ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Швейцарин кхело къобал ца дина Кремлана муьтIахьчу жигархоша Ичкерин векална дина арз


Мамишов Лачин
Мамишов Лачин

Оьрсийчоьнна муьтIахьчу жигархоша арахьарчу Ичкерин векална Мамишов Лачинна бина латкъам къобал ца бина Швейцарин кхело. "Дуьне а, адаман бакъонаш а" ("Мир и права человека") дуьненайукъарчу цхьаьнакхетараллин белхало бехкевеш ву питанаш даржорехь, теракташ йарна кхайкхамаш барехь. Пачхьалкхан Лаккхарчу кхело Европехь бехачу оьрсийн тобанан латкъам цхьаьллиг цхьа бух боцуш лерина.

И тайпа арз шена дуьхьал даккхаран бахьана Кавказ.Реалии сайте дийцира Мамишовс. 2022-чу шеран гIадужу-баттахь ГIирмехь иккхинчу тIайнах видео ша йаржор ду аьлла. Цигахь цо "оьрсийн дуьненан иккхина дозалла" аьлла комментарий йина хиллера. И тайпа лелхарш Оьрсийчохь а, Москвахь а кхин а хир ду аьлла.

"Йуьхьанца и арз прокуратуре кхечира. Цигахь цу видеоца цхьа а къаьмнашлахь, динашлахь питан даржоран билгалонаш ца карийра. Оьрсийчоьно Украинина дуьхьал дIахьош тIеман агресси йолуш, муьлхха аналитикин ойланаш хила тарлуш йу, цара цхьа а низам ца дохадо, цаьрца цхьа а кхайкхамаш бац", - цара аьлларг схьадийцира Швейцарерчу нохчийн векало.

Латкъамхошна шайн цIераш йовзийта ца лиъна. Шаьш "чIир кхайкхорна" кхоьру аьлла, кхерамзаллин агIо лохуш.

"Ша хIоттош, билгалдаьккхинера цара, со Ичкерин векал хилар. Цара дийцарехь, царна боккхачу "кхерамца" дерза тарло",- боху къамелахочо.

Прокуратурера даьлча, и гIуллакх Швейцарин Лаккхарчу кхеле кховдийра. Цо а иштта зуламан чулацам бац цу гIуллакхца аьлла, сацам бира. Карарачу хенахь Мамишов Лачин цунна бина кхерамаш хьокъехь пачхьалкхерчу бакъоларйархойн Iуналлехь ву.

  • ГIирмера тIай 2022-чу шеран гIадужу-баттахь эккхийтина ду. Путин Владимир дуьненчу валар даздарал масех сахьт тIаьхьа. ТIай эккхаш пхи стаг велла, 250 метр шоссе хаьрцина, цIерпоштан ворхI цистерна йаьгна.
  • Оьрсийчуьра Iедалхоша тIай эккхийтар украинхойн лерринчу белхалоша кечйина теракт лерира. Эккхийтар билггал кхочушдинарг мила ву хууш дац. Цундела хазахетарца цу хиламах аьлларг терроризм бехказйахар санна лору цара.
  • 2023-чу шеран чиллин-баттахь Кавказ.Реалии сайто кхоьттуьйтуш йаздира нохчочух О. Зелимханах. Шемахь тIом бар бехке диллина, Францехь набахтехь хан текхна ву иза. Карарчу хенахь дIасавалар а дихкина, йалх бататана цIахь лаьцна латтош ву иза. Аьтто балахь, иза Оьрсийчу дIалур ву. Цигахь цуьнца а, цуьнан гергарчаьрца бала кхаьчна нохчийн ницкъахой а бу.
  • ГIурахь Оьрсийчуьра а, Украинера а, Советийн хиллачу кхечу пачхьалкхашкара бакъонашларйархоша Интерполе кехат йаздина. Кехатехь кхайкхам бу, Оьрсийчоьнан Федерацера, Европерчу кхечу пачхьалкхашкара нах лехарехь лелайо политика хийцар доьхуш. Къаьсттина тидам тIебахийтира цара Москва тIаьхьайаьлла нах Интерполехула дIабаларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG