ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчочунна цхьанхьа а дац лела маьрша


Испанехь зуламаш дан лерина вара аьлла лаьцна турко а, нохчий хила тарлуш волу ши стаг а.
Испанехь зуламаш дан лерина вара аьлла лаьцна турко а, нохчий хила тарлуш волу ши стаг а.

Оьрсийчохь Ιедалша а, политикаша а кхоьллина нохчочун васт хΙинца а ду, тΙемаш боьлхуш хиллачул тоьлла доцуш, ирча. Интернетехь, газеташкахь, телевизионашкахь а цхьа наггахь а ца долу цара нохчийн къомана тΙе и сийсазде хΙума ца кхуллуш. Оцунах-м боьлла шаьш нохчий. Ткъа тамаше ду Кремло кхоьллина и хьал вайнахана Европехь а дуьхьалдетталуш хилар. Деношкахь ши нохчо лаьцна Испанехь полицино, уьш террорхой хиларан шеко йолуш.


Европано набахтешца хьошалла динарш

Дахарера масалш ду хΙорш.

Карарчу хенахь Испанехь, цигарчу Ιедалша бинчу хаамца, оцу пачхьалкхана зе дан ваххарх, пΙераскандийнахь лаьцна, левеш ву нохчо ву аьлла кхайкхийна ши стаг – Магомедов Эльдар а, Адамов Мохьмад а (шолгIачун цIе шениг йоцчух тера ду).

Украинехь кху Ιай лаццарх, бехк теллина а баьккхина, кестта кхеле кхачор волуш кхобу оьрсийн президент Путин Владимир вен араваьлла лору шелахо Осмаев Адам.

Чехехь ши шо хьалха меттигерчу низамхоша гΙо а деш оьрсийн къайлахчу ницкъаша нохчийн мафешна юкъахь зΙе лелош ву, аьлла, лаццарха, хΙинца а шех хиндерг къастонза Прагехь набахтехь кхобу Ацаев Ιела.

2005-чу шарахь Европе тховкΙело лоьхуш веъна Катар-Юьртара Ибрагимов Ιелий, Чентиев Анзоррий ву кху маситта шарахь Словакино шен набахтехь латтош. Бахьана деккъа цхьаъ ду – уьш Оьрсийчоьно шен карабалар дехна хилар. Словаки шина цΙара юкъа нисъелла. ШолгΙа цΙе – Европан адамийн бакъонашкахула йолу кхел ю, цо дихкина и шиъ чалтачийн каравала. Ткъа Кремлах ца хΙутту Братислава царна тховкΙело нисъян.

Иштта стохка а, лурчаха а Бельгехь, Голландехь, Чехехь, Германехь лецира маситта нохчо. Царна, гΙарабаьккхина хьахош цхьа а бух а боцуш, бехке дора уьш Кавказан Имарат чΙагΙъеш бу, Европехь цунна герз а, бΙаьхой а вовшахтухуш лелла, аьлла. Амма цхьанхьа а ца баьккхина церан бехк цхьалха.

Бехке а ца карийна дΙахецнарг Ιедалийн цхьанхьа а дац, шаьш и лоцуш санна, шуьйра хаам а баржош, тΙедожийначу ΙиндагΙах нохчий дΙацΙанбеш.

Оьрсийн дуккхаъчу куьйгалхоша, политикаша, юкъархоша, Ιедалан ницкъаша муьлххачу а нохчочух шайн хьажаршкахь, яржочу пропагандехь «экстремист», «террорхо» веш хилар муха даьржа Европехь гойтуш ду хΙара хΙинцца Испанехь нохчех ву бохуш вуьйцу ши стаг лацар а.

ХIун ду хIинца Испанехь нохчаша динарг?

Хилларг довза Маршо Радиона аьтто бира Испанехь дуккха а шерашкахь вехачу Маршо Радион корреспондента Черецкий Виктора. Хилларг хΙун ду, цунах лаьцна хΙун дуьйцу Мадридерчу Ιедалша, хаьттира оха цуьнга.

Черецкий Виктор, Маршо Радион Испанера корреспондент
Черецкий Виктор, Маршо Радион Испанера корреспондент
Черецкий: «Уьш пΙераскан дийнахь лецна, талламчо ле а бина уьш. Царех шиъ нохчо ву аьлла а ма дуй. Юха а боху ас, ву, аьлла. Талламчина ца карийна уьш леца а, чубохка а бух. Цундела магийна полицина кхин а 48 сохьтехь уьш низамца доцург деш бара бохург къасто. Цхьа герз, оьккхург цаьрца хилла хилар билгалдаккха. Я цхьа йозанаш цаьрца хилар – хΙунда аьлча, цаьргара, бахарехь, карахь лелаен компьютер а, телефон а яьккхина. Аьлча, муьлхха а цхьа компромат каро гΙерта царна дуьхьал. Амма цкъачунна, кΙиранде тΙекхаччалц, уьш лецна латтор бу, ткъа кΙирандийнахь къастор ду талламчо, цаьрца хΙун дан догΙу».

Испанин полицино мел кхаба таро ю лецнарш шен карахь, хаьттира оха Черецкий Викторе. Цо йовзуьйту цигарчу низамийн амал.

Черецкий: "Нагахь санна цуьнан цара низам талхорца доьзна тоьшаллаш хилахь, уьш арестехь хир бу, ткъа кхана и тоьшаллаш ца хилахь, уьш дуьненан еа маьΙΙе баха марша бохур бу".

Ткъа хΙун ду, боху, лецначаьргара даьлларг? Цунах лаьцна хууш дерг хΙара бен а дац.

Черецкий: "Цара шаьш Испане шайн доттагΙ турко волчу даьхкина, аьлла – шина баттахь сов Ιийна уьш кхузахь. ДоттагΙ Испанин къилбехьарчу маьΙΙехь, Ла-Линеа де ла Консепсьон-гIалахь Ιаш ву шен зудчуьнца, иза Мароккора ю. Иза цара шайн Туркойчохь дуьйна вевзаш волу доттагΙ ву, боху. Иштта, шайн Испанига политикан тховкΙело еха Ιалашо ю а, боху. Оцу доттагΙчун кхузахь шен адвокат ву. И адвокат лерина вара, боху, кехаташ талла а теллина, царна низамехь хила ма доггΙу уьш политикан тховкΙело еха кечдан.

Доцца аьлча, лаьцначу шиммо бахарехь, церан цкъачунна шайн Ιалашо кхочушйойла ца хилла. ХΙунда аьлча, Испанино хΙинца политикан тховкΙело цхьа наггахь бен луш яц. Къаьсттина йоьхначу Советан пачхьалкхара схьабевллачарна. Цундела кхана сарралц сатоха деза, тΙаккха хуур ду-кх вайна уьш зуламхой бу я Испанин низамхой кара ларамза кхаьчна нах бу".

Террорхой бу лецнарш, аьлла, даржийна испанхоша, иза вуно доккха таΙзар ден зулам ма дуй. Муха ду ден тоьшаллаш, хΙун яьккхина цаьргара полицино, аьлла хаьттича, Маршо Радион Испанерчу журналиста дийцира шена хуург.

Черецкий: "Цхьа молха-коьчал карийна, боху, хΙинца полици къасто гΙерта и хΙун коьчал ю. Иза цхьа аьхьна хΙума ю, 100 грамм. Иза туркочуьнгахь карийна. Мохьмадехь, Эльдарехь ца карийна. Ткъа туркочо иза юучух туху хьожайогΙу буц ю, боху. Испанхошна иза оьккху молха ду аьлла хета. Цу тΙе кхеташ дац, ахь хΙун дийр ду 100 грамм тоьпан молханца, ахь хΙумма а ма оьккхуьйтур яц. Цу тΙе, Испанехь тоьпан молха парггΙат духкуш а ду таллархойн туьканашкахь".

Ткъа и бен карийнарг а ца хилча, Испанин полицино стенна латтабо кегий нах лецна бохучунна иштта жоп карадо Черецкий Викторна.

Черецкий: "Дерриг а дуьненна а даржийна, къиза-цΙармата террорхой лецна, уьш ерриг а Испани, цуьнца цхьаьна Франци а тΙехь эккхийта бохкура, аьлла. Цундела, бух белахь а бацахь, уьш кхузахь, Испанехь, мелла а кхаба безар ма буй лецна".

"Ма дукха даьржина а хилла-кха вай!"

ДуьнентΙехь тΙемаш лелачу массо а меттигашкахь нисбелла, жигара хьийзина, хΙинца а хьийза нохчий, хаамийн гΙирсаша, уггаре хьалха Москохарчу телевизионаша а, газеташа а бохучунах тешча.

Ιаьрба мехкашкахь а, Европехь а гоьяьлла евза маьрша телевизион Ал-Джазира, 2003-гΙа шеран гуьйре. «Пакистанан Ιедалша ОвхΙанхойн дозанехь лаьцначу 18 ал-кхайдахошлахь ву маситта нохчо».

Оьрсийн хаамийн агенталла РИА-новости: «Пакистанан эскарша тΙеман операци дΙахьош, ОвхΙанистанна гена йоцчу Саигди-гΙалахь вийна лаххара а 35 тΙемало. Хьостанаша бахарехь, церан амир ал-кхайдахо нохчо хилла».

Билгалдоккхур вай «хьостанаша бахарехь». Уьш хΙун хьостанаш ю билгал ца даккхар журналистикехь эхье лоруш делахь а, РИА-новости оцунна яц саготта. Нохчо-баьчча машен чохь а Ιаш вийна беракеман ракетано, чΙагΙдора хΙетахь агенталло, 2006-чу шеран бΙаьста.

Цул тΙаьхьа шо даьлча Канадерчу The National Post газето хаам бира шайн ОвхΙанистанехь тΙемаш бечу дакъошна дуьхьал нохчийн муджахΙидаш бу леташ, уьш уггаре а майра тΙемалой а бу тΙалибийн могΙаршкахь, аьлла. И дийцинарг къайлахьош, "Пит" аьлла вовзийтира газето. Ткъа хьуна хьайна гиний уьш, цаьрца къамел дойла нисделлий хьан корреспондента хаьттича, доцца, шена хаьа, жоп деллера гΙаш-салтийчо "Пита".

2010-чу шеран бΙаьсте, юха а РИА-Новости, корреспондент Пахомов Евгений. «Пакистанан эскарийн караяхна Баджаур-кΙоштахь тΙалибин куп. Вийна 75 тΙемало, шайлахь нохчий а болуш, хаам бина инарлас Хан Тарика".

Стохкалера бΙаьсте. Рейтерс-агенталла. «Ал-кхайдахо хила тарло пхи нохчо, кхо зуда а, ши борша стаг а, кхерамзаллин декъо вер толлуш ду Пакистанера Ιедал. Гучудаьлла, оцу нехан карахь герз ца хиллийла а, уьш эскархойн карабаха гΙерташ хиллийла а».

Бакъду, и хаам баьржина ши-кхо де даьлча, билгалделира, бохучу меттехь тΙебаьхкина маьрша нах байъинийла, амма вацара царалахь цхьа а нохчо. Ткъа Рейтерсна-м дицделира ша нохчийн къомана тΙедожийна ΙиндагΙ, кхечу агенталлашна а дицлуш ма-хиллара, рогΙерчу хаамца тΙерадаккха.


Деношкахь иштта даржийна оьрсийн хаамийн гΙирсаша, цΙе йоцчу СаΙуда Ιаьрбийчоьнан иччархошна тΙе а тевжаш, Шемахь Асад Башарна дуьхьаллаьттачу гΙаттамхошца тΙемаш беш нохчий а бу, аьлла. Муьлш бу и хоуьйтуш болу иччархой, стенна тΙетевжина боху цара иза, талла хьашт долчух а ца лору оьрсийн журналисташа.

Хууш ду, бΙе шо а сов хьалха махкахбаьхна нохчий Шемахь бехийла а, уьш Ιедална резабоцчийн могΙаршка хΙитта маьрша буйла а. Амма оьрсийн хьостанаша буьйцурш бу, цΙахь тΙом бан меттиг йоцуш санна, Нохчийчуьра арабевлла бахана нах. Иза дацаре дина Нохчийн махкахь, изза боху кху деношкахь Кадыров Рамзана а.

Дашо-дети а бац нохчий

Харцо хир ю, нохчий масмаликаш а ду, цаьргара цкъа а вониг долуш а ца нисло, баьхча. Волу нохчашлахь хийла харц-кхетамо хье дΙабаьхьинарг а.

2010-чу шеран гурахь Данерчу Юргенсен отелан хьоштагΙнахь, ша-шен аьрташ лаззол бен ца хиллехь а, эккхийтар ала догΙуш зулам дира Австрера Копенгагене кхаьчначу цхьана ког боцчу нохчочо. Иза Данерчу кхечу гΙала, Орхусе а кхаьчна, цигахь Пайхамарна карикатураш арахецначу Йилландс-Постен газетан редакци эккхийта кечлуш хилла. Ткъа бомба хеназа юлавоьллачохь иккхина, билгалдаьккхира Данерчу кхело.

12 шо хан а туьйхира цунна. Иза вара шен 12 шо долуш Нохчийчохь мини тΙехь иккхича ког баьккхина волу, хΙинца 24 шо кхаьчна Дукаев Лорс.

Цо динчун хьокъехь Европехь и бакъвеш нохчех стагга а ца велира. ЮьхьΙаьржо хьаьнггара яьлча а ю цуьнан цΙийх долу адам сийсазден зулам. ХΙетахь, цунна хан тухуш, Маршо Радионехула къамел динчу Европерчу нохчех даима а санна жоп луш волчу Ичкерин Ιедалан дас Закаев Ахьмада иштта довзийтира шена хетарг.

Ингалсе -- Нохчийчоьнан-Ичкерин министрийн кабинетан куьйгалхо Закаев Ахьмад Оьрсийчоьнан официалаш векалшца къамел деш, London, 12Мар2009
Ингалсе -- Нохчийчоьнан-Ичкерин министрийн кабинетан куьйгалхо Закаев Ахьмад Оьрсийчоьнан официалаш векалшца къамел деш, London, 12Мар2009
Закаев: " Оха дерриг а теллина тхешан ницкъашца. И стаг, Копенгагенехь хила езаш нохчийн къоман конференци а йолуш, хьажийна ву Дане зулам дан. Гой шуна, хIун нах бу аш шайн пачхьалкхехь гулбала магийнарш, алархьама. Нохчийн къомана зе дан ца веъна иза, веъна кху пачхьалкхана вониг а дина, къам цуьнгахула сийсаздайта а, конференцина новкъарло ян а. Иза кхело толлур а ду, доггIург зуламхочунна цо дIакхчор а ду".

Лан хала ду бакъдоцург

Бух а болуш дуьцург хала а дац хир ду лан, иза дерриг а къомана олуш делахь а. Нохчий боьлла Оьрсийчохь Ιедалан а, политикийн а гΙоьнца шайна кеп-кепара маьттаза цΙерш тохкуш хиларх. Уьш кхета цунна бухахь цкъа а сецна а, я соцур бу ала а доцу къовсам буйла – къоман паггΙат даха а, диса а болу лаам.

Ткъа ца кхета нохчий, маршонан гΙортор а хилла бехачу Европан мехкаша стенна юьхьарлоьцу Москохарчу Ιедало лелаен харцо, стенна сихло цхьана шеконца сацийна нохчо «террорхо» ву, олий, тахана Испанехь санна, бехкала вожон.

Делахь а, уггаре хьалха бехкениг, нохчо шен чохь а, арахь а пайдабоцчу ваьккхинарг Оьрсийчоь ю, аьлла, хеташ бу дукхахболу нохчий. Царех ву, масала, Путинна гергахь адамийн бакъонаш ларъян декхаре а волуш, цо оцу балханна Нохчийчохь векал вина волу омбудсмен Нухажиев Нурди. Иштта го цунна ша пачхьакхо нах боькъуш хилар а, и сакхт дΙадоккху некъаш а.

Нухажиев Нурди, Оьрсийчоьнан президентан Нохчийчуьра бакъонийн тергояран векал
Нухажиев Нурди, Оьрсийчоьнан президентан Нохчийчуьра бакъонийн тергояран векал
Нухажиев: "Пачхьалкхан коьртерчара баржабо и цабезамаш, генайоккху халкъаний, хьаькамашний юкъара башхалла. Иштта ю шен пачхьалкхан амал. Цхьаъ даьллехь, я нохчо ву а, я оьрсий ву а ца бохуш, Оьрсийчоьнан вахархо ву баха дезара. Цхьана пачхьалкхахь дехаш, цхьа бакъонаш йолу дахархой вай делахь. И сакхташ дIадаххалц хир бац кхузахь я барт а, я машар а".

Мадридо лаьцначу шиннах Магомедов Эльдар а, Адамов Мохьмад а алар бен, кхин вовзийтина а воцу ши нохчо тарло дΙахеца, бехкбацарна, я цаьргара даьлларг довзийта деза цигарчу полицино, нагахь, уьш баккъала а цхьана хΙуманна бехке белахь. Иза тидамехь латтор ду Маршо Радионо.

Амма Испанера хилам бирзича а, кхачор боцчух тера ду шерачу меттехь нохчашна дуьхьалхΙуьтту цатешамаш. Гарехь, тΙемаш берзарх йоьрзуш яц цара гΙиттае шеконаш.

ТIаьххьара хаам. Испанин прокуратуро Ал-Кхайданца зIенехь а хилла, ткъа цIийнах хьовсуш церан доттагIчуьнгара-туркочуьнгара даьккхинарг тоьпан молха а ду, аьлла, кхидIа талламаш беш, нохчо ву боху ши стаг набахтехь Iайта сацам бина.
XS
SM
MD
LG