2023-чу шарахь Европехь дIахьочу чемпионатехь Францин маьршачу кепехь латаран кегирхойн тоба беккъа цхьана нохчех лаьтташ йу. Оьрсийчохь болучара тидаме эцна и хаам. Оьрсийчоьно ше спортхошна тоьхначу санкцешна йуккъехула и низамца хилар къийсахь а, ткъа эксперташа дийцаре дира, билггал оцу нохчийн доьзалийн 2000-чу шерийн йуьххьехь Франце кхачаран бахьанаш.
Шатайпа хилам
Румынин Бухарестехь дIахьош йу кегийрхошлахь чемпионат. Маьршачу кепехь латаран тайп-тайпанчу категорешкахь Францино вахийтина 6 векал ву: Бибулатов Адам , Арсамерзуев Хьамзат, Сангариев Мухьаммад-Амин, Делиев Магамед, Магамадов Рахьим, Висханов Iадлан.
Францин латаран тоба йерриге нохчех лаьтташ хилар Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаша шуьйра даржош дийцира. Уггаре чIогIа церан тидам тIеозийнарг тобанехь берш берриге нохчий хилар дара. "Францин латаран тоба йерриге нохчех лаьтташ ма йу. Муха нисделла иза?"- хаттар ло "Спорт-Экспресс" газето. "Гоьбовлла оьрсийн латархой изоляцехь латтабо, амма Францин гулйина тоба йерриг нохчех лаьтташ йу. Иза муха нисделла ишта?" – ишттачу хаттарца арайелира Sport24 сайтехь жима артикл.
Суна-м футбол йезара, амма сан дас элира: вай нохчий ду, вайн доьзалехь йа латар хир ду, йа хIумма а хир дац
2003-чу шарахь дуьйна схьа Францехь вехачу нохчийн веза атлет а, тренер а, суьдхо а волчу Абдулаев Мовладис билгалдоккху, шаьш бехачу пачхьалкхийн байракхашца чемпионаташкахь кегирхоша дакъа лацар кхеташ хIума хилар. Амма Францин тобанехь нисделла хьал, стандарташна йуккъе ца догIуш, массо цецвоккхуш дIахIоьтти.
"Тайп-тайпанчу пачхьалкхийн тобанийн декъашкахь Дагестанера а, ХIирийчуьра а, Якутера а, кхечу меттигашкара а латархой хуьлу. Нохчийн легионераш а бу Албанин, Болгарин, Румынин, кхечу пачхьалкхийн векалаш. Амма хIара санна дерг, шен хиларехь тамашийна долуш, дуьххьара хуьлуш ду. ХIара кегирхой легионераш бац. ХIорш йа Францехь дуьненчу бевлла, йа бераллехь шайн дайша Нохчийчуьра схьабалийна бу", - боху тренеро.
Цу кегирхойн тобанан декъашхойх цхьамма, Нохчийчуьра Гуьмсехь винчу Магамадов Рахьима стохкалерчу аьхка французийн Le Depeche гIирсана интервью йелира. Кавказехь ша вахар дага ца догIу шена, цу хенахь шен 4 шо бен дацара, шен доьзал 2008-чу шарахь тIамах къаьхкина, Европе дIабахарах дийцира цо. Цу хенахь Нохчийчохь дIайоьдуш оьрсийн "контртерроран операци" шех олуг йара.
"Аса дозалла до, со нохчо хиларах, – боху жимхочо. – Сан 6 шо долуш сан дас Мольтабан-гIаларчу (CLM) латархойн клубе вигира со. Суна-м футбол йезара, амма дас элира: вай нохчий ду, вайн доьзалехь йа латар хир ду, йа хIумма хир дац".
Дуьненан а, Европан борзанан толамхо волчу Висханов Iадланан доьзал а бахна 2008-чу шарахь Даймахкара дIа. Шайн дIадахаран бахьана шен ненан цамгар а, "Оьрсийчуьра чолхе хьал" дара, элира кIанта.
"Божарийн гIуллакх"
Оьрсийчоьнан Iедалхой Францерчу нохчийн спортсменех долчух хIумма ца олуш, Iад Iийра. Амма дош элира Оьрсийчоьнан спортан латаран Федерацин президенто (ФСБР) Мамиашвили Михаила.
"И нах цигахь кхиина бу, царех цхьа Оьрсийчоьнан спортан цIарах летта вац. Французаш гей-парадашкахула леллашехь, царна хьалхара церан божарийн гIуллакхаш нохчаша дийр ду-кх", - дIахьедира цо "Матч ТВ" каналаца хиллачу къамелехь.
Тренерна Абдулаев Мовладина хетарехь, Мамиашвили Михаила дина къамел товш дац цо спортехь дIалоцучу статусца.
Массийттаза цу Францехь хиллачу ФСБР-н президентана берриге французаш гей-парадашкахула лелаш боцийла ца хаа йиш йац
"Цхьаболчу Iедалхоша цул доьхнарг а олу. Амма ФСБР президенто и санна дерг алар баккъала а тамашийна ду. Цкъа-делахь, кхечу пачхьалкхийн тобанашкахь хьалхо Оьрсийчоьнан цIарах леташ лелларш кIезга бац. Церан дехьабовлар цу Мамиашвилис ша къобалдина ду. ШолгIа-делахь, массийттаза цу Францехь хиллачу ФСБР-н президента берриге французаш гей-парадашкахула лелаш боцийла хаьа. Вуьшта а, цхьа нохчий хилла ма ца Iа божарийн гIуллакхаш дIакхоьхьуш. Кхечу пачхьалкхашкахь и болх беш шортта кхинберш ма бу", - олу Абдулаевс.
Кавказ.Реалии редакцица шен хиллачу къамелехь политилого Преображенский Ивана боху, таханлерчу Оьрсийчохь цхьаьаллиг цхьа Iедалхо а, журналист а ца хIутту-кх ма-дарра дерг ала – Оьрсийчоьно Нохчийчохь нохчийн къомана дуьхьала бина тIемаш бахьана долуш, дуккха нохчий махках а бевлла, Европе кхаьчна хиларах.
Иштта Кавказ.Реалиин сайтаца къамел дира бакъоларйархочо Черкасов Александра. Цо а дийцира - Оьрсийчоьно Нохчийчохь "конституцин низам меттахIоттош" дIайаьхьначу "операцехь" 1994-1996-чу шерашкахь, йуха "2009 шаре кхаччалц дIайаьхьначу "контртеррор - операцехь"- республикера араделира масех бIе эзар адам, аьлла.
"[Шина тIамехь] масех бIе эзар республикан вахархо республикера дIавахара, масех бIе эзар хIинца аренца вехаш ву. Къаьсттина 1999-чу шеран гурахь дукха адам араделира республикера. Амма цу муьрехь нах иштта кхоьруш а бацара Iедалах. ТIаьхьо уьш кхера а Iамийра. Цундела шоллагIчу тIамехь баларш кIезго дара. Хьалхарчу тIамехь адамаш, гена дIа ца доьлхуш, чоьхьара эммиграцехь лелаш дара. ШоллагIчу тIамехь Европе дIагIоьртира", – дийцира Черкасовс.
"Мир и права человека" ассоциацин президент Ибрагимов Сайд-Эмин 2001-чу шарахь дуьйна схьа Францехь вехаш ву. Оьрсийчоьнан политико а, тIеман ницкъаша а нохчийн къам махках долучу хьоле кхачийна хиларах тешна ву Ибрагимов.
"Францехь шортта нохчий бу. Уьш цига кхачаран бахьана - Оьрсийчоьно Нохчийчохь бина тIемаш а, церан эскаро къомана тIехь латтийна къизалла а. ХIинца а Оьрсийчоьно шен хьадалчашка цигахь лелайойту диктаторийн политика а: нехан деIахкаш тIехь хьалайина коьрта шахьар. Цкъадолчунна-м дика дара и гIаланаш, йарташ маттахIиттор, хьалайар. Вукху агIор хьаьжча гушдерг - Нохчийн Республика Ичкери латта тIехь хIинца а лаьтташ оьрсийн герзаца бIе эзар сов эскархо хилар ду-кх. (Нохчийчоь оьрсийн оккупацехь хилар билгалдаьккхина цхьа Украина бен йац – билг.) Ткъа нохчийн къам хIинца а шен кхерамца ша шена дисина дехаш ду", - олу бакъоларйархочо.
Политика а, дегабаам а
Кавказ.Реалии корреспондентаца хиллачу къамелехь кхин цхьа хIума хила тарло элира тренеро Абдулаев Мовладис. Французаша шайн спортехь нохчийн гайтарца оьрсийн прессехь хIоьттина хьал - церан дегабаам, шайн спортсменаш цхьанххьа бахийта йиш йоцуш санкцеша шаьш лацар. Украинехь боккха тIом дIаболабелчхьана, олимпикан комитето дерриге дуьненан спортан йукъаралашка кхайкхам бина, Оьрсийчоь, Белоруси а шаьш долче цадитар доьхуш. 2022-чу шеран зазадоккху-баттахь Дуьненан йукъарчу спортан федерацино дихкина ду Оьрсийчоьнан спортхошна турнирашкахь дакъалацар.
"Спорт политикица йоьзна йацахьара, со дуьхьала хир вара цу кепарчу сацамашна. Нагахь ша спортхо расизмана, тIамна пропаганда йеш, къаьмнашлахь барт эгIорехьа болх беш, кхин дIа долчу питанашна йуккъехь вацахь. Амма, вайна мел ца лаахь а, политика даима а спортаца йоьзна хилла. Цунна вайн дан хIума дац," – олу Абдулаевс.
Оьрсийчоьнан спорт-латаран Федерацин президенто гей-парадаш хьехош, йина кхийсарш шатайпачу кепехь го шена элира политолого Преображенский Ивана. Цкъа-делахь нохчийн кегийрхоша дийриг пайдабоцуче даккха гIертар, шолгIа-делахь, Малбузехьа йолу йерриге пачхьалкхаш ледара гайта лаар.
"Оьрсийчоьнан спортхой дуьнено а чу ца буьтуш, дIатеттича, "шайн кхиамаш гайта" таро йоцуш, шаьш дисча, ала диснарг и цхьаъ хилла цуьнан - нохчийн кегийрхой чIогIа хилар дац уьш цу кепара хьалхататтар, Франци "беккъа цхьана гейх лаьтташ" йолун дера кхаьчна и спорт нохчашка, алар. Кремлан амалехь ду и тайпа къамелаш. Малхбалехьа йолчу пачхьалкхашца цуьнан боцу безам: цигара къаьмнаш ледара гайтар, хьекъална эшначарех хетийтар. Ша Евробертаца а, НАТО-ца тIом беш йу ма бохий Оьрсийчоьно", – тIетуху Преображенскийс.
Европан кегийрхошлахь латаран чемпионат зазадоккху-беттан 19-хь дIайер йу. Цкъачунна спортхой къовсаран квалификацин тIегIан тIехь бу. Амма хIинцале хууш ду, Сангариев Мухьамад-Амин финалан 1/8-хь вуйла. Ткъа финалан 4-чу декъехь - Делиев Мохьмад.
- Украинехь тIом болабаларца дуьнен-йукъарчу къийсамашкахь дакъалацар дихкира берриге оьрсийн спортхошна. Къилбаседа Кавказан йоккхачу спортана хIун тIеIаткъам бийр бу цу хийцамаша бохуш хиттира Кавказ.Реалии сайто эксперташка.
- Къилбаседа Кавказера спортхой сихбелла шайн махкалла (гражданство) хуьйцуш бу. Ткъа Оьрсийчоьнан хьаькамаша и церан лаам "йамарт" лору.
- Къоман кхерамзаллин, тIеман ницкъийн кхеташоно Украинин Лакхарчу Радехь дехна 56 оьрсийн спортхо санкцешца вехкар. Оьрсийчоьно Украинехь болийначу тIамна резахилар царна бехке а дуьллуш. Церан могIаршлахь нисбелла къилбехьарчу регионашкара а, Къилбаседа Кавказера а спортхой.
- Адамийн бакъонаш лар цайар а, Украинера тIом нийса ларар а бахьана долуш Кадыров Рамзан а, цуьнан спортан клубаш а Американ санкцеша лаьцна, лаьтта. Амма и дерриге ишта долушшехь америкхойн ММА-латархойн Соьлжа-ГIала эхар сецна дац.