Нохчийчохь дукхахболу доьзалш бохаран бахьана – "холмачхойн а, аьшпашбуьттучийн а болх бу", аьлла дIахьедина меттигерчу Iеламчас, Соьлжа-ГIалара исламан медицинан коьртачу лоьро Эльжуркаев Адама. Ша бен болх "зуламца а, йилбазан йалхошца а тIом бар" лору цо. 2022-чу шарахь махкахь дIасакъаьстира 9070 официалехь хилла доьзал, и терахь шозза сов алсам ду, цул а шо хьалха хиллачуьнца дуьстича. Проценташкахь аьлча, Оьрсийчоьнан регионашлахь Нохчийчоь хьалхарчу могIарехь ю къестарш дукха хиларца. Кавказ.Реалии сайто хеттарш динчу эксперташна а, меттигерчу бахархошна а хетарехь, "холмачхой" бац бехке цунна, цIентIера а, социалан-экономикан а кхачамбацарш ду, иштта шалха зударий божарша кхийлар а.
Кеп-кепарчу хаамашца, мел кIезга а, шен долахь кхо зуда йолчу Нохчийчоьнан куьйгалхочо, 2017-чу шарахь цунах лаьцна шена хетарг довзийтира. Республикехь доьзалш къеста дукха хьолахь "кега-мерса хIуманна тIехь барт эгIарца" элира цо. ХIеттахь кIоштийн куьйгалхошца а, къедашца а, имамашца а шен хуьлучу официалан цхьаьнакхетаршкахь Кадыров Рамзана кхайкхам бира хIусамдайшкара дIабахна зударий юха балабе, царна юкъахь маслаIат а де" аьлла.
Доьзал кхуллуш контракт хIоттош хилча дика хир дара…Делахь а, нохчий цунна кийча бац хIинца а
Оцу Iалашонца регионехь "Доьзалш вовшахтухуш, церан юкъаметтигаш тойеш Комисси" вовшахтуьйхира. Цу юкъахь динан гIуллакх дийраш хилла ца Iаш, къанойн векалш а, берашна а, доьзална а тIехь Iуналла ден хьукматаш а йара, иштта "Нохчийчуьра нанойн цхьанатохаралла" а. Оцу кепара беркате хIума дуьненчохь цхьанхьа а хилла дац боуш, дозаллица дIахьедора мехкан Iедалхоша.
ТIаьххьарчу хаамашца а догIуш, доьзалш вовшахтоха векал йинчу Комиссино болх бечу пхеа шерачохь кхо эзар доьзална юкъахь барт а беш, уьш вовшахтоьхна. Дустуш аьлча: 2021-чу шарахь боьхна цигахь 3783 доьзал. Хууш дац, цкъа мацах зудий-майрий хиллачу шинна юкъахь барт муха бо Iедалхоша.
ЦIийндайх дIакъаьстина зударий берта бахийтале хьалха Нохчийчоьнан урхалхочо хьийхира къестаршца къийсам латтон беза юх-юха зударий балочарна томан мах хьала а боккхуш аьлла. "Кхана-лама тайнигах санна ловза а левзина, юха кIордийча дена-нанна схьатасийта кхиош йац доьзалехь йоI", - оьгIаз оьхура Кадыров 2016-чу шарахь пачхьалкхан ТАСС агенталлина интервью луш. Делахь а, йа соьмаца кхерамаш тийсарх а, йа хьехарш дарх а, статистико гайтарехь, пайда ца хилира.
"Шайн сингаттамашца шаьш буьсу зударий"
ХIун бахьанаш ду коьрта Нохчийчохь доьзалш бохаран? Кавказ.Реалиин редакцино къамел дира цунах лаьцна меттигерчу адвокатца С. Лайлаъца, иза ю къестачу доьзалийн процессашкахь дакъалоцуш. Республикехь доьзалш къестаран уггар а даьржина бахьанаш довзийтира цо: чохь лаьтта девнаш, доьзалехь ницкъбар, божарий кхечу зударшна тIаьхьабийлар, марзой доьзална юкъагIертар.
"Нохчийн йоI маре йоьдуш, шен хIусамдеца цхьаьна совгIатна цунна кхочу цуьнан доккха тайпа долу гергарнаш, боллу цуьнан доьзал. Кегийнаш шаьш Iаш белахь а, чIогIа хазахета марзошна царна юкъагIерташ, уьш дахарна Iамош. Юкъаметтигаш галйовлу барт эгIий, девнаш лаьтташ, циггара дIа йолало кхин йолу чаьмза тIаьхье а", - кхетадо адвокато.
ТIаьххьарчу заманчохь Нохчийчохь даьржинчу тIе зударий кхийларо а къестабо доьзалш, тешна ю юрист. ТIе шолгIа зуда йалийча билггал боьхна маса доьзал бу ала соцунгIа хуьлу иза, амма, билгалдоккху цо, тIаьххьарчу шарахь шега гIо дехначу зударшлахь 12 йара хIусамдас тIе зуда йалийна, арайаьккхина.
"Дукха хьолахь муха хуьлу, 45 шо оцу шен зудчун кхаьчначул тIаьхьа араволу хIусамда къона нускал лаха. Ткъа оцу хенара йолу, "арахь йисинчу" зудчунна хала хуьлу шолгIа маре йаха, шен дахар нисдан, доьзалхо ван а. Шаьшиммо цхьаьна гулбинчу бахамах йолуш, шен да-нана долчу хIусаме йуха йан дезаш хуьлу цуьнан, йа цхьанхьа шена хIусам лаца декхаре хуьлу. Оцу хьолехь йисича, кхета, маре йоьдуш контракт хIоттийнехь, тховкIео йоцуш юьсур йацара ша олий. Халахеташ делахь а, вайн менталитет кхин ю, вайн юкъаралла цунна кийча йац хIинца а. Тамаш бу кеста йа кийча хилахь а", - дуьйцу къамел дечо.
Къестарш кхин а дукха хила тарлора, амма дукхахболчу меттигерчу зударша дукха хьолахь тIаьххьалц са детта – хIунда аьлча, берашца баха меттиг шайн цахиларна.
"Кхел а, Iеламчаш а [къаьстачу далахь] ден агIор хуьлу. [Оьрсийчохь] зударийн къаьстачу хенахь дуккха а бакъонаш ю, амма Нохчийчохь зудчун бакъонаш йанне а йац. Оцу зудчо мел бала хьоьгуш хиларх, дукха хьолахь цуьнан нах а дуьхьал хуьлу иза марера йохарна. Дукхахболчу зударша ца дуьйцу, берийн дуьхьа шаьш ловш долчух. Берех пайда а оьцуш, уьш схьадохур ду, гойтур дац, ненан бакъонех йоккхур ю бохуш, манипуляцеш лелайо божарша. ТIаккха дан амал ца хуьлий, и зударий шаьш буьсу шайн сингаттамашца", - кхин дIа дуьйцу адвокато С.Лайлаа.
Зударша шерашкахь къоьллу хIусамдай, церан Iазапаш, шайга боцу ларам
Кавказ.Реалиин сайт хьаьжира Нохчийчуьра ЗАГС урхаллин куьйгалхочуьнца Висаитова Раисица къамел дан, амма аьтто ца белира. Цуьнан метта, шен цIе а ца йоккхуш, йистхила реза хилира оцу урхаллин цхьахйолу белхахо. Зударий балорах, доьзалш къестарх официалехь довзуьйту терахьаш нийса дац элира цо, хIунда аьлча, Нохчийчохь дуккха а доьзалша официалехь регистраци йеш цахиларна.
"Тхан статитикехь ца хуьлу дукхаболу доьзалш, хIунда аьлча, ЗАГС-хь регистраци ца йойту цара. Нохчашлахь коьрта ду динехь там-мах бар. ТIаьххьарчу заманчохь ас а тергалдо дуккха а доьзалш бухуш хилар, дукха хьолахь, чуьра барт эгIий, йа хIусамда шолгIа зуда йало араволий, шо шаре марзошца юкъаметтигаш ца тойаларна, доьзалехь ницкъ барна", - дагардо Нохчийчуьра ЗАГС-н векало.
Цунна хетарехь, Нохчийчуьра цхьаболу зударий тахана хьалхалера ойланаш йолуш бац, социалан хьал хийцадаларна хила тарло иза.
"Дукха зударий бу тахана шайн гIуллакх шаьш далур долуш, дешна, дикка сом доккхуш, кхечухьа маре бахана, керла доьзал кхолла а хьуьнар долуш. Амма ас боллу зударий ца буьйцу. Шайна тIехь хIусамдайша гIело латтор, шайга ларам цахилар а къуьйлуш, са детташ беха дуккха а зударий", - дерзийра къамел дечо.
"Хьо хьуо ю бехке, оцу хьоле ма ваккха ахь"
Нохчийчохь доьзалш къестаран бахьанехь лаьцна дийцарш дира Кавказ.Реалиин редакцино республикера масех бахархошца, уьш йа доьзал боьхна, йа къестачу муьрехь хилларш бу.
Салман, 58 шо: "Суна хетарехь, Нохчийчохь классийн тайпанийн башхалла гучуйаьлла. И бохург хIун ду? И ду, бахархойн цхьа дакъа (девзаш долу) а, цуьнца доьзна шолгIа дакъа а, муха кхаьчна а ца хууш, хьоле кхаьчна, цо букъийна хиларца. Мискачу нахана а, хьоладайшна а юкъахь оццул башхалла нохчашлахь цкъа а хилла йацара. Оцу тIера аьлча, царна юкъахь тасаделла хьакъ доцу захало тар ца ло, барт ца хуьлу, уьш вовшахкехтар цхьа боккхачу безамца хиллехь а. "Безам" цIе йолу хIордкема духу мацца духий а, "классийн башхалла" цIе йолчу хинан бердах кхетий. И бахьана уггар а хьалха дIахIоттадо ас. Амма ду цигахь кхиндерш а".
Iайшат, 52 шо: "Къестаран бахьанаш дуккха а ду, амма уггар а коьртаниг – божарийн йамартло а, уьш гIайгIа-бала боцуш хилар а ду. Шайн синехьа бирзина хуьлу вайн божарий, хIуманан пусар ца до, ларам бац, къинхетаме ца хуьлу. Олуш ду-кх, кхаа шаре бен ца болу безам, цул тIаьхьа араволу нохчийн стаг керла "догдохийла" лаха. ТIаккха эххар а дуьйлало доьзалехь девнаш, бартцахилар, юха дIаса а къаьста".
Суна дуккха а зударий бевза, майра леташ хилла къаьстина, иштта дуккха а зударий бу Iаржйелла меттигашца лелаш
Раиса, 42 шо: "Доьзалш дукха бохаран бахьана вайн махкахь масех ду аьлла хета суна: коьртаниг, оцу кегийчийн доьзал кхолларх лаьцна йолу дог-ойла. Дукха хьалха хуьлу церан зуда йало, йа маре баха ойла. Цкъацкъа школа ма йаккхара – 17-18 шо долуш. ШолгIа бахьана- массарна а дика девзаш долу – дукха хьолахь кегийнаш марзошца цхьаьна Iаш хуьлу. ТIаккха баккхийчарна а, кегийчарна а юкъахь цакхетамаш буьйлало: баккхийчара къоман гIиллакхаш, ламасташ дуьйцу, ткъа кегийнаш интернето кхиош бу. Цундела девнаш лаьтта, ца хуьлийла а дац. КхозлагIа бахьана- зударий кхийлар. Дукхахболчу божаршца зударий ца лору. Зудчух тайниг хилла дуккхаъчарна. Атта схьа а йалайо, атта дIа а йохуьйту. ТIаккха оцу мехкарша а, зударша а хоьтуьйту шаьш атта".
Тамара, 35 шо: "Сан майра чIогIа леташ вара…Суна хетарехь, кхечу зудчунна тIаьхьавалар, девнаш, ларам бацар, марненаца, маьрйишица барт эгIар – и дерриге а хала хIума дац. Амма хьан майра пайдабоцчу хIумана тIехула буйнаш бетташ, хьох летар, и ду уггар дала тоьхнарг. Суна бевза дуккха а зударий цIийндай леташ хилла цаьргара дIабахна, иштта цара йиттина Iаржбина леларш а бевза. Божаршна таIзар дан стаг вац. Со дарбанан цIийнехь болх беш ю, масийттаза сайна йиттича чевнаш дIагойтура ас, полици йахна со, цунна арз деш, бIозза цуьнгара дIайахара, амма йоI ца йиталой- юха йогIура. ТIаьххьара со полици йахча, тхан меттигерчу полисхочо боху соьга: "Хьан хьайн бехк бу, оцу хьоле ма ваккха иза". Оцу суьйранна дIайахара со цуьнгара".
Сацита, 27 шо: "Ши шо жоьжахатехь даьккхира ас марненаца цхьана тхов кIел. Ас хIуммаъ ца боху, нагахь санна, диканна, барт бан гIерташ иза юкъагIертахь, амма оццул чIогIа кочаоьхуш суна хезна-гина дацара. Бедарш иштта ма йитта, иту иштта ма хьакха, юург дика ца кечйо, хьайн нана йолчу дукха леста хьо, ахча дукха дойу… Сан цIийндена ца лаьара цуьнга хIуммаъ а ала, гуттар давлени ю, дог дика дац бохуш, латкъамаш цо барна. Ша дарбанан цIийнехь йолуш со тIаьхьа ца йеана аьлла, иза сайна тIекхохкайелча, кхин дIа собар кхачийра сан. Денна цуьнан кIант вара ас юург кечйой, массо а хIума кара лой, тIаьхьа вохуьйтуш. Дуьйцуш товш дацахь а, со доьзалхочух йолуш йоьжна Iара, токсикоз йолуш, цханхьа а йаха де долуш а йацара. Сан майрчунна гуш дара соьгара хьал, хIетте а соьгахьа дош ца элира цо".
***
- Доьзалш къестар тIекхетта аьлла, хIоттийначу рейтингехь Нохчийчоьнца цхьаьна Дагестан а йара (+206 процент йара 2022-чу шарахь), ГIалгIайчоь а йара (+190 процент). Оцу йукъанна официалехь доьзал кхолларх регистрацин терахь лахделира Нохчийчохь: 2021-чу шарахь 7504 доьзал тIечIагIбира, ткъа 2022-чу шарахь – 4390.
- Доьзалш къаьстинчул тIаьхьа берашна тIехь нене Iуналла дайтарца доьзна Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан сацамаш кхочушбеш бац Къилбаседа Качвказехь. Оцу кепара хьесап дира Европан Кхеташонан министрийн Комитето.
- Бераш деца къовсуш ЕСПЧ-н кхелехь туьйлира, масала, Муружева Лайлаъ, Магомадова Элита, Губашева Ася, Магомадова Зелиха. Делахь а, Европан кхелехь толам баьккхинчул тIаьхьа а дукха хьолахь шайн бераш схьадерзо ницкъ ца кхочу церан.