"Ахмат" спезназан буьйранчас Алаудинов Аптис "Комсомольская правда" эфирехь критика йира тӀеман министралло Курскан кӀоштахь доза лардарехь йина ледарлонашна а, официалан хаамийн гӀирсаша нохчий йукъахь болуш дийлина девнаш марсадаьхна дийцарна а. Иштта, цо дӀахьедира Оьрсийчохь кегийчу къамнашца ца лелочу нийсонах лаьцна а. Интервью йелла кӀира даьлча, цо шеца зӀене ваьллачу журналистах Панкин Иванах "чеченофоб, "шайтӀа", "ЛГБТ" ву элира. Цо дӀахьедира, ша эфирехь аьллачу цхьанна а хӀуманна дохко а ца ваьлла аьлла. Алаудиновс дийцинарг Кавказ.Реалиин материалехь ду.
"Ахмат" буьйранчаца хилла девне йирзина интервью "Комсомольская правда радион" сайта тӀехь хадийначу кепехь зорбане йаьккхира гIадужу-беттан 15-чохь, ткъа иза, схьагарехь, кхин а хьалха дӀайазйина йара: цунах цхьа дакъа гучуделира зорбанан сайта тӀехь 11-чохь. Цуьнан йуьззина верси йуха а Rutube радиоканале хIоттийра - хьалхарчу версица хенан башхалла 40 минот сов а йолуш йу.
Шен оцу къамелехь Алаудиновс бехкейира тӀеман министралла а, "доьналле Росгварди" а, "майра дозанан сервисаш" а, Украино Курскан кӀоштана тӀелатар дича дуьхьало ца йарна. Цо дӀахьедира, дозанан 20-чу чакхармехь виъ-виъ "Ахмат-Чечня" эскархо вара аьлла. Уьш хилла эскаре гIуллакх дан кхайкхийнчийн дакъойн йукъарчу буьйранчалле дIабелла. Хьалхо, марсхьокху-баттахь, "Ахматан" эскархой шайн баккъаш тӀехьа лечкъаш бу аьлла дӀахьедар динчу оьрсийн эскархочух, Алаудиновс "лопух" аьлла цIе тиллира, салтичо шена къинтӀера довлар доьхуш йина видео, шена гина а йац элира Алаудиновс.
Анапехь дов даьллачул тӀаьхьа лецначу Нохчийчуьрчу бахархойх лаьцна эфир дӀахьош волчо динчу хаттарна жоп луш, "Ахмат" спезназан буьйранчас дийцира Оьрсийчохь нохчашна дискриминаци йарх лаьцна – цунна хетарехь, муьлххачу а тасадаларехь республикера бахархой бехке бо цара, Оьрсийчоьнан официалан хаамийн гӀирсашкахь чоьхьара дов къаьмнашна йукъара санна гойтуш ду, ткъа республикера нах хӀинца а Кавказехь "къевлина" латтош бу, федералан ницкъаллин структурашка балха а ца оьцуш.
"Нохчий ма бу - Оьрсийчоьнан коьрта мостагӀий. Украинхой шун мостагӀий бац, кхетий хьо?! Шуна украинхойн зуламан тобанаш йац мостагӀий, йа НАТО-н блок йац шун мостагӀий, шун коьрта мостагӀий- нохчий бу", - дIахьедийра "Ахмат" спецназан буьйранчас.
ТӀаьххьара дина дӀахьедар мел а дайдан гIоьртира Алаудинов гIадужу-беттан 23-чохь шен видеохаамехь. Цо билгалдаьккхира, ша шен дешнаш йуха ца оьцу, йа шу къинтӀера даха дагахь а вац, ша йерриг а Оьрсийчоьнна аьлла дацара, амма аьлла дара "Комсомольская правда" газетин журналисте Панкин Иване хьажийна а, ишта ша дина къамел хеда а деш, даржийначу, "Оьрсийчоьнан Федераци йохо леррина къахьоьгуш болчу" Ичкерин агӀончашна аьлла.
"Москвара омра деара чуволла аьлла".
Алаудиновна лазаме долу Анапехь хилла дов- иза дуьххьара хилла хIума дац цуьнан Z-юкъараллица дов даларан бахьана хилла дӀахӀуттуш. Гезгмашан-беттан 3-чу буса меттигерчу клубана уллехь дов даьллера мехкарий бахьана долуш– талламчаша дийцарехь, мехкарий цхьана кегирхошца гергарло дIатаса реза ца хиллачул тӀаьхьа, царна гIо дан гIоьртинера цхьа ши жима стаг. Оцу шинна йиттира вевзаш воцчу кхаа стага.
ШолгӀачу дийнахь ГӀебартойн-Балкхаройчохь лецира тӀелатар дина бохуш волу шиъ –волонтеран тоьшалла а долуш волу "Ахматан" декъашхо Заурбеков Зелимхан а, цуьнан "доттагӀ Руслан а", тӀаьхьо ша Алаудиновс дийцина ма-хиллара. Заурбековс видео тIехь тӀечӀагӀдира полисхошна, дов дӀадоладелира йоӀа шеца гергарло таса реза ца хилча аьлла.
Цул тӀаьхьа масех кӀира даьлча Нохчийчоьнан пачхьалкхан пабликашкахь гучубелира лазийнчех цхьаммо бина видеохаам, цу тӀехь цо дӀахьедира, ша лецначарна дуьхьал полице арз ца динера, Нохчийчуьрчу бахархошна дуьхьал шен цхьа а претензеш йац аьлла. Алаудиновс цу девна йукъагӀоьртинчу талламчийн балхах "къаьмнийн бахьанашца леррина нохчий хьийзор ду" аьллера.
Керлачу интервьюхь "Ахматан" буьйранчас дийцира и кхайкхам муьлхачу хьелашкахь дӀайазбина бара. Цо дийцарехь, националистийн "оьрсийн юкъараллин" 30 векал веана хилла кхеле. Заурбековн ден вешица а, зен хиллачаьрца а цхьаьна жамӀе кхаьчна уьш, бехке болу нах бац кхеле озийнарш, аьлла. Цул тӀаьхьа, юкъараллин декъашхой а болуш, цара видеохаам дӀайазбира.
"Москвара гӀуллакх долийна, чуволла аьлла, омра деъча, мила чуволла веза? Нохчо чуволла веза. Уьш постехь саца а бина, схьабалийна, чубоьхкина - дIахьедар дира цо.
Анапехь хиллачо, Алаудиновс дийцарехь, гойту Оьрсийчоьхь бакъдолу хьал, Нохчийчуьра тӀебаьхкинарш жоьпаллехь бу махкахь динчу зуламашна "100% гергга": "Вайн массо а ресурсаш гIерта: "Ай-ай-ай, хьажа, ма вон бу и - нохчий, кадыровхой, цара харц дӀахӀоттийна машен! "Собар де. ХӀан-хӀа, хьажа хьайна гонаха. Шун харцахьа леларш а, зуламхой а дукха бу".
Дозанан кӀошташкахь "Ахмат" эскархоша талораш деш хиларх лаьцна харц хаамаш баржор, цу тайпа масалша гойту, ша нийса хилар, элира цо. Интервью дӀайаьккхинчу фрагментехь Алаудиновс дӀахьедира, Белгородан кӀоштахь 6 баттахь динчу 9840 зуламех шиъ бен ца дина "Ахматан" эскархоша – амма тӀаьхьо милитаристийн блогерца Калашников Максимана йеллачу интервьюхь цо дӀахьедира, йа Белгородан а, йа Курскан а кIошташкахь цхьа а зулам ца дина нохчийн эскархоша, аьлла.
Ца оьшуш дерг дукха дицийна?
Дуьненаюкъарчу бакъонан агӀонехь, Алаудинов мел чIогIа зуламхо велахь а, интервьюхь цо "бакъдерг дийцира", боху Украинин агӀор тӀом беш хиллачу Шейх Мансуран цӀарахчу Ичкерин батальонан пресс-секретарь хиллачу Белокиев Ислама. "Ахматан" куьйгалхочо мел дийцинарг бокъала а лазаме ду цунна, тешна ву редакцин къамелхо.
Царех (кадыровхойх) "тиктокер, балаболаш, кIиллой" олуш берш ма бу, шайн къоман духьала а бевлла, кхара (кадыровхоша) накъостий лаьцнарш. Иза Iотта ца дала йиш йац. Уьш кхета буьйлабелла шаьш цхьанна а оьшуш доцийла, йа шаьш йамартло йина шайн къомана а, йа шаьш дохкаделла оьрсишна а. Ямартхой цхьанна а ца беза.
Оьрсийчоьнан бахархой тешна бу Кавказ – уьш вайн бац
Интервью йаржор бахьана, Ичкерин агӀончаш "мохк бохо" гIерташ бу бохуш, бехкаш дахар "Оьрсийчоьнан Ӏедалшна тӀех сов дийцинарг нисдан гӀертар ду" аьлла хета Белокиевна.
Цуьнан "салтичун" васт йелахь а, Алаудиновн Оьрсийчохь национализмаца долу хьолах, "дика кхетам болуш" стаг ву аьлла хета Прагера политологна, Карлан университетан юкъараллин Ӏилманийн факультетан белхахочунна Дубровский Дмитрийна.
"20 шо хьалха бинчу талламехь оха билгалдаьккхира: наха зуламех лаьцна йаздечу хенахь, цара билгалдоккху муьлха къомах ву, нагахь санна иза оьрсийн вацахь. ХӀара стандартан схема йу, Оьрсийчоьнан зуламан керланашна цара шеко йоцуш йаздийр ду "шиъ кавказхо" йа "шиъ нохчо". Проблема хIун йу хьуна аьлча, Оьрсийчоьнан бахархошна йукъахь Кавказ – уьш вайниш бац, бохучух чӀогӀа тешам хилар, изза хьал ду вай тIамех лаьцна дийцича хӀинца", - билгалдоккху къамелхочо.
Украинина дуьхьал тӀом боьдучу хенахь и ксенофоби "меттигашкахь" билггалчу кепе йарзало – оьрсий дика тӀом беш бу, амма кавказхоша, царна хетарехь, тIом нийса беш бац, дуьйцу Дубровскийс. Арахьара хьаьжча, и санна долчу хӀуманан мах хадо хала делахь а, и тезис жигара дӀакхайкхош йу шаьш оьрсийн тӀеман военкораш бу бохучу наха, цо билгалдоккху: "Вайна хӀинца гуш ду, хаалуш реза дацарш алсам дуьйлуш, иза хьалхара дац. Алаудинов, иза Пригожин вац, хӀунда аьлча, Нохчийчоь шатайпа регион йу, Путинан Iедална "беза йетт санна".
И тайпа конфликташ юкъараллехь гӀарайийлар, цуьнах кхета мегар ду, цхьацца бахьанашца Украинехь тӀамехь хуьлуш дерг кхин кадыровхошна товш ца хиларна – цу тайпа девнаша Оьрсийчохь къаьмнашна йукъара дов доцийла гойту, амма ду, Москван а, Соьлж-ГӀалин а йукъаметтигашкахь йолчу проблемех, дерзадо къамел деш волчо.
- Кадыров Рамзан, дуккхачарна дагахь а доцуш, вистхилира Оьрсийчуьрчу мигрантийн бакъонаш а, маршонаш а ларъйарехь. Кавказ.Реалии редакцино хеттарш динчу эксперташна хетарехь, иза хила мега бусулбанаш ларбар а, иштта а Нохчийчоьнан куьйгаллехула арахьарчу эксперташа дина дӀахьедар а.
- Нохчийчоьнан адамийн бакъонашкахула волчу омбудсмено Солтаев Мансура "Оьрсийн йукъараллин" жигаралла таллар доьхуш кхайкхам бинчул тӀаьхьа, националистийн организацийн агIонехь вистхилира "Ахмат" буьйранча Алаудинов Апти. "ТӀехдовларш" кеста нисдийра ду ФСБ-ра уьш лелочара, дIахьедар дира цо. Солтаевн латкъам бинера, "Оьрсийн йукъараллин" декъашхошна, ГӀебарта-Балкхаройчуьра машенлелорхо таллам бан сацош гойтуш видео бахьана – цу кепара волонтерийн патрулаш хӀинцале а вовшахтоьхна Оьрсийчохь иттаннехь а гӀаланашкахь, хаамбира Кавказ.Реалии сайто.