ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Швейцарино йуха а тховкӀело ца йелла нохчийн мухӀажарна Батаев Ӏелина


Батаев Iела
Батаев Iела

Оьрсийчоь буьззинчу тIамца тIелетале хьалха Украинехь вехаш хиллачу Нохчийчуьра схьаваьллачу Батаев Ӏелина политикан тховкӀело йала йуха а реза ца хилла Швейцарин Ӏедал. ХӀинццалц ши шо сов хан йаьккхира Батаевс депортацин набахтехь.

Реза ца хиларх лаьцна ша Батаевс дӀахьедар дина Фейсбукерчу шен агӀонехь. Кхелан сацаман кийсак зорбане йаьккхина цо, цу тIехь чIагIдо, шена тIаьхьабевлла хиларх тоъал тоьшаллаш ца далийна цо аьлла. Оьрсийчохь адамийн бакъонашца долу хьал "лан йиш йоцуш дац", махкахь тӀом а бац, ишта кхачам боллуш тоьшаллаш дац "рожана дуьхьал болчийн а, кегийчу къаьмнийн а" бакъонаш йохоран аьлла.

Батаевс ишта аьлла, хӀинца шена юха а Оьрсийчу депортаци йан кхерам бу. Цунна Украинехь карийначу адвокато дехар дина хилла Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле, сихонца йукъара барам – махкахбаккхар дехкар – леладе аьлла, амма цкъачунна цу дехарна жоп ца делла.

Батаев Украинехь вехаш вара, цигахь ваха бакъо а йеллера цунна, амма буьззина тӀом болабелчхьана дуьйна Европе эмиграци йан дезна цуьнан.

2022-чу шеран гезгамашин-баттахь Швейцарин Ӏедалхоша иза лаьцна, Оьрсийчу дӀахьажон депортацин набахте кхачийра. Шина баттахь гергга мацалла кхайкхинера цо. 2023-чу шеран мангал-баттахь цуьнан могушаллин хьал телхина, дарбан цӀийне охьавилла дийзира иза.

ГIадужу-баттахь Швейцари реза ца хилира Батаевна политикан мухӀажиран статус йала, Нохчийчохь адамийн бакъонаш йохош йац бохучу кхерамазаллех бахьана а дина. Амма гIуран-баттахь Швейцарино йухабаьккхира депортацин йарх сацам, Батаев араваьккхира депортацин набахтера а.

МухӀажар тешна ву, Оьрсийчохь шена Ӏожаллин кхерам бу аьлла, иза Нохчийчохь Кадыровн Ӏедална критика йеш, цунна дуьхьало латтийнарг хиларе терра. Цул сов, Украинехь вехачу хенахь цо гӀо дора цигахь болх бечу Ичкерин агӀончийн волонтерийн батальонашна.

  • Австрера а, Германира а, Швецера а векалташна хьалха митингаш хIиттийра нохчийн диаспоран векалша, Батаев Iела Оьрсийчоьне дIаваларна дуьхьал, тIедожийра иза маьршаваккха бохуш. Иштта митинг хилира Швейцарера миграцин гIуллакхаш луьстучу пачхьалкхан секретариатна хьалха а.
  • Оьрсийчоьнан эскарш Украине гIоьртинчул тIаьхьа европахойн Iедалхоша цхьацца формалечу бахьанашца шайн пачхьалкхашкара арабохура нохчий, цигахь бертаза тIамтIе хьийсон тарлуш бара уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG