ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIалара кхело пхоьалгIа луьстур ду актерана Дебишевна ницкъбарх гIуллакх талларна латкъамбар


Дебишев Тимур, архивера сурт
Дебишев Тимур, архивера сурт

Нохчийчуьра Лакхарчу кхело йухабаьккхина Соьлжа-ГIалара Висаитовн кIоштан кхело бина сацам. Кхел дуьхьал хиллера актерана Дебишев Тимурана тIехь гIелойарна бехкзуламан гIуллакх даккхийта дуьхьало йинчу талламхочун сацам къобалбан.

Бакъоларйаран "Iазапашна дуьхьалойаран Команда" организацин латкъам йухабахьийтина хьалхарчу инстанцин кхеле – хIинца пхоьалгIа – листа.

Дебишевс дIахьедина, полицин декъехь йиттина шена аьлла. Официалан версица, полисхойн декъера араваьллачул тIаьхьа летта иза боху. Летта хиларх тоьшалла дина Нохчийчуьра кхаа вахархочо: делахь а, цара чIагIдо, шайна ма-дарра хилларг дага ца догIу аьлла. Оцу йукъанна, шена ницкъбинчу меттигах, гараж муха йара а, кхиндерг а Дебишев Тимура полицин декъах лаьцна ма-дийццара догIуш ду, арз тIехь а цхьана и билгалдаьккхина.

Нохчийчуьра Лакхара кхел тIетайна, Соьлжа-ГIаларчу Висаитовн кIоштахь низаман тIедахкарш тесна дитина хиларна а, гIуллакх луьстучу заманчохь дуккха а кхачамбацарш дитина хиларна а.

2018-чу шеран лахьан-баттахь Дебишев Тимура гIо дийхира "Iазапашна дуьхьал Команде", цо латкъам бира Соьлжа-ГIаларчу полицин декъехь шена йиттина, хеттарш дан валийначу хенахь аьлла. Актеран номер карийнера полисхошна наркотикаш лелорна бехке йечу йоьIан телефон чохь.

Дебишевс чIагIдарехь, полисхоша ток йеттийтинера цунна, пенах корта биттинера, садукъош, сийсазаллаш лелийнера тIехь, цхьахволу белхахо гихь лелавойтуш, наркотикаш лелочийн цIераш йийца бохуш.

  • Охан-баттахь оппозицн жигархошна Соьлжа-ГIалахь керла къайлах набахте хилар гучуделира, цигахь кест-кеста нах сецабо, царна тIехь гIело латтайо аьлла. Жигархойн дIахьедарца, транспортан ОМОН-н гIишло чохь йу и. Цуьнан куьйгалхо ву Хизриев Адам. ЧIагIдо, территори тIехь йуьстах чоь йу бохуш: цу чохь ток йоьттуьйтуш, йетташ, хеттарш до лецна балийначу нахе. Набахтехь бакъо йоцуш нах латтон тарло беттанашкахь.
  • 2022-чу шарахь Нохчийчухула цхьа гIуллакх айдина дац полицихь нах хьийзорна тIехула.
  • Лахьан-бутт бовш Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело цхьа могIа сацамаш тIеийцира Оьрсийчоьнан бахархоша шаьш бакъо йоцуш лецарх, талламаш дIахьочу хенахь харцонаш лелорах, бакъонаш хьешарх, адамалла йоцчу кепехь, сийсазалла шайца лелорах, иштта талламан изоляторшкахь а, кхелашкахь а цхьаьна, диначу арзашкахула. ДIахьединчарлахь бу Оьрсийчоьнан къилбера а, Къилбаседа Кавказера а бахархой.
  • Кху шеран зазадокху-баттахь Европера адамиийн бакъонашкахула йолчу кхело чуийцира, тIехь гIело латторах Оьрсийчоьнан 37 вахархочо чуделла арз. Оьрсийчочьнан къилбера а, Къилбаседа Кавказера а ду царехь 14 арз – бу царлахь Дебишев Тимуран латкъам а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG