Оьрсийчоьнан Талламан комитето Нохчийчоьне дӀакхачийна дӀахьедар, республикера йахархо Сулейманова Седа лачкъорехь полисхоша дакъалацарх лаьцна. "CK SOS" кризисан тобанан векало Кавказ.Реалии сайте дийцира, хӀун маьӀна ду оцу сацаман а, хьалхо Седа йер хьокъехь схьадиллинчу гIуллакхех оццул кӀезиг бен хууш хIунда дац а, Украинехь баьллачу тӀамо муха чолхе даьккхина Къилбаседа Кавказера уьдучу мехкарийн дахар, ткъа хӀинца а аьтто буй цу регионера кӀелхьаравала.
Нохчийчуьра бевдда мехкарий лечкъорца а, уьш байарца а доьзна уггаре а резонансе гӀуллакхех цхьаъ ду Сулейманова Седин гIуллакх.
2022-чу шарахь Седа зӀене йелира SK SOS кризисан тобанца. ЙоӀ шен лаамна дуьхьал маре йала дагахь бара цуьнан цIеранаш. Бакъонашларъйархоша гӀо дира цунна Нохчийчуьра Петербуге дIайаха. Сулейманова цигахь балха а хӀоьттина, ханна хӀусам лаьцна Iаш йара, амма масех бутт баьлча вешина карийра иза. Седа йуха а СК SOS-ца зIене йелира. Бакъонашларъйархоша хьехар дира цунна Оьрсийчуьра дӀайаха йеза аьлла, амма иза йисира Петербургехь, шен адрес а, белхан меттиг а хуьйцуш. 2023-чу шарахь марсхьокху-беттан 23-чу дийнахь Сулейманова а, цуьнан тIехьийза кIант Кудрявцев Станислав а вехачу петаре баьхкира полисхой. Ший а дӀадигира полицин декъе. Седе аьллера, цо къола дарна цунах шеко йу аьлла, оцу бахьанца иза Нохчийчу дIайигира. Сулейманова цIа йалийначул тӀаьхьа, царна кхин дага ца деана и цо "къола динера" бохург. Бакъонашларъйархоша билгал ма-даккхара, нагахь санна Седех боккъала а шеконаш хиллехь а, цуьнца къамел дан дезаш дара Петербурган полицехь, кхечу регионе дIа а ца йуьгуш. Цхьа шо сов хан йу цуьнах хIумма а хууш доцуш. Бакъонашларъйархойн а, цуьнан доттагӀийн а шеко йу иза йийна хир йу аьлла.
Масех кӀира хьалха Сулейманова Седин доттагӀчо Патяева Еленас Талламан комитете кехат йаздира, Седа лачкъорехь дакъалаьцна Петербургера а, Нохчийчоьнан а полисхой жоьпе озор доьхуш. ХӀара кехат а кхоалгӀа дӀахьедар дара. Хьалхарниг йаздинера, Седа дуьххьара лачкъийна Нохчийчу дӀайигинчул тӀаьхьа сихонца йазйина дара. ШолгӀаниг – иза кхин дийна йац аьлла, теша бух хилча йаздира
SK SOS тобанан пресс-секретаро Мирошникова Александрас ма-дийццара, Петербургера талламчаша даре дина Сулейманова лачкъийна хилар. Иза хиира цуьнан тIехьиза кIанте хеттарш дича.
Тхуна ца хаьа талламхой хӀумма а деш бу йа бац
"Стаг хеттарш дан кхойкху, талламан кехат хилча, омран буха тӀехь. Оцу омран цхьа бахьана, йа бух хила безаш бу. Станиславе и документ делла хьажа. Цигахь билгалдаьккхина дара: Сулейманова Седа Санкт-Петербургера Нохчийчу бертаза дIайигина аьлла. Оцу буха тӀехь Патяева Еленас сацам бира Оьрсийчоьнан Талламан комитете нохчийн а, Петербургерчу а полисхошна дуьхьал дӀахьедар чудала", - боху къамелхочо.
2024-чу шеран гезгамашин-бутт чекхболуш Елене официалан жоп кхаьчна, цуьнан дехар Нохчийчуьра Талламан комитетан декъе дехьадаьккхина аьлла.
"Ма-дарра дийцича, иза бохург ду, цу дIахьедарна хьакъ болу тидам тӀебохуьйтур бац Нохчийчохь, уггара дукха, цара цIархазмана таллам бийр бу, формалехь жоп йаздийр ду, йа тергал дийр дац", - боху Мирошниковас.
Цо дийцарехь, Патяеван дӀахьедар Нохчийчу дӀадалар низамехь дац - Седа лачкъорехь Петербургерчу чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан белхахоша дакъалацар бахьана долуш.
"Билггал муха зуьйр бу Нохчийчуьра Талламан комитето Петербургера полицин белхахой, - кхидӀа а дуьйцу SOS тобанан векало. Тхан практикехь хӀинца а хилла дац бевда нах Нохчийчу йухаберзорехь дакъалаьцна полицина дуьхьал дӀахьедар деш. Дукхахьолахь, бевдачу йоIарийн уллера нах бац царна гIортор йийр йолуш, нагахь санна йоӀ карийна цӀа йерзийна хилча, дукхахьолахь бакъонашларъйархоша латкъам бо лачкъорна. Документаш Нохчийчу дӀахьажош ду, цигахь цаьрца цхьаннан а бала бац. Седа дӀайигинчул тӀаьхьа, бакъонашларъярхоша цуьнан тIехьийза кIантаца цхьана Седа лачкъорах лаьцна дӀахьедар йаздира. Цул тӀаьхьа цара хьалхара таллам бира, Седа шен лаамехь даймахка цӀа йахана, аьлла сацам бира".
ТӀаьхьо бехктакхаман гӀуллакх долийра, Седин доттагIийн а, бакъонашларъйархойн а шеконаш кхоллайелча, иза гергарчара йийна аьлла.
"Патяева Ленас дехар чуделира. Дукха а Iийра жоп ца луш. Юкъараллин акци вовшахтуьхийра оха, цу йукъахь ши эзар сов стага дахьийтира кехаташ. Цул тӀаьхьа бен ца диллира бехктакхаман гӀуллакх. ХӀинца а иза толлуш ду. Цкъачунна тхоьга кхаьчна дац цхьа а жамӀ. ТӀаьхьо хир ду йа дац, иза а доккха хаттар ду", - мукӀарло до Мирошниковас.
"Со йилхира, дехар дира, дӀа ма ло бохуш"
2023-чу шеран марсхьокху-баттахь Кудрявцевца цхьаьна Санкт-Петербургерчу полицин декъе йалийра Сулейманова шаьш дехачу петарера.
"Иза цу минотехь цунна уллехь вара, цо дийцарехь, Седа чIогIа йоьлхуш йара, шен гергарчаьрга ша дIа ма ло бохуш", - дагалоьцу Александра.
Нохчийчу дIайигинчул тIаьха, бакъонашларъярхошца а, шен доттагӀчуьнца а, тIехьийза кIантаца а зӀе латтор сацийра йоӀа. Иза лачкъийначул тӀаьхьа йаьккхина видео цкъа бен гучу ца йаьлла юкъараллин меттигашкахь. И видео зорбане йаьккхира Нохчийчуьрчу адамийн бакъонаш ларъйаран комитетан куьйгалхочо Солтаев Мансура. Видео тӀехь цхьа а дош олуш йац Седа.
Кудрявцев Станислава, Седин гергарчаьрца барт хиларе сатуьйсуш, бусалба дин тӀеийцира. Лачкъоле хьалха ЗАГС-е дехар чуделла хилла цу шиммо. Седа кӀелхьараяккха гӀертачу "СК SOS" бакъонашларъярхоша зӀене бевлира Оьрсийчуьрчу адамийн бакъонашкахула йолчу комиссарца.
Кхерамзаллин ницкъийн хӀинца дуккха а алсам аьттонаш бу бевда мехкарий лаха а, уьш шайн гергарчаьрга йухаберзо а
"Седа лачкъийначу хенахь оха Москалькова Татьяне кехат йаздира, ткъа цо зӀе латтийра Нохчийчуьрчу адамийн бакъонашкахула йолчу омбудсменаца Солтаевца. Цара тхоьга цхьана а метте хӀумма а ма йазде аьллера, ткъа оха ца йаздеш собар дира, амма цуьнах цхьа а пайда ца хилира, Солтаев тхоьца зIенера дIавелира. Хетарехь, царна лууш хилларг оцу гIуллакхан юкъаралло бен тидам лахбар дар", - бохуш, мукӀарло до Мирошниковас.
Бакъонашларъярхошка хаам бира, Сулейманова йийна хила тарло, цуьнан доьзалца зӀене бевллачу наха. Уьш ларбархьама церан цIераш йохуш йац къамелдечо. "Царна дакъа ца гина", - бохуш, билгалдоккху Александрас. Таллам муха дIахьош бу, хууш хIумма а дац.
"Патяева Еленин дехарца бехктакхаман гӀуллакх айдинехь а, Сулейманован нана йу цу гӀуллакхехь зен хилларг санна къобалйина, йа цо а, йа Седин кхечу гергарчара а цхьа а латкъам ца бинехь а. Лена латкъамхо йелахь а, цуьнан аьтто бац гIуллакхан материалашка хьажа. Тхуна ца хаьа, шеко йолуш верг мила ву, йа Седин гергарчаьрца талламхоша къамел дина йа ца дина а. Елена а Стас а талламхоша хаттарш дан тIекхайкхича, тхуна хаьа тIаккха цхьажимма информаци. Амма ма-дарра дийцича, тхуна ца хаьа, талламан урхалло хӀун деш ду. Станислава талламан кехат дешнера, цу тӀехь а хьахийна бу муьлш бу ца хуучу низамхойх лаьцна хаамаш. Шеко йоцуш, Седа схьайалинчу полицин декъехь видеокамеро дӀаяздинарг хир ма ду. Цу буса болх беш мила хилла а, хуш хир ду. Тхуна хетарехь, талламан урхаллера белхахой хилларг къасто лууш бац, Седа дIайигина полисхой муьлш бу хаа а", - бохуш, дуьйцу къамелхочо.
Нохчийчохь нах лечкъор муха толлу гойту, республикера веддачу Селимханов ИбрахӀиман масало, ЛГБТ-юкъараллин векал санна къизалла лелош хилла цунна тIехь. Цкъа веддачул тIаьхьа ИбрахӀим а лачкъийнера, амма йуха а вада аьтто белира цуьнан.
"Иза лачкъийнера 2021-чу шарахь, амма лачкъорна цо латкъам бинера 2022-чу шарахь, Талламан комитет гӀуллакх дӀадоло реза ца хилира, прокуратурано и сацам йухабаьккхира. Цул тӀаьхьа Талламан комитет йуха а реза ца хилира, ткъа прокуратурано йуха и сацам йухабаьккхира. ХIинца а, иштта дӀадоьдуш ду и гIуллакх, таханалерачу дийне кхаччалц. Талламхошна низамехь некъ бу иза, хӀумма а ца дан. Дукха хьолахь, дӀахьедарш цхьана папки чуьра кхечу папке дӀасакхуьйсуш бен дац", - боху SK SOS тобанан векало. Иштта а дуккха а гIуллакхаш ду лаьтташ, массала Исмаилова Селиман гIуллакх. Амма Седина хилларг а шуьйра юкъараллийн резонанс йолуш дара. Суна хетарехь, цунах Ӏаткъам хила тарло талламхошна и саца ца дан".
Седин доттагIий иза дийна хиларе а, кӀелхьарайаккха аьтто хиларе а сатуьйсуш бу хӀинца а.
"Халахеташ делахь а, хӀара ледара сатийсам бу, цхьанна а иза гина йац, хIинца цхьа шо сов хан йу. Вай дуьйцург зуламхошна таӀзар дар а, тӀейогӀучу хенахь и тайпа хIума ца хилийтар а ду", - билгалдоккху Мирошниковас.
"Шейна таIзар дийра доци хаьа нах лачкъорчарна"
"SK SOS" проект йуьхьанца дуьйна Къилбаседа Кавказехь бехачу ЛГБТК+ нахана гӀо дан кхоьллина йара. 2017-чу шарахь дуьйна Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машанан декъашхо йара и проект. Ткъа 2021-чу шарахь цхьаннах йозуш йоцу организаци хилла дIахIоьттина и. Проектан векало дийцарехь, дукхахдолу дехарш хӀинца а ЛГБТК+ нахера хуьлу, амма хIокху шина шарахь, Украинехь тIом болабеллачул тӀаьхьа, гетеросексуалан зударшкара дехарш хаъал алсамдевлла.
"Оьрсийчоьнан чоьхьара репрессеш кхин а луьра йевлла. Ницкъаллин структурийн хӀинца дуккха а алсам аьттонаш бу и тайпа бевдда нах лаха а, уьш шайн гергарчаьрга йухаберзо а. Нагахь санна, хьалха федералан Ӏедало мел кӀезга а Къилбаседа Кавказехь хуьлуш долчунна тидам беш хиллехь, масала, дIабигинчарна накъосталла деш, йа стаг лачкъор низамехь ца хиларх кхетош хиллехь а, хIинца и хьал хийцаделла. Москван бала бац республикашкахь хуьлуш долчуьнца. Нах лечкъочарна цхьана а кепара шайна таӀзар дийр доций хаьа, къаьсттина церан бакъоларйаран органашца церан уьйраш йелахь", - боху Мирошниковас, цигахь хIинца а "ламастан мехаллаш" лелаш йу, цунах лаьцна чаккхе йоцуш дуьйцу Путинан агӀончаша.
И тайпа проблемаш тайп-тайпанчу барамехь йу Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь а.
Вукху агӀор, тӀаьхьарчу шерашкахь СК SOS тобано гӀо деш болчу нехан дог-ойла кхиъна, бохуш дуьйцу къамелхочо кхидӀа а: "2017-чу шарахь тхан клиентех цхьаъ бен вацара шех лаьцна, шен цIе а хоуьйтуш дийца кийча. ХӀинца уьш ткъе итт сов ву. Суна ца хаьа, Къилбаседа Кавказехь толеранте юкъаралла хилла дӀахӀоьттина, йа хIун бахьана ду (цуьнца йогӀуш йолу талламаш дӀабаьхьна бац), амма тӀекхуьу чкъор майрра лелаш ду, царна ца лаьа шайн дерриг а дахарехь тийна Ӏан а, кхера а".
Мирошниковас дуьйцу, нах лечкъош, гергарчаьрга уьш йухаберзор цхьана Нохчийчохь хилла ца Ӏа.
"Дуккха а дехарш ду ГӀалгӀайчуьра. Цхьа мур бара, дехарийн терахьца Дагестано хьалхара меттиг дӀалоцуш. Къилбаседа Кавказехь уггар кӀезиг дехарш ду ГӀебарта-Балкхаройчуьра а, Кхарачой-Чергазийчуьра а, Ставрополера а. Къилбаседа ХӀирийчуьра а бац уьш оццул дукха. Ткъа, и тайпа проблемаш цхьана барамехь Оьрсийчоьнан кхечу меттигашкахь а йу", - чӀагӀдо Александрас.
SK SOS-ца зӀене бевллачу гетеросексуалан мехкарша даима а ца доьху махкара шаьш арадахар. Цхьаболчарна ца лаьа, йа кийча бац бевдда лела. ТӀаккха оха царна психологин а, низаман а гӀо кхачадо.
Кризисан тобанан векало дӀахьедина, Оьрсийчохь цхьа а низам дац леррина нуьцкъала маре йигар а, бахархой нуьцкъала гергарчаьрга йухаберзор а доьхкуш. Амма и тайпа гӀуллакхаш бӀостане ду Конституцица а, адамийн бакъонаш ларъечу цхьа могӀа низамашца а. Цхьадолчу гIуллкхехь ницкъаллин структурашца зӀене бовла йиш йу.
"Нагахь санна, зуда бертаза маре йахийта гIерташ бу аьлла, полицига дӀахьедар йаздан сацам бахь, оха чӀогӀа хьехар до царна, цкъа хьалха Ӏедалех йозуш йоцчу бакъонашларъйаран организацийн адвокаташца зӀене а бевлла, церан гӀортор лахахьара аьлла. Вукха агӀор, Къилбаседа Кавказехь, нагахь санна, чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллехь гергарчеран зӀенаш йелахь, цу кепара кхайкхамаш баро зен дан тарло", - боху Мирошниковас.
Амма, цо дийцарехь, Къилбаседа Кавказера хӀинца а кӀелхьаравала аьтто бу. Дукха хьолахь, юкъараллин аренгахь хезаш долу гIуллакхаш йа бохаме, йа чолхе чакхе йолуш хуьлу: "Иллюзи кхоллало, нагахь санна хьо кӀелхьаравала гӀортахь, шеко йоцуш карор ву, йухаверзор ву, вуйр ву, аьлла хеташ. И тайпа гӀуллакхаш кIезга дац, амма дуккха дика чакхе йолуше дерш а ду - 90% кхоччуш хила мега".
- Оьрсийчохь дукхахболу нах Нохчийчохь байна. Дукха хьолахь, уьш Кадыровн агӀончаша харцо лелийна нах бу , бакъонашларъярхоша а, жигархоша а дийцарехь. Нуьцкъала байинчу нехан Дуьненаюкъарчу дийнахь Кавказ.Реалии сайто дийцира республикехь нах лечкъорца доьзна гIарадевлла гӀуллакхех а, кхечу регионашца йолчу башхаллех а лаьцна.