КъорIан дагийна аьлла бехкевечу 19 шо долчу волгоградхочун Журавель Никитин гIуллакх пачхьалкхехь шуьйра дуьйцуш долу ах шо а ду. Иза виц ца войту дукха хьолахь Нохчийчуьра Iедалхоша, цигахь дов хатта дIахьажийна жимстаг. Делах тешачийн дог-ойла сийсазйина, дине боцчу безамца харцахьа лелла аьлла бехке хетачунна ницкъбина. Талламан изолятор чохь йиттина цунна Кадыров Рамзанан кIанта, ткъа ша регионан куьйгалхочо камера хьалха аьшнашвора иза. Нохчийчоьнел арахьа оцу процессах лаьцна хIун аьлла хета, терго йо, йа ца йо къастийра Кавказ.Реалиин сайто.
Кху шеран стигалкъекъа-баттахь Волгоградехь лецира Журавель, хIетахь ницкъахоша дIахьедира, "СБУ-н тIедилларца" дагийна цо КъорIан маьждигна хьалха, видео тIе дIа а йаздеш аьлла. И дийриг 10 эзар сом лур ду аьлла хилла цунна. Оцу гIуллакхехь лаьцначо бехк тIелоцуш даредар доцург - кхин тоьшаллаш дац.
Дукха ца Iаш гIуллакх Нохчийчу дIаделира – Талламан комитето оцу гIулчах кхетийра "Нохчийчуьра бахархошкара шаьш волайнхой хилар тIелаца бохуш дина дуккха а дехарш". Дехарш билггал хиларх а тоьшаллаш дац, ницкъахоша иштта ца дийцина маса дехар шайга кхаьчна а. ТIаьхьо, таллам берзале хьалха, Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дIахьедира, "бусалба нах дукха бехачу регионехь" Журавеля хан токхур йу аьлла.
Лаьцна валон кIант тIехь волу автозак Нохчийчохь тIеийцира цхьана тайпа йозанаш тIейаздинчу плакаташца бюджетан белхахоша а, студенташа а. Марсхьокху-баттахь Соьлжа-ГIалара СИЗО-хь 15 шо долчу Кадыровн кIанта Адама йиттира Журавельна. И видеоролик мехкан урхалхочо ша зорбанехь йаржийра, дIахьедира "кIантах дозалла" до ша аьлла. Цунна йеттар бахьана долуш Оьрсийчоьнан бакъоларйархошна йукъахь йоккха гIовгIа эккхийтина ца Iаш, пропагадисташа а цхаьна йира. Делахь а бехкзуламан гIуллакх дуьхьал айдечу меттана Нохчийчоьнан Турпалхочун седа белира Кадыров Адамна.
Журавелян гIуллакхехуда хьалхара кхеташо хила йезаш йара Соьлжа-ГIалара Висаитовн кIоштан кхелехь гIадужу-беттан 9-чохь – амма бехкевийриг процессе ца валийра. Кхелан керла кхеташо хилале хьалха гIадужу-беттан 13-чохь Кадыровс керла видео хIоттийра кIантаца дIайазйина, цу тIехь цо доьху дин тIеэца бакъо ло шена. Регионан куьйгалхочо иза сийсазвеш дуьхьало йира цунна, "даггара ца боху" и Журавеля аьлла. БIаьргана бухахь Iаьржа таммагI долуш вара Журавель кхелехь.
"Массарна а хууш ду, хIун "мехаллаш" йу цара гойтурш
Кхело лаьцна латтон кхин а эхашарна дIайахйира Журавелян хан, цуьнан адвокато Антонова Юлияс "Iалашваларан гаранти" йу и элира. Кхелехь жимчу стага шена къинтIера бехира боллу бусалбанаш, дIахьедира, КъорIан дагорна ша бехке хета шена, амма шога къепе йохон бахьана дацара шен.
Процесс хилале хьалха националистийн телеграм-каналашкахь видео гучуйелира, цу тIехь бевзаш боцчу наха Нохчийчоьнан урхалхочун ден Кадыров Ахьмадан Москвара хIолламна улло исламехь магийна доцу хьакхин жижиг а, корта а биллинера. Меттигерчу бакъоларйаран органаша, официалан Соьлжа-ГIалахь а санна, комментарий ца йира цунна. ХIолламна хьалха хьакхин корта биллар а, Журавелян гIуллакх а цхьа зIенан чIуг йу элира нохчийн политолого Кутаев Руслана – цунна хетарехь, оцу кепара "нохчашна духьал баха" хьийза.
Лаьцначунна йеттарна дуьхьал бистхилира, масала, "Другая Россия Лимонова" йукъараллера националисташ – Москвахь, Санкт-Петербургехь, Пермехь цара дийхира полисхошка, Кадыров Адама а, цуьнан дас а динарг тергоне эцар.
Кадыров негативе хета националисташ боцурш а, Журавелян гIуллакхо вочу агIор реакци гIаттийра z-блогерийн а, аьлча а, тIеман агIончийн, комментарий йо "Либералан мисси" фондан кхеташонан декъашхочо Жаворонков Сергейс.
"Уьш кхета, хилларг либералан хьежамаш болчарна вон хетта ца Iаш, нийсачу тIамехь мостагI эшош" ша къийсамхо ву, бохуш лелачунна а дика цахилар. Кхеташ ду, лаьцначунна йеттар цхьана а агIор къонахалла гайтар, доьналле хилар дац. Оцу кепарчу хIумано аудитори йукъара [z-блогерийн] вастана ницкъбо. Путинца цхьаьна оьрсийн дуьненан мехаллаш йохьуш" шаьш догIу аьлла, кхето хьийза уьш. Цундела хIинца массарна а гуш ду-кх, хIун "мехаллаш" хьо цара Оьрсийчоьнна а, Украинана а", - боху эксперто.
"Гуттар а хуьлу зулам"
Журавельгахьа гIо дохуш цхьааллин митингаш дIайаьхьира Москвахь, Санкт-Петербургехь, бакъду, студент ваьхначу Волгоградехь цхьа а акци ца хIоттийра цуьнан гIуллакх Нохчийчу дIахьажийча а, йа цунна йиттича а.
Цхьана а кепара дуьхьало ца йарана бахьанаш, "Яблоко" федералан партин кхеташонан декъашхочо, Волгоградера Ефимов Александра бахарехь - кхерар а, бахархой кхеташ цахилар а ду.
"Шайн-шайн кухнеш чохь дуьйцу наха оцу хиллачух суна дуккха а публикацеш гина социалан машанашкахь…Массарна а гергахь хIуъа а дийца йукъаралла а, адамаш а кийча цахилар, уьш кхоьруш хилар ду и. Цул совнах, эмпати цахилар а, ницкъе марзбелла хилар а – йукъаралло тIеэцна ловзаран низамаш. Кхин а чIогIа даккхий хIуманаш нисло пачхьалкхаца, цхьа хила дезарг санна тIеоьцу-кх иза а. Цхьа гуттар а хуьлу зулам, хила дезарг санна дIа а хIуттуш", - боху къамелдечо.
Волгоградера гIуллакх дехьадаккхар – политикан сацам бу, вуьшта аьлча, Нохчийчуьра цхьанна лаарна дина хIума ду, боху шен цIе цайаккхар дехначу бакъоларйаран "Iазапашна дуьхьал Командин" юристо.
"Ситуаци политикан хьесапехь гар ду хIара… Iедалхоша боху:"Хьовсал, дуккха а динаш долу пачхьалкх йу вайнаг, иштаниг дан мегар дац, ца хуьлчу далахь - Нохчийчу дIахьовсор ду шу, цигахь*******(йеттар йу – маьттазчу маттахь) СИЗО-хь Кадыровн кIанта".
"Кадыровн ша шех бIоболар"
Журавелян гIуллакхо йуха а рогIера дIагайтина, шен Iаткъам бар регионел арахь а даржон мегар дуйла ша дIахаийта гIертар мехкан урхалхо, ишта ойла йу Волгоградера "Дозор" боламан куьйгалхочун Кочегин Евгенийн.
"Кадыровн куьйгаш шайн тIекхаччалц, кхунна бIаьргаш хьаббан кийча ву массо а. Кадыровн йийсархо вина Журавелях цунна тIехь сийсазалла лелайо цо, шен ницкъ хилар дIа а оьхьуш. Цунна дог этIа нехан. Ша суьдхочун а, делан а метта ву аьлла, хета мегар дац", - бохура цо.
Уггар а гIарадаьлларг дара "Дозар" боламо Оьрсийчоьнан парламентан исс депутате бина кхайкхам, Волгогралан кIоштаца доьзна.
Кхо гойту хьаьнца тIом бан йиш йу церан, стенгахь бага гIаттон кхерам бу. Йуха а рогIера шенаш дIатесна
"Оха дийхира цаьрга, гIуллакх Нохчийчу дIа стенна делла а, гIадужу-беттан 9-чохь Журавель кхеле хIунда ца валийна а къстаде аьлла. Цуьнан йуьхьа тIехь нохчийн демократин лараш хиларна кхеташо дIатеттинчух тера дара. Журавельна кхерам буй хьовса бохуш, депутаташка дийхира оха. БархI депутат вистхуьлуш вац, шиммо жоп делира – бохура, талламна йукъагIерта шайн йиш йац. Кхеташ ду, шайна тIера иштта дIадаьккхина цара жоьпалла шаьш кхоьруш долу дела. Царна пиар йен хIума ма дац хIара", - боху Кочегина.
Цара бахарехь, кхерар – коьрта бахьана ду меттигера жигархой тапъаьлла Iаран а, хIуъа хилча а бистхуьлурш а дош олуш бац хIинца.
"Формале аспекташ, процесс дIайахьар, цунах лаьцна дийцар, церан терго ца йо, йа меттигерчу Iедало а, йа Волгоградан пачхьалкхан думера векалша а – берш кхоьруш бу. Цо чIогIа дика схьагойту, хьаьнца къийсам бан баьхьа уьш, мичахь бага гIаттон кхоьру. Шенаш рогIера йуха а дIатесна. Вуьшта бу хьуна тхан кхузахь кхечу контектстехь "Даймахко-нанас дIакхуьйкху" хIоллам хIоттабайта бохуш, дехарш дийраш", - кхин дIа дийцира къамелахочо.
Интернетехь тулгIе гIаттор ша цхьаъ бен йоцу регионехь гIаттийна протестан кеп йу элира цо: "Нах эргIад оьху, цуьнца Кадыровн чIагIвалар го царна, ма-дарра баха а боху цара, лаьтта тIехь Дела хила гIерта Кадыров. Цо хьеравоккху, амма цхьа а цец ца воккху. Оьрсийчохь таIзар цадаран а, дерриг а магоран а синоним хилла ваьлла Кадыров. Цхьанна а къайле йац, цунна лерина "цIен сизаш" даим а меттахдохуш ду", - аьлла хета къамел дечунна.
Кочегинан дешнашца, оцу хьолана тIехь регионера бозуш боцчу хаамийн гIирсаша бен терго латтош йац. Амма церан йиш йац хьесапаш дан а, масала, йиттина тIехь лараш йолу дела Журавель кхеле ца валийнера бохуш йаздан а.
"Цундела, халахеташ делахь а, йоллу Никтина йен терго – оппозицино йийриг йу. Тхан проекто а, цхьа арахьара агенташа а й аздо, терго латтайо тIехь. Шина кIежна йукъахь лелаш, информаци йала хьийза бозуш боцу хаамийн гIирсаш. Кхечу меттигерчу хаамийн зорбанаша, кIоштан администрацино шайга йазде аьлларг зорбане доккху", - дерзийра Кочегина.
- Дечкен-баттахь даттийн ультра-аьттун политико Паладун Расмуса, Stram Kurs ("Шога курс") антиисламистийн партин лидеро дагийра КъурIан, "Туркойчохь маршонна дозанаш деттарна" дуьхьал ву ша аьлла. Оцу акцих пайдаийцира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Украинана дуьхьал болийна тIом бакъбеш, Европера шен оппоненташна оцу тIехула хIуммаъ цадарна а критика йан а. Оцу йукъанна цул а цхьа де хьалха Кадыровс тергамза дитира резонансе хилларг: Ростовера колледжера Нохчийчуьра а, Дагестанера дешархой-зудабераш дIадаьхнера хьиджаб лелорна.
- Нохчийчоьнан кхоалгIа кIант – 15 шо долу Кадыров Адам – масийттазза нисвелира федералан масшатбехь девнашна йукъахь. Жимчохь ринга тIехь ницкъбора цо, Украине тIамца чугIоьртинчул тIаьхьа нахана хьалха гучувуьйлура иза герзаца, цо дакъалоцура тIамна йечу пропагандехь. Кавказ.Реалиин сайто дуьйцу, республикехь Кадыров Адаман васт муха хьалхатоьтту.