ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

15 шо долчу Кадыровн кIантана кхин а ши мидал йелла


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан шен кIантаца. Сурт: Кадыров Адаман инстаграм
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан шен кIантаца. Сурт: Кадыров Адаман инстаграм

15 шо долчу Кадыровн кIантана кхин а ши мидал йелла: "Оьрсийчоьнан къинхьегаман сий" а, "Оьрсийн спецназан университет кхиорехь дакъа лацарна" I тIегIанера. Байначу цхьана баттахь, эха баттахь бархIалгIа, уьссалгIа совгIаташ ду уьш кхиазхочунна деллачех.

Ший а мидал жимачу Кадыровна цхьана дийнахь йелира, Гуьмсарчу "Оьрсийн спецназан университетехь" хIоттийначу барамехь – оцу меттигехь кечбо Украинерчу тIаме хьийсо лерина лаамхой. Цуьнца цхьаьна масех инструкторна йелла и "университет" кхиорна аьлла мидал. Кхиазхочо хIун дакъа лаьцна и деш, дуьйцуш дац.

"Даймехкана дуьхьа къахьегарна" йелла Кадыров Адамна къинхьегаман сий боху мидал, дIахьедина Нохчийчоьнан зорбанан министро Дудаев Ахьмада. Оьрсийн "Трудовая доблесть России" олучу цхьанакхетаралло кховдийра кхиазхочуьнга и мидал. Церан официалерчу сайтехь дийцарехь, 2006 шарахь кхоьллина ду и совгIат. Цуьнан Iалашо – "пачхьалкхера уггар бевзаш болчу бахархойн къинхьегам цхьанатохар (турпалхойн, пачхьалкхан совгIатийн кавалерийн, лауреатийн), Оьрсийчоьнан экономика, Iилма, культура меттахIотторхьама, къинхьегамечу стеган бакъонаш ларйархьама, йукъараллехь кхинхьегаман хьуьнаршка ларам хилийтархьама".

Дагардинарг муха хьаькхалуш ду Кадыров Адамах, хууш дац, амма оцу организацин куьйгалхочо Лёвин Алексейс дIахьедира, кхиазхочо "эскархочо санна шен дин лардина".

Марсхьокху-беттан 15-хь Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь жимачу Кадыровс йиттира КъурIан дагорна лаьцна волчу Журавель Никитина. Цунах лаьцна хиира гезгмашин-беттан чакхенгахь, и видео Кадыров Рамзана ша арахецначул тIаьхьа.

Полицино дуьхьало йира бехктакхаман гIуллакх долон, Адаман жоьпалле озон хан тIекхаьчна йац аьлла. Цул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантана ворхI совгIат дира: йуьхьанца республикин "турпалхо" вира цунах, цул тIаьхьа ГIезалойчоьнан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан а, ГIебарта Балкхаройчоьнан а совгIаташ делира, цул совнах, "Умматана хьалха гIуллакъаш дарна" I-чу бараман орденца а, иштта нохчийн "Даймехкан сий" орден а йелира.

Оцу совгIатех цхьадерш цунна дала йиш йацара, иза дукха къона хиларна.

  • КъорIан дагийна аьллачу шеконашца Журавель Никита лецира стигалкъекъа-беттан 2I-хь. Талламан версица, цо дагийна КъорIанI0 эзар сом лур ду аьллачу СБУ-н тIедилларца. Ницкъахоша дIахьедина, Журавеля мукIарло деш дIахьедина, ша СБУ-на лерина тIеман гIишлойн суьрташ дохуш вара аьлла. Талламан комитетан куьйгалхочун Бастрыкин Александран тIедилларца, гIуллакх билггал Нохчийчу дIаделира.
  • "Мемориало" Журавель политикан тутмакх лерира. Бакъоларйархой шеек бу, бусулбачийн коьрта книга йагийнарг и хиларна, иштта цара бохура, иза Нохчийчу дIавалар, кхоалгIа нах цунна тIебитар "вуно чолхе низам хедор ду".
  • Нохчийчоьнан урхалхочун кхоалгIа кIант – 15 шо долу Кадыров Адам – масийттазза нисвелла федералан тIегIанера скандалашна йукъахь. Ринга тIехь ницкъбора жимчохь Кадыровн кIанта, ткъа Украинехь тIом болийчхьана кест-кеста нахана йукъаволу иза герзаца, цо дакъалоцу тIамна йечу пропагандехь а. Кавказ.Реалиин сайто дуьйцу, махкахь цуьнан васт муха хьалхатоьтту.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG