ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Школана тIелетта аьлла бехкевечу гIалгIачун йишас дIахьедина цо гIело латтайора аьлла


Францера школана тIелетта Могушков Мохьаммад
Францера школана тIелетта Могушков Мохьаммад

Францихь школана тIелатар дарна шеконашка эцначу ГIалгIайчуьра вахархочун Могушков Мохьаммадан йишас дийцина цунах лаьцна "къиза, радикалан хьежамаш" болуш вара иза аьлла. "Боьха хIума" йу аьлла цо шен ваша, йемалдина цуьнан тIелатар, дийцина Radio France ресурсо.

18 шо долу Могушкова лаьцнера шоьтан дийнахь церан доьзалехь мел верг дIавуьгучу заманчохь, лаьцна латтийра иза кхаа дийнахь. Талламхошка цо дийцина, йуьхьанца дас цул тIаьхьа воккхаха волчу вашас а ца доьшуьйтура шега, школе ца йохуьйтуш, хьуьжаре лоьлуьйтура ша аьлла. Шен 11 шо кхаьчхьана хьиджаб лелайойтура аьлла.

Цо дийцарехь, цуьнца а, ненаца а гIело латтош хилла вашас, тIе куьйг хьош а хилла. Нана пенах тоьхна, цуьнан куьйгаш хьовзийра цо, лулахой йукъа а гIерташ, къастош дийцина цо.

Вежарша чохь латтайора ша, цкъа а шеца къамел ца дора аьлла цо. Кест-кеста радикалан иллешка а, нашидашка а ладоьгIура цара дийцина йишас.

Шен доьзалх херйеллера ша, нана а, жимахйолу йиша а йоцчех, аьлла кхетийна йоIа, иза а радикалан дине йерза йолайеллера, вежаршца хабаре йийларна.

Иштта Могушковас дIахьедина талламхошка, шен вешин Iалашонех шена хууш хIуммаъ дацара аьлла.

Школана дина тIелатар бахьана долуш мел лахара а лаьцна полицихь латтош ву 10 стаг: ша Могушков а, цуьнан ши ваша, нана, йиша, деваша а, иштта, хетарехь Беларусера волу кхин а ши стаг. ТIелеттачун зIе хилла боху цаьрца.

20 шо долу Могушков кхоьлина хуьлура даим а, гуттар а дас ницкъбеш хиллера цунна доьзалехь. 2018-чу шарахь Францира араваьккхира церан да, билгалдоккху Le Figaro гIирсо. Цуьнан воккхаха волу ваша лецира 20I7-чу шарахь, цунна чохь даккха пхи шо туьйхира, террорхойн йукъараллехь дакъалацарна. "Исламан пачхьалкх" олучу тобанна пропаганда йеш хилера цо аьлла кхело.

  • Францихь Аррас гIаларчу школана тIелеттера 20 шо долчу ГIалгIайчуьра схьаваьлла вахархо гIаджу-беттан 13-чохь. Цхьа хьехархо вийра цо, шинна чевнаш йира, йаздо BFM TV, Le Figaro хьасташа. Бехкево – оцу школан хилла дешархо, шайн хьасташна тIетевжина хаамбира BFMTV телеканало. Ша тIелетачу заманчохь "АллахIу Акбар" бохуш мохь биттинера цо.
  • Школана тIелатар динчул тIаьхьа Францино пачхьалкхера арабаха тарло радикалан хьежамашца бу аьлла, шайн тептаршкахь хилла нах. Бу царлахь нохчий а, кавказхой а. Цунах лаьцна BMF TV каналан эфирехь дIахьедина чоьхьарчу гIуллакхийн министро Дарманен Жеральда.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG