ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Швецерчу кхело тIе ца чIагIдина полицино КъорIан дагоран акцеш дIайахьа цамагор


КъорIан, гайтаман сурт
КъорIан, гайтаман сурт

Швецерчу кхело тIе ца чIагIдина полицино КъорIан дагоран ши акци дIайахьа цамагор. Исламисташ хила тарлочарех пхи стаг и тайпа акцеш йаран хьокъехь "терроран акт" йан дагахь ву аьлла, схьалаьцна вара. Иза йаздо "Американ аз"-гIирсо.

Швецерчу полицино чиллин-баттахь лерина рогIера КъорIан дагоран ши акци дIайахьар дихкинера. Амма Швецерчу лаккхарчу административан-кхело цуьнан и сацам ца магийна. Кхерамзаллина цхьа новкъарло ца хуьлу, и гайтам ца байта бахьана ца го шайна аьлла.

"Полицин сацамаш бух болуш хиларан тоьшаллаш ца тоьу",- элира кхелахочо Ева Лотта Хединас

Чиллин-баттахь Швецин полицино ца магийра Стокгольмерчу Туркойчоьнан, Иракъан векалаташна хьалха КъорIан дагоран акцеш дIайахьа. Дечкен-баттахь хиллачу акцино Швецех "тIелатамийн Iалашо" йина хиларна.

Дечкен-баттахь Стокгольмерчу Туркойчоьнан векалатна хьалха КъорIан дагор резабацарца тIеийцира дуьненчуьра бусулбанаша. Цул тIаьхьа масех кIирнахь дуьхьалонаш йеш адам араделира, шведийн сурсаташна бойкот йар доьхуш. Цу хиламо Швецин НАТО-чу йала лааран гIуллакх дIатеттира.

  • Кху шеран дечкан-баттахь Данера исламна дуьхьала йолчу "Stram Kurs"("Жесткий курс") партин хьалханча а, "ультра-правый" политикхо а волчу Расмус Полудана кхузза КъорIан дагийра. Иза дагош гойтучу видео тIехь политико элира, бусулбанашна йезаш йолу книга ша "йагоран бехк Нохчийчоьнан хьалханчан" а, Швецехь вехачу UFC -латархочун Чимаев Хьамзатан а бу. Полудана дуьххьара КъорIан дагийча, Чимаевс иза террорхо ву, аьллера
  • Полудана КъурIан дагор Кадыров Рамзана Украинехь болчу тIаманна бехказло санна лерина, дIахIоттийра. Иштта "евроичкерихойн" критикашна дуьхьала а. Цхьаьллиг цхьа бух боцуш, хиллачунна бехке Швецин Iедал дира цо. Iедало "мах белла" дайтина ду иза, аьлла.
  • The Insider-хаамашца аьлча, Полудана йина акци "Russia Today" журналиста, хиллачу стрингера Чанг Фрикан ахчанца гIолоцуш, бакъо йаьккхина, дIайаьхьна. Амма цо даре ца дира. Ша цхьаьннге КъурIан дагаде ца аьлла, ша RT-ца болу болх 2014 шарахь сацийна бу аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG