ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Швейцарера депортацин центрера арахецна нохчийн мухIажар Батаев Iела


Батаев Iела
Батаев Iела

Швейцарин Iедалхоша сацам тIеэцна 40 шо долу Нохчийчуьра вахархо Батаев Iела шайн пачхьалкхера ара ца ваккха. Стохка гезгамашин-баттера схьа дуьйна Цюрихера депортацин набахтехь латтош вара иза. Карарчу хенахь цу чуьра маьршаваьккхина иза, хаамбина Кавказ.Реалиин редакцига бакъоларйаран "Европера машаран цIа" организацин куьйгалхочун гIовса Мамишов Лачина.

"Iела депортацин набахтера араваккхарх цо ша селхана суьйранна хаийтира. ЧIогIа хIоьттина вара иза, цундела жимма бен къамел ца дира оха. МухIажарийн куьпахь ву иза хIинца", - хаамбина Мамишовс.

Батаев маьрша ваккхийта а, цунна Оьрсийчу депортаци луш бина сацам йухаэцийта а хьийзира организаци. Мамишовс билгалдаьккхира, иза дIахецарехь коьрта дакъа лаьцна хилар бозуш боцчу хаамийн гIирсаша а, Швейцарин президенте Берсе Алене дехар даро а.

Къамелдечо тIетоьхна, бакъоларйаран организаци дагахь йу йуха а миграцин хьукмате дехар дан, Батаевна тховкIело йалар доьхуш чуделла кехаташ кхин цкъа а листа аьлла.

Батаев Украинехь ваьхна ву, цигахь тховкIело йелера цунна, амма цу махкахь тIом болабелча Европе дIаваха дийзира цуьнан.

Швейцарин Iедалхоша лецира иза стохка, хIетахь дуьйна депортацин центрехь вара иза. Оьрсийчоьне дIавала кхерам лаьтта цунна. Батаев тешна ву, нагахь санна, дIалахь - ша вуьйр ву аьлла, хIунда аьлча, Нохчийчуьра кадыровхойн рожан критик ву иза. Лаьцна латточо хьалхо мацалла кхайкхийра, шен бакъонаш хьешарна шина баттана. Марсхьокху-беттан 4-чохь цуьнан могушалла гIелйаларна дарбан цIийне охьаваилла дийзира и.

  • Товбеца-бутт йуккъе баьлчхьана Австрера а, Германира а, Швецера а векалташна хьалха митингаш хIиттийра нохчийн диаспоран векалша, Батаев Iела Оьрсийчоьне дIаваларна дуьхьал, тIедожийра иза маьршаваккха бохуш. Иштта митинг хилира Швейцарера миграцин гIуллакхаш луьстучу пачхьалкхан секретариатна хьалха а.
  • ГIадужу-баттахь Швейцарин Iедалша политикан статус йала дуьхьало йира Батаевна, Нохчийчохь маьрша ду, цигахь адамийн бакъонаш хьоьшуш йац аьлла.
  • Оьрсийчоьнан эскарш Украине гIоьртичхьана цхьацца формале бахьанашца даймахка дIахьийсабо нохчий европахойн Iедалхоша. Цигахь царна байа, тIехь Iазап хьегон кхерам лаьтта. Батаевн гIуллакхехь кхерамаш кхин а чIогIа бу, Украинехь ваьхна ву иза. Иштта цо къобалйеш хилла Ичкерин агIончех вовшахтоьхна лаамхойн батальонаш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG