ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Швейцарихь депортацин центрехь волчу нохчийн мухIажаро мацалла бахьанехь ша дарбанан цIийне охьавиллар доьху


Батаев Iела
Батаев Iела

Европехь тховкIело йоьхучу Нохчийчуьра вахархочун могушалла цIеххьана эшарх дIахаийтина бакъоларйархоша. 40 сов де ду Швейцарера депортацин центрехь цо мацалла хьоьгу, ша Оьрсийчу дIахьажорна дуьхьал. МухIажар тешна ву, даймахка йухаводахь, ша вуьйр ву аьлла.

Товбеца-беттан 26-чохь "Европера машаран цIа" организацин бакъоларйархой баханера и волчу. Цара хаийтира редакцига, ша дарбанан цIийне охьавиллар доьху цо аьлла.

"Могушаллица иштта а цуьнан хилла лазарш карзахдевлла мацалла хьегарна. Доьлех цIий оьху, хинан къурд бан а хала ду цунна, кийрахь лозу, чуьйрашца сингаттам бу цуьнан. Халла волало иза, вистхилар а лахделла, - дийцина Мамишовс. – Цо доьху дарбанан цIийне охьа а виллий, шега лоьраш хьовсийта аьлла, амма лоьрашна тIе вуьгуш вац иза".

ТIаьххьарчу шина кIиранчохь Батаев хийцавелла, чIогIа гIора эшна цуьнан. Нохчийчуьра вахархо къар ца ло бакъоларйархоша мацалла йукъахйаккхахьара бахарх. Иза тешна ву, ша Оьрсийчоьне дIалахь кхел йоцуш хIаллаквийр ву ша аьлла.

Кадыровхой баьххина хиллера Батаевн Нохчийчуьра гергарчаьрга, царна Iаткъам бинера цара, кхин дIа къийса а ца луш, депортацина цуьнга реза хила ала бохуш, дIахьедора хьалхо Гашаевас.

40 шо долу Батаев Iела дуккха а шерашкахь Украинехь ваьхна, шайн пачхьалкхехь ваха бакъо а йеллера цунна. Амма Украинехь тIом болийча Европе дехьавала дийзира цуьнан. 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь Швейцарин Iедалхоша лецира иза, хIетахь дуьйна депортацин центрехь ву. Товбеца-бутт йуккъе баьллачу хенахь мацалла кхайкхийра цо 30 денна.

  • Австрера а, Германира а, Швецера а векалташна хьалха митингаш хIиттийра нохчийн диаспоран векалша Батаев Iела Оьрсийчоьне дIаваларна дуьхьал. Цуьнан гIуллакхца боьзна кхерамаш бу, Украинехь вехачу заманчохь Ичкерин агIончех вовшахтоьхначу батальонашкахьа иза хилар.
  • Оханан-баттахь Европерчу адамийн бакъонийн кхело (ЕСПЧ) Францин Iедале дехар дира, нохчо Т. Бувайсар Оьрсийчоьне дIавалар хенаца дIататта аьлла. Даймахкахь ши адам дерна бехке лоруш ву иза. Амма цуьнан адвокато и бехке хиларехь дерриге дийцина ца даьлла, тоьшаллаш оьшу боху. Иза дIалахь, оьрсийн Iедалан белхалоша цунна гIело йарна кхерам бу а аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG