МР: Хьан, фанаташца хьо цхьаьнакхеттачу хенахь, хΙун хотту хьоьга цара уггаре а дукха?
Шевчук: ТΙаьххьарчу хенахь дукхахдолу хеттарш политиках дозуш нисло, оппозицех, Ιедалх лоций, хΙун хир ду даймахках а, вайх а, олий, хуьлу. Оьрсийн интеллигенцина тΙаьхьадаьлла лелаш кхо хаттар ду: хΙун дан деза? Мила бехке ву? кхане муха ю? Лаххара а 200 шо ду уьш лаьтта. Ас ойла оцу хеттаршна тΙехь, цкъа Достоевский а хуьлий, тΙаккха Толстой а хуьлий, йо.
Со махкахо ву. Политик вац. Со цкъа а ца хилла политикан партин декъахь. Комсомолера а эккхийра со, эшарш язйо аьлла. Со махкахо ву. Суна хетарехь, декхаре а ву сайн дог-ойла ларъян, цуьнгахьа къийса. Махкаллин позицин байракх лесташ хила догΙу сан тхевна тΙехула.
МР: Махкара юкъаралла хьуна муха хила еза аьлла хета?
Шевчук: Кхетамчохь йоцу тобанаш яц махкалла шеца долу адамаш. Цхьа букъдаьΙахк а йолуш, халкъ ду уьш. Низамехь цхьабосса бакъонаш а йолуш, низамо цхьаьна даха аьтто а луш. Ас дукха лехна жоьпаш, Аристотелан хьехамашна тΙекхаччалц. Шеца махкалла долу халкъ – иза хΙуманан бала а болчу, кΙиллой а боцчу нехан юкъаралла ю.
Оцу юкъараллехь ца лела хΙара дешнаш: «иза сан бала бац», «сан рицкъанца ца дозу», бохурш. Махкалла долу юкъаралла - иза жигарчу нехан юкъаралла ю. Шайн даймохк безачу нахах лаьтта и юкъаралла, моттаргΙанаш а йоцуш, бакъ безам бу иза. Безаман а, оьздангаллин а гергарло ду иза. Со теша, Оьрсийчохь и сурт дΙахΙуттур ду бохучух. Иза ца хилча ца йолу историн процесс ю.
МР: Къаьмнийн махкаллин кхетам самаболуш бу аьлла хетий хьуна?
Шевчук: Масала, кхо шо хьалха махкалла кΙезиг гора нахехь. Шайн бен бала а бацара нехан, шайн а, доьзалан а, кхин а ахчанан а. Исбаьхьаллехь къахьоьгурш а, нахалахь цΙе ерш а бара иштта – церан а бацара кхин сов хΙуманийн бала.
Тахана, суна хетарехь, дуккха а нах кхиабоьлла, хиндолчун ойла ян бевлла. Дукха наха хΙинца ойла йо даймахках а, шайх а лаьцна, муьлха Орсийчоь кхочур ю берийн кара бохучунна тΙехь. Хазахета бен-башха доцу нах алсам бовлуш, церан терахьаш кхуьуш.
Иза стенна ца тайна Ιедалшна? Дума кхераелла, нахера махкалла самадала доьлча, цундела и ниΙмат сихха низамийн гуре лаца гΙерта иза. Оцо а гойту нах самабовлуш буйла, ойла ян буьйлалуш буйла. Сан накъосташа а, доттагΙаша пебеттара хьалха политикана. «Политика, иза боьха хΙума ю», - олура цара. ХΙинца уьш кхетта, «шун политика боьха ю, шу шаьш а иштта долу дела», боху цара Ιедалшка.
Нагахь хьо цΙена, оьзда вехаш велахь, хьан политика а ма ю оьзда, цΙена. Аристотела ма-аллара, политиках а къаьстина, вехийла дац, цо таро ло вайна вовшашца бертахь, цхьаьна даха.
МР: Ткъа шо хьалха а, хΙинца а, дуьстича, муха ду кегийрхойн чкъоьрнаш?
Шевчук: Таханлерчу чкъорехь кΙезиг романтика ю. Иза цара шайл хьалха баьхначийн зеделларг юьхьара оьцуш хилар а хила тарло. 1990-чу шерашкара кегийрхой, «Ιалелай, маршо, рок-н-ролл, вежаралла», бохучех бара.
Малхбалехь 1968-чу шарахь кхоллабелла хилла болам бара иза тхуна тхан Оьрсийчохь. Иза вуно хаза мур а бара. ДагадогΙу суна, Киевехь, тхо Санкт-Петербургера цига даьхкича, роко дΙалаьцна яра Киев: Гребенщиков Борис а, Аквариум а, Телевизор, ДДТ , Алиса а. Спортан ЦΙийнехь дара иза. Революцин рок-фестивал яра иза. «Декъал хуьлда хьо, Маршо!» цIе а йолуш. Цу сохьта берриг а меттигаш дΙаэцнера наха – итт эзар стаг вара цига веана.
Артистийн чоьнаш чохь, хьетΙе ши бΙаьрг а баьлла, лаьттина полисхо дагахь ву суна – цецваьллера иза оццул дукха нах гуш. Тапча а яьккхина, иза коьрте лецира цо. «Собарде, ахь хΙун до!» - хаьттира оха. «Со ца кхета кху махках хΙун хуьлуш ду», - бохура цо. Оха дийхира цуьнга, ша-шена тоьхна цавалар, къаьркъа а доьттина, къамеле ваьккхира – тΙаьххьара а, велха а вилхина, дΙавахара иза.
Самалхе, жигаре, мерза мутт дегнаш чу лешаш, сатийсамех яьккхина зама яра иза. Тахана кΙезиг бу и тайпа сатийсамаш нахехь. ХΙинца кегийрхой кхета, маршо яккха араваьлча, цΙий доккхуш нийслойла а. Вукху агΙор аьлча, и кегийнах жигара бу, амма шайн когаш кΙел хьовса а ца бицло, хьалха тхо санна. Делахь а хьалхалера бедацар дац тахана, со вокккхаве.
МР: Оцу буьйцучу кегийрхошкарчу хийцамийн бух стенца бу, уьш сте кхуьйдуьйту оцу хийцамашка?
Шевчук: Стенций? Царна хьакъ доллуш баха лаьа шайн Оьрсийчохь. Суна дукха кегийнах бевза шайн махкара дΙабаха дагахь а боцуш. Хьалха Ιаьмерка пачхьалкхера бахархой кхерабе «бΙоба» яра Оьрсийчохь. ТΙаккха кхунах лоций, ялсамане еш, дуьйцура. ТΙаьхьо тхо кхийтира кхузахь а юй дуккха а проблемаш. Адамаш шаьш дикаллехь дуьззина кхиина дацарна хила мега-кх иза а. Массанхьа а ду къхачамбацарш. Цундела тхуна лаьа, кхечунхьарчуьнца а дустуш, тхешан дахар тодан. Суна го тхайн кегийрхой серлоне гΙерташ, хийцамех хьаьгна. Суна иза хаза а хета. Дуккха а дукха болх бу тхан бан безаш. Коьртаниг – тхан нах адамалла шайгахь дендеш хьийза, иза ду коьртаниг тахана.