Кхо шо кхочуш лаьтта Шемахь тIом болабелла. Цу юкъана пачхьалкхан куьйгаллехь лаьттачу Iасад Башаран эскарша а, цунна дуьхьал къуьйсучу гIаттамхойн тобанаша а тайп-тайпанчу кхиамашца дIахьош дара тIеман тийсадарш. Нагахь санна тIом болабелчул тIаьхьа дукха хан ялале президент Iасад вожа кийча ву аьлла хеталуш хиллехь, - цунна дуьхьало ечу тобанийн тIеман кхиамаш бахьана долуш а, дуьненан юкъаралло доккхахчу декъехь цаьрга гIо доккхуш хиларна а, ткъа иштта Iасадан урхаллера а, эскаршкара а цхьа могIа мехала, цIеяххана болу нах я бевдда, махкара арабевлла, я гIаттамхойн агIор бевлла хиларна а, тIаьхьарчу шарчохь амма Шемин куьйгаллера режим, гаррехь, чIагIъяла йолаелла.
Цу хиламан а ду цхьа могIа бахьанаш. Цхьаьна агIор, Шемахь тIом беш йолу Iасадан дуьхьалончийн тобанаш де дийне мел долу а вовшашца барт иэгIаш схьайогIуш ю. Царна юккъера, официала малхбузено белшашгIортош йолу Маьрша шемахойн эскарий, кхин дIа йолу, доллучу дуьнентIера джихад дан аьлла, цига дIагулъелла тобанаший, ала дашна, дуккхаъ Къилбаседа Кавказера тIемалой а болуш шайна юккъехь, Iасад а, цуьнан эскарш а дицделча санна, вовшашца тIемаш беш ю.
Цул совнаха, джихад дан Шема баханчеран тобанаш а ю вовшашца барт ийгIина. И дерриге а, Оьрсийчуьра а, ГIажарийчуьра а, ткъа иштта луларчу Ливанера ХизболлахI тобанера гIо хуьлчу Iасадана пайдехьа хилла. Цундела а лара мегар ду, шайн Iедал гIеххьачул сов нуьцкъале лоручу цуьнан урхалло тIейогIучу аьхка Шемахь президентан харжамаш дIакхайкхина хилар.
Iасад Башара цу харжамашкахь ша дакъалоцур долуш хиларх цкъачунна дина дIахьедар дацахь а, амма цхьаннан а шеко яц, 2000-чу шарахь шен да, Iасад Хафез, кхелхинчул тIаьхьа пачхьалкхан куьйгалле кхаьчна волчу цуо дакъалоцур хиларх а, цу махкарчу тIеман хьолехь цуо толам боккхур хиларх а. И харжамаш маьрша а, демократикалле а хирг ца хиларх санна.
Малхбузерчу цхьа могIа политикаша хIинцале а емал дина, тIамо лаьцначу махкахь харжамаш дIабахьа лаар. Иштта, масала, Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн юкъараллин куьйгалхочуо Пан Ги Муна дIахьедар дина, и харжамаш Шемахь машар лахарна зене хир бу, аьлла.
Цунна тIетайна Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Евробертан а векалш. „Харжамаш дIабахьа лаар кхин а чIогIа харц хетало карарчу хенахь, Шемарчу режимо шен харжамхойн цIий Iеночу муьрехь“, - иштта дахкадо БиБиСи агенталло цу хьокъехь Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаментан пресс-секретаран Псаки Дженан дешнаш.
Цул совнаха, цхьана муьрехь севцца хилла болу Iасадан эскархоша химин герзаш лелорах хаамш юха а марсабевлла тIаьхьарчу хенахь. Дуьненан юкъараллийца барт а хилла, цу махкара и кхераме герзаш арадохуш дара хIара шо доладелча дуьйна схьа. Амма ши кIира хьалха коста даьржира, Шемахь юха тIемашкахь химин герзаш диттина аьлла. Iасадан урхалло и герз лелорна гIаттамхойн „Нусран фронт“ цIе йолу тоба бехке йира.
Ткъа гIаттамхоша, кхеташ ма-хиллара, химин атакаш йинарш Iасадан эскарш ду элира. Даханчу кIирандийнахь изза элира Францин президента Олланд Франсуас а. Шайна билгал хууш ду, Шемин куьйгалло дукха хан йоцуш химин герзаш тоьхна хилар а, амма иза тIечIагIдан тоьшаллаш дац шайгахь элира цуо.
Карладаккха догIу, Шемахь тIом болабелча дуьйна схьа цигахь, мел кIезга а, I50 эзар стаг вийна хилар. Иштта 2, 5 сов миллион шемахо ведда, махкал араваьлла ву. Ткъа тIом бахьана долуш шайн хIусамех а бевлла, мухIажарш а хилла, Шеман чоьхьарчу кIошташкахь тIамах уьдуш лелачийн терахь 6 миллионал совдаьлла.