ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен зудчунна йеттарна бехкевен ГӀалгӀайчуьра вахархо таллам бечу йукъанна дӀахецна дIасавалар доьхкуш


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГӀалгӀайчуьра Плиево юьртара вахархо бехктакхаман гӀуллакх толлучу йуккъана дIасавалар доьхкуш дIахецна. Бехктакхаман гIуллакх долийна шина артиклца: могашаллина жимма зен дарна а, стаг вен кхерамаш тийсарна а. Бехкевечо, цуьнан цIен йовзитийна йац, шен хIусамнанна йеттачу хенахь мара кагбина, уьрсаца кхерамаш тийсина хилла.

Республикерчу чоьхьарчу гӀуллакхийн министралло бинчу хаамца, Плиевера вахархо лаьцна цуьнан зудчо йиттина шена аьлла хаам бинчул тӀаьхьа – мара кагбина ца Ӏаш, цуьнан лога тӀехь а, белшаш тIехь а Iаьржа таммагIаш ду, лахара балда а ду лазийна. Бехкевийриг полицин декъе дӀавигинера, цул тӀаьхьа жимма хулиганалла лелорна аьлла административан кепехь лаьцна витира 15 дийнахь-бусий ду. Билггал хулиганалла леринарг хIун ду а, мел хан йаьккхина цу стага лаьцна а, хууш дац.

Таллам бечу хенахь бехкевийриг шен хIусамненаца цхьана цӀа чохь вехаш хир ву, йа кхечу адресца хир ву, дуьйцуш дац. Леррина могушаллина зен дарх лаьцначу артиклца цунна тӀедожон тарло 360 сахьте кхаччалц белхаш бар, йа шина шаре кхаччалц набахтехь йаккха хан тоха тарло цунна. Стаг вен кхерамаш тийсарна – 480 сахьтехь белхаш барна тIера шина шарна набахтехь йаккха хан тохарна тIе кхаччалц.

  • ГӀалгӀайчоьнан берийн бакъонашкахула йолчу омбудсмено Чахкиева Заремас йуха а латкъам бина доьзалехь ницкъ биначу зудчунна. Сагопши юьртахь ши шо долчу беран куьг кагдинера ненан майрчо – шеко йолуш верг лаьцна, нана а, бер а дарбан цӀийне дIакхачийhа. Чахкиевас латкъам бина прокуратуре, доьзалехь ницкъ барна кхерам хилар бахьана долуш "хьакъйолчу хьукматашца зӀене ца йаьллачу" зудчунна таллам бар доьхуш. ГӀалгӀайчуьрчу берийн омбудсменj цу кепара латкъам дуьххьара беш бац.
  • 2024-чу шеран хьалхарчу эхашарахь Къилбаседа-Кавказан федералан кӀоштахь 10 эзар гергга зудчунна ницкъ бина цIахь – тӀаьххьарчу ялх шарахь уггаре а лакхара терахь ду иза.
  • Къилбаседа Кавказехь ницкъаллин структураша дукхачу хьолехь тергал а ца деш дуьту доьзалехь ницкъ бар, цкъацкъа гӀо до зуламхошна цара лоьхурш карон. Иза дан, масала, уьш "байна" аьлла дӀакхайкхадо, йа леррина харц бехкаш дохку къоланаш дарна. Кху шарахь гӀарадаьлла и тайпа масех гӀуллакх – Кавказ.Реалии сайто бакъонашларъярхошца цхьаьна теллира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG