ТIекхочийла долу линкаш

 
Советийн эскарш Германера арадахар гIалат ду аьллачу Кадыровн дешнашна реакци йина оцу пачхьалкхо
ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Советийн эскарш Германера арадахар гIалат ду аьллачу Кадыровн дешнашна реакци йина оцу пачхьалкхо


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Бундестаган тIеман дуьхьалонан комитетан хьалханчас Штрак-Циммерманн Мари-Агнесса агресси лерира Малхбалерчу Германера советийн эскар арадаккхарх лаьцна Кадыров Рамзана дина къамел.

Штрак-Циммерманна шен NZZ гIирсаца хиллачу къамелехь элира, регионан куьйгалхочо дийцинарш немцойн махкана оккупацица кхерамаш тийссар санна тIеэцна ша.

"Оьрсийчоь [Украине] чугIоьртича кхета дезара тхо, и чугIортар тхайна тIе а доьгIна хиларах а, оьрсийн агресси тхуна а кхераме йуйла. Оьрсийн танкаш тIехь "На Берлин" аьлла йозанаш а ма дара. Ткъа Москвана муьтIахь волчу Нохчийчоьнан куьйгалхочо мохь бетташ Малхбалехьара Германи схьайаккха йеза вай бехира. Дуьненан исторехь беана бацара кху кепара Европехь тIом боцуш беха мур - сонта хила мегар дац, и тайпа мур мичча хенахь чекхбала тарло", - элира цо.

Дагадоуьйту, кху шеран чиллин-баттахь "Россия-1" каналан пропагандин шоу-гIирсана интервью йелира Кадыров Рамзана. Цигахь цо советан Iедалан эскараш Малбалехьарчу Германера арадаха дезаш ца хиллера: "Иза вайн латта ду. Цухенахь хиллачу Iедалан сацам хIинца хийца безар вай".

  • 2023-чу шеран чиллин-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Украинера тIом болабелча, Польшана "денацификаци, демилитаризаци" йан дагахь ву ша аьлла, дийцира. Американ герз Польшига дIадала тарло бохучу хаамна йина реакци йара иза.
  • ТIом болабелла масех де а далале, Украинина кхерамаш тийсса волавелира Кадыров. Царна зарратан герз тоха, церан "йерриге гIаланаш схьа а йаха" бохуш, кхайкхамаш туьйсуш.
  • Йуха Казахстанан коча а вахара иза. Санкт-Петербургехь дуьненан йукъарчу экономикан форумехь Токаев Касым-Жомарта "ДНР", ЛНР" кхоллараш шаьш къобал ца до, аьлла дIахьедича.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG