ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIалара СИЗО йухайалийна Мусаева Зарема дарбанан цIийнехь латтийначул тIаьхьа


Мусаева Зарема кхелехь, 2023-чу шеран товбеца-беттан 4-чохь даьккхина сурт
Мусаева Зарема кхелехь, 2023-чу шеран товбеца-беттан 4-чохь даьккхина сурт

ЯнгулбаевгIеран вежарийн-оппозиционерийн нана Мусаева Зарема дарбанан хIусамера Соьлжа-ГIалара талламан изоляторе йухайалийна. "Iазапашна дуьхьал Командо" бинчу хаамца, стационаран дарба деш дара цунна товбеца-беттан 31-чуьра марсхьокху-беттан 14-чу дийне кхаччалц.

Набахтехь даккха пхи шой ахшой тухуш шена динчу таIзарна дуьхьал чуйелла апелляци теллина бовллалц ладоьгIуш Iаш йу карарчу хенахь Мусаева. Курхаллаш лелорна а, полицин белхахочунна тIелатарна а бехкейина иза. Инсулинах йоьзна шолгIачу кепехь диабет лазар а, кардиосклероз а, гипертони а, иштта кхин диагнозаш а йу цуьнца. Кест-кеста мерах цIий оьхура цунна СИЗО-хь йолчу хенахь, когийн кIелош хаалуш йацара цунна, даим лозуш аьрру куьг а дара.

Республикера Эпендиев ШахIабан цIарахчу клиникан хIусамехь дарба деш дара Мусаевана, ткъа хIинца таIзарна апелляцин жоп даллалц СИЗО-хь латтор йолуш йу, билгалдоккху "Iазапашна дуьхьал Командо".

Кхело бина сацам хийцанза битахь, колони дIайуьгур йолуш йу Мусаева, цигахь йуха а лоьрех чекхйоккхур йу иза. Бакъоларйархоша тидам барца, цуьнца долчу лазаршка хьаьжча, колонихь иза йуьтийла дац.

  • Дечкен-беттан 20-хь Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира кадыровхоша. Мусаева Заремина полисхо сийсазварна, лазорна бехкейина, чохь даккха I5 де-буьйсий туьйхира кхело. Цул тIаьхьа цунна дуьхьала бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелеттера иза. Кадыров Рамзана бахарехь, "цхьана мIаьргонна цуьнан бIаьрг боккхуш" хиллера цо. ТIаьхьо хьарамлонаш лелорна бехке а йира и. Дуьххьара, теше санна хеттарш дан, цу бахьанца Нохчийчу дIайигна а йара.
  • Товбеца-беттан 4-чохь Соьлжа-ГIалара кхело колонихь даккхийта пхи шой ахшой туьйхира Мусаевана – оццул хан йоьхура прокуратуро а. 52 шо долчу зудчунна тIаьхьабовлар политикан бух болуш лору бакъоларйархошна, адвокаташа масийттазза дIахьедира цуьнан гIуллакхехь харцонаш лелийна хиларх. Мусаева лачкъийча дуьйна, цуьнан могушалла дика йоццушехь, изоляторехь латтийра иза. "Уггар коьртаниг – со цIена йу", - дIахьедира цо шена таIзар кхайкхийначул тIаьхьа.
  • Мусаевана кхело вердикт кхайкхочу дийнахь Соьлжа- ГIалахь герзашца тIелетира цуьнан адвокатана Немов Александрна а, "Новая газетин" журналистана Милашина Еленина а. Москвара шога оцу зуламна реакци йинчул тIаьхьа, Кадыровс дош делира "йист йаккха" гIуллакхан, амма хIетте а бехкехетарш хIинца а лецна бац.
  • Мусаева дIайигначул тIаьхьа, шолгIачу дийнахь ЯнгулбаевгIеран доьзална бекхам бийр бу ша бохуш, кхерамаш тийсира Кадыровс. И шен кхерамаш карлабехира цо шен видеокъамелехь. Цуьнан кхерамаш тийсарна тIетевжира нохчийн баккхий хьаькамаш, ницкъахой а. Чиллин-беттан 2-хь Соьлжа-гIалин коьртачу майданахь цара дIабаьхьира ЯнгулбаевгIар сихсазбарна лерина гулам - цигахь церан доьзалан суьрташ дагийра, этIийра, суьрташна тIе когаш биттира.
  • 2023-чу шеран дечкен-баттахь Янгулбаев Абубакара шеца нана дIасахийцар хьийхира Кадыров Рамзанна. Мусаева лачкъийна шо кхочуш ша бинчу видео кхайкхам тIехь жигархочо бехкевира Кадыров "пачхьалкхан низамаш а, адаман сий а" дохорна. Цо билгалдаьккхира, лаьцна латтийначу оцу шарчохь Мусаева Заремина могушлалла кхин тIе а телхина аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG