Волгоградехь эккхарш хилчулл тIаьхь, уггаре а дуьйцучарах хIума ду, Оьрсийчохь цхьа бутт баьлча хила езачу Олимпиадан, иза муха доьрзура ду бохург. Цунна ша пал тиссархой санна, саготта бу, политологаш а, журналисташ а. И эккхарш хилчулла тIаьхь, ерриге а пачхьалкхехь, кхерамазаллийн хьелаш чIагIдира. Къеста ца йира, маьрша а, маьрша йоцу а регионаш а.
Терроризм, шен буххера дуьйна хьаьшина йолчу Нохчийчохь а, гуш бара и чIагIамаш. Соьлжа-гIала чу мел догIу некъаш дара чIагIдина. БТРаш а, кхийолу тIеман техника пурх а хIоттийна, лаьттара герзашца полисхой.
Олимпиадийца, аьлча а, иза дIаяхьарца, таханлерачу Оьрсийчоьнан васт а, йоьхь-сибат а, йоьзна ю. Де дийне мел долу, цуьнна а, цуьнан гонахь а, тидам чIогIа хира бу. Цхьаболчу эксперташ бахарехь, тамаш бу, дукха хена дуьйна кхерамаш тийсина болчу тIемалоша, цигахь кхиъ цхьа чолхалла кхуллуш долу хIум ца дахь. Шай агIора, иза ца хилийта ма хуьллу гIерта, къайлахь сервисаш. Оршотдийнахь, Интернетехь, социала цхьана майданехь цхьа хаам гIарабаьккхина гIалгIайн воьвзучу адвоката Ахильгов Калойс.
Цо бахарехь, Олимпиадехь цхьа доьхнарг ца хилийта, Дагестанера а, Нохчийчуьра а, ГIалгIайн махкара а бахархой, цхьана лерринчу литтаршца буьтура болуш бу оцу гIала. Ша Ахильгов Калойс, и хаам, шега Дагестанерачу доттагIчо аьлла бохуш гIарбаьккхина, амма, хIокху деношкахь, иза мел бакъ ду толлура ду ша боху цо.
Амма, дукха и талламаш ца бича а, хууш ду, мел бакъ хила мегаш ду цу тайпа хIума. Дагадоуьйту, шозлогIа тIом болабелча, оьрсийчоьнан тIеман буйранчалло дIакхайхкинера Нохчийчуьра I0 шаран тIера, 60 шаран тIекхаччалца мел болу божарий террорхой бу аьлла. Цундела, кхечанахь дерг ца хаа, Нохчийчохь-м теша, иза бакъ хиларна. Ша а дукха хан йоцуш Сочи гIалара гIишлошъярхойн белхашкара цIа вирзинчу Мохьмад цIе йолчу жимчу стага иштта элира Маршо радиога.
Мохьмад: « ХIинца цигахь болх беш верг бен чу вуьтуш вац. Цхьанахь тIевахийна а хила веза. Оьрсий а , иза яцахь, арабогIуш бу цара. Ханна хилла а иза хила еза. Цига чувита мега, цхьан гIуллакхан воьдуш ву аьлчхьан, амма, вуьшта витахь тамаш бу.
Кавказхой уггаре а дукха бара цигахь болх беш. ХIинца, суна мел воьвзуш верг цIавеана ву цигара. Iела а, уьш бу цигара цхьа бутт хьалха цIа баьхкина. Болх кхин ца хилла цIа баьхкина уьш. Мелла а бисина бу бохура цигахь, амма, уьш а кеста арабогIура бу бохуш дара».
Сочи гIалахь, Олимпиадан кечам бан болийначу дуьйна, цига уггаре а дукха белхалой дIаэцнера, КъилбаСеда Кавказера берш. Эзарнашкахь бара уьш, тайпа-тайпан белхашкахь къахьоьгуш. Ткъа, хIинца-м, гарехь, уьш оцу спортан дезчу дийнахь совбоьлла.
Царна шайна а, хууш ду иза. Бакъду, башха дIоггара халонга а ца даьла царна. Хаа, цхьа чолхалла кхуллуш хIума цигахь хилахь, уггаре а доьххьара тидам шайна тIебохуьйтура буйла. Цундела, ларвеллачуьнна нана ца йилхина боху, нохчийн хьекъале дош йоьхьар а лаьцна, цIа берза дезна церан.
Оцу юккъолгIа, тIеман аьрзонаш лоручу даржхойн куьйгаш а дастаделла, Волгоградехь эккхарш хилчулла тIаьхь. Царах лоручу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, ГIалгIайн мехка куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека а, иштта, цхьа моггIа оьрсийн кхечу политикаша а, кхайкхамаш бина, тIемалошца болу болх кхиъ чIагIбан беза аьлла.
Масала, террора зуламаш динчу нахана Iедалан агIора деш долу таIзар, барам боцуш хила деза боху цара. Вала араваьллачу Iожалхочуьнна, тоьпаш тухуш кхел ян еза бохург ду иза. Иштта, лелачу террористашна доьхьала къийсам кху дуьненахь цхьанна а пачхьалкхе ца латтабеллийла гуш ду, Израилехь а, Иракъехь а, ОвхIан пачхьалкхехь а. Цу тайпа Iожалла оьций нах арабовлуьйтуш дерг хIун бахьанаш ду, къасто луучух тера дац, тахана Оьрсийчохь.