Товбеца-бутт йуккъе баьллачу хенахь Нохчийчоьнан куьйгалло а, цунна тIаьххье пачхьалкхан хаамийн гIирсаша а дIахьедира Оьрсийчоьнан индустрин а, йохка-ээцаран а министралин рейтинган "Регионан экономикехь кхиар" блокехь хьалхара меттиг кхачарх.
Екатеринбургехь хиллачу "Иннопром-2023" гайтамехь хIоттийна йара иза. Рейтингехь коьртачех хилира пачхьалкхера уггар а пайден индустрин 20-топ, цу йукъахь ца нисйелира Къилбаседа Кавказера цхьа а республика.
Хьалхара 20 йоцург индустрихь уггар регионашкара жамIе йу аьлла, индустрин, йохка-эцаран министралло кхо субъект йовзийтира, цара тольлла жамI дира "Шеран чекхъэккхар " номинацихь. Нохчийчоь царлахь а йац. Ткъа оцу программин гурийн арахьа билгалйаьхна кхечу блокашкахь лакхара баллаш кхаьчна регионашна. Цхьахйолчу цаьргахула совгIат дина Соьлжа-ГIалара хьаькамашна.
Нохчийн мехкан халкъан хьашташна шарахь Оьрсийчоьно 300 миллиард сом хьажадо
"Нохчийн республико, доккхачу декъанна, гайтина охьайаэцна продукцин а, индустрихь арахоьцучу индексан а барам дикка лакхабаьлла хилар", - дIахьедира США-н а, ЕС-н а, Украинин а санкцеша лаьцначу регионан премьер-министро Хучиев Муслима.
Керла хаам хIинцале а баржийна пачхьалкхан зорбанан гIирсаша, Нохчийчоьнан кхиамех официалан статистикехь дIоггара къегина боцушшехь: республика аутсайдер йу белхазаллин терахьца а, некъаш тIехь ДТП-хь кхалхаршца а, банкроташ хиларехь а, пенсеш а, хьехархойн алапаш лахара хиларна тIехь а, нехан банкашкахь ахчанаш кIезга хиларехь а, нехан таронаш цахиларехь а шаьш хьалхарчу меттехь хиларах. Оцу йуккъехула Минпромторган рейтингехь хьалхара позицеш дIалаьцна бохуш, Соьлжа-ГIалара схьахезочу дIахьедарша шеконаш йуьту уьш бакъ хиларх.
Муха вовшахтуху регионехь берриг пайда хуьлу продукт (ВРП) – иза территори кхиар гойту коьрта гайтам бу, баккъал а Нохчийчоь стохка хиллий экономикехь хьалхаэккхар, стенна ду Москвана пайден "бюджетан мехех" республика йоьзна хилийтар, листира Кавказ.Реалиин сайто.
Госсектор урхаллехь йу
"Суна а моьттура, вайна дIакъастийна Ичкери оьшу. Амма, дуй буу аса, кхаа батте а девр ма дац вай. Батте а ур-атталла. Ойла йайша, республикана цхьана шарна, Нохчийн республикин халкъан хьашташна 300 миллиард дойу", - дIахьедира 2022-чу шеран йуьххьехь регионан урхалхочо Кадыров Рамзана.
Нохчийчохь "йа газ а, йа мехкадаьтта а, йа ток а йац" аьлла тIетуьйхира цо, кхайкхамбира, таро хир йу Оьрсийчоьнах дIакъаьстича даха бохучу "шайтIанашка ла ма дегIа" аьлла. Европе дIабахначу Ичкерин маршонан агIончашна хьажийна дара и къамел.
Пачхьалкхан "РИА Новости" агенталло 2022-чу шарахь регионашкарчу экономикан хьолах зорбане даьхначу жамIашца Нохчийчоьнан 89 меттигна йукъахь 70-гIа меттиг бу – жимачу Адыгейна а, йуьстахчу Забайкальена а йукъахь. Дустуш аьлча: Ставрополан мохк оцу рейтингехь 28-чу могIарехь бу, ткъа Дагестан -58-чу. Тептаран авторша дуьстира цигахь арахецначу товарийн, узуш йухкучу хIуманийн го баккхар, инвестицеш йан бIегIийла хилар, пайда бохьу заводийн дакъа, иштта кхин а цхьа могIа гайтамаш.
Проблема гуттар а лаьттина йу – Кадыровн режимца йоьзна дуккхаъчу башхаллашца хьал гIоьртина долчу Нохчийчохь хилла ца Iаш, йоллу Кавказехь а
Регионехь арахоьцучу рицкъах дерг аьлча, цо гойту муьлха дакъош тоьлла ду. 2021-чу шарахь динчу хьесапашца а догIуш, Нохчийчуьра ВРП-хь (19,6%) хьалхара меттиг кхечира пачхьалкхан урхаллина. ГIалгIайчоь (27%) дIайаьккхича пачхьалкхехь шолгIа гайтам бу и. Оьрсийчохь йуккъерачу барамехь аьлча, пачхьалкхан секторан ВРП-хь 5% йу, Къилбаседа Кавказан кхечу мехкашкахь йеанна тIера йу (Ставрополь), 15% гергга (Къилбаседа ХIирийчохь).
"Иннопром -2023" совгIат схьаоьйцучу Хучиевс билгалдаьккхира, индустрин индексан барам а, охьадассийна товарийн кхиар а алсамдалар. Билггал аьлча, хIара индекс охьайаьлча йуккъерчу барамехь Оьрсийчуьра Нохчийчохь кхиира иза 5,6%. Амма оццул кхиар гайтира Кхарачой-Чергазийчоьно а, ГIалгIайчохь и гайтам 11 процентанан лакхабаьлла, Дагестанехь – 8%, Къилбаседа ХIирийчохь – 6 процентана.
Пайден маьIданаш гулдар дикка лакхадалар хааделла Нохчийчохь (16%), амма охьайаьлла кечдаран индустри (0,6%). Цуьнца цхьаьна гIишлошйаран бум гIаьттина: бахархошна лерина цIенош дар 2021-чу шарца дуьстича лакхадаьлла шозза.
Регионан экономикехь пачхьалкхан секторан доккхаха долу дакъа – цуьнан кхиар дика дац, хIунда аьлча, пачхьалкхан инвестицеша тIе ца буьту могIарера нах, дукхахдерг вовшахкхетта федералан бюджетера, кхетадо Кавказ.Реалии сайтана йеллачу интервьюхь экономисто, демографо Лифшиц Маринас.
"Оьрсийчоьнан Бюджетан кодексехь дихкина пачхьалкхан белхахойн алапийн нормативаш лакхайаха дотацеш латточу регионашкахь. Цхьана а хIумана тIехь шена эшам ца беш, иштанехьа карадан марзбелла хиллачух тера ду. Нагахь санна, депрессин субъектехь хьаькамийн аппаратана дойу ахчанаш, кхечу регионашкахь санна делахь, экономика кхиаран тIегIа лоха йу, пачхьалкхан урхаллина хьажийна ахчанаш дукха даккхий хилла", - кхетадо къамелахочо.
Дотацин субъекташ кхион пачхьалкхан программаша а, Москвара трансферташа а церан экономикехь тIаьхьахилар сацош ду. Нагахь хьаькамийн алапа, цо куьйгалла дечу дозана тIехь болчу гайтамех кIезиг доьзнехь, цуьнан цаторийла йац и кхион дог иркара хIиттон барамаш леха, боху Лифшица. Цунна хетарехь, оцу кепара воьзна хиларан политика федералан центрна пайден йу, хIунда аьлча, экономикехь чIагIлахь шайн курсаца баха гIорта тарло.
Шина футболан клубан бюджет
1990-2000-чу шерашкахь хиллачу тIемаша йитина хьу лайна а ца йаьлла хIинца а Нохчийчоь. Дуьйцург ду маьршачу бахархошлахь дуккха а хIаллакбина нах а, Оьрсийчоьнан Iедал дIахIотттича тIетаьIIина махкара дIабахна нах а. Экономикан зIенаш а, заводаш, фабрикаш а буьззинчу барамашкахь меттахIоттийна йац, кхетадо Кавказ.Реалиица къамел хиллачу Европехь вехачу экономисто. Шен цIе йаккха ца лиира цунна.
"Цхьа миллион ахмиллион адам дехачу Нохчийчохь 2023-чу шарахь бюджет – 123 миллиард сом ду, вуьшта аьлча, 1,3 миллиард долларш. Иза, масала, кIезиг ду, "Манчестер Сити", "Реал Мадрид" футбалан клубийн бюжетел а. Iаламат даккхий ахчанаш Москвано ло бохург дуьйцийла а йац. Центро лучу ахчанан доккхаха долу дакъа социалан декхаршна дIадоьдуш ду – могушалла Iалашйарна а, дешарна а", - билгалдаьккхира къемелдечо.
Iаткъам бо кхечу факторша а – кхин а тIе оьшу тоькан нуьцкъалла цатоар, логистикан чолхалла, говзалла йолу белхахой цатоар, билггал йолу экономика кхионйолу секторш цахилар аьлла хета экономистана.
"Нохчийчоь шена ма-хеттара йеха, инвестицеш йан таронаш, йоллу Оьрсийчохь а аьлча, къаьсттина Украинехь тIом болийначул тIаьхьа дуккха а лахйелла. Вай хIинца ца йуьйцу Кадыровн раж, кхузахь йуьйцург экономика йу", - тIетуьйхира цо.
Шен ахчанаш Нохчийчу стенна хьежош ду, кхана компани схьайаккха тарлуш хилча, Москвано цунна бIаьргаш хьаббийр бу
Ша цIарца цавийцар дехначу Оьрсийчоьнан федералан экономикан аналитико элира "синтеме совгIат" ду Минпромторго Нохчийчоьнна динарг, хIунда аьлча, республико дикаллин динамика гойтуш йац.
"Проблема дукха генара схьа йу, Кадыровн режимца йоьзна дуккха а башхаллаш йолчу Нохчийохь хилла а ца Iа хIара хьал, йоллу Кавказехь ду. Йеш, арахоьцуш хIума цахилар дика белхан меттигаш йацар, тоьллачу мехкашка кегийрхой дIаэхар, ресурсийн дефицит – оцу доллучо а цхьатерра дуьйцу гонашкара муьлххачу а субъектехь дерг", - дагардира цо.
Шо бен дац бохура цо шогачу санкцийн хьелашкахь Оьрсийчоьнан бизнес лаьтта, ткъа Кадыров иттех шераш ду царна бухахь волу. Цундела воккха инвестор, Оьрсийчуьра а, транснационалан корпорацех а, малхбузенан компанех дерг ца дийцича а, Нохчийчу "бахарх" хинболчу кхерамех хууш бу.
"ХIун гIуллакх ду шен ахчанаш Нохчийчу стенна хьежош ду, кхана компани схьайаккха тарлуш хилча, Москвано цунна бIаьрга хьаббор бу?", - дерзийра цо къамел.
- Къилбаседа Кавказера дукхахйолу республикаш банкашка ахчанаш дохкучех хIоттийначу ретийнгехь тIаьххьарчу могIаршкахь нисло дуккхаъ а шерашкахь. Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу эксперташна хетарехь, оцу кепара статистика бахархошна тIебогIу пайда лахара хиларца доьзна ду аьлла, кхетадойла йац. И доьзна ду иштта шайн вовшахкхетта ахча пачхьалкхана хаийта цалаарца а.
- Соьлжа-ГIалара Москварчу пачхьалкхан университетан (МГУ) филиал кечйийр йу "Смарт Билдинг" компанино. Хьалхо оцу компанина тIедиллинера иштта "Грозный молл" йохка-эцаран а, самукъадаккхаран а центр, Соьлжа-ГIалара аэропортан дуьненайукъара терминал, Соьлжа-ГIалара дуьненайукъара университет, "Ахмат Тауэр" стигал-бохь йар а. Дуккхаъчу миллионашна регионера белхаш кхочушбо даим а, цхьанна а бевзаш боцчу наха куьйгалла дечу фирмаша. Кавказ.Реалии сайто дуьйцу, мехкан урхаллица и комапанеш муха йоьзна хила тарло, оцу кепара хьал – цхьана Нохчийчохь бен стенна дац.