ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Дуисехь хилларг эскархойн говзалла ца хилар ду"


Гуьржийчоь -- Гуьржийн эскархоша, цхьанна герз а тухуш, шайн юьртахой дIалецначул тIаьхьа Iедалшкара жоьпаш хаза лууш бу ПIаьнгазара бахархой. ГIур. 27, 2017.
Гуьржийчоь -- Гуьржийн эскархоша, цхьанна герз а тухуш, шайн юьртахой дIалецначул тIаьхьа Iедалшкара жоьпаш хаза лууш бу ПIаьнгазара бахархой. ГIур. 27, 2017.

Масех де хьалха ПIаьнгаз-чIожехь гуьржийн лерринчу ницкъаша дIаяьхьна операци, аьлча а, цуьнан жамIаш тахана а шуьйра дийцаре деш ду. ДIалаьцна ву бохучу пхеаннах цхьаъ - 19 шо долу Мачаликашвили Темерлан хIинца а дарбанан хIусамехь ву.

ХIетахь дуьйна меттаванза ву иза. Къона стаг вижина Iуьллучу хенахь, меттахь воллушехь, цунна коьртах герз тоьхна низамхочо. Вукху веаннах аьлча, талламаш дIабоьлхуш бу, амма, коьрта дийцарш дийна висар шеконехь долчу Мачаликашвилина гонах ду.

Массара а хоьттург цхьаъ ду: хIун бахьана дара цунна герз тоха? КIентан карахь граната хилла бохуш, бехказлонаш лоьху низамхоша, амма цуьнан юьртахоша а, юкъаралхоша а аьттехьа тIе ца дуьту иза.

Цуьнах лаьцна иштта элира «Кавказан къаьмнийн интеграцин фондан» президенто Идигов Iумара: «Шинна а бIаьргана операци йина хилла ву иза. Волучеран цхьаъ бен а вац. Цхьанна а агIор ДАIИШ хIун ю хууш стаг а вац иза.

Вижина Iуьллучу хенахь, чу а лилхина, цунна коьртах герз тоьхна цара. Иза мича туху хууш а ца тоьхна. Герз тоха оьшуш а дацара цигахь. Лаца а лаьцна, дIавигчахьана даьлла дара».

Паьнгазера оцу операцехь жима стаг лазор дуьйцуш, цхьаболчара иза ларамза хилла хIума дац бохуш дуьйцу. Иза бакъ ца до Идиговс.

Цунна хетарехь, говзалла лекха йолу нах кIеззиг бу гуьржийн полицехь а, эскарехь а: «Цхьаболчара леррина тоьхна боху и герз. Ца тоьхна. Иза зеделла ца хилла дела тоьхна. Шевернадзес а, Саакашвилис а йина тIеман система кхеран йоцуш ю. Говза берш дIа а бовлий, Украине а, ДАIИШе а шайна ахча даккха оьхуш бу».

Ша кху деношкахь Iоттавелла боху юкъаралхочо Идиговс гуьржийн эскархойн говзалла ледара хиларца. Иза муьлхачу хьелашкахь гира шена а дийцира цо: «Кхеран говзалла цахилар гуш ду. 2-3 де хьалха охьавогIуш ву со, цхьана хIоллам хьалха лаьтташ бу уьш. ТIевахча, цхьана эскархочун масатоьпан лаг дуьйлина ду-кх. Ас элира цуьнга ца долучу агIор тIехIоттаде и герз.

ШозлагIчун герз а ду иштта. Цуьнга а дайтира ас изза. Аш и герз муха леладо элира ас цаьрга, шу хIун бежаIуй ду? Аша ларамза пIелг тIетаIабахь, аш мел дукха нах лазор бу, боху ас цаьрга. Шу цхьа а эскар а дац, шу цхьа а салтий а дац, элира ас цаьрга. Говза эскар цахилар ду иза».

Паьнгазехь дIаяхьначу операцин таллам а бина, боггIу мах ца хадабахь, цигара хьал тешам болуш дац аьлла хета Идиговна. Кегийрхой кхехкаш бу оьгIазлонна, бохуш вара иза. Иштта ойла йолуш и ша цхьаъ вац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG