Соьлжа-ГIалахь керла микрорайон хир йу, Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран цIарах хир йу иза. Цунах лаьцна де хьалха хаамбира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Йен йолчу гIишлоно дIалоцур ду 200 гектар латта, дуккха а нахана чохь Iен 130 цIа дина ца Iаш, цигахь хир ду маьждиг а, берийн беш а. 50 эзар стаг дIатарвийр ву боху цигахь, 40% петарш хIинцале а дIаэцна, аьлла Кадыровс. Цуьнан дешнашца, "нохчийн халкъо баркаллица" дехар дина Путин Владимиран цIарах хилийтар микрорайон, Кадыровс бахарехь "сий долччу, хьекъалечу, хиндерг гуш волчу, хьоме" президентан.
Кадыровн проспекте дехьаволучу меттигера Путинан цIарах проспект кхин дIа йахйеш йийр йолуш йу Путин Владимиран кIошт. 2026-чу шарахь дийр ду боху хьалхара 65 цIа, хаамбира хьалхо Соьлжа-ГIалин мэрихь. Проект кхочушйан инвесторш тIеоза дагахь хиллера, амма официалехь дуьйцуш дац хьан куьйгалла дийр ду гIишлош йарехь, мел мах цунах бер бу а.
Керлачу микрорайонехь дечу цIеношкахь петарш йохкарх бинчу хаамехь аьлла ду, цхьана квадратан метран мах 57 эзар соьмана тIера бу аьлла. Оцу хаамехь "Империя" фирма йу гIишлошйийриг аьлла билгалйаьккхина. Хетарехь, йуьйцург йу, Нохчийчохь регистраци йина фирма, - цуьнан долахо ву аьлла цхьатеррачу барамашкахь билгалваьккхина ву Дагестанера Джамалуев Муса а, Эдилханов Расул а.
- 2019-чу шарахь Нохчийчохь тергойира Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс, кеп-кепарчу гIишлошна шен цIе тиллар ца тов Путин Владимирна аьлла динчу дIахьедаран. Оцу хенахь къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан, информацин министр хиллачу Джамбулатов Iумара элира, йуьйцург Путинан культ йац, "цунна резахилар дIахаийтаран культ йу" аьлла.
- Нохчийчохь 346 урам бу КадыровгIеран доьзалан декъашхойн сий деш цIерш техкина, тIаккха церан цIерш хийца атта хилийта Iедало ур-атталла меттигера низамаш а хийцина, йаздо "Би-би-си-н оьрсийн сервисо". Масала, воккхачу Кадыровн цIе лелош йу Соьлжа-ГIалара футболан клуб, стадион а, гIоьналлин фонд, гIалара бIов, меттигера аэропорт а. Кадыровн-жимахволчун цIарах Нохчийчохь хIирнцале а бу ткъа сов урам.