ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Со нохчийн къоман мостагI вац, со кадыровцийн мостагI ву". Янгулбаев Абубакарца йина йоккха интервью


Янгулбаев Абубакар
Янгулбаев Абубакар

Чиллан-беттан юьххьехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхерам тесира 30 шо долчу бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран доьзал хIаллакбийр бу аьлла. "Уьш миччахь хиларх, мел чIогIа къайлабовларх, тхуна уьш карор бу, хIаллакбийр бу", - дIахьедира мехкан куьйгалхочо. Цуьнан гергарчо, Оьрсийчоьнан думан депутато Делимханов Адама чIагIо йира церан "коьртеш даха". Оцу кепара хаамаш битира социалан машанашкахь кхечу Соьлжа-ГIаларчу лаккхарчу даржхоша а. Иштта, кхерамаш туьйсучу флешмобах дIакхийтира ткъех, цара лелош болу юкъаралхой а, меттигера бахархой а.

И дерриг а нисделира, Дечкен-беттан 20-чохь Нижний Новгородерчу ЯнгулбаевгIеран хIусамчу бакъоларъяран органийн белхахой лилхинчул тIаьхьа. Абубакаран да а, нана а – суьдхочун болх бина Янгулабев Сайди а, Мусаева Зарема а – бертаза тIедаладе курхаллаца доьзначу гIуллакхна тIехула тешашка санна хеттарш дан аьлла, документаш дара цаьргахь (тахана а хууш дац, хIун гIуллакх ду дуьйцург). Янгулбаевн – воккхахаволчун суьдхочун статусо цунна тIе куьйгаш дахьа бакъо ца хилийтарна, хьешаша Мусаева дIайигира шайца, диабет лазарца, инсулинах йоьзна йолу.

Бакъоларъярхочун нана чохь йитира 15 дей-буьйсий хан а тоьхна – полисхо сийсазвина цо аьлла. ТIаьхьо бехкзуламан гIуллакх диллира – МВД-н белхахочунна тIелатар дина аьлла. Иза лаьцна латтон ши кIира даьлча бен аьтто ца хилира адвокатан цунна тIекхача: тIаккха хиира, административан гIуллакхна тIехула кхеташо дIахьочу заманчохь Мусаева кхетамчохь ца хиллийла. Оьрсийчоьнан президентехула адамийн бакъонаш Iалашъяран Кхеташоно доьхура Талламан комитете, Нохчийчуьра цуьнан гIуллакх кхечу регионе дIало бохуш, амма цкъачунна жоп делла дац. Оцу заманчохь Европерчу адамийн бакъонийн кхело тIедожийна Оьрсийчоьнна хIора шина кIиранчохь Мусаева Заремера могушаллин хьолах лаций шайга хоуьйтуш хила аьлла.

Иза СИЗО-хь латточу юкъанна, Соьлжа-ГIалахь митинг дIаяьхьира ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал: цига дIахьажийнера бюджетан белхахой а, студенташ а. Меттигерчу хаамийн гIирсаша дийцарехь, митинге веанера 400 эзар стаг, ткъа Кавказ.Реалиин хьасташа хаамбира, веанарг 30 эзар декъашхо вара аьлла. Чиллан-беттан 2-чохь оцу акцехь вацара Кадыров – Москвахь иза тIеэцнера Путин Владимира. Цул хьалха ЯнгулбаевгIарна гонах долчу хьолан а, туьйсучу кхерамийн а терго ца еш, тесна дуьтура Кремло: пресс-секретарь Песков Дмитрий цкъа шеквара Мусаева нуьцкъаша лаьцна бохучух, юха Делимхановн кхерамех лаьцна комментарий эца Пачхьалкхан Думе хьажийра.

Амма бакъду: Путинца цхьанакхетар хиллачул тIаьхьа, цигахь официалехь дIахьедарца, дийцарединера Нохчийчуьра социалан-экономикан хьал, йа Кадыровс а, йа цуьнан гоно а ЯнгулбаевгIар хьахош бац. Регионан Iедалхоша кхин дIа комментареш йийр яц дозанал арахьа бехачу критикаша дуьйцучух аьлла, шогачу кепехь дIахьедира меттигерчу зорбанан министро Дудаев Ахьмада.

ЯнгулбаевгIеран вежарий – Абубакар а, ИбрахIим а- оппозицин 1АДАТ телеграм кхоьллинарш а, цунна модераци еш берш а бу аьлла хета Кадыровна. Масала, Дечкен-беттан 21-чу дийнера 24-чу дийне кхаччалц схьа Нохчийчоьнан урхалхочо оцу темана лерина 10 текст а, видео а хIоттийра шен телеграм-каналехь.

Стохка ГIуран-бутт бовш Абубакар лецира Пятигорскехь, цхьа ши сахьт даьлча дIахийцира – оцу дийннехь Оьрсийчуьра аравелира иза. Ткъа ЯнгулбаевгIеран доьзал Кадыровн къинхетамзаллех баьлла 2015-чу шарахь дуьйна. ИбрахIиман а, Абубакаран а дIахьедаршца а догIуш, цу шинна еттачу хенахь дакъалоцуш хилла ву ша Кадыров а.

"Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" юрист хиллачу Янгулбаев Абубакара ма-дарра дийцира Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь, шайн доьзалан Кадыровца дов даларх а, Нохчийчуьра довда шайн стенна дийзира а, кхин дIа ша дендолчух а.

- Со нийса кхеттий, бакъонашларъярехь хьо нисвелла, иштта ала тарлахь, Кадыровх бахьана а даьлла? Хьо а, хьан ваша ИбрахIим а, шун да Сайди а Нохчийчоьнан куьйгалхочунна тIевигинера? ХIунда? Дийцахьа цунах лаций.

- Ма-дарра дийца волалахь, кхин а хьалха хиллачунна тIера волавала веза, со а, сан вежарий а, йиша а кхиина зама билгалйоккхуш. ХIун дара тхуна гинарг. Тхуна гинарг хIара дара. Тхуна, бакъдерг дийцича, бераш дара уьш, шайн даймохк Iалашбан арадевлла. Билггал уьш арабевллера, амма царех террорхой элира. Оцу юкъанна, тIеман зуламаш динчу нахана совгIаташ дора. Цара нах лечкъийнашшехь. Суна сайн бIаьрга дайна ду, бехк боцучу нахана тоьпаш тухуш, уьш лоьлхуьйтуш, царна тIе гранаташ кхуьйсуш, ткъа оцу нахана совгIаташ до.

- Билгалдаккхахьа, мила ву ахь вуьйцург?

- Орсийчоьнан эскархой.

- Кадыровцаш бац? Федералаш бу?

- ХIаъ, федералаш. ТIаьхьа царех дIакхийтира кадыровцаш а.

- Амма ахь хIинца дуьйцург нохчийн тIамах дерг ду. Маса шо дара хьан хIетахь?

- Суна тIом дагабогIу 1994-чу шарера схьа дуьйна. Сан хIетахь ши шой, беттанаш дара, суна хIетте а дагадогIура ларми чохь тхо муха Iара, со когавахна вара. Суна и дагадогIу. Ткъа шолгIа тIом болабелча, со шолгIачу классехь доьшуш вара. И дара 1999-гIа шо. Оцу тIамтIехь хилларг а дагадогIу суна, - суна дерриг а дагадогIу – сан ворхI шо дара хIетахь. ХIетахь дуьйна харцонех хеттарш хIуьттура сан коьртехь. Цкъа делахь, сан диъ шо долчу хенахь суна гина кино, - "Храброе сердце" ю и, суна дагахь йисина, 1999-гIа шераш дара уьш. Нохчийчохь хIетахь чIогIа гIараяьлла кино яра иза.

- Стенца дагахь лаьтта хьуна и?

- Шотландин суверенитете кхача гIерташ беш тIом бу, цигахь, эр вай, шотландхой бу хьийзош ингалсхоша. Нохчийчохь хIетахь хуьлуш долчуьнца чIогIа догIура иза. Со тIамна дуьхьал ву, амма со кхета, муьлххачу къоман бакъо ю ша шен меттиг къастон, дуьненаюкхъара бакъо ю иза муьлххачу къомана кхачош. ЛартIахь хIума ду иза. Со даггара кхеташ вацара, шолгIа тIом боьдучу заманчохь дуьйна, шен хIусам, шен доьзал, шен мохк Iалашбан арабуьйлу кегийрхой террорхой хIунда бу? Нах бойъуш, лечкъош, адамна тIехь къизаллаш лелораш – федералаш а, кадыровцаш а – турпалхой хIунда бу? ХIетахь дуьйна сан коьрта чохь конфликт яра. Иштта диссонанс ю-кх.

- ТIом боьдучу заманчохь Iазап хьегийтарх а, нах лечкъорах а истореш – хьуна уьш хезна ю?

- Гина а ю. Аьхке, 2001-ра шо, гуттар а санна де ду. Суна го, тхан лулахо, доьзалан да лачкъош. Иза муха лачкъаво? Оцу цIийнан кевнех туху БТР, лулахо дIавуьгу эскархоша. Сауна яра цо латтош. Ткъа иза дIавигаран бахьана дара, оцу сауне лийча нохчий оьхуш хилар. Оьрсийчоьнна дуьхьал тIом беш хилла нохчий. Царна гIо латтош ду, цо царех лаьцна шайга дIахаийта дезара аьлла, хеттера царна. Кхо де даьлча цуьнан дакъа схьадеара, кевнан бертехь охьакхоьсинера, цуьнан дакъа кхехкийча санна дара – ток йеттийтина. Суна гина ду иза.

Цул тIаьхьа цхьана Iуьйранна эккхийтина дакъа гира, со школе воьдучу хенахь. Кхечу дийнахь, дIатийсинчу керташкахула тхо дуьйладелла лелаш... Иза кхераме дара, амма бераш цхьанхьа ца кхерстича ца довлура, цигахь дуккха а декъий хуьлура. Муха декъий хуьларий, байа а байина, оцу меттигехь охьатийсича санна. Оьрсийн эскархоша дина дара иза хIунда аьлча, цуьнан юьхьца а, хотцIа а гуш дара, Iуьллург нохчо вуйла, цунах лаьцна цхьанна а хууш хIуммаъ доцийла.

Хан мел йолу кхуьу хьо, кхуьу…школехь ас дийцира цунах лаьцна, оцу конфликтах а, иза нийса дац, бакъахьа дац бохуш. ТIаккха цхьа хьал хIоьттира: Оьрсийчоьнца тIом бан беза бохуш, кхайкхамаш бина нах [Нохчийчоьнан хилла президент], ткъа Кадыров Ахьмада тIаме ма кхуьйкхура нах, дехьа бевлира. Барт бечу меттана, иза тIевахана, цо доьхкира, цунах лаьцна а диллина ма дуьйцура, кадыровцаш – ямартхой бу, бохуш. Эхье дара КРА-н командехь хилар, КРА номерш лелон а (КРА – Кадыров Рамзан Ахматович.- Редакцин билгалдаккхар.). 2000-чу шерашкахь массара а олура, "ма эхь ду, и ямартхой, муха дийр ду цунах дозалла". Цара шайн ямартлонах дозалла до.

- Хьуна а, вежаршна а, йишина а гуш дара Кадыров Ахьмад волчу заманахь хуьлуш дерг. ХIун хеттарш кхоллалора хIетахь хьан?

- Масала, со кхеташ вац, Дудаев Джохар (къобал ца йинчу Ичкерин хилла президент.-Редакцин билгалдаккхар.) террорхо стенна хила веза, ткъа Трошев Геннадий (инарла-полковник, Оьрсийчоьнан тIеман министраллан эскарийн буьйранча хилла ву Нохчийчохь хьалхара тIом боьдучу хенахь.- Редакцин билгалдаккхар.) турпалхо хIунда ву. Со даггара кхеташ вац цунах.

– Хьан историна тIе юхавирзича, Абубакар. Нийсонах лаьцначу хеттаршца кхиъна хьо, хьан дех суьдхо хуьлу…

Янгулбаев Сайди
Янгулбаев Сайди

– 1990-чу шерашкахь, Ичкерин заманахь, талламхо вара иза прокуратурехь, 2003-чу шарахь Старопромыслан кIоштан суьдхочун гIоьнча хилира цунах, 2008-чу шарахь маьршачу кхелан суьдхо.

– И дерриг а Кадыров волчу заманахь.

– ХIаъ.

– Хьуна новкъа дацара иза?

– ХIаъ, дера дара.

– Цунах лаций дийцахьа ма-дарра.

– Тхан ден болх бахьана долуш, тхан дуккха а хеттарш дара, тхан дов а долура цу тIехула. Амма тхан чуьра конфликташ яра уьш, цо олура: "Хьо цхьана а хIуманах кхеташ вац, воккхахилча хуур ду хьуна, доьзалан дуьхьа хIуманна сатоха дезий". Иштта кхетийра цо.

– Хьо кхеттий цунах?

– Кхетта аьлла, хета суна. Нохчийчохь структурашкахь белхаш бечу нахах кхета со. Амма ас бехказа ца боху уьш зуламаш лелорна. Суна бен дац, уьш оьрсийн бакъоларъяран органашкахь болх беш хилар, иза коьрта дац. Цигахь болх беш, юкъара къепе латтон а гIерташ, нийсо лелош хилахь – цунах кхетар ву со. Кхин ду: шайна хаа а хууш, зуламаш деш, шайн даржех пайда а оьцуш, лела нах. И ю проблема, ас уьш бехказа ца боху.

Сан ден бакъо яцара таIзарш деш, сацамаш бан. Маьршачу кхелан суьдхо иза волчу хенахь, цигахь цхьа кега-мерса гIуллакхаш дара - административан, бахархойн, зуламан гIуллакхаш данне а дацара. 2012-чу шарахь бехкзуламан Аппеляцин кхелан суьдхо хIоттийра иза, цигахь таIзарш деш данне а дацара.

– Хьуна гина, бакъоларъяран системо болх муха бо. ХIунда вахара хьо хIетте а юристан говзалла караерзон?

– Суна хетара, со тешара, система чуьра дуьйнна хийцалур ю аьлла.

– Хьо талламхо хила лууш вара, Нохчийн пачхьалкхан университетан диплом а схьаийцира ахь.

– ХIаъ, цхьа диъ ца хиллехь, цIен хир дара иза.

– Дас гIо дорий?

– Ца дора. Со дешна волуш бен университетехь а ца хиира цуьнан статусах. Сайн ма-хуьллу и къайладахьа гIиртира со. Адвокатан гIоьнча балха хIоьттира со, иза а айса дира ас. Суьдхочун гIоьнча хила сайга аьлча, ас аьттехьа а тIе ца дитира.

– Маца, мичахь, муха вевзина хьуна Кадыров?

– 2015-чу шарахь дара иза. Жимма нисдо ас, Нохчийчохь хIетахь хуьлуш хиллачунна тIекхиийта. 2015-гIа шо даллалц а, 2014-чу шарахь нисделла "Крым-наш" хьал а хIоттале, Кадыровна критика йойла дара Нохчийчохь, иштта проблема яцара цуьнца. Коьртаниг – сийсаз ца вичхьана. Цуьнан политикана критика йойла дара. 2015-гIа шо, Дикаев Адам, тIехь хеча а йоцуш, водучу некъа тIехь гойту, Кадыровх лаьцна ша аьллачунна иза къинтIера а воккхуш. Цо яздинера, суна дага а догIуш, тезетан дийнахь - Чиллан-беттан 23-чохь (Советан заманахь Сталинан нохчашна а, гIалгIашна а депортаци йина де. – Редакцин билгалдаккхар.) Кадыровс даздо армин де. Массара а яздора цунах лаьцна хIора шарахь, цунах лаьцна дуьйцура. Амма 2015-чу шарахь, и дуьххьара дара, таIзар деш, гечдар доьхуьйтуш. ШолгIа ситуаци хилира: ЖКХ-но ахчанаш дахарна арз динера зудчо, Кадыровс тIекхайкхинера иза, цуьнан майрчуьнга гечдар дехийтира массарна а гуш.

Оцу шарахь сан вашас ИбрахIима паблик юкъаяьккхинера "ВКонтакте" машанахь - Wolves Creed, "Кредо волков" аьлла. Цигахь доккхачу декъанна дуьйцура, оьрсийн эскархоша нохчий бойъу, амма царна деш таIзар дац, ткъа шайн даймохк Iалашбина нохчий, террорхой бу боху, царна тоьпаш туху, набахте хьийсабо, церан декъий схьа а ца ло, лаьтте кховдон, бохуш.

– ХIетахь маса шо дара хьан вешин?

– Цуьнан 21 шо дара. Оцу хенахь ас а ца лечкъабора сайн хьежамаш, оцу идейшна тIера вара со а.

– Кхераме дацара иза хIетахь?

– ГIехььа кхераме а, амма кхерамза данне а доцуш дацара, делахь а, цунах лаьцна ца дийцар тхуна нийса ца хетара.

– Хьан вашас ИбрахIима лелош яра и паблик?

– ХIаъ, цигахь кхин а Кадыровх лаьцна забарш а яра.

– Муха забарш?

– Цуьнан дешна цахилар аьшнашдора, иза академик а, спортан говзанча а хилар, и йоллу регалеш.

– Кадыров, ахь ма-бохху, цунна оьгIазвахна?

– ХIаъ.

– Хьо а, хьан ваша а, шун да а, шу дIадигаран бахьана дара…

– И паблик.

– Муха нисделира иза?

– Телефон яра сан Ичкерин байракх фоне а хIоттийна, ша бакъволчу нохчочун санна. Уьш массо а цуьнга хьоьжура: "Хьо лартIахь вуй?" бохуш, массо а ца кхетара. Кхераме хила даьллера иза. 2015-гIа шо – цхьа юкъ еар-кх Кадыровна муьлхха а критика ца магош.

– Оцу шарахь дуьххьара кадыровцаша шун неI туьйхира.

Янгулбаев ИбрахIим
Янгулбаев ИбрахIим

– ХIаъ, со балхара чувеанера, ваша вижина вара, суьйранна дара иза. Тхоьга веара [Соьлжа-ГIалин полицин хьаькам] Дашаев Мохьмад, ас неI йиллина хаьттира: "ХIун оьшу хьуна?" Цо боху: "Хьо ИбрахIим вуй?" Ас боху "Вац". – "Мила ву ИбрахIим?" - хоьтту цо. Ас жоп ло, и сан ваша ву аьлла. Стенгахь ву иза, хоьтту цо. Спортзалехь хир ву, боху ас. Со оцу сохьа кхийтира, цхьа гIурт буйла. Со кхийтира, иза стенна веана. Дашаевс соьга эли: "Валол тхоьца" Ас боху, вогIур вац. Оцу минотехь тхан да гучувели букъа тIехьа: "Мохьмад, хьо вуй иза?" аьлла. Цхьа тIеххула вовшийн вевзаш хиллера и шиъ. Мохьмада боху кхин дIа: "Шефа тIекхойкхуш ду шу". Со кхеташ вара, шеф мила ву.

ТIаккха барт хилира, ас вешига телефон тоха еза, иза стенгахь ву хьожуш аьлла. Чу а вахана, ИбрахIим вижина ву, цуьнан телефон схьа а оьций, дIа а йойий, дIалачкъайо ас. Юха ара а ваьлла, айса къайлаяьккхинчу телефона тIе етта ас: "ДIа ца йоьду, цига гIой, шаьш хьовсийша" аьлла.

Чуьра и резиденци го суна, тIех хьоле, деза хIума дара цу чохь, дешин бесашкахь, хурсталь а. Ойла йора ас: кхул арахьа нах мацалла леш бу

Оцу тIе кхочу Ибрагимов Iийса, кегийрхойн министр. Дашаевн нах бара цигахь – кхоъ-виъ стаг. Жигархой бара кеп-кепарчу патриот-клубашкара, оцу Ибрагимовн гIоьнчаш. Цара боху соьга: "Вало тхоьца спортзале ваша лаха". Ас боху: "Иза дIавига цхьана а кепара бакъо юй шуьгахь? Яцахь, со цхьанхьа а вогIур вац". Цунах бийла а белла, сох катуьйхира цара, амма кевнел ара ца ваккха велира. Тийсаделира тхо. Дас олуш хези суна, аз айдеш, дуьхьалвийларх пайда хир бац аьлла. Со машенна тIе вуьгучу заманчохь царгп хиънера, оцу спортзалехь ваша воцийла.

Оцу заманчохь тхан кетIа машенаш яьхкинера, дуккха а полисхоша го бинера тхан цIенна, лулахошна дихкира арабовла. ТIаккха тхан хIусамах хьоьвсира уьш. И дерриг а санкци а йоцуш. Цхьана а кепара документаш доцуш, протокол ца хIоттош. ИбрахIим а карийра царна.

Со а, сан ваша а, да а Iаьржачу "Тойота-Камри" машена хаийра, Кадыровн резиденци дIадигира тхо. Кевнехь дуьхьалвеанера Даудов Мохьмад, хIетахь президентан администрацин куьйгалхо вара иза (тахана Даудов – Нохчийчоьнан парламентан спикер ву. – Редакцин билгалдаккхар.). ТIаккха лифта тIехь шолгIачу гIат тIе хьаладевлира тхо. Лифт чу довлале хьалха, тхан дегIах хьаьжира Вимурадов Абушейх, Патриотан ваша (тахана ницкъаллин блокехула вице-премьер ву.-Редакцин билгалдаккхар.). ХIетахь Соьлжа-ГIаларчу МВД-н урхаллин хьаькам вара иза.

Чуьра и резиденци го суна, тIех хьоле, деза хIума дара цу чохь, дешин бесашкахь, хрусталь а. Ойла хилира сан: кхул арахьа нах мацалла леш бу, церан газ дIайоккху, кхиндерг а, ткъа хIара кху тоьллачу шахьарахь вехаш ву. Оцу мIаьргонехь чувогIу Кадыров Рамзан, цуьнца цхьаьна, кхеташ ду, Лорд (Даудов Мохьмад.-Редакцин билгалдаккхар.), Абушейх, Патриот, Байсаров.

– Байсаров?

– ХIаъ, Байсаров Руслан, бизнесмен, Орбакайте Кристинин хилла майра. ХIаъ, иза а вара цигахь. Дашаев а вара цигахь, Закриев ИбрахIим, Кадыровн йишин кIант. Кхин а дуккха а бара цигахь. Коьрта хьаькамаш. Оццу гIат тIерачу цхьана хIусамчу дигира тхо. Кадыровс гечдар дехийтина, ЖКХ-но ахчанаш доху бохуш, арз дина зуда латтийна хIусам яра иза.

ХIаааа, Джихад (Усмаев Вахьит – оцу хенахь Кхерамзаллин Кхеташонан секретарь вара иза, хIинца вице-премьер ву.- Редакцин билгалдаккхар.) а вара цигахь Оцу чохь лаьтташ ву со, жимма тIаьхьа – ваша, цунна аьрру агIор – да, тхуна тIаьхьа Джихад а, кхинберш а бу. Юккъехь, суна хьалхха лаьтташ Кадыров ву. Цо хоьтту: "Хьо вуй и сан зударий сийсазбинарг?". Со кхета, "хIан-хIа" олийла дац: хьо сан дешнех шеконаш йолуш-м вац, бохуш санна хетар ду. "ХIаъа" а олийла дац, хIунда аьлча, и бакъ дац. И алахь а, сох хIума кхетар ю.

Ойла хуьлу сан дуьхьала хаттар дан: "ХIун зударий, маца? Хаа мегар дарий?" Кадыровс боху: "Интернетехь сийсазбина ахь сан зударий". – "Ма-дарра ала тарлой?"- хотту ас. ТIаккха цуьнан карало Даудов Мохьмада Wolves Creed пабликан агIонера йоза: "Хьажахьа, Рамзан, дерриг а кхузахь ду хьуна". Суна гойту кхечу стага язйина комментарий, цигахь яздина ду….Забар ю-кх Кадыровх лаьцна, суна хIинца дага а ца догIу, иза муха яра. Ас боху, и язйинарг кхин стаг ву. Со а вац, сан ваша а вац, тхо дац. Цо боху: "Ца хилча хIун ду, ахь дIаяккха езара". И забар ю бохуш, кхетон гIерта со.

ТIаккха Лорда тIетуху: "Хьажахьа, церан кхин хIун ю кхузахь, иштта пост а ю". Уйэн Брюсах а, Израилах а, Кракенах а лаьцна забар яра иза, уьш цунах ца кхеттера. Кадырон реакци муха ю? Лорда шен коьрте ма диллара. Публикаци еша а ешна, цо боху: "Рамзан, хIорш Моссадан агенташ бу, Брюс – агентан цIе ю, Кракен – Нохчийчуьрчу хьолана дестабилизаци ярехь спецоперацин цIе ю".

– Баккъаллий?

– Иштта элир-кх цо. Оцу мIаьргонехь Кадыровс тIедуьллу:"Информаци таллал, церан Госдепца йолу юкъаметтигаш а талла, Моссадца йолу зIенаш а талла, хIун спецопераци ю а, цаьрца болх бе". ТIаккха сан вешина тIе воьрзу иза: "Хьуна эхь ца хета, хIун эр дара ахь?" Ваша дIа лаьтта.. Со а, сан ваша а цхьана деггIехь ву, ткъа иза сол а жимма лохо ву, кхо сантиметар, Кадыров кхин а лоха ву. Тхойша дуьххьал дIа лаьтта – охьа а ца теIа, лаьттан бIаьра а ца хьоьжу, лаккхара чу хьоьжу. Ткъа сан ваша корта хьала а айбина, хьоьжу цуьнга. Цхьа цавашар санна хетта хир дара иза Кадыровна, чIогIа оьгIазваханера иза.

Дена тIевирзира иза оцу сохьта. Боху: "Хьо, суьдхо ву, хьайн кIантана муха магийтина ахь Iедална лер, ахь иза муха Iамийна иштта харц? Цунна хIумма а дан ца лаьа хьуна?" – и бохург дара, цунна еттар. Дас хIуммаъ а ца дира, оцу минотехь Джихада яьIни чу хIума туьйхира сан вешина. Оха маса реакци йо иштачунна, куьйгаца иза дIатотту ас. ТIаккха шинна а етта буьйлабелира.

– Мила вара етта волавеларг?

– Джихад, Лорд, Кадыров…

– Уьш массо а тобанций? Массо а вара етташ?

– Вара, массо а. Закриев а, ший Висмурадов а.

– Олигарх Байсаров а?

– ХIан-хIа, цо ца йиттира. Цунах лаьцна аьлча: Лорда Моссад аьлча, уьш кхетон гIертара со, забар мичахь ю, оцу мIаьргонехь Кадыров ойлане велира. Дош ийцира Байсаровс. "Рамзан, ма тешалахь цуьнах, юрист ма ву иза, пхеа шарахь факультетехь аьшпаш ботта Iамабо уьш", - цуьнан дешнаш дара уьш. Рамзана боху: "ХIаъ, гуш ду суна, цуьнан бIаьргаш уггар а хIиллане ду".

– Шуна етта…Кхин дIа хIун хуьлу?

– ХIаъ, етташ ю-кх. Со кхета, дуьхьал летарх гIуллакх хир дац, сайн ма-хуьллу уьш дIатетта гIерта со, сайн вешина тIе а вижина, цунна йогIург а сайна кхетийта. ЦIийн Iовраш гулъелира. Севцира цIеххьашха, со юьстах а кхусуш, тIедожадо, кIайчу кафель тIера цIий мотт хьоькхуш, дIадаккха аьлла. Тхойшиъ дуьхьал хуьлу, тхо дагахь дацара цара бохург дан. Юха а лета буьйлало, цхьа 30 секунд яьлча, Кадыровс боху, тоьар ду, цара мотт хьаькхина, дIадоккхур ду. Амма цхьа а вацара мотт хьекха дагахь. ТIаккха кIайн гатанашца цхьа стаг чу а веана, цо дIацIанйира лаьтте. Санитаран духар дара цунна тIаьхь – медвешина тIехь хуьлучух.

Цул тIаьхьа Кадыровс дIакхайкхийра, вешина чIир кхайкхо бакъо ю шен аьлла, УМВД-н хьаькам волчу Абушейхана омра дира. Да балхара дIавала, Iедална луьйш волу шен кIант цо хьакъ доллуш ца кхиийна, цо кхин зуламаш диний хьовсуш, болх бе цаьрца аьлла.

Цул тIаьхьа со а, да а юхавуьгу, ваша стенга вуьгу - ца хаьа. Цул тIаьхьа хиира суна, цигахь цунна кхин а тIе йиттинийла – ша Кадыровс.

Редакцин билгалдаккхар: Янгулбаев ИбрахIима дийцира "Iазапашна дуьхьалояран комитетан" юристашна, веа хадархочо когаш, куьйгаш лаьцна, цIийх юьзначу цIенкъа бертал ша охьавилларх: Кадыров Р.А. суна биргIа йетта волавелира, сан бета тIе ког а биллина. Цул тIаьхьа суна тIера стомма свитер дIа а яьккхина, лазош хаадалийта, гех етта буьйлабелира. ТIаккха ша кIадвелча, биргIа Даудов М.Х дIакховдийра….ТIаккха Усамев В.А…КхозлагIа суна йиттинчул тIаьхьа со кхетамчуьра вуьйлура, хуьлучух ца кхетара. Вагош, Iовжош лазар хаалора…Дийна воллушехь, хьо вагош санна…"

– Кхин дIа хIун хилира?

– Тайп-тайпана машенашка ховшийра тхо, Соьлжа-ГIалин УМВД дIадигира. Юьхьанца соьца дика хиллачу оперативнико дIавигира со, цхьа чIогIа оьшуш йолу информаци шега схьайийца бохура цо соьга. Амма со цунах кхийтира, цунна соьгара оьшучух, кхин цуьнца къамеле ца велира со.

УМВД дIакхачийра со, "обезьянник" чувоьллира, лецнарш латточу камери чу. ГIентахь наб ян дIавижира со. ЧIогIа хIоьттина вара со. Ойла йора ас, со чуволлахь а бен-башха дац, наб мукъна а йийр юй ас, бохуш. Ши минот а ца ели, чувогIу УМВД-н куьйгалхо Висмурадов Абушейх, цо боху: "ХIара кху чу стенна хаийна аш? Сан кабинет чу дIавигал иза, хIара кху чохь хила везаш вац". Цуьнан кабинет чу хьалавоккху со, иза ву со вуьгуш верг а. Чу вигале, цо боху соьга: "Хьан тIаьххьара шанс ю, ма-дарра бакъдерг схьадийцар". 2014-чу шарахь Зорбанан цIенна динчу тIелатарна а тхо гунахь дуй хаьа шайна аьлла, тIе а тухуш. ТIаккха цо хаамбира, соьга хеттарш дийр ду инарлас аьлла. Кабинет чу волу со, Алаудинов Апти ву бухахь.

– Нохчийчуьрчу Чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовс вара иза? Цо хеттарш дира хьоьга?

– ХIаъ, официалехь а доцуш. Дуьххьара хоьтту цо: "Хьан цIе муха ю, стенгара ву, хIун дуьйцур ду ахь?". Ас боху: "Хьажахьа, нагахь санна, сан метта ала дезарг аш дийцахь, гайтийша суна, со хьожур ву, куьйгъяздан оьшу йа ца оьшу. Амма шун метта хIуммаъ а кхолла сан йиш яц. Доцург сайна кхолла ца лаьа суна. Сан шуьга дийца хIуммаъ дац".

Баккъал а оцу заманчохь… Со лаьцна, Рамзанна тIевигча а, хетара суна... хирг хир ду-кх. Вала дезахь, суо а хилла лийр ву со, кIелхьарвала гIертачул а, пис хуьлучул а.

Цул тIаьхьа садоIучу чу бахара уьш. Да а чувалийра, иштта цхьана сахьтехь сов лаьттира тхойша. Юург ца лора тхуна. Хала дара, наб оьхура. Сан ден юьхь тIехь чевнаш яра. Цунна а йиттинера цара.

Цхьа сахьт даьлча, чу а баьхкина боху: "Араваккхал иза, цунна тIехь болх бел". Со ву вуьйцург, да чохь вуьтуш ву. Со кхетара, балхара шен лаамехь дIаволуш кехат яздайтархьама вуьтуш вара иза. Эххар а дас балхара дIаволуш ца яздеш, шен лаамехь мукъаволуш санна ("отставка"), кехат чуделира. Ткъа вуьйш кхета а ца кхийтира цуьнан маьIнех. Нагахь санна, хьо балхара дIаволуш велахь, хьан статус ца юьсу. Амма хьо "отставке" воьдуш велахь, хьо суьдхо вуьсу, хьан статус ю. ЧIогIа хьекъале дина хIума дара иза, цунах тхуна дукхазза кхин дIа гIо а хилира.

– Хьан вашас дийцира, полицин декъехь хьуна ток йеттийтинера аьлла.

– ХIаъ. Полисхой гулбеллачу холл чу дехьаваьккхира со, хеттарш дан буьйлабелира. Протоколан гурашкахь ден хеттарш дацара уьш. Низамехь доцу хIуманаш ду уьш. Соьга боху, тхуна хьоьгара тоьшаллаш оьшу, - да – коррупционер вара, ваша – ИГИЛА-н (Оьрсийчохь йихкина террорхойн организаци.-Редакцин билгалдаккхар.) декъашхо вара аьлла. Цунах лаций цхьа информаци ло тхуна, боху. ЮьхьтIе хIума етта буьйлабели дуьххьара. Йеттар дацара иза, бетах хIума тохар, сийсазвар, охьатеIор, аьшнашвар дара.

ТIаккха цхьа аппарат схьайохьу, аренца лелон телефон. Серий тIе а ца тосуш, ток еттийта буьйлало доллу дегIан дакъошна – гIогIашна а, куьйгашна а. Ахь хIуммаъ ца алахь, тоькан нуьцкъалла чIагIйийр ю шаьш, кхарзаваллалц, боху. Ас боху, сан дийца хIуммаъ дац. Сайн ма-хуьллу церан хеттарш тергамза дита гIертара со. И муха хуьлий, ша тебаш йолу хIумма елча санна Iаш хилча, оцу экхан цуьнгахьа интерес дIайолу.

– Мел дукха Iийра иштта?

– Ма-дарра аьлча, дукха ца Iийра, 15 минотехь Iийна хила тарлора. Бетах хIума еттар а, сийсазалла а, аьшнашвар а, ток еттийтар а лерича. Эххар а интерес яйра церан, цара элира бала пайда бац, стенна оьшу и вайна. Цхьа а гIуллакх дац, цхьа хIума а дац, дерзон сацамбира.

– Маса вара уьш?

– Ялх стаг.

– Кхин дIа хIун хилира?

– Араволу да а, Абушейх а, Алаудинов а. Боху, меттигерчу декъан полисхочунна (участковый) тIе дига тхо, дега боху, цунна балхаца оьшуш долу герз а цуьнга дIало. ТIаьххьара а кехат яздира, дас герз дIалуш, ас яздир-кх, хIунда аьлча, полисхочунна яздан ца хиира лартIахь, йозанца вацара иза. Цул тIаьхьа со а, да а цIа вигира, ваша ма леха цкъачунна, цхьанхьа а хаа а ма хаийта, элира. Дуьххьал схьаэлира – нагахь санна, цунах лацна аш дIахьедахь, шаьш иза баккъал а вуьйр ву, тхуна тIахьа а догIур ду аьлла. Висмурадов Абузайда куьйгалла дечу СОБР-н ларми чохь латтош хиллера иза оцу йоллу хеначохь.

– Стенгахь ю иза?

– Нохчийчоьнан куьйгалла йолчахь, Талламан комитетан урхалла а йолчахь.

– Мел латтийра цигахь ваша?

– Эхашарахь.

– Цхьанхьа а вешех лаций ма хаийта, цхьанхьа а ма леха эли шуьга. ХIун дира аш?

Вешигара хиира суна, иштта нах оцу ларми чохь дуккха а буйла. Шина шарахь чохь латториш а хиллера, гангрена хилла, бахкалуш хиллера уьш

– Тхо ладоьгIуш Iара. ХIора буса ванни чу а оьхуш, хи охьа а хоьций, йоьлхура мама. Цхьанна а ца хазийта, ца хаийта. ХIора дийнахь ларвора иза оха. Iуьйранна самадовлу - веаний цхьа а, ца веана. Делкъе ларйо – цIа валор ву йа вац. Суьйрене хьоьжу, буьйса ларйо – буса вигина ма вара иза. ТIаккха пIераскан дийнахь ларво. ПIераскан де – бусулбачу нахана деза де ду. Валон там бу – ца валавора. ТIаккха цхьацца деза денош кхочура – Керла шо, Пайхамар вина де, кеп-кепара динан деза денош – хIинца-м муххале а цIа валор ву. Ца валавора. Тезетан де а тIекхечи, валон декхар ду. Амма ца валавора, ца валавора.

– Лар а веш, Iаш дара шу?

– Дара, кхин дан хIума дацара тхан. Со хIетахь адвокатан гIоьнча вара, мел дукха даьккхича а, 20 эзар сом дара сан алапа – пхеа стагана, цIенна оьшург латтон а. И тоъане а ца тоьара.

– Суна дагадарца, дена догIу пенси а дацара луш.

– Дацара, цунна пенси делла а дац, низамехь доцург ду иза а.

– Ах шо делира, ваша цIа веара. Муха нисделира иза?

– Со балхахь вара, мамас телефон туьйхира соьга, чIогIа самукъанечу озаца: "Ибрашка цIа валийна, сихха ца вола" аьлла. 2016-чу шеран Стигалкъекъа-бутт бовш дара иза. Суна го – азвелла ваша. Иза дIавуьгучу хенахь 110 кила вара, цIа ваийтича – 66 кила. Оцу тIехь ца дирзира. Иза цIа ваийтинчул тIаьхьа, юха а элира, УМВД дуьгуш ду тхо.

– Оцу дийннехьий?

– ХIаъ. Тхо цига дуьгуш хиллера, дIа ладоьгIча, кхечаьрца дIа а хIиттийна, бехкаш даха. Цхьана зал чохь гулдинера тхо. Кхин а масех жимстаг а, хьиджабаш техкина зудабераш а дара цигахь. Министраш, полицин дакъойн хьаькамаш а бара. Дашаев вара цигахь, Шелковскан кIоштан УМВД-н куьйгалхо Геремеев Руслан а вара, кхинберш а. Даржаш дIалецначу оцу наха сардамаш духкура тхуна, цхьа театр хIоттийнер-кх. Цхьа кIант вара цигахь, цуьнах бIаьргкхетта нана йоьлхура, хIунда аьлча, Шемахь вийна хьан кIант, аьлла хиллера цуьнга, ткъа иза чохь латтийна хиллера шарахь. Сан вешехула тIаьхьа хиира суна, и саннарш ларми чохь дуккха а хиллийла. Шина шарахь а сов лецна, чохь хан йоккхурш а хиллера цаьрца, уьш гангренех бахкалуш бара, боху.

– Оцу зал чохь хилларг муха дирзира?

– Юьхь яьхначул тIаьхьа тхо цIа дахийтира. ЦIахь той дара, гергарнаш баьхкина, тайпанара нах – массо а. ХIусам юьзна яра: массо а баккхийбоьра, Ибрашка цIа ваийтина. ЧIогIа хаза дара и! Оцу мIаьргонехь дирзира ала тарлора, амма тхан дахар то ца делира, керла проблемаш юьйлаелира. Шо даьлча, 2017-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь Дашаев вогIу юха а, цо боху, хьалхалерачух терра керла аккаунт йиллина "ВКонтактехь". Тхан компьютер дIаяьхьира, Ибрашкина ницъбина хиллера кхаа дийнахь. Бедарш хийца иза цIа веанчу хенахь цуьнан доллу дегIа тIехь Iаьржа таммагIаш дара.

– Бедарш хийца цIа валийнера иза?

– ХIаъ, цуьнан йоллу бедарш цIийх юьзна яра, чIогIа Iазап хьегийтинера цуьнга.

– Цуьнга цхьаъ дийцийта Iалашонца ницкъ бинера цунна?

- Иза юкъара волчунна. Цхьана кехаташна куьйгаш яздайта гIерташ. Ма-дарра аьлча, и болх беш, нохчийн реалех дуьйцу тоба лелориг иза хиллера, амма уьш иза чуволла гIертара, ткъа оцу Iедалан къепехь стаг чуволлийла дац. Цундела, оьрсийн эскархошкахьа цабезам гIатийна аьлла, оцу тIехула хан тоха хьийзара уьш. Цо ша куьйгъяздан дезара оцу документашна. Цо-м яздира, ца яздича ца витинера. Цуьнан гIуллакх кхачамбацарш доцуш кечдан Iалашонца, спецприемнике хьажийра ИбрахIим 15 дей-буьйсий тоьхна. ХIинца тхан нана а санна. Иза цара шарйина практика ю.

Бедарш хийцина, иза юха дIавигира, 15 дей-буьйсий чохь даьккхира цо. Тхо тешна дара, и хан чекхъяьлча, иза дIахоьцур ву, кхин хIуммаъ а дийр дац аьлла. Миччара, иза кхин дIа а лаьцна вуьтуш вуй, кхел а хир юйла суна хиъча, со талламхочунна тIевахара, ас боху: "Цо бехк хилар тIелацахь, шаьш кхин дIа хIуммаъ а лелор дац, иза чохь вуьтур вац ма элира аш, шу хIун лелош ду?".

Талламхочо боху соьга, шен карахь дац иза, кхело сацам бийр бу. Суна ма хаьа, бехкзуламан процесс муха кхоьллина ю. Суна хаьа, талламхочун йиш яра цуьнан йист яккха. Цо пачхьалкхе дехар до, ваша чохь вита аьлла, и кхелан сацам бац, цуьнан бу. Вешина тIе а воьдий, ас олу цуьнга, хIуммаъ тIе ма лацалахь, дерриг а бакъ дац алалахь. Дуьххьал тIелета тхо, тхуна хIинца бен-башха дацара.

– Хьан ваша хулиганалла лелийна аьлла, спецприемник чохь витира?

– Цхьана дешаран хьукматехь цо боьха мотт лебина бахара. ТIаьхьа къаьстира, иза цигахь хилла а вацара.

– ШолгIа а "ВКонтактехь" тоба лелон стенна волавелира хьан ваша?

– Ца хаьа суна. Цо суна ца хаийтинера, соьца дагаваьлла вацара.

– ТIаьххьара а стенна бехкевира иза?

– Спецприемникчуьра иза ара ма ваьккхи, циггахь дIавигира иза Iела цIе йолчу оперативнико, талламхочунна тIе. Оцу дийннехь кхел а хилира, цунна дIасавалар доьхкуш. Iедалан 282-чу къепехь, шолгIа дакъа – цабезам марсабаккхар. Экспертиза йира – нохчийн эксперто йинера иза – вашас оьрсашка мостагIалла марсадоккху аьлла. Ас теллинера и гIуллакх. Гуш ду суна, оцу экспертан хан чекхъяьлла лицензи хилар, цуьнан бакъо яц оцу тайпа экспертизаш ян. Ас боху, хьан экспертиза низамашца йогIуш яц, керланиг оьшу. ФСБ-хь керланиг йо цара. Цигахь боху, посташкахь оьрсашка цабезам бац, оьрсийн эскархошка цабезам бу. Ткъа оьрсийн эскархой – социалан тоба яц, цундела Iедалан къепе иза яц.

– И дерриг а оцу гIуллакхна юкъахь ду?

– Ду, оцу тIехь а гIуллакх сацош ма дац. Цу шарахь президенто оцу Iедалан къепенна декриминализаци йира. ТаIзар доцуш, ваша аравелира.

– ХIетахь, ваша шолгIа дIавигинчу деношкахь нисделира хьан "Iазапашна дуьхьалояран Комитет" йовзар?

– ХIаъ. Ваша чувоьллинчу хенахь, оцу наха тхо Iехош дуй хиича, тхан цхьана а билламашна цара жоп ца делча.

– "Новая газетера" Милашина Еленица зIене велира хьо. Цуьнан контакташ стенгара евлира хьуна?

– Суна бевзачу адвокатех цхьамма хьийхира суна Леница зIене вала аьлла. Цо телефон тоьхнера цуьнга, Ессентукехь цхьаьнакхета барт бира, со а, сан да а вахара цуьнца цхьанакхета, цигахь иза евзира, цуьнга дерриг а дийцира.

–Ессентуки хIунда къастийра?

– Кхерамзалла тхайн Iалашъярхьама. Ленас хьийхира тхуна Нохчийчуьра арадовла аьлла. Цо елира "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" контакташ. Со цIа веара, ас цаьрга телефон туьйхира. Ас уггар хьалха телефон тоьхнарг вара Хабибрахманов Олег. Уьш тхоьга баьхкира, ладуьйгIира тхан дийцаре. Тхо тхайн цIа чохь Iаш дацара, тхайн гегарчаьргахула даьржина Iаш дара тхо. ЦIахь кхераме дара, кадыровцаша лардеш дара иза, тхо юха а лаца. Эххар а тхо Пятигорске дехьадехира.

– Шун доьзалера массо а?

– ХIаъ. Хьалхарчу шина баттахь дIатарвала гIертара со, кхин а шина баттахь волонтер санна болх бира, иштта "Комитете" кхечира.

- "Iазапашна дуьхьалояран Комитетехь" болх бан хIунда волавелира хьо?

– ХIунда аьлча, суна гергара бара и болх, со цунах чекхваьлла вара, суна гина дара. Билггал суна гергара хIума ду иза, оцу хьолаца со Iоттавелча, со кхийтира, Нохчийчохь а Iаш, и система чуьра дуьйна хийцалур йоций. Цуьнца къийсам латто мегар ду, эша а оьшу, юьстах ваьлла.

– Хьан ваша дIахецначул тIаьхьа кхин дIа хIун хилира?

– Маса эвакуаци йира. Оцу мIаьргонехь. Со цуьнга хьоьжуш ГIалгIайчохь вара. Кхинболу юристаш цигахь бара. Иза кхела чохь маьрша ма ваьккхи, юристаша а, бакъоларъярхоша а, журналисташа а го бинера цунна. Оцу конвойца машенна тIе вигира иза, тIаьхьа хийцира машен а. Дерриг а конвой улло а хIоьттина дара. Ас юьйцург ю тхайн конвой. Машенашца, улло бевлла Iалашвен нах а болуш. Оцу сохьта Нижний Новгороде дIавигира. Цигахь Iийра иза 2021-чу шеран Чиллан-батте кхаччалц, цул тIаьхьа Оьрсийчуьра дIавахара.

– ХIинца иза волу меттиг бийца кхераме дуй?

– Цо кхин лечкъош а дац, делахь а, совнахдерг ца дийцар гIоле ду. Ала тарло, Европехь ву иза.

– Хьан ваша Соьлжа-ГIалара дIавахча кхуллу оппозицин 1АДАТ телеграм-канал. Дийца доккху, ИбрахIим хила тарло цуьнца воьзна, бохуш. Хьан вашас дийцирий хьуна, ша 1АДАТ-на юкъахь ву аьлла?

– ХIан-хIа, соьга ца дийцина.

– Билггал иза цу юкъахь ву-вац хьуна хууш дац-кх?

– Ца хаьа.

– Хуьлийла дуй иза цунна гунахь, Абубакар?

– Хила тарло. Цунах соьга жоп далалур дац. ХIунда аьлча, со нийса ца хила а тарло. Шеконаш хила тарло сан цунах. Ас дуьххьал дIа хаьттина цуьнга, воьзна ву иза йа вац, цо цунна жоп ца делира. Амма суна билггал хаьа, цхьа стаг хилла ца Iа 1АДАТ-на юкъахь.

– Кадыровцашна хета, и канал лелош хьо а ву аьлла.

– Хьоьга сайн телефон лойла ду-кх сан (кисанара схьайоккху телефон, схьайоьллу.- Редакцин билгалдаккхар.). Хьажал, хIара канал ю, ас лелош йолу, кхузахь со админ ву, и гуш а ду. ХIара 1АДАТ, со цуьнан агIоне язвелла бен вац.

– Оьрсийчохь иштта гойтур ма яц ахь телефон?

– Талламхочунна ас гайтира.

– ТIаьхьо юхадоьрзур ду вай цунна тIе. ХIинца иштта хаттар ду сан: маса шарахь болх бина ахь "Iазапашна дуьхьалояран Комитетехь"?

– 4–5 шарахь.

– ХIун болх бора ахь?

- Со юрист вара. Дукха хьолахь Кавказ яра ас лелош, вуьшта – Нохчийчоь а, Дагестан а. Сан профилан регионаш яра уьш. Ас юкъараллица талламаш бора ницкъбина, лечкъийна, байъина аьлла кхаьчначу факташкахула. Юридикехь кехаташ чекхдохура, и бохург ду, юридикан гIо латтадора ас зенаш хиллачарна, кхелехь вистхуьлура, аьрзнаш, дIахьедарш чулора, талламан органашкахула лелара – прокуратуре а, полици а.

– Ахь болх бина ницкъбарца а, нах лечкъорца а доьзначу гIуллакхашкахула, хьуна хаьа "Iазапашна дуьхьалояран Комитетана" а, цуьнан белхахошна а, иза кхоьллинчу Каляпин Игорьна а тIелатарх. Хала дарий Нохчийчохь болх бан? Стенца Iитталора хьо?

– Дукха хьолахь, кадыровцийн агIора ницкъ хуьлура суна.

– Муха хуьлура иза?

– Сан социалан машанашкарчу аккаунташна тIелетара уьш, инстаграман директе, фейсбуке яздора.

– ХIун яздора цара?

– Дукха хьолахь, сийсазе хIуманаш. Кхерамаш а. Ишта-м соьга Дагестанерчу ЦПЭ-н белхахоша а яздора, карикатураш йохкура. Шамильскан кIоштан полицин декъан куьйгалхо хиллачо, цуьнца доьзна цхьа гIуллакх дара сан цигахь, телефон а тоьхна, кхерамаш туьйсура суна, сийсазвеш, дуэле кхайкхира. Ас дерриг а дIаяздира кхерамзаллин органашка дIакхачийра. ТаIзар дира цунна, кхин чIогIа ца хиллехь а.

– Муьлш бара "хIиллане" - нохчийн йа дагестанхойн ницкъахой?

– Нохчий хIиллане бацара, хIунда аьлча, царна кхин башха оьшуш а дацара. Ткъа дагестанхойн полисхой декхаре бара цхьа леррина кепаш леха, шайна таIзар ца дайтархьама. Дуьххьал дIа ца дора цара шаьш дийриг.

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, Даудов Мохьмад, Делимханов Адам
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, Даудов Мохьмад, Делимханов Адам

– Хала хIун дара хьан балхаца?

– Даим кхерам латтар: лаца тарлора, йа наркотикаш тийса, чуволла. ШолгIа, даим ницкъахошкара, Кадыров "дукхавезачаьргара" Iаткъам лан дезаш хиларна. КхозлагIа – кхерам латтар мичча хенахь а, йиш яра… Цхьана серпантинехула воьдуш ву со, инцидент дуьхьал йоккхур яра. Со ишта велча санна, дIадерзор дара.

– Цхьа кхин хIума лелор дара аьлла, цкъа а дагадеаний хьуна?

– Ца деана. Ткъа хIара хьан лелор ду?

– Стен ир-кара хIиттавора хьо?

– Цкъа делахь, оьрсаша ма-оллура, "спасение утопающего – дело рук самого утопающего". Со дика кхета, нохчийн а, дагестанхойн а, массо кавказхойн а хьолах, Кавказехь хуьлуш дерг, иза ницкъбарехь собаре хиларан лаккхара тIегIа ю, шайн Iазапийн а лаккхара тIегIа, - и хуьлуш ду, хIунда аьлча, шаьш наха дуьхьало йийр яц, царна дуьхьало ян хаа а ца хаьа. Царна ца тоьа бакъонан кхетам а, бакъонан Iилма а. Суна хета, сайн хаарш нахана пайденна ас ца хилийтахь, суна иза къа ду. Милашинас вай кIелхьарадохур дац, ас тоххара ма –аллара, Путин веана, цо а кIелхьарадохур дац вай. Бортниковс [Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхо Александр] а вайна хьалхара и дийр дац. Вай мел дукха Путине дехарш дарх, кхечу цхьаьнга а вай дехарш дарх, вай ваьш, хьала а гIевттина, ара а девлла: "Тхуна ницкъ бира" ца алахь, - хIуммаъ а хийцалур дац.

– Протесташка бовла стенна кхоьру Нохчийчохь нах?

– ХIунда аьлча, ницкъахой оцу сохьта церан гергарнаш болчу богIу. Уьш декхаре бу иштта цундела садетта, хIунда аьлча, доллу тайп лаьттах дуллур ду. Уггар коьртаниг – кадыровцаш зударийн сийна тIекхийда. Цара гуттар а кхерамаш туьйсу: аш цхьаъ дахь, оха шун зударийн сий дойъур ду олий.

– Дукха хан ма яц и доладелла…

– Кхерамаш даим а болуш бара, диллина дийца хIинцца бен ца даьккхинехь а. Оьрсийн эскархоша а ма лелийна изза.

- Цхьа де деара, хьо лоцуш. Стохка шо довш дар-кх иза. Муха дара хьуна и де?

– Со балхара мукъавара, Гуьржийчу садаIа ваха дагахь вара со. Амма оцу деношкахь болх бан дийзира сан, хIунда аьлча, Нохчийчохь Кадыровн критикийн гергарнаш лечкъош бара. Сан гергарнаш а цхьана бигинера, 40 сов стаг. Адамаш дукха дара, цхьацца долчу полицин дакъошкахь латтош бара уьш, оцу гIуллакхашца болх беш вара со. ГIуран-беттан 28-чохь со балха воьдуш вара, неI йиллина араваьлча со, божарийн цхьа тоба тIехьоду суна – 5-6 стаг.

– Муьлш бара уьш?

Со тешна вара, со вен дIавуьгур ву аьлла. Цу тIехь сан шеко янне а яцара

– Со хIуманах кхеташ вацара. Нохчийн маттахь дора соьца къамел. Сан куьйг лоцу цара, ас карара схьадоккху, дIа а тоттуш, вовшех тийсаделира тхо. Со леташ ву царех, дуьхьалваьлла со, юха а дагадеа суна 2015-гIа шо. Сан коьртехь ду, Тепсуркаев Салманца йинна сценарий хир ю аьлла (19 шо долу 1АДАТ телеграм-каналан чатан модератор вара, нохчийн Iедалхошна герггарчу наха лачкъийна волу; интернетехь видео яржийра, гечдар а доьхий, иза шишана тIе хоуьйтуш.-Редакцин билгалдаккхар.). Ас мохь бетта цаьрга, летта лийр ву со, бохуш. Цара соьга боху, шаьш МВД-н белхахой ду, ахь айхьа хьайна вон деш ду, оцу тIехула бехкзуламан гIуллакх хьуна дуьхьал даккха тарло. Со тIаккха а ца соцу дуьхьало ечуьра.

– Хьуна уьш муьлш бу ма ца хаьара?

– ХIаъ, ца хаьара. Ас боху: "Аш белхан кехат гайтталц, со тийсалучуьра соцур вац". МогIарерчу нехан духар дара царна тIехь, цхьахволчо оцу когашна-куьйгашна юккъехула схьагойту шен кехат. ТIаккха ас боху: ""Ок, дика ду".

– Мила вара иза?

–Муслим яра цуьнан цIе.

– Бакъоларъяран органашца гIуллакх долуш варий иза?

– Уьш берриг а Нохчийчуьрчу экстремизмана дуьхьало латточу Центрера бара.

– Стенга дIавигира хьо?

– Сан хIусамах хьовсур ду шаьш элира цара. Талламхо веара, оьрси, Нохчийчуьрчу талламан комитетан урхаллера, экстремизмаца, терроризмаца а къийсам латточу декъера. ХIусам талла бакъо а гайтира. Чудахча ас боху: "Ас дехар до шуьга, кху чохь суна хIуммаъ ма тасалаш". Соьгара телефон схьаяьккхира оцу минотехь. Оцу мIаьргонехь со тешна вара, со вен вуьгур ву аьлла. Оцу тIехь цхьана а кепара шеко яцара сан.

– Оццул тешна хIунда вара хьо?

– ХIунда аьлча, суна хаьа, церан 1АДАТ-е йолу дог-ойла. Со цаьрца воьзнера, иза а суна хууш дара. Цара дукхазза кхайкхийра, шаьш бойъур бу аьлла.

– Цара? Мила ву ахь вьуйцург?

– Кадыровцаш. Кадыров ша а. Амма суна, и гIуллакх толлуш долу Iедалан къепе гира, - терроризм къобалъяр. Суна дагатесира зуламан кодексехь и Iедалан къепе "ФСБ-н" хилар. ТIаккха кхийтира со, и бераш, уьш кхуза бахка декхаре бинийла, ма-дарра аьлча, эфэсбэшникаш ма бара бахка безарш. Амма уьш ца баьхкинера. ХIинца шеконаш ю-кх сан, уьш ца баьхкина, шаьш оцу ледарчу гIуллакхна юкъахь ца гайта, оцу скандална юкъа ца бахка. Хууш ма дара, бакъоларъярхо лаьцча, гIовгIа йоккхур юй. ХIетахь кхийтира со, амма, хIун хир ду, хууш вацара.

– Мел Iийра уьш хIусамах хьовсуш?

– Итт даьлча буьйлабелла шиъ даллалц. Соьгара техника дIаяьккхира – телефон а, ноутбук а. ТIаккха соьга схьахьедира, и хIума коьрта ду - кхо вариант ю: хьалхара – со реза хуьлу 51-чу Iедалан къепена (оцу Конституцин Iедалан къепе, цуьнца а догIуш, цхьа а декхаре вац шена а, шен хIусамдена/хIусамнанна, уллора гергарчарна дуьхьал тоьшаллаш дан.- Редакцин билгалдаккхар.), тIаккха со Нохчийчу вуьгу, цигахь СИЗО чохь вуьту. Соьга хаийтира, суна кадыровцаша моттбина, 1АДАТ-ца воьзна ву аьлла.

ШолгIа вариант – ахь мукIарло ца до, оха хьо юха а Нохчийчу дIавуьгу, амма хеттарш до, теше санна, хьо талламан урхаллин гIишлочуьра араволу, ткъа хьуна дуьххьал Кадыровн полк ю, цигахь хьо ларвеш бу, хьо цига кхачаво, цигахь къайлавоккху. Салманца санна истори юха а хила тарло.

– Иштта элира?

– ХIаъ.

– Цуьнан цIе яьккхира цара?

– ХIаъ. Йа Салманца хилла истори, йа Титиев Аюбца (нохчийн бакъоларъярхо, наркотикаш яьхна аьлла, набахтехь хан яьккхина ву; цо а, цуьнан белхан накъосташа а гIуллакхца фальсификаци лелийна бохура. – Редакцин билгалдаккхар.) хилларг элира.

КхозлагIа вариант – ас мукIарло до, цара олу, оха цхьанна а доцург тIекхолла ца боху хьоьга, муьлхха а хIума дийцича тоьар ду.

– Ахь кхозлагIа вариант къастийра?

– Ас хIун ойла йирий оцу мIаьргонехь? Суна суо Iехош ву моьттура. Ас ойла йора, со хIинца Iеха а вина, соьгара цхьаъ даккха а даьккхина, Нохчийчу дIа а вигина, цигахь со вен гIерташ бу. 100 процентана тешна вара со цунах. Сайн коьрта чохь и дерриг а луьттуш Iара со, планаш хIиттош…Цул тIаьхьа Пятигорскера ЦПЭ доьлхуш ду тхо, цигахь соьга хеттарш дира талламхочо. ХIусамах хьажа веанарг вара иза. ЦПЭ-н белхахошца къамел деш ву со, кхета, царна хууш хIуммаъ дац, уьш кхеташ бац, уьш шайна тIедиллина омра кхочуш деш бу. Цара соьга элира, жӀаьвнний, нуьйжаний юккъехь ду шаьш, Нохчийчохь Кадыровс со дIавалаве боху, ткъа центрехь, Москвахь, ма вига боху.

– Москварниг мила хиллера?

– Цо ма-аллара, церан куьйгалла. Со нийса кхеттехь, ФСБ яра иза.

– Нохчийчуьра Талламан комитетан урхаллера талламхочо – цо хIун хиттира хьоьга?

– Соьга лакхахь схьайийцина вариантех элира цо, айкхалла дина, дIахьедарш а ду шегахь бохура цо. ЧIогIа со Нохчийчу вига ца лаьа шайна аьлла, тIетуьйхира. Иштта элира: "Лаъане а ца лаьа. Доьху хьоьга, хьо цига дIавига бахьана ма лохьа тхуна. Муьлхха а мукIарло дехьа. Суна бен-башха дац ахь мухха тайпа и дахь а. Дехьа".

Со реза хуьлу. Цара дийца боху соьга, хьал суна муха го. Со ма-дарра дийца волавелира дерриг а, тхайна тIехь гIело латторах а, Кадыровс лачкъийна дигарх а, амма и дерриг а цо дIа ца яздира. Цо кхин дIаяздира: ас "Комитетехь" болх барх, ас динарг, муьлха гIуллакхаш луьстура, 1АДАТ боламах лаьцна а хаьттира- вуй со цуьнца воьзна, оцу боламна юкъахь вуй сан ваша. Массо а хеттаршна ас жоьпаш делира. Милашинех а хаьттира – мила ю иза, 1АДАТ-ца гIуллакх долуш юй иза. Ас элира, суна цунах дерг хууш дац. Изза дара ас дийцинарг.

– Цул тIаьхьа хьан телефон схьаелирий?

– ХIан-хIа, сан телефон экспертизе йохьуьйтур ю элира. Талламхочо тIетуьйхира, ма-дарра аьлча, шайна телефон оьшуш яц. Цара схьаехира, экспертизе дIаяьхьира, 20-чу деношкахь сан кара схьалур ю элира. Иштта бен лур яц аьлла.

- Хьо дIахийцира, цул тIаьха хиларг?

– Ас катоьхна сайн номер меттахIоттийра, массо а почташна деактиваци йира, хийцира паролаш, телеграм ерриг а дIаяьккхира. Цул тIаьхьа Гуьржийчу дIавахара.

– Хьо лаьцначу дийнахь, кеп-кепарчу Iедалшкахьа йолчу ресурсаша тексташ зорбане ехира скриншоташца, ахь хьайн вешица дина къамелаш ду аьлла. Дийцахьа цунах лаьцна.

– Хьалххе дIабоху, оцу юккъера доккхаха долчу декъах лаьцна суна дага ца догIу, хIунда аьлча, шира йозанаш ду уьш. Баккъалла а суна дага ца догIу, уьш сан йозанаш ду олийла дац сан. И цхьаъ ду. ШолгIа – вай дехачу заманахь, муьлхха а йоза шеггара хIоттон йиш ю, муьлхха а аудио кечйойла ду, хадош, вовшахлатош, тIетухуш, тIерадоккхуш, кхечу стеган аз схьа а эцна, хьайна луъучу озах тардан йиш ю. Кхечу стеган юьхьа тIе кхин юьхь хIотто йиш ю, и баккъал а долуш санна а хоьтуьйтуш. Техникан ресурсаш йолуш ю. Нагахь санна, юридикан аспект вай йийцахь, и дерриге а тIечIагIдан деза экспертиза а еш, и тоьшалла хилийта.

– И дерриг а – фейк ю-кх?

– Ю дера. Хьаххинчуьра аьлча, сан телеграман фон таьIначу басахь яра, Iаьржачу девайсца ийна цигахь йозанаш дан а дацара. Цигахь массанхьа а сирла, ромашкашца яра. Сайн телеграме суьрташ хIиттош Iедал а дац сан. И бохург хIун ду, гуш ду-кх и кхечу девайсаш тIера дина дуй. Сан техникера цаьрга кхаьчна хIуммаъ яц.

– Гуьржийчохь хIун лелош вара хьо?

– Хьалхарчу шина кIиранчохь соьгахь техника яцара, телефон яцара, банкан карта дацара – хIуммаъ яцара. Айса кхин дIа дендолчун ойланаш йора ас.

– ХIун хир ду аьлла хетара хьуна?

– Мамица хилларг хир ду аьлла, аьттехьа а ца моьттура суна. ХIинца тешам боллуш олийла ду сан: мамица хилларг – Кадыровс шеггара лелийна хIума ду. Со лачкъа ца вайтира цуьнга, тIаккха сан нана лачкъон сацам бира цо.

Мусаева Зарема
Мусаева Зарема

– Массара а ойла ен хаттар: вешица хилларг нисделлачул тIаьхьа шун доьзал дIа стенна ца бахара?

– Кадыров Оьрсийчохь Нохчийчохь санна хьийзар ву аьлла, цхьанна а дагахь дацара!

– Оццу Нижний Новгородера цул хьалха кадыровцаша нуьцкъаша бохург санна дIа ма вигира нохчийн ши ваша.

– Сан дех-ненах куьйг Iотта юридикан бух бацара. Ткъа оцу шина вешина дуьхьал даьккхина бехктакхаман гIуллакхаш дара (Магамадов Салехь а, Исаев Исмаил а – ши ваша ву, цхьаъ гей вара, шолгIаниг трансгендере дехьавала дагахь вара; и шиъ лачкъийра кризисан петарара Нижний Новгородехь 2020-чу шеран Чиллан-баттахь, цул тIаьхьа дIавигира Нохчийчу). ХIаъ, тхо кхеташ дара Нохчийчохь низам лелаш доций, амма йисинчу Оьрсийчохь цо болх бо моьттура.

– Оьрсийчуьра дIадаха дагахь дарий хьан да-нана?

– Дера дара! ДIаяха де дисинчу хенахь мама лачкъийра. Паспорташ динера царна, кхин дIа визанашца долу гIуллакх дара луьстуш.

– Хьан ден-ненан хIусамчу ницкъахой лелхарх муха хиира хьуна?

– Мамас телефон туьйхира, йишас а.

– ХIун элира нанас?

– Нохчийн полисхой чугIерташ бу элира, мама доьналла долуш стаг ю. Шеко яцара цуьнан, ша лачкъор ю аьлла. Суна а ца моьттура, иза лачкъор ю…Да а, нана а дIадига бакъо йолуш баьхкинера уьш. Деца гIуллакх ца хилира церан, цуьнан статус бахьана долуш, цундела мама йигира.

– Йиша хIунда ца хьайина цара? Иза 18 шо кхачанза йолу дела?

– ХIан-хIа, бахьана дацара. Иза ялале аьлла, кехат дацара.

–ХIусамчу лилхинчу цара йиттинера хьан нахана.

– ХIаъ, мамина а йиттинера, йишина а дакъа кхаьчнера, дена а. Царна тIехь таммагIаш дара. "Iазапашна дуьхьалояран комитетан" юристашна а хIума кхеттера, иштта адвокатана Добронравова Натальина а.

– Нижегородскерчу полисхоша хIунда магийтинера иза?

– ХIунда аьлча, царна ца лаьара оцу девнна юкъагIорта. Путина Iалашвечу Кадыровс Iалашбо кадыровцаш. Нижний Новгородерчу полисхочун яц иштта тIетовжийла. Со ца теша, Кадыровн системина дуьхьал болчу оьрсийн бакъоларъяран системин ницкъах. ХIунда аьлча, Кадыровниг кхиийнарг Путин ву, цо Iалашъйо иза а.

– Дукха хан юй хьана нана диабето хьийзон?

– ХIаъ. Инсулинах йоьзна ю иза, цуьнан леррина график ю мехий тухуш – хIума яале а, йиъначул тIаьхьа а. И дерриг ма-дарра ца хаьа суна, амма ас оьцура цунна оьшуш долу и леррина мехий.

– Оцу сарахь, хьайн нана дIайигиний хьуна хиъча, стен ойла йора ахь?

– Хьалхарчу кхаа дийнахь наб кхеташ вацара со, хIума а кIезиг кхоллура. Суна хетара, хIара цхьа гIан ду, хIара бакъ хуьлийла дац. Вай дехачу кхузаманан дуьненахь иштаниг хуьлийла дац, бохуш. Маьршачу заманахь хила йиш яц иштаниг. Сайн ма-хуьллу, ца воха хьийзара со, корта сема бита гIерташ, сайгара цхьа пайда хилийта.

– "Дождь" телеканалана ахь еллачу интервьюхь гуш дара хьоьгара хьал. Ахь элира, айхьа гечдийр дац Кадыровна нана бахьана долуш. ХIун аьлла хета хуьна, цо оьгIазвахийтинерий Кадыров?

– Суна ца хаьа. Йа бала а бац, оьгIаз вахара иза, ца вахара бохучуьнца. Цуьнца дийца хIума дац. Дикачу стага и тайпа хIума дийр дац. Цо наной ца лечкъабойту. Тахана суна хетарехь, сан нана – Оьрсийчохь хуьлучун символ ю. Пачхьалкхана диъ бер дина, уьш кхиина зуда ю иза. ХIинца харцонна бухахь нисъелла иза, цхьа а бахьана а доцуш. ХIара кхузаманан Оьрсийчоь ю.

– Кадыровс а, цуьнан гоно а бехира, "коьртеш даха" кийча ду хьан доьзалан. И кхерамаш муха тIеоьцу ахь?

– Ас уьш дукха баккъала а тIеоьцу. ХIунда аьлча, и дIахьедар деш болу нах тера-мера бац. Цара чIир хьейо. И дерриг а бегашен дац, церан герзана тIекхочийла ду, церан лаккхара низамаш дохучу а, уьш кхочушдечу а органашца юкъарлонаш ду. Цара киллерш лоьцу, дийнна операцеш дIахьо, мехах нах а лоьцуш.

–Хьуна хьо маьрша, паргIат хетар волуш меттиг бан а буй хIинца?

– Сан ларваларан инстинкт ерриг а йоьхна, телхина. Кхечу нахана лерина, уьш Iалашбалийта кхерамзаллин система дIахIоттон, ойлаян хаьа суна, хIунда аьлча, нохчийн ницкъахоша болх муха бо суна хаьа. Амма сайца долчунна аьлча, воьхна вуьсу со. Цхьана пардоно суо Iалашвеш санна, ойла хуьлу сан. Ма-дарра аььлча, цхьа а пардо дац иза, доттIагIий бу.

ЯнгулбаегIарна дуьхьал Соьлжа-ГIалин юккъехь хIоттийначу акцеш дагош ду Абубакаран доьзалан суьрташ тIехь долу плакаташ
ЯнгулбаегIарна дуьхьал Соьлжа-ГIалин юккъехь хIоттийначу акцеш дагош ду Абубакаран доьзалан суьрташ тIехь долу плакаташ

– Нохчийчохь дуккхаъ бIеннашкахь нах а гулбеш, хьан доьзална дуьхьал митинг хIоттийра, гергарчара видео тIехь неIалташ а бохуш. Муха хета хьуна иза?

– Цхьа а хIума ца хийтира суна, яцара, йан а яц эмоцеш. Соьга дуккха а хаамаш бахкийтира оцу митинган декъашхоша, тхо кхузахь ду, амма хIара дерриг а оха къобалдеш дац, оха мелхо а царна неIалташ кхийкхадо, бохуш.

– Мехкан Iедалхоша хьох ма-аллара, "нохчийн къоман коьрта мостагI" волуш муха хета хьуна?

– Нохчийн къоман коьрта мостагI суо ца хета суна, со кадыровцийн мостагI хета суна.

– Тахана Кадыровн коьрта мостагI хьуо ву аьлла, ойла ю хьан?

– Яц дера. Иштта ца хета суна.

– Соьлжа-ГIалахь митинг йолчу дийнахь, Путина Москва кхайкхира Кадыров. РогIера а доцуш, стенна дара президенто иза тIелацар? Дуккхаъчу хьаькамаша, губернаторша карантине а ховший, кIиранашкахь сатуьйсу, шаьш Путина тIеэцаре, ткъа Кадыров, чIагIдарехь, оцу сохьта тIевитинера.

– Суна хетарехь, жоьпан цхьа дакъа оцу хаттарна юкъахь ду. Путин а, Кадыров а гина вацара 2017-чу шарера схьа дуьйна.

– Вовшийн тIеттIа а кхочуш, гина вацара?

– ХIаъ. Тхан доьзална гонах йолу истори резонансе яьлла, дуьненаюкъара скандал а хуьлуш. Лекхачу трибунаштIера дуьйцуш ду цунах лаьцна. Хууш ду, къайлахчу сервисашна ца лууш дина хIума дарий. Кадыровс ша бина сацам бара иза.

– Шена хIуммаъ хир доций хууш хилла иза?

– Дера хилла. Иза тIекхайкхинера, таIзар дан.

– Муха таIзар дина цунна?

– Цунна инструкци елла аьлла хета суна, кхин дIа дан дезачух. Тапъалий Iе, кхин дIа комментареш ма йе, Дудаевс тIе чIагI ма дарра. Путинца цхьанакхеттачул тIаьхьа йа Кадыровс а, йа цуьнан наха а тхан доьзална гонах йолу историх дош аьлла дац. (Нохчийчоьнан Iедалхоша кхин дIа комментареш йийр яц, дозанал арахьа бехачу мехкан урхалхочун критикийн дIахьедаршна, шога дIахьедира регионерчу информацин министро Дудаев Ахьмада. – Редакцин билгалдаккхар.).

– Адвокаташ хьан нанна тIебитина, цуьнан могушаллин хьолах а хиъна. Кхин дIа стенга ладоьгIу ахь?

– Со чIогIа тешна ву, гIуллакхан юридикан аспектех аьлча, кхечу регионе дIалур ду аьлла. Масала, Къилбаседа Кавказехула йолчу коьртачу талламан урхалле, ткъа цигахь объективе талламбийр бу.

– ТIаккха хьайн нана дIахоьцур ю аьлла, ойла ю хьан?

–Оцу хьелашкахь декхаре бу дIахеца.

– Дегайовхо ю-кх хьан?

– Дера ю, со цунах чIогIа тешаш ву.

– Оьрсийчуьра арайолуьйтур юй иза тIаккха?

– Нохчийчуьра дIахецахь, Оьрсийчуьра а арайолуьйтур ю.

– Хьайн телеграм-каналехь кхайкхамаш бо ахь, Кадыровн зуламех лаций хьайга информаци кхачайе бохуш, журналисташна интервью а, комментареш а ло ахь. Цхьана ханна тапъаьлла Iен дезара аьлла, ойла хиларий хьан?

- Шина тайпа ду суна хетарг. Цкъа делахь, оцу агIор [Нохчийчуьра Iедалхой] соьца зIене ваьлла стаг а вац, соьга дина дехар а дац иштта. ШолгIа аьлча, ас дечо алсам пайда бохьу, гIуллакх талхочул а. КхозлагIа, сан нана кIелхьарайоккхуш дуккхаъчу нахера гIо а хилла, суо тапъяьалла Iар суна эгоизме хета.

– Хьо кхин дIа тапъаьлла Iахь, шаьш хьан нана дIахоьцур ю аьлла, хьайца зIене бевлча?

– Нана дIахеца, тIаккха дуьйцур ду вай.

– Цхьа дагах кхеташ видео дIаязйинера ахь нанна лерина. Кавказехь, къаьсттина нохчашна юкъахь, Iедал доцушехь, ден-ненан а, беран а юкъаметтиг нахана дIагойтуш.

– Суна иза коьрта дацара. Суна сайн нана дукхаеза, суна хаьа, мел халачу муьрехь цо со дуьненчу ваьккхина, кхиийна, Iамийна дика а, вон а къастон. Шен масална тIехь гайтина, муха хила деза адам. Суна эхь ца хета сайн дагара хаийта, сайн безам гайта.

– Хьо Гуьржийчуьра дIавахара, хIунда аьлча, цигахь кхерамза дацара.

– ХIаъ, соьга иштта элира.

– Хьан?

– Кхерамзаллехь болчу, иштта Iедалан органашкара болчу говзанчаша. Тбилисихь суна тIаьхьабевллачу нехан терго хиллера. Кхин дIа кхо вариант ю суна гуш: хьалхара – политикаца бала а боцуш, оцу йоллу истори юкъара дIавоьду со; шолгIа - бакъоларъяран болх бо Нохчийчоьнца, амма генара, сайн аьтто ма-ббу; тIаьххьара – бакъоларъяр а, цхьа коммерци а цхьаьна туху.

– Стенах боьзна бу хьан харжам?

– Ненаца къамел дарх. Со гуттар а цунах дагаволура.

– ХIа, хьан нана дIахийци, хьо IадIийриг. Реза хир вуй хьо?

ХIара оьрсийн-нохчийн тIом бацара, хIара оьрсийн- нохчийн бала бара. Шина а агIор зен хилларш бу

– И чолхе хаттар ду, суна ца хаьа, цунна муха жоп дала деза. Цхьана агIор, бакъоларъяран балхо хьо кхачаво. Вукху агIор, хьан бийр бу хIара кхин? Нах кIезиг бу. Оцу ширачу бакъоларъярхойн гвардина Оьрсийчоь а, Нохчийчоь а кхечу агIор го. Уьш ца кхета цунах. Ас цуьнан терго йира, со "Комитетехь" волуш. Нохчийчохь бакъонашларъяран болх бан лаьара суна, республикехь бахархойн юкъаралла дIахIотта лаьара суна. Ткъа хIун дийр ду ас? Суна ца хаьа. Сан йоллу ойланаш, мама маьршаяккхарх а, иза ган лаарца а ю.

– Интервью йолийра вайша, хьуо бер долуш, Нохчийчохь оьрсийн эскархоша зуламаш лелош хьайна гарх ахь дуьйцуш. ХIинца, ахь бахарехь, нохчий хьийзош шаьш нохчий бу, масала, ахь вийцина оьрсийн талламхо, цо хьо кIелхьарваьккхина-кх, ма дарра аьлча. Муха нисделла, хIара дерриг а иштта чIогIа хийцадалар?

– Кхеташ хила деза, шина а агIор диканаш а, вонаш а бу. Дикачара вовшашна дика болх бо, хуьлийла хьо нохчо, хуьлийла оьрси. Вочара вон до, хуьлийла хьо оьрси, хуьлийла нохчо. Суна гIо динчу оьрсаша гIо дина хила тарло суна, Кадыров цавезарна.

– Оьрсашна нохчий ца беза аьлла хета хьуна?

– Ца хета.

– Юханехьа аьлча?

- Ишта а ца хета.

– Нохчийчуьра тIом – хьенан бала бу?

– Кремло кхоьллина бала бара иза, амма юкъара бала. Шина а агIор зенаш хилларш бу. Дуккха а нах бу, ца луушшехь, Нохчийчу тIом бан хьийсийна. [2015-чу шарахь вийна политик] Немцов Бориса митинг гIаттийра Нохчийчохь тIом болорна дуьхьал. Дуккхаъчу оьрсашна ца лаьара, и тIом хила. Зулам дара иза, пачхьалкхан пропагандо деш, шайн интересаш йолчу коьртачу Iедалхошкара. Маьрша нах байъира. Оьрсий Нохчийчохь бехаш а бара, нохчашца цхьана ларми чохь Iийна уьш тIеман хенахь.

– Нохчаша а, оьрсаша а къаьст-къаьстина хIунда дуьйцу оцу тIамах лаьцна?

– Пропаганда ю иштта болх беш. Стагана бала шен агIор гина, ша зен хилларг лору цо. Цунна гуш верг тIелеташ волу важа ву. Оьрсина иштта го нохчийн къам, шаьш нохчашна оьрсий агрессорш хета. Цхьанна а ца лаьа, ша-ша кхечу агIор ган. Нохчаша а, оьрсаша а стоьлан гонах а хевшина, доллу гулделла коьрта политикан а, историн а, социалан а хеттарш, бакъонан а, нийсонан а хеттарш а дийцаредан дезара. Мила тIеозон веза, мила ца оьшу, хьенах турпалхо ван веза, хьенах ца веза. Барт бан беза.

– Муха нисдала тарлора иза?

– Дуккха а билламаш хила беза кхочушбина, со кхета, тахана долчу Iедалца иза хуьлийла дац. Дерриг а цабезамца хуьлуш кхоьллина ю тахана Iедалан вертикаль.

– Шун доьзалера цIа дIадаьккхина. Муха, маца хиллла ду иза?

– ГIуран-баттахь тхан цIа дIадоккхучу хенахь, цара масаьргара а паспорташ а цхьана дIадаьхнера. ЦIийнан кехаташ а дIадаьхнера. Суна хууш дац, юхаделла йа ца делла. Ца дала а мега цара. Нохчийчохь иштта ду: боллу дуьхьалончаш, цатовш болу нах а, церан хIусамаш, бахам цхьахволчу кадыровхочунна тIеязбо. Нотариусаша дора иза, цуьнца проблемаш ца хуьлура. ХIинца оцу гIишлон да уллахь вацахь, мел а хало ду, хIунда аьлча, пачхьалкхехь нотариалан цхьа система хиларна.

– Нохчех мила гIур ву оцу хIусамаш чу ваха? Эхь лоруш ма ду и.

– Ламасташца нохчаша иштта деш ду. ЦIа, латта эцале хьалха, лулахошка хотту – хIара латта девнна юкъахь ду йа дац. Лулахоша жоп ло, оцу латтаца йолу проблемаш дIа а юьйцуш. Тхан лулахой – тхан герагара нах, тхан тайпанара нах, юьртахой бу. Цара эра ду: "ХIара цIа ЯнгулбаевгIеран ду, хIара цIа тхан ду". Ламасташца лелаш белхьара цхьаммо а хьадийр дацара иштта цIенош.

– Хьоьца хуьлуш долчо хьан Нохчийчуьрчу гергарчарна сингаттам баьккхиний?

– Уьш балхара дIабохуш бу. Билггал дIаяьккхина сан дейиша. Церан дIабаха таронаш кIезиг ю, бахам дIа ца бохкуьйту цаьрга.

– Стенна деш ду иза?

– Кхин дIа а закъалтехь латтон. Нах закъалте лоьцуш, иштта лелош кеп ю иза – Нохчийчоьнах дIабоьхкуш, цаьргахула тхуна тIехь манипуляцеш лелон.

– ТIаьххьарчу хенахь хьох медийн фигура хилла. Нохчийчохь лелочух ахь ден дIахьедарех – хьайн доьзална гонах долчух, ма-дарра аьлча, боллу махках хуьлучух а – зорбанан гIирсаша хаамашкахь дуьйцу. Керла оппозицин блогер олу хьох, вусту хьо кхечу нохчийн бевзаш болчу Кадыровн критикашца, делахь а, билгалбоккху хьан дуьнене болу либерале хьажам. Оцу кепарчу дустарша эхь хоьтуьйтий хьуна?

– Суна ца хаало суо медийн хилла аьлла. Со кхечу оппозиционерашца, жигархошца вустар – иза вон дац. Суна бевзаш бу уьш, белхан хьокъехь къамел хилла санна [Швецехь веха] Абдурахманов Тумсоца, цуьнан нах лечкъийна бигинчу хенахь цуьнгара дIахьедарш схьаийцира ас хиллачух.

Сан либералан хьежамех дерг аьлча – суна ца лаьа цхьа а билгалваккха, сиз хьакха. Либерал, правосек, центрист, дуалист – и гуттар а вон дара. Тахана либерал хуьлийла ду, кхана – центрист. Адам хийцало, иза а дика ду. Суна ца лаьара, сайна тIе сиз хьакха, амма мел а паргIат ву со цунна, нахана цунах гIо хилчхьана. Ткъа либерал, жигархо, оппозиционер хила суна цкъа а ца лиънера. Суна лаьара, лаа а лаьа, юьстах, къайла а ваьлла, коьрта болх бан. Материал а гулйина, Кадыров дуьненаюкъарчу лехамашка вала дагахь ву со хIинца. Къайла а ваьлла, бен болх бу-кх иза.

– Хьайн гIуллакх хир ду аьлла, хета хьуна?

– Хьожур ву со.

– 1АДАТ боламна тIе юха ца веача ца волу со. Муха хета хьуна цара лелориг?

– Суна дика ца хета. Идеологи, агресси, информаци ялар, грамматикан а, синтаксисан а, лексикан гIалаташ. Агрессин полемика ю цигахь дIайоьдург. Суна хаьа – и проект лелон мегар дара пайда беш, гамо ца гIаттош.

– Нохчийчохь нах лечкъорах а, лецарх а цара уггар хьалха аьлча санна хаамашка ма доккху.

– Информаци гуттар а теллина ца хуьлу. Ас кест-кеста юха толлура, цара яздийриг, со "Iазапашна дуьхьалояран Комитетехь" болх беш волчу хенахь. Оцу нахе волура со, цара лечкъийна бохучу, амма цара бакъ ца дора. Хьалхарчу хьасташа тIечIагIйина йоцу информаци зорбане яккхар – корматалла цахилар ду. Мегар дац лечкъийна бохуш, чIагIдан, иштта дан мегар дац.

Амма цхьабакъду, 1АДАТ болам хилар дика ду. Со плюрализмехьа ву, дуккха а нахана хетарг хила дезаш ду. Амма со дуьхьал ву, агрессица уьш тIетийсарна. Суна хета, Нохчийчохь кхиъна бахархойн юкъаралла хила еза адамийн бакъонаш а, бахархойн маршо а йолуш. Ткъа цара хьалхатоьттург ду, со кхеташ воцу, нохчийн маьршачу сица догIуш доцу, тера а доцург, нохчочо ша харжа деза муха ламаз дан деза, хьанна дан деза, хIун дан деза, стенга ваха веза.

– ХIун аьлла хета хьуна, Кадыровна Iоттаделларг хIун ду 1АДАТ-ра?

– Сийсазе, аьшнашвен кеп. Хьалха ма яцара иза. "Новая газета" дара, кхинболу хаамийн гIирсаш, "Iазапашна дуьхьалояран Комитет" яра, юристаш, жигархой бара, амма вайн кад буьзна, тIехIанийта тIе ца тоьарг цхьаъ дара – юьхь-дуьххьал сийсазалла. 1АДАТ-хь и йолуш ю.

– И нийса дац аьлла, хета хьуна?

– Дера хета. Нохчийн йа Iадаташкахь а, йа динехь а магош хIума дац иза. Адамаллица догIуш а дац. Проблемаш ерзайойла дац сийсазаллица. Мелхо а, цара кхин тIе а совйоху проблемаш.

– Хьо а, хьан ваша ИбрахIим а 1АДАТ-ца ву аьлла, Кадыровна хетар хьан доьзална муха хета?

– Тхан хIинца а хан хилла яц цуьнан ойла ян. Тхо хIинца а дехьа-сехьа дуьйлуш, тхайн кхерамзалла лоьхуш хьийза. И къамел а хила дезаш ду.

– Хьуна а, хьан доьзална а шаьш кхерамзаллехь маца хетар ду?

– Тхаьш маьрша а ду, кхерам а бац аьлла хетар ду тхуна, Кадыровца долчу хаттаран йист яьлча. Цо кхоьллинчу системин а. Цкъачунна, Кадыров Iедалехь мел ву, - гуттар а кхераме ду.

– Хьайн доьзалца Iоттаделлачунна хьуо бехке хетий хьуна?

– Суна бехке хета, сан нана кхечу махка дехьаяккха жоьпалла тIехь долу нах айса сих ца барна. Вуьшта, со бахьанехь гучуевлла йоцу проблемаш листа гIерта со.

Бехке суна Кадыров хета. ХIунда аьлча, цо долийна ду хIара. Иза дегабааме ву, шортта комплексаш йолу стаг ву, компетенте вац, дешна, хьекъале волуш, бакъхьара стаг ву аьлла, Iедал каракхаьчна дац цунна. Дера, Кадыров ву бехке.

***

Путин Владимира тIеийцира ша волчахь Нохчийчоьнан куьйгалхо, дуьненаюкъарчу зорбанан гIирсашкахь ЯнгулбаевгIеран доьзалх лаьцна хаамаш гучубевллачул тIаьхьа. Аудиенци хилла цхьа кIира, ахкIира даьлча флешмоб хIоттийра республикехь "Я пехотинец Кадырова" аьлла. Масех дийнахь цунах дIакхийтира 500 гергга стаг, царех доккхаха долу дакъа – нохчийн хьаькамаш, кеп-кепарчу тIегIанашкара депутаташ. И флешмоб ца яьржича, кхин акци юкъаяьккхира – пачхьалкхан "Грозный" телехьожийло а, кхечу официалан хаамийн гIирсаша а дIахьедира "Оьрсийчоьнан эзарнашкахь бахархой" тIетайна хиларх Кадыровгахьа а, бозуш боцчу хаамийн гIирсашна а, бакъоларъярхошна а дуьхьал хIоттийначу онлайн-митингана аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG