ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Спецназо нохчо вер йуха талла дуьхьал хилла Гуьржийчоьнан Iедалхой


Мачаликашвили Темирлан
Мачаликашвили Темирлан

Гуьржийчуьра лерринчу талламан сервисо Iалашо йоцуш лерина 2018-чу шеран йуьххьехь ПIаьнказан чIожахь спецназо операци дIахьочу хенахь чевнаш йина, тIаьхьо кхелхина хилла нохчо Мачаликашвили Темирланан валар йуха а талла.

"Европан кхелан сацамо билгалйаьхна харцонаш бух бац талламбар йуха карладаккха, керла гIуллакх таллар нислахь а билгалдаьхна кхачамбацарш дIанисдийр дац, йуха бина таллам а кхетам болуш хир бац, йа маьIна долуш а хир дац и", сервисан дIахьедар далийна "Кавказский узел" хьасто "Пирвели" телекомпанина тIетевжина.

19 шо долу Мачаликашвили Темирлан вон лазийра шен хIусамехь 2017-чу шарахь гIуран-бутт бовш спецназхоша. Нохчийн гIаттамхочунна Чатаев Ахьмадна гIо латторна шеконашка лаьцнера иза. Ши кIира даьлча Мачаликашвили дарбан цIийнахь велира. Ницкъахойн версица, граната эккхийта гIоьртина хиллера иза. Вийначун гергарчу наха чIагIдо, жимастаг шен меттахь герз тоьхна вийна бохуш.

2023-чу шеран дечкен-баттахь Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело хьесап дира, Гуьржийчочьнан Iедалхоша хиламех лаьцна йуьйцу версеш "бакъйолчух тера ду, ткъа пачхьалкхана тIехь жоьпалла ду боху тоьшаллаш тоаме дац" аьлла.

Оцу йукъанна, Страсбургана хетарехь, Мачаликашвили хIун бахьанашца кхелхина пачхьалкхо кхачам боллуш таллам бина хир бац гIуллакхан, цуьнца доьзна Мачаликашвилин гергарчарна компенсаци хIоттийра кхело.

Кхелан оцу хьесапна тIетевжира гуьржийн бакъоларйаран "Социалан нийсонан Центр" организацин жигархой а. 2023-чу шеран лахьан-баттахь Лерринчу талламан хьукмате бевллера уьш къоман тIегIанехь гIуллакх йуха а таллар доьхуш.

  • Шен кIант вийча, цуьнан дас Мачаликашвили Малхаза хиллачунна эвсара таллам бар доьхура, бехке мел верг жоьпалле озаве бохура, простесташка араволура иза. 2020-чу шарахь Гуьржийчоьнан Коьртачу прокуратуро тIечIагIдира, Мачаликашвилина герз тоьхна волчу спецназхочун лелар низамца догIуш дара аьлла.
  • ПIаьнказарчу бахархоша а, цигарчу туркхийн кхеташонан декъашхоша 2021-чу шарахь амнисти йар дийхира 2017-чу шарахь терроризмана бехкебинчу нахана – Мачаликашвили Темирланна чолхе чов йина хан йу иза. 10-12 шераш диттира царна набахтехь даккха.
  • 2019-чу шарахь Тбилисерчу парламентан гIишлонна хьалха простесташ йоьлхучу йукъанна полисхошна тIелатар дарна бехке лерира Мачаликашвили Малхазан гергара стаг Морис.
  • 2022-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Тбилиссерчу гIалин кхело бехке лерира терроризмана шеконашка лаьцна болу пхи ПIаьнказара бахархой, 2021-чу шарахь Дуиси, Корети эвлашкахь дIалийцира уьш. Церан бехк бац бохуш чIагIдора церан гергарчу наха.
  • 2017-чу шеран лахьан-баттахь Тбилисехь леррина операци дIахьош вийра Чатаев Ахьмад. 2000-гIа шо тIекхачале нохчийн гIаттамхойн декъехь тIемаш бина цо. 2016-чу шарахь Истанбулерчу аэропортехь эккхийтарш дарна бехке лорура и стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG