ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шира кепаш, керла бахьанаш: Нохчийчохь божарий лечкъор


Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала. 2023-чу шеран стигалкъекъа-бутт
Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала. 2023-чу шеран стигалкъекъа-бутт

Лахьан-беттан йуьххьехь адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" Центро хаамбира Нохчийчохь шуьйра "зачисткаш" дIайахьарх лаьцна. Бахьана хиллера, шиъ эскархо вуьйш, гIадужу-беттан 26-чохь Росгвардин коврана дина тIелатарх. Кадыровхоша лачкъийна вигинчу цхьаннан цIе хаа аьтто хиллера – и ву заьIапхо волу Устрада-ГIалара вахархо Батыров Ризван. ХIинца а полицин декъехь латтош ву боху иза. Бакъоларйархойн хаамашца, Грозненскан кIоштахь лаьцна латтош ву кхин а "бIе стаг". Полисхойн декъехь цаьрга аьлла: Украинана дуьхьал тIамтIе доьлху шу, йа шаьш дуьхьал айдинчу гIуллакхехула набахте.

"Коьртера хийцамаш бац"

Нохчийчуьра бахархошна тIехь терго латто а, уьш кхерон а Iалашонца а даим нах лечкъош бу, билгалдаьккхира редакцица хиллачу къамелехь адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" Центран кхеташонан декъашхочо Малыхин Владимира. Уггар а кест-кеста лечкъо нах бу, административан Iуналлехь берш, йа цхьана хенахь таIзар текхна нах.

"Мемориалан" статистикаца, нах лечкъоран динамика хьалха ма-хиллара цхьатерра йуьсуш йу, амма хIора шарахь бакъоларйархоша дIайаздо дуккха а нах лоьцуш хилар. Къаьсттина оппозиционерийн гергарчу нахалахь а, массарна а хезаш-гуш рожана критика йечарлахь а. Йух-йуха цхьа нах лечкъош хилар а кест-кеста нислуш хIума ду. Дукха хьолахь нах лечкъор доьрзу, уьш тIамтIе хьовсабой, йа шаьш ца хьебийриг цара ахча а лой.

"Нах лечкъон хьал хийцаделла дац нохчийн-оьрсийн шолгIа тIом боьдучу заманахь дуьйна. ХIетахь оцу марзделлачух пайдаоьцура къайлах лелачу гIаттамхошца къийсам латтош, бахархой кхеро а, къайлах шайга мотт беттачийн маша кхолла а Iалашонца. ХIетахь дуьйна кепаш хьалхалерра йу, делахь а, керла бахьанаш тIекхетта. Тахана нах лечкъабо уьш тIамтIе бахийтархьама", - дийцира Малыхина.

Цкъацкъа нах лечкъорах хаам нахалабаккхар бахьана долуш лецнарш дIахецна меттигаш а нисло. Цул тIаьхьа оцу кепарчу нехан гергарчийн контакташ дIайовра, цо халачу доккхура информаци гулйар.

"Тхуна уггар а хала дерг ду хаамаш гулбар а, уьш зер а. Муьлхха а тхайн тIекхача аьтто болу хьастанех пайдаоьцу оха, амма дикка толлу уьш. Мел дуьйцучух тоьшийла йац, хIунда аьлча, цхьаболу хаамаш бух болуш ца хуьлу, йа дуьйцург ах бен бакъ ца хуьлу", - чIагIдо Малыхин Владимира.

Денна нах лечкъор

Кест-кеста махкара нах лечкъош хиларх йаздечу оппозицин нохчийн NIYSO телеграм-каналан администраторна хетарехь, билггал лечкъийнарш алсамох бу нахала даьллачу терахьал а. Оьрсийчохь нахана тIехь таIзар деш лелаш низамаш хиларна а, нохчийн Iедалхой шен кочабахкарна а кхоьруш, шен цIе къайлайахьар а дехна, жигархочо кхетийра, дукхаболу гергарнаш кхоьруш хуьлу шайн чуьра стаг лачкъийна вигича хаийта, йа кхоьру информаци нахалайаларна.

"Дукхахберш кхоьру, шайн стаг вигча хаийта, цхьаболчарна гIарадаккхахь цунах пайда бер бу аьлла ца го. Ишта хаам кхаьчча, и бакъ дуй хьожуш а хан йолу. Амма хIора гIуллакх толлу бахар а маьIне ца хуьлу, хIунда аьлча, ца хаьа хьуна, нах лечкъийна аьлла, харцонца хаам бинчунна цунах хIун са йолу. Оха аьшпаш баржабо аьлла, тхо "нахаладаха" оцу рожан белхахошна оьшуш хила тарло и хIума. Нохчийчуьра таханалерачу дахаре а, хьоле а хьаьжча, цхьаммо хаа а хууш, харц хаамаш баржор бара, шеггара стаг лачкъорах а дуьйцуш бохург тамаш бу-кх хила йиш йолуш делахь", - аьлла хета къамел дечунна.

Цул совнах, NIYSO-н векало билгалдоккху, шайга бен ах хаамаш каналехь зорбане баха шайн йиш цахиларх, хIунда аьлча гергарчара гIо доьху, жимма собар дахьара а олий. ГIуллакх нахала ца доккхуш дитича, шайн стаг цIа воуьйтар ву аьлла, дегайовхо хуьлу церан. Наггахь ишта нис а ло. Делахь а, цунна хетарехь, нахаладаккхаро гIуллакхан цхьа йист йоккху гуттар а.

"Дукха хьолахь тхоьца зIене оцу доьзалера нах ца бовлу, церан эвлара стаг, йа церан бевза-безарш,- боху жигархочо. – Доьзал, мелхо а, дукха хьолахь кхоьруш хуьлу, шайн лачкъийначу стагана кхин а тIе бале даларна кхоьруш. Кехаташ хIиттон хьуйсу тхо, суьрташ доьху, информаци толлу, оцу кIоштара, йа эвлара бахархошка лачкъийначух лаьцна хоьттуш. Таханалерачу хьолаца боллу хаамаш бакъ хуьлийла ду. Оцу меттигехь хаттам бойла дац тхан, аьтто бац полицин декъе телефон тоха а, йа доьзалца зIене довла а",- дийцира боламан векало.

Нах лечкъор алсамдаьлла аьлла хета хьуна, кхочучу хаамашка хьаьжча, тешна ву телеграм-каналан администратор. Ма-дарра дийцича, Нохчийчохь денна дIабуьгуш бу нах, цкъацкъа къаьсттинам дукха нисло лечкъийнарш.

Жигархочо чIагIдо, бакъоларйархошца, оппозиционерашца, Нохчийчуьра могIарерчу бахархошца къийсам латториг Оьрсийчоьнан Iедал ду, мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан вац бохуш.

Федералан Iедалхошца бIостане лелачу Кадыровс шеггара лелош хIума ду бохург, Кремло дуьйцуш ду, хIунда аьлча, царна пайден ду ишта алар, тешна ву къамелхо.

"Оьрсийчоьнан рожана нах лечкъор: террор, бахархошна кхерам тасар, шен-шен хеначохь дуьхьало йан нах вовшах ца кхетийтар. Ницкъаллин структурийн белхахошна и даим а бизнес йара: лачкъийна вигинчух кхаъ оьцийла ду цуьнан гергарчаьргара, йа хьаькамаша преми йала, даржехь лакхаваккха тарло бехкзуламан гIуллакхаш дуьхьал дахарна. Украинана дуьхьал тIом болабелчхьана керла бахьана даьлла – шайна хьалхара бала нах тIамтIе хьийсон", - дерзийра NIYSO-н векало.

Нах лечкъор а, тIом а

Нохчийчохь нуьцкъала нах лечкъорах "Мемориало" шен рапортехь йаздарехь, 2021-чу шарера 2023-чу шаре кхаччалц бIеннашкахь бара лечкъийна нах. 2018-чу шеран Iай дуьйна, "Мемориалан" болх регионехь сацийначул тIаьхьа, оцу тайпа хаамаш талла хало ду. Ткъа Украинехь тIом болийчхьана нах лечкъор кхин тIе а марсаделира.

2022-чу шарахь и тIечIагIдира Украинан талламхойн урхаллехь а: къайлахчу сервисийн хаамашца, йеа батальона йукъара доккхаха долу дакъа дIадуьзна ницкъахоша нохчийн йарташкара лечкъийначу нахах. Царна бехзуламан гIуллакхаш дуьхьал дохур ду шайггара, йа тIехь ницкъбийр бу аьлла кхерамаш тийсина хиллера.

2022-чу шеран дечкен-беттан 10-чохь 1АДАТ телеграм-каналехь хаамбира ТIехьа-Мартанан кIоштара Котар-Йуьртара гIеметтахIоьттина ши стаг лачкъийна аьлла. Устаев Абубакар а, Мадаев Ширвани а вара и шиъ. Бахьана делира машанехь йаьржина видео, цу тIехь цхьаммо забар йира Нохчийчуьра дахарх лаьцна. Нохчийн жигархочун, бакъоларйархочун Янгулбаев Абубакаран хаамашца, шина дийнахь лаьцна латтийна хиллера и шиъ, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Соьлжа-ГIалара урхаллехь йиттина а хиллера. Цул тIаьхьа массарна а хьалха дIахIоттийна, сийсазвира маьждигехь хIоттийначу гуламехь, тIаьхьо цу шиннах цхьаъ йуьртара араваьккхина бохура.

2022-чу шарахь нохчийн ницкъахоша лечкъон болийра дозанал арахьа беха политикан а, динан а гIуллакхдархойн гергарнаш, царна тIеIаткъамбеш. Масала, 40 гергга стаг лецира Соьлжа-ГIалахь а, Шаройн кIоштахь а, кхин а 25 стаг – Шелахь, Гуьмсехь. Зударий гуттар а санна, уьш лечкъийначу дийнахь дIахоьцу, божарий – масех де даьлча. Лецначаьргара церан хIусамийн кехаташ а, арахьара мехкашкахь лела паспорташ а дIадаьхнера, уьш бовда гIортахь а аьлла. Нахана тIехь ницкъбинера аьлла, хаамаш ца баьржира.

2022-чу шеран товбеца-баттахь "Мемориалан" волонтераша бакъдира Нохчийчуьра нах лечкъийна хилар. Цаьрга нуьцкъаша куьйгаш йаздайтина хиллера Украинера тIамехь шайн лаамехь дакъалаца реза ду шаьш аьлла, йа 250-500 эзар сом ахча тIедожийнера, уьш паргIат буьтург.

2022-чу шеран гезгамашин-баттахь мобилизаци йолийначул тIаьхьа дIалеца болийра Оьрсийчуьра дIабахначу нехан гергарнаш, уьш цIа бахкийта Iалашонца. Янгулбаев Абубакара хаамбира 2022-чу шеран гезгамашин-беттан 21-чу дийнера схьа оцу кепара пхеа гIуллакхах лаьцна. Цхьацца лачкъийнера Веданахь а, Устрада-ГIалахь а, кхоъ Соьлжа-ГIалара дIавигинера.

Соьолжа-ГIалахь гIадужу-беттан 6-чохь кадыровхоша дIавигинера АбубакаровгIеран кертара масех стаг, цара тIедожийнера Финляндехь веха Абубакаров Джабраил цIа валор. Лецначех дукхахберш маьршабаьхнера цу дийннехь, амма Джабраилан ваша ИбрахIим, чохь латтийнера гIадужу-бутт чекхбаллалц. Джабраилан Куьрчала-кIоштан полицин декъан хьаькамца Акаев Исламца хиллачу къамелехь гучудаьллера, ИбрахIим маьршаваккхар Джабраил полици тIеварца доьзна хилар. Важа реза ца хиллера цIа ван, тIаьхьо ваша дIахийцира.

2022-чу шеран гIадужу-беттан 26-27-чу деношкахь Гуьмса кIоштара Джалкхехь исс жимстаг лецира. Ши бутт баьллачул тIаьхьа бен маьрша ца ваьккхира и шиъ, гIуран-бутт бовш. ХIеттахь Хьалха-Мартанахь шина ницкъахочунна йукъахь дов иккхинчул тIаьхьа лаьцнера мел кIезиг а 20 борша стаг. Герзаш детташ, дов даьллера Росгвардин резервхочунна Евсултанов Iабдул-Маликна а, полицин белхахочунна Эскиев Турпална а йукъахь. Лаккхарчу даржашкахь болчу ницкъахоша шуьйра рейдаш дIайаьхьира хIетахь. Лецнарш латтийна хиллера гIалин полицин декъан ларми чохь, уьш лецарх кехаташ а ца хIиттош, цхьаболчарна йиттина а хиллера.

2024-чу шарахь нах лечкъор

Карарчу шарахь шуьйра рейдех а, "зачисткех" а лаьцна хаамаш баржон болийра стигалкъекъа-беттан йуьххьехь. ХIетахь бахьана даьллера, йуьхь лачкъийначу цхьана стага "Дустум" тIейаздина "Лада-Нива" машен йагош видео йаржийча. Тоххара "Дустум" цIе лелош вара Кадыров Рамзан, хIинца и лелош йу Нохчийчоьнан урхалхочун кIанта Адама. Хетарехь, протестан кеп хиллачух тера дара машенах цIетасар. "Мемориало" хIетахь хаамбирам, цхьана кIиранчохь ницкъахоша 80-90 стаг лачкъорах. Царех 50 гергга хиллера цIе тасарна бехкевинчу Эльмурзаев Сайф-Исламан гергара.

NIYSO боламан хаамашца, тIаьхьо Кадыровн уллорчу доттагIчун, Соьлжа-ГIалара номер 2 йолчу полицин декъан куьйгалхочун Висмурадов Абузайдан кIентан "тIедилларца" лачкъийра Алихаджиев Расул а. ЙоIана тIехула даьлла дов бахьана долуш. Телеграм-каналан хаамашца, Расул Украине хьажон гIиртинера, амма цуьнан гергарчеран ка йаьллера иза кIелхьараваккха, хетарехь, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллица уьйраш хиларна.

Iашхой-Кӏотарахь вийра оппозицин хьежамаш болу кхоъ жимстаг. Цхьаъ велира лачкъийначул тIаьхьа бина ницкъ ца лайна, важа шиъ вийра "зуламхойн тоба хIаллакйеш леррина операци дIахьош йу" аьлла, сурт а хIоттийна. Тешаш ца бита дина хIума дара иза, чIагIдора жигархоша.

ТIаьхьо вайра цхьаъ ницкъахо а – Соьлжа-ГIалара системехь йоцчу хадархойн декъан хьаькам Данкаев Руслан. И хаам гIарабаьллачул тIаьхьа нохчийн пачхьалкхан агенталлаша зорбанера дIайаьккхира цо дакъалоцуш хилла репортаж. Ткъа ша Данкаев тIаьхьо хаавелира Украинана дуьхьал бечу тIамехь.

Мангал-бутт чекхболуш тӀепаза вайра, хьалхо кхел йина хилла Хьалха-МартантӀера вахархо Эльмурзаев Ислам а. Цуьнан кхолламах лаьцна хууш хӀумма а дац хӀинца а. Ши бутт баьлча NIYSO боламо дӀахьедира, иза Соьлж-ГӀаларчу дарбан цӀийне кхачийна "къайлахчу набахтехь йехха хан яккхарна а, луьра Ӏазап цунна тIехь латторна а лечу хьолехь" волуш аьлла. Жигархоша дийцарехь, иза реза ца хиллера тӀаме ваха, цундела керла бехктакхаман гӀуллакх долийра Эльмурзаевна дуьхьал, дуьххьара а санна, шайггара. Кхин цхьа а тоьшаллаш дац и информаци тӀечӀагӀъеш, хIун бехкаш цуьнга кховдийна а дац хууш.

  • Ницкъахоша лачкъийна хиллачу нохчийн оппозиционерийн нене Мусаева Зареме дуьххьара хеттарш дина цунна дуьхьал айдинчу керлачу бехкзуламан гIуллакхехула. Цунна бехке диллина "колонийн белхан къепена новкъарло йар" аьллачу артиклехула. Шеконаш йерг санна тIеозийна иза оцу гIуллакхехь.
  • Стохка товбеца-баттахь Нохчийчуьра кхело пхи шой, ахшой хан кхайкхийра инсулинах йоьзна диабет цамгар токхучу Мусаева Заремина набахтехь даккха. ТIаьхьо хан йацйира деа шаре а, исс батте а, цо СИЗО-хь йаьккхина хан дIа а лерина, зазадокху-баттахь чекхйала йезара цунна тоьхна хан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG