ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-гIалин йуккъехь Ичкерин агIончийн суьрташца кечйина видеобаннер хIоттийна


Кадыровн цIарах проспект Кадырова, Соьлжа-ГIала, 2023-чу шеран зазадокху-бутт
Кадыровн цIарах проспект Кадырова, Соьлжа-ГIала, 2023-чу шеран зазадокху-бутт

Соьлжа-гIалин йуккъехь, Кадыровн проспектехь "Минутка" тоннель тIе видеобаннер тоьхна. Баннер тIехь болучарех масех республикан маршонехьа хилла ву.

Экран тIехь гуш йоза а ду. "Вайнехан интеллигенцин васт дендеш" аьлла. Баннер тIехь гуш бу йаздархо Абузар Айдамиров; оьрсийн эскархо, зуламхо Юрий Буданов верна чувоьллина хилла Юсуп Темирханов; Нохчийчохь тIемаш болчу хенахь хирург болх бина Хьасан Баиев; Iилманча, яздархо, Нохчийчоьнан маршонехьа къийсина Iабдурахьман Авторханов.

Зазадоккху-беттан 24-хь цу баннеран сурт шен фейсбукерчу агIоне хIоттийра йукъараллин жигархочо, бизнесмено Успанов Юнис. Цу суьртана бухарчу комментарешкахь цу дийннахь цхьамма видео а хIоттийра, и баннер боккъал цигахь хилар бакъдеш.( редакцехь йолуш йу и видео)

Меттигерчу тхан хьостанаша дийцарехь, зазадоккху-беттан 28-хь баннер экранехь кхин гуш яцара.

Соьлжа-гIалин мэрерчу хаамийн, арахьарчу рекламин декъехь болучара Кавказ.Реалии корреспонденте, шайн хьуна дала жоп дац, билггал муха, хIун дара хатта хаьттина, тIаьхьо хаам бийр бу шаьш, элира.

Авторханов Iабдурахьман совет-Iедална дуьхьал хилла ву, шоллагIчу дуьненан тIамехь Германин агIо лаьцна, лаьттина ву. ТIаьхьо церан гIоьнца шен Нохчийчоьнна маршо яккха дагахь волуш.

Темирханов луьрачу рожехь даккха 15 шо тоьхна, чохь валлийна ву. 18-шо кхаьчна Кунгаева Эльза лачкъорна, йерна а бехке лерина волу Буданов вийна аьлла.

Баиевс Нохчийчохь хьалхара тIом боьдучу муьрехь буьйранча Басаев Шамиль лечуьра ваьккхина. Цуьнан ност дIайоккхуш операци а йина. Цул тIаьхьа нохчийн тIемалоша а, оьрсийн эскархоша а хьийзина ву, дехьарчу а, сехьарчу а дархошна гIо дар бехке дуьллуш. ХIинца Соьлжа-гIалахь Iаш а, болх беш а ву.

Ичкерин Гимн йаздархо а, поэт а волчу Айдамировс 1970-чу шерашкахь йазйинчу байтах йина йара.

  • 2022-чу шеран аьхка къобал ца йинчу Ичкерин агIончаша Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, цо хIоттийначу ражна а дуьхьал джихад кхайкхира. Республикан бахархошлахь къайлах болам вовшахтухуш ду шаьш аьлла, бистхилира Ичкерин хиллачу президентан Масхадов Асланан кIант Масхадов Анзор а, Украинехьа летачу Шейх Мансуран цIарах йолчу батальонан спикер Белокиев Ислам а. Цара дийцарехь, кечаман Iалашо - " деоккупаци а, къобалйанза йолчу Ичкерин Маршо а" йара.
  • ГIадужу-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана республикехь низам латторехь болу болх гIолехьчу хьелашка баккха аьлла, куьг йаздира.
  • Цу баттахь Лаккхарчу Радехь Нохчийчоь Оьрсийчоьно цхьана ханна оккупацехь латтош хилар билгалдоккхуш, сацам бира. "Нохчийн къомана йина геноцид" йийцаре йира. Цу сацамна цу чохь мел хилла 287 депутато кхаж а тесира. И ладаме хилам кечбаран автор Гончаренко вара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG