Масхадов Анзор, тIе ца эцначу Ичкерин хиллачу президентан кIант Киеве веана ву. Масхадов – Норвегин вахархо ву, цо дIахьедо, Оьрсийчоьнна дуьхьала бечу тIамехь Украинана муьлхха а гIо латтон дагахь ву ша, иштта, украинхойн хьаькамашца а, жигархошца а цхьана Нохчийчохь хиллачу шина тIамехь а, тахана Украинана динчу чугIортарехь а оьрсийн эскаро лелийначу зуламийн цхьа база а кхоьллина, юкъараллина дIагайта дагахь ву иза.
Кавказ.Реалиица хиллачу интервьюхь Масхадов Анзора дийцира дукха хан йоцуш оккупаци йина хилла гIаланашкахула а, ярташкахула а шен леларх лаьцна, украинхошца цхьанакхетарх а, иштта, дийцина, дуьненан юкъараллин стенна ю Нохчийчохь а, Украинехь а хуьлучу тIемашна хьокъехь башха реакци?
– Украинаца хIун гергарло ду хьан?
- Украина гергара пачхьалкх хета суна. Кхузахь шортта суна бевзарш бу, цхьаболучаьрца доьзалашца доттагIалла леладо оха. Тхан деца цхьана эскарехь хилла накъостий бара Украинера. Оьрсийн-нохчийн тIемашкахь украинхой тхоьгахьа бара, Оьрсийчоьнна дуьхьала тIом бора. Хьалха со дукха хуьлура Украинехь. СССР йолчу хенахь а лелара ненаца кхуза. ТIехдуьйлуш тайп-тайпанчу гIанашкахь хуьлура: Киев, Житомир, Донецк. Дукхазза хилла Донецкерчу аэпортехь.
Кадыровхой кхечу пачхьалкхе баьхкина тхан къам хIаллакдинчеран агIо лаьцна. ХIунда? Муьлхачу бахьнаца?
ТIом болабелча дуьххьара ойла Украине ваха веза аьлла яра. Дуккха а хан яккха гIур вуйла хаьара суна. Фронте а, мичча а. Чиллан-беттан 24-хь иза доладелча со наб кхеташ вацара, интернет толлура, сагатдора, хьостанашка хьоьжура. Киевехь хIинца суна атта, синтеме а ду. Со кхетта, Украина – иза тIелатар дан мега пачхьалкх ца хиларх. Украинерчу нохчийн батальонийн эскархошца (Ичкерин агIончех лаьтташ йолу - ред.) зIе латтайо аса. Ас суо дIавогIу аьлча, самукъадаьллера церан.
Норвегахь сан доьзал а, могуш йоцу нана а, гIуллакхаш а ду. Сайн цхьацца гIуллакхаш чекх а даьхна, новкъавелира со. Сан кIант а вара тIом бан лууш, амма сихха кечам бина, со суо схьавеара.
ХIинца цхьанакхетарш дIа а хьош, дIаэн гIерта со. Нохчийн батальонашкара эскархой гIо оьшуш бу, дукха бу кхузахь статус йоцурш. Оха цхьанакхетаршкахь иза дийцаре до. Украинерчу официалан Iедалхошка кхайкхам бина ас, и кхачамбацарш листар доьхуш.
Оьрсийн оккупацехь хиллачу гIаланашка, юьрташка лела тхо, нахаца цхьанакхетарш до. Киевна уллохь "байрактараша" (беспилотникаша – ред.) аьхьначу оьрсийн техникан ковранаш гира суна.
– Украине кхачар проблемаш йоцуш нисделирий хьан?
- ХIаъ. Норвегехь массара къобалйо Украина. Норгаша царна гIоьнна кеманашна дуьхьала йолу францхойн ракеташ елла. Иза машаре нейтралан пачхьалкх ю. Амма кхузахь дакъа лаьцна. Кхуза Австрера вагIахь, юхавирзича проблемаш хила мега, ур-атталла гIуда тоха а тарлора, иштта ду Германехь а. Амма Норвегехь хьо оьрсашца тIом бан новкъаволуш ву ала мега, лартIахь реакци йийра ю цара.
Польшерчу дозанехь оха элира тхо муьлхха а гIодан доьлхуш ду, ур-атталла тIом бан а аьлла. Полшхоша чекхдовлийтира оцу минотехь. Ткъа Украине чукхоччуш элира гIо дан вогIуш ву. Сан Норвегин вахархочун паспорт ду, проблемаш ца хилира. Украине чукхаьчначу хенахь хиира, блокпосташкахь хIора денна хуьйцуш йолу паролаш ала езийла.
– Шу лелачу гIаланашкарчу наха хIун дуьйцу, шу дахкарна муха реакци йо цара?
- Аса массанхьа суо нохчо хилар билгалдоккху. Цхьаболучарна со вевза, самукъадолу со а, сан накъостий а Украинехьа хиларна. Киевехь со машенан сервисан белхалочунна вевзира, цига чкъургаш тойан кхаьчнера тхо. Цо хаьттира соьга: "Хьо хир ма вац иза?" Ас боху: "Со ву!" Сан ютуберчу видеошка хьоьжу ша элира цо. Блокпостехь со иштта цхьана эскархочунна а вевзира, цо бохура: "Хьо гур ву ца моьттара суна". Амма хазахетара царна со Украинехьа хиларна.
Оккупацих кIелхьараяьккхинчу кхечу нах бехачу юртахь кхузткъе итт шо хир долу йоккха стаг тIееара суна. Бохура: "Ма дагахь доцу цхьанакхетар ду хIара!" Дуьйцура, цуьнан юьртарчу оккупанташлахь оьрсий а, казахаш бара, танкхой. Цара танкаш чуялайора нехан керта. Цуьнан хIусамера махболу хIумнаш лечкъийнера. Бахархой ураме арабаьхнера, нах боьлхура.
Иза дуьйцучу хенахь и зуда а яра йоьлхуш. Эскархошка шен кIантана герз ца тохар дехнера цо. Иза дийна виссира. Эскархоша шайна кхача боьхура, царна жоп делира, йисинарг картол а, хи чу йоьхкина наьрсаш бен яц, аьлла. Уьш дIа а яьхьна, бод совсориг а йийхира. Хетарехь, малар кечдан оьшуш хилла. Лачкъийначуьнца дIабахана. Оцу юьртахь цара герзаш диттина шина къоначу стагана. Цхьанна 32, вукхунна 35 шераш дара.
Дукха хан йоцуш Бучехь къизаллаш лелийначу эскархойн цIерш гIараяьхна украинхойн леринчу сервисаша. Цигахь шиъ нохчо ву, биссинарш – оьрсий, буряташ, кхечу къомах берш а. Амма зорбанаша дестийнарг дара, цигахь нохчаша дакъалацар. Оха кхетадо, тхуна тхайна а ца хета уьш нохчий, уьш кадыровхой бу, ямартхой.
– Нохчийн диаспоран муха юкъаметтиг ю кадыровхошца?
- Уьш нохчийн къоман ямарт нах хета. Ала мегар долуш, суна уьш оьрсийн оккупантел чIогIа бIаьргбахка ца беза. Сан дукхачу махкахошна а хета ишта. Кадыровхой кхечу пачхьалкхе баьхкина тхан къам хIаллакдинчеран агIо лаьцна. ХIунда? Муьлхачу бахьанаца? ТIом бан лаам белахь, логикаца нийса дерг дара Оьрсийчоьнан тIеман декъанна тIелатар дар, байъинчу нохчех дIадекхархьама.
Стенна оьшу Украине эхар? Украинхоша тхуна тIе бомбанаш ца кхийсина, тхуна тIелетарш ца дина. Кхеташ дац. Ша иза ахчанна дуьхьа дацахь. Ткъа болх бан вахар гIоле ду. Iаткъамца кадыровхойн рогIе нислурш а бу. Ца водахь – хьан гергарнаш, зуда, нана юьйр ю бохуш. Ур-атталла аса кхайкхам а дIаязбинера, шун синош кIелхьарадаха, Украинан агIоне дехьабовлийтархьама агIонашна юккъехь дийцарш дан со реза хилар хоуьйтуш.
– Нохчийчуьра куьйгалло муха реакци йина хьан Киеве вахарна? Уьш лерина хьовсу ахь лелочуьнга.
- Со украинхойх дIакхетар иза Кадыров [Рамзанна] доккха тохар дара. Иза кхеташ вац аса кхузахь хIун леладо а, стенна веана а. Кадыровна а, цуьнан гонна а моьттура со кхуза "тиктокаш" яха веана, аьлча а, видеош яха. Амма иза сун гIуллакх дац. Ур-атталла цхьамма видео а яьккхинера, со Львове веана, маса юха а гIур ву бохуш. Амма со Киевехь ву, дуккха а Iан веана ву со кхуза.
Дуьненахь нах хIинца кхета буьйлабелла, мичара богIу кхерам, иштта нохчаша Оьрсийчоьнан агрессина дуьхьала тIом беш хилар а.
Со кхуза вогIучу хенахь сайн нохчийн юкъараллера зIенаш тидаме оьцура аса. Европерчу муьлхха а нохчочунна тIеваха йиш ю сан, ур-атталла цаьргара гIо деха а. Оцу тIехь сан ден авторитето гIо до суна. Иза массара а къобал вора. Ур-атталла тайп-тайпана политикан хьежамаш болчу наха а. Суна хаьа, кхинболу сан махкахой а бу кхуза бахка лууш, амма легалехь, низамца а догIуш. Иштта, уьш Оьрсийчоьне дIа ца балийта а, масала, Польшано, Румынино санна.
Украинехьа тIом бан ца оьшу, иза бусулба пачхьалкх яц, джихад, йа гIазот дац иза бохуш, нохчий тешон гIерташ пропагандина тIехь болх бу беш кадыровхоша. Моллас Межиев Салахьа боху, Оьрсийчоьнехьа тIом бар иза джихад ду. Амма кхузахь къаьсттина украинхойн сийлахь тIом бу – шайн латтанан а, бехачу хIусамийн а дуьхьа. Уьш бакъ бу, цундела дуьнено царна гIо до.
– Украинехь нах кхаьрда Кадыров Рамзанах, цунах "дон-дон" бохуш, цуьнан куьйгкIеларчу тIемалойх "тикток-эскархой" олу. Нохчийчоьнан куьйгалхо вовзарх лаьцна хIун эра дара ахьа?
- 1990-чу шерашкахь Нохчийчохь дагавогIу суна Кадыров. Шен ден хадархо санна цунна уллохь лелара иза. Жима волуш шен къамелехь "дон" боху дош дара цо лелош. Цо тIом бина олу, ша дуьххьара оьрсий 16 шо долуш вийна олу, амма иза бакъ дац. Оцу хенахь цо цхьа а ца вийна, йа тIемашкахь дакъа а ца лаьцна. ТIаьхьо дестийна дуьйцура цуьнан биографих, чIогIа майра тIемало, латархо ву, Оьрсийчоьнна дуьхьала тIом бина, юха цуьнан агIоне сехьа ваьлла бохуш. Иза туьйра ду.
Оцу хенахь цхьа могIарера жимстаг вара иза. Массарна тIе а оьхуш, шен тапчана патармаш доьхура цо, герз кхийса лаьара цунна. "Береттан" а, "Глокан" патармаш оцу хенахь духкуш дара тхан, дораха а дацара. Хетарехь, ахча дацара Кадыровн. Оцу хенахь Iедале гIерташ вацара иза, ур-атталла ша цигахь хир ву аьлла а ца хетара.
– Хьуо фронте а ваха мега элира ахьа. Герз лелон хаьий хьуна?
– ХIаъ, тайп-тайпана – сан да тIемало, артиллерист хиларна. Кхийсархойн герз лелон хаьа, амма кхечаьрца цхьа а кхетам бац. Практикехь леладо, диц ца дина. Сайн хаарш карладаьхча артиллерехь тIом а балур бара. Тахана керла технологи ю, кхоьссина снаряд хьажийначу кхета. 155 миллиметр барам болу гаубица ю Швецехь. Ерриг снарядаш хьажийначу мете кхета цхьана хеначохь.
Ткъа Оьрсийчохь элита шена ахча доккхуш Iачу юкъанна, [Оьрсийчоьнан президента Путин] Владимира а, цуьнан олигархаша а ахча лечкъочу юкъанна техника Iад дIа лаьтташ яра, уьш тойан ахча дацара. Оцу хеначохь Германино, Францино, Израиль пачхьалкхо а тIеман агIонехула кхиамаш бохура. "Джавелинаш", "байрактараш" арахоьцура, керла гаубицаш а. ХIинца Оьрсийчоьно Украине шен шира техника чутеттина. Тхан ден тIеман декъехь суна гина техника ю иза.
– ХIинца тIом баран кеп Нохчийчохь хиллачух къаьсташ юй?
- Уьш (оьрсийн эскархой. – ред.) иштта ехачу ковранашца чубогIу, украинхойн и ковранаш хIаллакйеш ракеташ, "Градаш" йоллушехь. Уьш Соьлжа-ГIала ковранашца чубогIучу хена оха уьш чекхбовлуьйтура. ХIунда аьлча, да хIума дацара, уьш сацон герз дацара тхан. Уьш гIали чу а бахкийтина, циггахь хIаллакбан сацам хилира. ШолгIачу тIамехь уьш кхечу агIор лела буьйлира, дерриг хIаллакдора цара, гIали чу а ца богIуш. "Градашца", "Ураганашца" тохарш дора. Вуьшта аьлча, церан тIом баран кеп хIинца а ца хийцаелла.
– Хьуна Путин хета хьайн коьрта мостагI, йа Кадыров?
– Ас Кадыровна критика йо, цхьаболчу нохчаша вайн мостагI Путин ву, ма леладе и олу соьга. Амма Кадыров ямартхо хиларна суна иза кхин а чIогIа бIаьргаван ца веза.
– Украинехь бурятхой кадыровхошца летта бохуш, хезний хьуна?
- ХIаъ, со цец-м ца волу. Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманчохь оьрсийн эскархоша сих-сиха вовшашна тIе герзаш деттара. Суна цхьа хилам дагабогIу: СССР-н байракх а эцна, цуьнца БТР тIехь хехкалора цхьаберш. Герз кхийса хIуьттира тIаккха. Лаьтташ ОМОН ю, ткъа уллохь йогIуш БТР ю цIечу байракхашца. И омонхой лаьттачу меттигна тIехбевллча, уьш болчу агIор герз кхосса тарлора, ткъа вукхара дуьхьал детта доладора. Царна юккъехь герзийн кхийсарш долалора.
– ХIинца Украинана гIо деш ерриг аьлча санна Малхбузенан пачхьалкхаш ю, уьш йоцурш а. Шен хенахь дуьнено иштта Нохчийчоьнан суверенитет къовсуш гIо ца дарна вас хиллий хьуна?
- Хилла дера! Оцу герзийн жима дакъа тхуна деллехь, оха оьрсийн эскаран букъ кагбийр бара. Тахана цара Украинан дахар а талхор дацара. Тхуна тIом бан атта дара, лаьмнаш ду, ша ландшафто а гIуллакх аттачу доккхура тхан. Тхан "джавелинаш", кеманаш хиллехьара… Трофейн танкаш бен яцара тхан, амма цхьанна а ца лаьара цу чу хаа, хIунда аьлча, уьш йогуш, лелхаш гинера. Тхоьгахь гранатометаш, пулеметаш, автоматаш бен яцара.
– ХIун ойланаш яра хьан Охан-беттан 28-хь Киевна тIе ракетан тохар дича?
– Ур-атталла ракета хIинцца кхуза кхетарна а кийча ву со. Сирена хезча тхайчарех цхьа а ца воьду дIалачкъа.
Дуьххьара оьрсийн-нохчийн тIом болабелча доьналла долу нохчий дIалечкъа ца оьхура. Дера сонталла ю иза. Цул сов, кхерамах лаьцна хаам бен система яцара тхан. Ракеташ, бомбанаш еттара. Кеманаш сих-сиха лелара гIалина тIехула, шаьш чудоуьйтур доцийла кхеташ хиларна – гIирс бацара. Оха йоккхачу тоьпаца кеманна йеттара.
Маршонан къийсаме нохчий юхаберзийтар къоман юккъера схьа хила деза… Къам хIинца а кхоьруш ду
Дуьххьарчу [оьрсийн-нохчийн] тIамехь цара цкъа мацах ракеташца жIара-некъанна тохарш динера. Шортта маьрша нах белира, америкхойн журналист а йийра. Машенаш йогуш яра, верриг уьдура, лазийнарш чуьра схьабохура. Нах тIегулбеллера. Кемано юха а дирзина, кхин цкъа а оцу метте тохар дира.
1996-чу шарахь аьхка кема схьа а дена, бомбанаш кхийса хIоьттира. Уьш юьртанна тIе эгнера, амма ца лилхинера. Пхи минот елира, тIаккха нах тIе а гулбалийтина лилхира уьш. Тхуна километр генахь дара иза.
– Хьуо кхерамазаллехь хета ала гIерта хьо?
- Со синтеме ву. Норвегехь кадыровхошна нохчо карийна хиллера, со вийна, дуьхьала ахча схьаэца кийча. Цунах лаьцна соьга сан да вевзаш хиллачу Кадыровн уллорчу наха хаамбира. Кадыровн гонера массара а ца во иза къобал. Ас и хаам полицига дIакхачийра, гIуллакх толлуш бу уьш.
– Дуьнено иштта башха стенна тIелоцу Нохчийчуьра а, Украинера а тIемаш?
– Оьрсийчоь йоккха ю, цхьанна ца леара цуьнца дов даккха. Малхбузено шен политикан а, экономикан а интересаш ларйора. Кхоьрура Оьрсийчоьнах. Ур-атталла Iарбой а, вайн динан вежарий, шайн батт дIа а къевлина Iара, Оьрсийчоьнца ловзарш леладора. Iарбойн махкахь нохчочунна цхьа а статус кхача аьтто бац цханне агIора. Цхьа а гIо ца до.
ХIинца оьрсийн пропагандано бусулба нах Американа, Европана дуьхьала боху. Ур-атталла кадыровхойн тролляш ю хийшина Iаш, масала, Америко Палестинана гIо стенна ца дора бохуш, бусулбачарна гIо стенна ца до цо бохуш. Оцу хаттарна аса доца жоп ло – Путина 300 эзар бусулба стаг вийна Нохчийчохь.
Оьрсийн-нохчийн шолгIа тIом болуш Америкехь Гезгмашин-беттан 11-хь хилла теракто хийцира дуьненан нохчашка йолу ойла. Верриг вайх дIакъаьстира, радикалан исламаца, Усама бен Ладенца зIенаш хиларх кхерабелира, хIунда аьлча, Оьрсийчоьно вайх террористаш аьллера.
Дика ду-кха хIинца дуьненахь нах кхета буьйлабелла, кхерам мичара богIуш хилла а, нохчаша Оьрсийчоьнан агрессина дуьхьала тIом беш лелла хилар а.
– Хьан да тайп-тайпанчу пачхьалкхашкара гIо доьхуш хьийзачу хенахь, дуьне реза хIунда ца хуьлура орца даккха?
– Оха бусулбачу пачхьалкхашка гIо доьхура, иштта, ерриг Европан пачхьалкхашка а. Гуьржийчоьно а дош ца олура, Оьрсийчоьнца ловзарш леладора цо. Оцу хенахь Тбилисино тхуна гIо динехьара 2008-чу шарера тIом хир бацара. Оцу хенахь и шизофреник ца сацийра, тIаккха тахана Украина хили. СемаIашкара, Алдера маьрша нах байъар Бучехь хиллачул а къиза дара. Оьрсийн эскархоша цигахь инзаре хIуманаш леладора.
– Украинхой дог тешна бу, Оьрсийчоьнна латтон дуьхьало церан толамца йоьрзург хиларх. Нохчашна тIехь муха лар юьтур ю оцу гIуллакхо?
- Путинан режиман чакхе тIекхачахь, Кадыровн чакхе а хIуттур ю, цуьнан марионеткан. ТIаккха тхан пачхьалкх юхаметтахIоттон аьтто хир бу тхан. ХIинца ур-атталла тхан Европера кегийрхой бу цига баха лууш. Цхьаберш Туркойчуьра бахка лууш бу. Къамелаш до, вайн цIахь тIом баккха беза бохуш. Оцу наханна баккъала болу тIом ца гина шайн бIаьргашца. Пхи эзар нохчо вайн латтанаш схьадаха веъча, царех эзара кхелхар ву, вайн мостагIчун ткъа, йа шовзткъе итт вуьйр ву. Амма жамI муха хир ду? Хир а дац, Iедалехь Путин мел ву.
Маршонан къийсамна нохчий юхаберзийтар къоман юккъера схьа хила деза. Цхьа а гIаттам бан аьтто бац, йа тIамехь толам бакхха йиш яц дерриг къам тIетайна ца хилча. Къам хIинца а чIогIа кхоьруш ду.
– Кадыровн уллора цхьаъ иза дIаваккха гIертарг хилар тIедуьтий ахь?
– Иза хила йиш ю! Хаац, муьлхачо, амма шен гонах а кхоьруш ву иза. Соьлжа-ГIаларчу суьрташка хьовсал – цуьнца лаьттачу нахехь йолу тапчанаш чохь патармаш дац. Иза кхоьруш ву.
– Оппозицин блогерца Абдурахманов Тумсоца, бакъоларъярхочунца Садулаев Мансураца пресс-кхеташо елира ахь Бельгехь, цигахь элира, Европерчу нохчаша кадыровхой а, церан Украинана дуьхьала тIом а къобал ца бо. Дийцахьа, хIун Iалашонца хIоттийна яра и пресс-кхеташо?
- Ямартхой тхан къоман кIентий боцийла дIахаийта гIертара тхо. Тхо доьналлица онда дара, тхайн нохчийн истории ларйора оха. Тхуна цкъа а ца дицделла тхуна тIехь Сталина динарг, тхуна дагайогIу депортаци. ТIаккха цхьамма ямартло йо – кадыровхой мостагIчун агIоне бовлу. Цул сов, цара массарна а гойтуш нах сийсазбо, зударшна етта.
[Украинера] тIом болабелча кадыровхойх "нохчий" элира, церан къизаллех лаьцна яздора. Сан а, кхечу блогерийн а болх тхуна уьш нохчий ца хетийла украинхошка дIакхачоре хьажийна бара. Уьш ямартхой бу, нохчийн маттахь кхамел дийраш.
Со теша Путино зарратан герзах пайда эца мегарг хиларх. Ур-атталла аса сайн бевзачу нохчашка хоьттура, цаьргахь противогаз юйла
Ма-дарра аьлча, уьш оьрсийн эскархой бу. Цхьанхьа яздо "нохчийн полици", йа "нохчийн эскархой" олий. Амма Нохчийчоьнан къаьстина эскарш дан а дац, оьрсийн бен. ХIинца дукхахберш кхета буьйлабелла. Тхан белхан жамIаш хаало суна. И дIадуьйцу оха хIинца а. Дукха нохчий бу Оьрсийчоьнна дуьхьала тIом бина хилла. Царна лаьара кхуза схьа а баьхкина, оьрсийн эскарна дуьхьала тIом бан. Амма цара ойла ца йо, тIаьхьо Европерчу Iедалшца шайн проблемаш хила мегара аьлла.
Оьрсийчоьно Украинехь лелийнарг "геноцид" лоруш сацам тIеэцна Украинан [Лакххарчу] Радано. Лаьара, нохчийн къомана дуьхьала лелийна геноцид тIелацийта а. Иза Оьрсийчоьнна Iаьткъар дара.
Оьрсаша тхан Нохчийчохь лелийнарг а, кхузахь, Украинехь лелориг а нахана дIагойтуш, проект юкъаяккха дагахь ву со. Оха инзаре эшамаш текхна. Кхеташо, йа гайтам хIоттон. Проектана "Оьрсийчоьнан тIеман зуламаш" аьлла, цIе а туьллуш. Гуьржийчоь а, Украина а, тхо а вовшахтухуш. Кхаа тIеман гайтам [хIоттон].
– Украинера тIом дIабахбаларх лаьцна хIун аьлла хета хьуна?
- Со тешна ву, и шизофреник соцург ца хиларх. Со теша Путина зарратан герзах пайдаэца мегарг хиларх. Ур-атталла аса сайна бевзачу нохчашка хоьттура, цаьргахь противогаз юй. Цхьанхьа ю элира цара соьга. Уьш шайн уллохь латтайе элира аса. Бакъ долуш, противогазо химин тIелатар дича гIодан мега, амма радиацих кIелхьара валалур вац. Цхьа аьтто балахь бен.
***
Оьрсийн эскаро Украинерчу маьршачу нахана дуьхьала лелийна зуламаш дуьххьара Охан-беттан 13-хь Американ президента геноцид ю элира. Стигалкъекъа-беттан 9-хь Джо Байдена "тIеман тийсадаларш чекх довллалц" украинхойн эскарна ленд-лизехула тIеман гIирс дIакхачоран низамна кIел куьйгяздина.
Оьрсийчоьнан политикан а, тIеман а ницкъаша Нохчийчоьнан бахархошна тIехь дина зуламаш ца хьехорна дуьхьал пикет хIоттийна Европехь бехачу нохчийн диаспоран векалша. Гаагерчу Дуьненаюкъарчу бехктакхаман кхелан гIишлонна хьалха дIаяьхьна и акци. Митингаш вовшахтуху дуьненаюкъарчу "Машар а, адамийн бакъонаш а" ассоциацин президента Ибрагимов Саид-Эмис а, тIе ца эцначу Ичкерин архьарчу урхаллин куьйгалхочо Закаев Ахьмада а, цуьнан накъоста Солтыханов Алим-Пашас а.
ЧугIоьртинчу оьрсийн эскархошна дуьхьала Украинан агIо лаьцна тIом беш шиъ нохчийн шайн лаамехь тобанаш ю - Дудаев ДжовхIаран а, Шейх Мансуран а цIарах батальонаш. Кадыров Рамзанан кхерамаш тийсарал совнах, Украинан Iедал а ду царна тIаьхьдаьлла – дахначу шарахь къоман кхерамазаллин Кхеташоно нохчийн эскархошна дуьхьала санкцеш ехира.