ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГӀалахь теракт кечйарна Нохчийчуьрчу вахархочунна дина таIзар къобалдина Лакхарчу кхело


Оьрсийчоьнан Лакхара кхел
Оьрсийчоьнан Лакхара кхел

Терроран тохар дан гӀортарна а, оьккхуьйтург лелорна а 11 шо хан тоьхначу 23 шо долчу Байсултанов Расулна дина таIзар кIад дан дуьхьал хилла Оьрсийчоьнан Лакхара кхел. Оьрсийчоьнан дехарца Францера араваьккхина Мурадов Дауд коьртехь волчу тобанан декъашхо лоруш ву иза.

Бехкевинчу Нохчийчуьра вахархочунна таӀзар лахдар дехнера, цо зулам кхочушдина ца хиларна, ткъа цунна кечам бечу хенахь бехкевинчун ур-атталла 20 шо а ца хилла дела, аьлла ду сацамехь. Оьрсийчоьнан Лакхара кхел ца тешна оцу аргументех, Къилбан гонашкара тIеман кхело дина таIзар хийцаза дитина.

Талламхоша дийцарехь, 2020-чу шеран гIадужу-баттахь Нохчийчоьнан дозана тӀехь терроран тохар дан Iалашонца Францерчу Бишвиллер гӀалахь исламан радикалийн а, Ичкери йозуш ца хиларан агӀончийн а кхоьллина чат хилла. Оьрсийчоьнан ницкъахоша и тоба вовшахтоьхнарг лору Мурадов Дауд. Оьрсийчоьнан дехарца Францера араваьккхина иза 2022-чу шеран чиллан-баттахь Нохчийчохь кхеташ доцчу хьелашкахь кхелхира. Ша лечу хенахь цуьнан 19 шо дара.

2020-чу шеран лахьан-бутт болалуш Нохчийчуьрчу чатехь дакъалаьцначех цхьаммо цӀахь бомба йинера боху, иза хӀетахь 19 шо долчу Байсултановс Соьлж-ГӀалара цхьана къайленера схьаэцна хилла. Талламо а, кхело а бахарехь, ханна лаьцначу цхьана петар чохь латтийна цо оьккху гӀирс. Ткъа 2020-чу шарахь лахьан-беттан 7-чу дийнахь Ӏуьйранна терроран тӀелатар дан дагахь хиллачу метте йеана хилла цо иза. Ницкъаллин структурийн белхахоша тергонехь латтош хилла и тоба, бомба хийцина муляжца. Иза, дийцарехь, хӀетахь эккхийта йезаш йара 16 шо долчу Мазанова Алинас. Муляжан бомба эккхийта гIертачу хенахь ницкъаллин структурийн белхахоша лаьцнера иза.

  • Оьрсийчуьрчу адвокаташа а, бакъонашларъярхоша а билгалдоккху, дукха хьолахь тӀемалой санна гойтуш болчара кхелехь дӀахьедарш дарх, хьалхара таллам бечу хенахь шайн тIехь гӀело а йеш, тоьшаллаш дайтина шайга бохуш.
  • Кадыров Рамзана йуха а элира Нохчийчоь "дуьненахь цхьаъ бен йоцу терроризм буьззинчу барамехь эшийна регион" йу. 15 шо гергга хан йу цо цу кепара дӀахьедарш ден. Оцу хенахь дуккхаза а йукъайаьккхира республикехь контртерроран операци (КТО) раж, ткъа тӀаьххьара Нохчийчохь полицина тӀелатар дина ши бутт хьалха. Кавказ.Реалии сайтан корреспонденто листира, регионехь "терроризмна тӀехь толам баккхарх" дина дӀахьедарш бакъдолчуьнца муха доьзна ду.
  • 2022-чу шарахь лахьан-баттахь Соьлжа-ГӀалин йуккъехь герз тоьхна вийра меттигера вахархо, ГИБДД-н белхахочунна урс а тоьхна, цуьнгара тапча схьайаккха гӀоьртинчул тӀаьхьа.
  • 2023-чу шарахь зазадокху-баттахь Нохчийчуьрчу Гуьмсан кӀоштан полисхойн декъана тIе муьлш бу ца хуучу наха герзаш диттинера, гӀали чу балийра спецназан эскархой, тӀелатар дина боху шиъ вийра. ТӀемалойн тӀелатар шайггара сурт хIоттош дина хила тарло аьлла хийтира Кадыровн критикашна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG