Дуьненаюкъарчу "Хьюман Райтс Вотч" адамийн бакъонаш ларъярхойн юкъаралло Францин куьйгалле бина кхайкхам зорбане баьлла цу вовшахкхетараллин сайта тIехь. Парижехь дIахьочу Eurosatory-2012 цIе йолчу герзийн гайтамашка оьрсийн Рособоронэкспорт-концерн ма яийтархьара, аьлла, дехар до цу кхайкхамехь адамийн бакъонашларъярхоша Францерчу Iедалшка. Бахьана - цу оьрсийн концерно Шемерчу Башар IАсадан Iедална хаддаза герзаш латтош хилар ду.
Хьюман Райтс Вотчо шен дIахьедарехь билгалдоккху, Европерчу пачхьалкхашна юккъехь уггаре а жигара Шемара Iедалш емал деш а, цаьрга шайн махкахь цIий Iенор сацаде бохуш ерг а Франци хилар. Ткъа "цхьана агIор Асад Башаре гIаттамхошна а, маьршачу нахана а тIехь ден таIзарш сацадаре а кхойкхуш, вукху агIор, Асадана коьрта герзаш латточу концернана керлачу контракташна некъаш лаха аьтто а беш, Франци лела йиш яц", бохуш яздо адамийн бакъонаш ларъярхоша шайн кхайхамехь.
Иштта цара бовзуьйту шайн сатийсам, нагахь санна ишттаъ-вуьштаъ Рособоронэкспорт Парижехь дIахьочу гайтамашкахь дакъалаца йюьтуш хилахь, царна кIезиг бен эцархой карориг ца хиларх, ткъа керла герзаш эца гайтамашка баьхкинчу дуьнентIерачу клиенташа, оьрсийн концернан стендаш тергал а ца деш, дуьтург хиларх а.
Хьюман Райтс Вотч юкъаралло жимма хьалхехь иштта кхайкхам бинера, Шемина герзаш дохкарна дуьненаюкъара эмбарго юкъаяккхаре а, ткъа иштта Рособоронэскорт-концернан герзашна доллучу дуьнено а байкот яре а. Амма и кхайкхам цкъачунна жоп доцуш бисина.
Цу юкъана Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министр волчу Лавров Сергейс рогIера дIахьедар дина, Оьрсийчоьно Шемина духкуш долу герзаш деккъа цхьана хIаваэхула болчу арахьарчу кхерамна дуьхьало ечу системех лаьтташ ду, аьлла. Ткъа и системаш дозанал арахьарчу агрессина дуьхьал яккхий бен, кхечу Iалашонашца лелон йиш йолуш яц, боху цо. Иштта Лавровс тоьшаллаш дира, шен пачхьалкхо Шемина духкуш долу герзаш цхьанна а агIор оппозицин гIаттамна дуьхьалтоха йиш йолуш дац, аьлла.
ХIетте а, тергамхойн шеко яц Оьрсийчоьно Шемина духкуш долчу герзаша бIеннашкахь маьрша нах а, гIаттамхой а бойъуш хиларх. Цул совнаха, дукха хан йоцуш нахала делира Башар Асадан ницкъаша Шемера Туркойн махка бовда гIертачу маьршачу нахана некъ боьхкуш, туркойн дозанехь минанийн майданаш ехкина хилар. И минанаш, аналисташа чIагIдарехь, Оьрсийчохь йина ю. Иттанаш эзарнаш мухIажиршна некъ бихкинчу цу минанаш тIехь лилхинчу маьршачу нехан терахь хIинцале а бIеннал тIехдаьлла.
Амма Оьрсийчоьнан куьйгалла шен Шемарчу Iедалца йолу политика кхин дIа а лелош ду. Иштта, Кремло чIагIдо, Шемина герз дохкар - иза дуьненаюкъарчу бакъонашца цхьанадогIуш ду, бохуш.
ЦхьамогIа Малхбузенан Европан а, Iарбийн а пачхьалкхаша а, Цхьанатоьхначу Штаташа а Шемица мах лелор доьхкуш, юккъаяьхна санкцеш Оьрсийчоьно тергал а ца еш йитина, иштта Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Юкъараллин Кхарамазаллин Кхеташонехь кхоьллина хилла Шемин хьокъера резолюци а, Оьрсийчоьнан вето бахьана долуш, тIе ца оьцуш йисина. Цу резолюцехь Башар Асаде беш кхайкхам бара, Шемарчу гIаланашкара танканаш ара а яхий, Iедал шен гIоьнче дIало, аьлла.
Ада догIу, Оьрсийчоьно Шемин хьокъехь лаьцна позици бахьана долуш дуьненан юкъаралла а, Малхбузерчу пачхьалкхийн куьйгалла а, куьйгаш-когаш дихкича санна, цхьана а кепара Асад Башаран Iедална тIеIаткъам бан йиш йоцуш диссина хилар. Амма цу юкъана хIора дийнахь Шемахь бойъучу нехан терахь алсам болуш ду. ТIаьххьарчу хаамашца, цу пачхьалкхан коьртачу гIалин Дамаьшкин юккъехь масех сохьтехь тIемаш хилла. Ткъа Шемарчу гIаттамхойн куьйгалле хаьржина волчу Сид Iабдул Басета Малхбузене кхайкхам бина, шайна тIемаца гIо дахьара, аьлла.
Тергамхошна хетарехь, и тIеман гIо Малхбузенера хьалха я тIаьхьа кхочур долуш ду, ткъа Башар Асадан Iедал карча герга доьдуш а ду. Бакъду, и карчале а кхин мел маьршачу нехан цIий Iенар ду бохучунна жоп хууш цхьа а вац.