахьанаш ца дийцинехь а, инстаграмехь Нохчийчуьра вахархочо лечкъа ца дора ша Швецира хиламашна реза ца хилар, цо критика йира, массарна а хьалха дIахIоьттина ультра аьттун политико Палудан Расмуса КъорIан дагош дуьхаьло цайан Iедалхоша бинчу сацамна.

Дукха хан йоцццуш Чимаевн тренеро интервьюхь дIахьедира, Оьрсийчоьнан паспортана тIе Эмираташкахь а шена паспорт лахь, дIасалела атта хир ду аьлла, латархо Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмираташка дIавахна аьлла.

Украинана дуьхьал болийна тIом бахьана долуш Оьрсийчоьнан бахархошна хало ду Европехула а, Къилбаседа Америкехала а дIасалела, амма Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмираташна и тема мел а экаме йу билгалдоккху, Чимаевн дIавахарх дуьйцучу Зидана.

Кадыров Рамзана шена йеллачу машенна хьалха лаьтта Чимаев Хьамзат
Кадыров Рамзана шена йеллачу машенна хьалха лаьтта Чимаев Хьамзат

Абу-Дабихь латарш дирзинчул тIаьхьа Кадыров Рамзана видео хIоттийра социалан машанехь, цу тIехь Чимаев Хьамзат доларчу кеманахь Нохчийчу дIавуьгу цо, цигахь спортхо тIелоцу турпалхо санна. ТIаьхьо Нохчийчоьнан куьйгалхочо керла "Мерседес" йелира латархочунна совгIатна – кхоалгIа йу иза.

Шинна а пайден бартбар

ТIаьххьарчу шерашкахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо пайдаоьцура UFC-н латархойн шена а, политикан агIор а са йеш, билгалдоккху Зидан Карима.

"Лаьтта тIера уггар а ницкъечу цхьахволчу спортхочуьнца къамел деш, Кадыровс ницкъ дIагойтийла ду цуьнца цхьаьна ша стогаллехь, комаьрша, дог дика лидер волуш санна. Ша тIеман хьаькам, нах бойург вац, вовшахлетачеран дола деш ву алийта", - боху журналисто.

Чимаев Хьамзатана коьрта пайда хилар го цунна, шен авторитетца мах охьабилла безаш велахь а, хьал-бахам болуш хилар.

"Нохчийчохь беза бахам бу Чимаевн, премиум-классан машенийн парк йу, хIусамнана йу, "командиран" гIадвахар а ду. Швецихь а хила тарлора уьш цуьнан, халахетарг хIун ду, шен йахь а, са а доьхкина цо", - дерзийра къамел дечо.

Вукху агIор аьлча, диллина хаттар дуьсу, Чимаевс шен лаамехь лелош дуй-те Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца гергарло, Кадыровн рожах иза дIахадахь, цунна кхерам ма лаьтта, билгалдоккху Швецира Sveriges Radio-н корреспонденто Лефгрен Перссона.

Цхьа ММА йу йисина, ша шена реклама йан лаар а цигахь кхочушдийр ду Кадыровс

UFC-н дукхахболчу латархошна спорт – уггар а хьалха шоу йу, царна коьртаниг – "ахча даккхар, совгIаташ эцар", аьлла хета Европехь вехачу нохчийн йукъараллин гIуллакхдархочунна Кутаев Русланна.

"Кадыровс йеза машенаш ло, совгIаташ до. Латархоша толамаш бахарна луш луш ду и дерриг а царна, царна цигахь вон хIуммаъ а ца го, шина а агIоно шайн Iалашонаш кхочушйо. Кадыровна чIогIа лаьа гоьбевлла нах шена уллохь хилар. Амма оцу йукъанна цунна коьрта ду, и бевзаш болу нах, цхьа киртиг хилла а шел лахара хилар", - билгалдаьккхира къамел дечо.

Допингаца скандалаш хиллачул тIаьхьа Оьрсийчоьнан спорто шена дисквалификаци йина, ткъа Украинехь шуьйра тIом болийначул тIаьхьа, шайн байракхца цхьанхьа а бахана, дакъалаца йиш йолуш а бац уьш, билгалдоккху нохчийн латархо хиллачу Тахаев Руслана

"Цхьа ММА йу йиссинарг, ша шена реклама йан лаар цигахь кхочушдо Кадыровс. Оьрсийчоьнел арахьа и реклама пайден йац, амма пачхьалкхехь а, Нохчийчохь а цо цуьнца шен авторитет ойбу", - дерзийра Тахаевс.

  • Абу-Дабихь ша толам баьккхинчул тIаьхьа Чимаев Хьамзат вистхилира Кадыровга, ша "хьалхарчу могIаршкахь Палестине ваха кийча ву", "бусалба-вежаршна хьалхара вала" аьлла. ХЬАМАС тобано тIелатар динчул тIаьхьа Израилан армино ГIаззехь тохарш дича Къилбаседа Кавказера бусалбачу регионашкахь бехачарна чIоIга новкъадеара. Нохчийчохь джамаIат ламазаш до палестинхошна, ткъа Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а палестинхойн байракхаш туьйхира.
  • Цуьнца цхьаьна жуьгтийн Къилбаседа Кавказан республикашкара диаспорашкахь кхерамзаллин барамаш чIагIбина. Кавказ.Реалиин сайто дийцира, Израилан ХЬАМАС-ца тIемах муха пайдаоьцу Кадыровс.
  • 2017-чу шеран гIуран-баттахь США-н финансийн министралло "Магнитскийн тептаре" вазвира Нохчийчоьнан куьйгалхо. Кхел йоцуш нах байарна а, Iазапаш хьегийтарна а, кхин долчу адамийн бакъонаш талхорца доьзначу зуламашна а бехкевинера иза. 2020-чу шарахь США-н санкцийн тептаре йаьккхира Absolute Championship Akhmat а "Магнитскийн глобалан актан" буха тIехь. Адамийн бакъонаш хьешначу нахана тIаьхьабовлуш пайдаоьцу Вашингтоно оцу тептарх.
  • 2022-чу шеран товбеца-баттахь Американ Пачхьалкхан департаменто керла санкцеш йехира Нохчийчоьнан куьйгалхочунна дуьхьал. Иза бехкевира ницкъ барна а, кхел йоцуш нах байарна а, адамийн кхечу кепара бакъонаш хьещарна а. Санкцеш дуьхьалйаьхна иштта цуьнан хIусамнанна Кадырова Меднина а, цуьнан йоьIаршна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG